Суннатан ОхIла
2.43K subscribers
4 photos
5 videos
1 file
159 links
Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah
Download Telegram
МАРХИЙН САХЬНАШ (закатул-фитIр)

Мархийн сахьа далар - аьтто болчу, шена а, шен доьзулна а Iийдан буьйсанна а, дийнахь а юъчух а, молчух а кхачо йолчу бусулба адманна тIехь ду, воккхачунна а, жимачунна а, стаганна а, зудчунна а, маьршачунна а, лайна а.

IабдуллахI ибну Iумарах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, цуо элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) нахана фард дира мархийн сахьа даккхар, хурманах сахьа, муькхах сахьа, хIора маьршачунна а, лайна а, боршачунна а, стечунна а бусулба нахах». [ал-муваттIаъ]

Ибну Къудамас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибнул-Мунзирс аьлла: «Тхуна мел бевзучу Iелимнехан барт хилла, мархийн сахьа фард хиларна тIехь»». [ал-мугIний]

Мархийн сахьан барам - кегий а, даккхий а доцуш, гIехь долчу куьгийн йиъ кана хьайн махкахь наха юучу яъхIумнах кхача бу. Иза кхо кийла ца кхоччуш нисло. Делахь а эвхьуза дерг, кхо кийла ниссор ду, совделларг сагIа хир ду. Масала: дуга, кишмиш, кIалд йа нехча. Коьртаниг, хьан махкахь наха кхача лоручу яъхIумнах хилар ду. Иштта, оцу яъхIуманна мехехь сахьийн ахча дала а мегар ду. Иза мегаш хилар вай #Хаттар48 жоьпехь дийцира. Ткъа сахьанна бух а, гIолехь дерг а яъхIума ялар ду.

Мархийн сахьа хIорамма шена а, ша напха латточарна а тIера лур ду. Шена, шен хIусамнанна, иштта, шен доьзулна, шен дена-нанна а тIера, шен аьтто балахь. Нагахьсан доьзул хьола дай балахь, церан шай дехни далахь, дена тIехь дац царна тIера сахьа далар. Амма нагахьсан доьзул кхиъна-бевла балахь, дас шен доьзулна тIера сахьа ша лур ду бахахь, бакъо ю цуьнан, нагахьсан доьзул реза балахь. Ткъа кийрахь долчу беранна тIера сахь далар суннат ду, амма важиб дац.

Мархийн сахьан хан - мархийн бутт чекх болучу суьйрина маьркIижа хан хилча йолалуш ю. Иштта, Iийда ламаз далле дIа делча дика а, деза а ду. Амма Iийда хилале ши-кхо де хьалха дала а мегар ду, Iийда ламазалла тIехьа дала а мегар ду. Цхьаболчу Iелимнаха Iийдалла цхьа-ши де тIехьа дала а мегар ду аьлла.

Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга омур дира, нах ламазе ара бовлале мархийн сахь дIало аьлла». [Абу Давудс дийцна иза] Иза гуттар дика а, гIолехь а, деза а дерг ду.

Имам Маликс НафиIах дуьйцу (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), цуо элира аьлла: «Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) мархийн сахь шегахь схьагулдеш волчунга дIадахьийтара, Iийда хилале ши-кхо де хьалха». [ал-муваттIаъ]

Ибну Журайжас дуьйцу, ша IатIоэга (АллахIа къинхетам бойла цушиннех) хеттира аьлла: «Сахьнаш Iийда ламазалла тIехьа делча во хIумма дуй?», IатIоас элира: «ХIумма дац!».

Иштта, ЗухIайрас Абу Исхьакъах дийцна Абу Майрасас Iийда ламаз динчул тIехьа лора сахьанаш аьлла. Мухьаммад Ибн Сиринах а деъна, Iийдалла тIехьа сахьанаш дала мегаш хилар. МаIмарас Имам ЗухIрех дийцна, сахьанаш Iийдалла цхьа ши де хьалха а, йа цхьа ши де тIехьа а дала мегар ду аьлла (АллахIа къинхетам бойла царах).

И дерриге цIена бух болуш, ибну иби Шайбатас а, и воцучо а дийцна ду. Уьш берриге уммато къобул бина, умматана коьрта Iелимнах бу.

ГIолехь дерг мархийн бетта тIехьарчу суьйринна маьркIижа хан хилча, Iийда ламаз далле дIадалар далахь а, ткъа цулла хьалха делларг а, иштта, цулла тIехьа делларг а къобул хир ду Даламукълахь.

Мархийн сахьа шех кхечунна дIакхачо тешаме бусулба стаг векил ван а мегаш ду.

IабдуллахIас (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша шен дега, Имам Ахьмаде хаттира аьлла: «ХIун аьлла хета хьуна, шена сахьа далар важиб долчо ша дIалур ду и, йа кхечунга дIало аьлла дIакховдор ду цуо и?», тIаккха сан дас (Имам Ахьмада) элира: «Нагахьсан векил вийриг тешаме валахь, цунга дIадаларх (цамегаш) хIумма дац». [масаил IабдуллахI]
#Хаттар9

Ассаламу Iалайкум ваша. Са накъост ву эхиртах шек вуьлш, теш лаар шен далахь шег тIе цадитло и бохш. Ас такфир дина цун, шек вац ас и ша кест ву аьлч, т.е сун дуьхьул хьо вукх иза я хумма цабах цо. Кхеч вашо нийс цадина ас бах. Ху да дезш ду ишт хьолехь? ДIатас вези и? АллахI рез хилла хьун.
#Хаттар121

Ассаламу Iалайкум. Тахан чIогIа держин ду зудчун еттар. Аьллаг цадина оли синякш йохш тухи охь юьллу. Хаттар дара, муьлах хьолехь мегш ду зудчун етта? Дала, Пайхамара Делер салават маршо хуьлд цун ху бах цу хьокъехь? АллахIа диканц бекхам бойл хьуна.



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Зуда майрчо аьллаг деш яцахь, майрчунна муьтIахь яцахь, хаза дуьцуш кхето езаш ю. Мел хаза дийцча а кхеташ яцахь, меттахь цух дIавала веза, цунга виста цахуьлуш, цунца вижа цавуьжуш, ша чIогIа реза воци хоуьтуш. ХIетте а кхеташ яцахь, чов цаеш тоха мегаш ду. Зудчун еттар цхьанне хьолехь мегаш дац. Мегаш дерг тохар ду, иза Iамош хила дезаш ду, таIзар деш, хIуьтрен, гамон хила дезаш дац.

Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Шайн муьтIахь цахиларна шу кхоьруш болчарна (зударшна) хьехар де аша, дIатаса уьш меттахь, тоха аш царна, ткъа нагахьсан уьш шуна муьтIахь хилахь тIех ма дийла царна тIехь, баккъалла и АллахI лекха а, воккха а ву.» [сурат ан-нисаъ, 34-гIа аят]

Хаза аларна, дIатасарна, тохарна юкъахь "кхетар йолуш яц хIара" аьлла хетар долуш хан хила езаш ю. Масалан, цхьан хIуманехь зуда лалугIуш яцахь, хаза, кIеда, дуьцуш кхето еза, цкъа, шозза, кхузза, доьаза. Нагахьсан "делахь, мел дукх дийцчи кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла ялахь, цу хьолехь аятехь дийцинчу шологIчу хIумане дехьа вала веза, иза дIатасар ду. Хаза, кIеда, кхетош дийцча кхеташ яцахь, цултIехьа дIатаса еза. Цунга виста цахиларца, цунца меттахь цавижарца, цунна луург цадарца. ТIаккха а "хIетте кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла сацахь, кхологIчу хIумане дехьа волу, иза тохар ду. Хаза дийцчи, дIатесна йитичи кхеташ яцахь, чов цаеш, беран санна, Iама еш тоха мегаш ду.


Цу хьолехь тохарехь лардан дезаш бехкамаш ду:

Хьалхара бехкам - стаг тешна хила везаш ву, ша тохаро пайда бийрг хиларехь. Нагахьсан ша тохахь кхин а гена дера ду аьлла хетахь, йа зуда кхин а дуьхьул ера ю аьлла хетахь, цу хьолехь тоха мегар дац. ШафиIийн а, Маликийн а мазхIабехь дийцина ду иза. ХIунда аьлча, цу тохаран маьIна, и Iамаяр ду, цунна хьехам хилитар ду, таIзар дар а, кхера яр а дац.

ШологIа бехкам - чов цаяр ду. Меже Iаржа еш, йа сян еш, йа каг еш, йа кхийолу чов еш тоха мегаш дац. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ишттачу хьолехь тохар дуьцучу, цIена бух болчу хьадийсехь "чов цаеш" аьлла хьахийна.

КхологIа бехкам - юьхь тIе, йа кхийолу лазян, йоха ян кхерам болчу метте цатохар ду.

Хьаким ибн Муlавис, шен дас (Аллахl реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хаьттира аьлла: «Хlай АллахIан элча! тхайн зударийн хlун хьаккъаш ду тхуна тlехь?». Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Царна хlума яон декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш юуш елахь, царна тlедоха а декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш тlеюхуш елахь. Иштта, шун бакъо яц - царна яххьашна тlе тохан а, я уьш сийсазбан а (царга вон мотт ле бан а), я хlусамера уьш арабахан а.» (Ибн Хьиббана а, Хьакима бакъ хьадийс ду аьлла иза).

«Зударшна тохарехь сихлочарна хьехар»

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
ГIУРБА ДУЬЦУ ДАКЪА

ГIурба бохург - гIурбана-Iийдан дийнахь хьайбан урс хьакхар ду, АллахIан герга хуьлуш, Цунна муьтIахь хуьлуш.


ГIурбан хьукма:

ГIурба дер - чIагIдина суннат ду. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дуьйцу: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дийра, кIай-Iаьржа болучу шина каца. Суна иза гира, цаьршина агIонна тIе ког а биллина, АллахIан цIе а йоккхуш, такбир а деш, шен куьгаца урс хьекхира цуо цаьршина» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Нагахьсанна адамо гIурба дер шена тIедожадахь, масала: "ГIурба ден чIагIо йо аса" йа "ХIара устагI гIурбана буьйра ма-бу аса" аьлла, цунна и дер важиб хилла тIедужу. Iаишатас (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан муьтIахь хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна муьтIахь хуьлийла иза. Амма Цунна Iеса хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна Iеса ма хуьлийла иза» [Бухарис дийцна иза]


ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш:

ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш шайн бехкамашца кхаъ тайпа ду: 1) Пхи шо кхечна, ялхолгIачу шаре елла эмкил. 2) Ши шо кхечна, кхоалгIачу шаре делла бежин. 3) Ялх батталла хьалабелла устагI, йа шаралла хьалаелла газа.

Эмикилна а, бежнанна а ворхI адмо юкъахьал дан мегаш ду. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Оха урс хьаькхира АллахIан Элчанца (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хьудайбиййатехь, цхьана эмкална ворхIанна тIера, цхьана бежанна а ворхIанна тIера» [Муслима дийцна иза]


ГIурбана мегаш доцучу хьайбана сакъташ:

ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Диъ хIуманах цхьаъ шеца долу хьайба гIурбана мегар дац: бIаьрзе дерг, шен бIаьрзе хилар билгал долуш; цомгаш дерг, шен цомгаш хилар билгал долуш; астагIа дерг, шен астагIа хилар билгал долуш; гIийла-оза дерг, шен тIум йоцуш» [Абу Давудс а, Тирмизис а, Ибну МажахIа а дийцна иза] Оцу сакъташха тера долу, кхиндолу жижиг эшош долу сакъташ а цу юкъадогIу. Ткъа и сакъташ билгал доцуш, кIезига далахь, цара гIурбана зен дийр дац.


ГIурба дер суннат хуьлу бехкамаш:

ГIурба дер суннат ду хIара бехкамаш шегахь кхочуш хиллачунна: 1) Бусулба хилар. 2) бераллера велла хилар. 3) Хьекъалчохь хилар. 4) Ницкъа кхочуш хилар. Ткъа ницкъа кхачарах лууш дерг: Нагахьсанна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийдан дийнахь а, цултIаьхьа долчу кхаъ дийнахь тоьъчулла юучунна-молучунна а, духарна а, чохь Iа хIусамна а даьхни делахь, цулла совнаха гIурбана хьайба эца дехни далахь - иза гIурба ден ницкъа кхочучарах хуьлу.

ЦIийнан охIлунах, цхьана рицкъанах хене бовлучарах цхьана адмо гIурба дийча бисинчарах массарех а кхачо хуьлу. Масала: Дас шена а, шен цIийна охIлунна а тIера нигат дина гIурба дийча, иза цунна а, цуьнан цIийна охIлунах болу, цуо кхобуш болучарна а тIера кхачо еш ду. Нагахьсанна, церан яар-малар цхьана рицкъанах дацахь, масала: Шена велла кIант валахь, шена рицкъа доккхуш, оцу хьолехь шена веллачо, шена а, шен охIлуна а тIера ден деза гIурба.


Декхарехь волучо гIурба деран хьал:

Декхар гIурбаналла хьалха доккхур ду. ХIунда аьлча, декхар дIадалар важиб ду, амма гIурба дер суннат ду, ткъа важиб суннаталла хьалха даккха деза. Нагахьсанна декхар хан тоьхна далахь, амма дIадала хан тIекхача дуккха хан йиснехь, иштта декхарехь верг тешна валахь, ша гIурба дийча декхаран хан тIе кхечча декхар дIадалан ницкъа кхочур бу ше аьлла - оцу хьолехь гIурба де мегар ду.


ГIурбана хан:

ГIурбана хан зул-хьижжат беттан иттолгIачу дийнахь Iийда ламаз диначултIехьа йолалуш ю, ташрикъан кхо де (гIубрана Iийдан дийналла тIехьадолу кхо де) чекхдаллалца летташ а ю. Оцу буьйсанашкахь ден а мегар ду гIурба. Амма деза дерг, Iийда ламаз диначултIехьа гIурба дерна сихо яр ду. ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIара Iийдан де ламаз дарца дIадолор ду вай, тIаккха вайн хIусамашка юхадахна, гIурбана урс хьокхур ду вай.
Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амма ламаз далле хьалха урс хьекхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цуо дийнарг» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]


ГIурбан жижиг декъар:

Суннат гIурбана жижиг кхаъ декъе декъар суннат ду: Цхьа дакъа шен цIийна охIлунна дитар, шозлогIу дакъа совгIатан далар, кхозлогIу дакъа къе-мискачу нахана сагIийна далар. Иштта, дерриге дIадала а мегар ду. Амма важиб гIурбана жижигах цунна а, цуо кхобуш болучарна а даъа мегаш дац. Нагахьсанна цуо аьллехь бен: "АллахIан дуьхьа сайна тIе леци аса гIурбана уьстагI бер, иштта, цуьнан гIогI даар а" оцу хьолехь цуьнан гIогI даъ мегар ду цунна. Иштта, муьлха а кхийолу ша шена гIурба тIедожош юур ю аьлла билгал йина муьлха меже а мегар ду.


Хьайбанна урс хьокхучу хенахь дан дезарг а, дича дика долучух цхьадерг а:

Нигат хилар. Дуьш дерг ша хьалха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь нигат хила деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь нигат хила деза, йа иза урс хьакха волалуш нигат хила деза. Нигат деш багахь хIумма баха оьшуш дац, нигатан меттиг дог ду.

- Шен гIурбанна урс ша хьакхар. Шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллехь хилар дика ду.

- Урс хьокхуш АллахIан цIарца хьакхар, иштта, такбир дар а. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен гIурба дуьйчу хенахь АллахIан цIе йоккхуш, такбир а деш хьекхна [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсан вицвелла, йа цхьана бахьнанна бисмиллахI ца аьллехь, гIурба нийса ду, даъ мегаш а ду, АллахIан цIе яккхар суннат ду, важиб дац.

- ГIурба къобул де аьлла дуIа дар. Iаишатас (АллахI рез хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь элира аьлла: «АллахIан цIарца. йа АллахI, къобул де Ахьа Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунера а, Мухьаммадан умматера а» [Муслима дийцна иза]

- ГIурбана дуьш долу хьайба къилбехьа дерзор. Цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла делахь а, амма иза Асхьабашкара сецна ду. Иштта, Ибну Iумарна (Аллахl реза хуьлда цунна) къилбехьа ерзина урс хьекхна йоцу хIума яар дезаш ца хилла аьлла деъна. Имам аш-ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Урс хьокхуш йолу хIума къилбехьа ерзор дукха деза суна» [мухтасар ал-музанний]

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441
#Хаттар122

Хаттар ишт ду: Ибну Таймиййата (Дала къинхетам бойла цух) цахаарц докх ширк динчун бехказло луш хиллай? Ишт хьужжат дIакхачин бен цхьанне такфир да йиш яц аьл кхетам буй цун? ХIорама тайп-тайп дуьцу, хIорам далош дег цуьн дешнаш а хуьлу, цун кхетам къегин билгал бахьара.
ИБНУ ТАЙМИЙЙАС ХЬУДЖАТ (НИЙСОН ТОЬШАЛЛА) ДIАКХАЧИЙНА БЕН ЦХЬАННЕ ТАКФИР ДАН (КЕРИСТА ЛАРАН) БАКЪО ЯЦ АЬЛЛА БОХУЧУ КХЕТАМНА ЖОП:


Iилмана некъахула нийсо лоьхуш верг Къуръан а, Суннат а хьалха даккха дезаш ву, ишиъ доцчу кхидолчу муьлха а хIуманал. Цуьнан тоьшаллаш дийцан хьашто йоцуш дуккха а ду Къуръан чохь а, Суннатехь а. Цул сов, цхьаммо иштта дац эра доцуш хIума ду иза. Ткъа цхьаболчу мутIелимшан доккха гIалат ду, и санна долчу хеттаршкахь Къуръанал а, Суннатал а хьалха Iелимнехан кхетмаш хIиттадар. Шина мутIелима доккхачу ширканехь цахаарца бехказло хилар а, цахилар а дуьцучехь царшина къамеле ахь ладоьгIча хьан ойла кхоллало, царна гергахь Ибну Таймиййан а, Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIабан а кхетам, Къуръанал а, Суннатал а коьрта болуш санна. Царшим эра дац иза иштта ду, делахь царшима Къуръанал а, Суннатал а дукха Iелимнехан дешнаш дуьцуш хиларо, йа цу хаттаран хьокъехь царшина Къуръан аяташ а, хьадийсаш а, цу Iелимнехан дешнаш санна девзуш цахиларо гойту хьуна иза иштта хилар. Ибну Таймиййан къамел даладо цуо, цуьнан жайнан цIе а йоккхуш, цул сов лоьмар олуш. Ткъа ахь Къуръан аят далийча, цунна и гина а цахуьлу. Уьззуг ду, АллахIан сифаташ дуьцучехь дукхах болчу мутIелимаш Ибну Таймиййан а, АшIарий Iелимнехан а къамелаш дуьхь-дуьхьула хIитторехь дийриг. Къуръан чохь а, Суннатехь а цу шина хаттаран хьокъехь къегина нийсо йоллушехь. Боккха бала а, йоккха цамгар а ю иза мутIелимашна юкъахь!

Ткъа мутIелим воцург хьере во цара, цу Iелимнехан дешнашца. Цхьам оцу Iелимстага хIара бах олий, шен агIо толош цуьнан жайни чура могIа боьшу. Иштта, вукхо а боьшу оццу Iелимстеган жайни чура шен агIо толош болу могIа. Ткъа цу хIуманна бахьан вайн тIедогIучу къамелехь билгал дер ду хьуна. ЛадугIучун сацам цушим вуьцучу Iелимстеган къамел мичахь соцуш ду хьежжина хуьлу. Ибну Таймиййас ца еллехь, бехказло яц, йа цо еллехь иза ю аьлла хеташ. Доккха гIалат а, боккха бала а бу иза вай нахана юкъахь!


Цкъа хьалха Ибну Таймиййас хьуджат (нийсон тоьшалла) дIакхачийна бен цхьанне такфир дан (кериста ларан) бакъо яц аьлла бохучу кхетамна кхоччуш жопделла, цултIехьа Къуръано а, Суннато а цу хаттаран хьокъехь хIун бах дуьцуш, кхета атта долуш, тарлучу барамехь доцца хьахор ду вай.

Хьан хаттарехь хьахийна кхетам шайн болчара Ибну Таймиййан дешнех далочух цхьадерг кху тайпа ду:

Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Керстаналлин дош мел аьллаг муьлха хьолехь кериста хуьлуш вац, цунна хьуджат хIоттадаллалц, цо дийриг керстналла хиларехь. Амма цунна хьуджат дIахоттича, тIаккха кериста хуьлш ву и." [мажмуIул-фатава]

Иштта дуккха а ду Ибну Таймиййан дешнаш, хьуджат хIоттийна бен адман керстналлица хьукма деш цахилар дуьцуш.

Iелимнаха Ибну Таймиййан дерриг жайнеш а, цуьнан дерриг дешнаш а девзуш, царах нахалахь уггаре дика кхеташ бу олучу наждийн Iелимнахах волчу Шайх IабдуллатIийф бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) Ибну Таймиййас муьлха а ширк динчунна хьуджат хIоттийна бен такфир деш дац бохучарна жоп луш бах:

"Шайхул-Ислам Ибну Таймиййан къамелах кхетар ву И (Ибну Таймиййа) вевзуш верг, Цуьнан дешнаш Iамийнарг, Цунан усулаш (баххаш) девзуш верг. Цо билгал дина, АллахIах кхоьруш, доггух нийсо лоьхуш волчунна цхьа долчу хIумангахь цкъацкъа и галвелча цунна гечдеш хилар. Ткъа мичахь ду кешнашна Iибадат дечера, беллачу нахе а, генахь болчарга (тIекхочучехь боцчарга) а кхойкхучеран нийсо лоьхуш къа хьегар?! церан АллахIах кхерар а?!" [фатава ал-аъимма ан-наждиййа]

Тидам бан безаш меттиг ю хIара. Вай хьахинчу Ибну Таймиййан дешнашха тасбеллачара дийриг ду иза, шайна цхьа могIа гича, и могIа бен кхин хIумма дан дац моьттуш, даиман и цхьа могIа бийцар. Амма цух уьш нийса кхетна а ца хуьлу, йа царна и боцург кхин могIа гина а ца хуьлу. Амма IабдуллатIифас ма-аллара, Ибну Таймиййан дешнашха кхетар ву, цу Ибн Таймиййан манхIаж (некъ) бевзуш верг.
Цунна масала: Ибну Таймиййас аьлла: "Такфир дар вонца йинчу чIагIонах ду, нагахьсан цхьама дош аьллехь, Элчан (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дош харцдеш, амма цхьаверг керла дине веъна хуьлу, йа ислам дин лелочу меттиган (бусулба нахана) генахь кхиъна хуьла, и санначун такфир деш дац, цунна хьуджат хIоттадаллалац." [мажмуIул-фатава]

Кхузахь Ибну Таймиййас билгалдо, хьадийс харц даре терра долчу керстналлехь хьуджат хIоттодезаш долу ши тайпа. Хьалхарниг; керла диневеънарг ву, шологIниг; бусулба нахана генахь кхиънарг ву.

Вайн къамелан юьхьенца Ибну Таймиййас аьлла долу дешнаш "хьуджат хIоттийна бен такфир дешдац" аьлла долу, хIокху шина тайпан хьокъехь аьлла хилар билгалдолу вайн. Ткъа иштта и цахилча, цо хIара ши тайпа хьуджат хIотторехь схьакъасторан цхьаа маьIна хир дацар. Къестина цу шина тайпан хьуджат хIоттадаллалц такфир дийр дац аларо гойту, и ши тайп доцчунна хьуджат хIоттадар бехкам боций, кхин дика кхеташ аьлча, и ши тайпа доцуш, бисинчарна хьуджат дIахIоьттина хилар. Ибну Таймиййас и вайн къамелан юьхьенц аьлла долу дешнаш массо адмийн хьокъехь аьлла хилча, тIаккха хIара ши тайпа цо схьа къастадаран хIун пайда хуьлу?! Цхьаа маьIна а, цхьаа пайда а цахуьлу, ойла е цунна.

Цуьнан масал: АллахIа Къуран чохь Ша Iаршал лакхавелла бах, сурат тIохIа чохь, 5-чу аятехь. Иштта, кхечу аятехь Шен юьхь ю, Шен ши куьг ду бах. Амма деккъа и аятш бе гина воцучо ала тарло "Вайн евзуш йолу юьхь юкх и, йа Iарш тIехул вукх И, со хIокху гIантан тIехь ма-хиллар". Амма цунна гина дац сурат шура чура, 11-гIа аят, цун ца хаъ АллахIа аьлла хилар "Цух (АллахIах) тера хIумма а дац". Амма цун и аят гина цахилча, вукха аятах нийса кхетар вац иза. АллахIан масала кхин а лакхар ду. Деккъа тIохIа чура аяташ гинчо АллахI халкъах таравир ву, ткъа деккъа шура чура аяташ гинчо АллахIа Шен хьокъехь аьллачун инкарло йийр ю. Ткъа иза а, важа а гинарг АллахIан сифаташ хьокъехь нийса кхетам болуш хир ву.

Иштта, хIоруш а таро еш бу оцу хьолан, цара жайнеш шайн харшчура ца дешар бахьан долуш, уьш сиха балар бахьан долуш, Ибну Таймиййас аьлла аьл шайна цхьа могIа гича, сихло уьш, цо и хIунда бах, хьена хьокъехь бах ца хьовсуш. Амма шеш и къамел нахан юккъахь диначултIехьа, ахь шайн нийсо гайтича а, АллахIа шен дог цIандинаг воцург царах юха а ца волу, ша динчу харц къамелах ша юха велча эхь ду моьттуш. Иза куралла ю. Ма дукха масалш ду, куралла бахьан долуш адмо харцо йийцина, цултIехьа АллахIа цун Iазап луш и харцо цун бакъ тара йой, цу харцон тIехь и дIавоьдуш. АллахIа лардойла вай цу Iазапах.

Масалан, Ибну Iусаймин бехказло яларца гIарвелла ву. Цуьнан дуккха а къамелаш ду, хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохуш. Ткъа шен цхьана къамелехь олу цуо: «Масалан бусулба нахан юкъахь вехаш волчу стага ламаз дитича, цунна шенна (муIаййан/личный) такфир дийр дац, цунна хьуджат хIоттадаллалц эра дуй вай?, эра дац дерам, хьуджат хIоттийна дацахь а такфир дийр ду вай ламаз дитинчу стаган, хIунда аьлча, бусулба нахан юкъахь вехаш ву иза, цунна цахаъ йиш яц ламаз фард хилар». Цахаарна бехказло луш ма вуй Iусаймин, амма бусулба нахан юкъахь вехаш валахь цало цо бехказло. ХIунда аьлча, цу хьолехь цахаар шен бехка бу цуьнан бах цо.

Уьззуг ду Ибну Таймиййас бохург а. Бусулба нахан юкъахь вехаш волчу стага доккха ширк дича, цунна бехказло ю аьлла цхьаа тоьшалла дац Къуръан чохь а, йа Суннатехь а. Бакъдолуш, цахаарца бехказло луш бу аьлла гIарбевлачу Iелимнаха а цало оцу хьолехь бехказло.

Цу нехан уггаре доккха гIалат, такфиран Iилманехь харцо юьцуш яздина жайнеш бен цара цадешар ду. Ткъа цу жайнеш чохь хуьлу, вай лакхахь масал далоре терра, хедийна могIнаш а, яккхи цIерш а. Цхьа йоккха "Шайх Хьенех" оли цIе йоккхи, цо аьлла олу. Ткъа и цIе ерг мила ву хьо хьежча, шел хьалха дIабаханчарах цхьаммо дийцина доцург дуьцуш вайн заманар цхьа стаг хуьлу и, СултIан Iумайрий санна, Ахьмад Фарийд санна, ишиъ воцург а. Салафийн жайнеш дешнарг, цу некъац Iилма Iамийнарг кхетар ву, цу нехан жайнеш дешча, уьш муржииташ хилар, цара ийман дуьцучехь хIитточу бехкамашна, царал хьалха цхьана Iелимнаха хIиттийна боцу.
Кхузахь вайна билгалдолу, Ибну Таймиййан гергахь хьуджат хIоттийна бен цхьанне хьолехь такфир дан бакъо яц боху кхетам нийса ца хилар ду. Ткъа жоьпан юьхьенца вай далийна церан кхетамехь долу дешнаш, Ибну Таймиййас хьан-хьанна а хьуджат хIотто еза аьлча санна кхеташ дара, делахь а IабдуллатIифс ма-аллар, Ибну Таймиййан дешнех кхетар ву, цунна шадолу дешнаш девзуш верг. ТIаккха кхечу къамелехь Ибну Таймиййан дешнаш гира вайн, цо ша аьллачух кхетош, хьуджат хIоттодезаш къестина цхьа нах хилар, керла дине бехкинчарга терра, иштта, бусулба нахана генахь кхиинчарга терра.


Кхузахь довзар коьрта ду: Хьуджат хIотторан а, цу хьуджатах кхетавезаш хиларан йа цахиларан а юкъахь йолу башхо.

Тидам бан безаш хIума ду хIара: Тахана вай аьлча "хьенехарна хьуджат цахIоттош такфир догIу", иза вай хецна дитна олуш дац. Амма вайна а, иштта, царна а (цхьанне хьуджат хIоттина бен такфир дийр дац бохучарна) юккъахь болу къовсам, и хьуджат дIахIоьттина ду, йа и дIахIоьттина дац бохучехь бу.

Кхин дика кхетош элча, вай олу "керстналла динчу адман хьуджат дIахIоьттина долш ду, цундера цо ширк йа керстналла дича цун такфир до вай". Ткъа цара олу "цун хьуджат дIахIоьттина дац, цундера цо ширк йа керстналла дича цун такфир цадо оха".

Масала вай дехаш долу вайн даймохк схьа лецча, Нохчийчохь йа ГIалгIайчохь цхьама доккха ширк дича, и мушрик ву олу вай, цунна бехказло яццаъ олу вай. ХIунда аьлча, мушрик дIакхечнехь а, цакхечнехь а ву иза, тIехьо вай дуьцур ма-хиллара (тидам бе кхунна къестина, тIехьо хьахор ду вай, ширк динчун мушрик аьлла цIе дIаяларна а, цунна такфиранца хьукма дарна а юкъахь йолу башхо). Ткъа бехказло хьуджат дIакхечна дацахь бен хуьлуш яц цунна. Амма вай мехкашка хьуджат дIакхечна ду. Церан цу хьужжатац бала цахилар, уьш цух цакхетар а, хьуджат дIацакхечна бохург дац иза. Масалан, ютуб чохь видеош ю, гIалийн юкъехула дIасалелачу нахе динах лецна хеттарш деш. Царна цахаъ исламан пхи бIогIум а, иштта кхидолу динах дерг а. Ткъа царна хьуджат дIакхечна дац олийла дац дин девзуш волчо, хьуджат хIун ду хууш волчо. Мухлен а цуо эра ду: "дIакхечна царна хьуджат, амма цера бала цахилла цу хьуджатац". Шина адмо къовсан тарлуш доцуш, къегина хIума ду иза.


Ткъа Iелимнаха хIун бах цу хьокъехь вай хьовсахь:

Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) Ибну Таймиййан къамелах нийса цакхетначарна жоплуш аьлла:

"Шега Къуръан кхечнарг милла валахь а, цунна хьуджат дIакхечна ду. Амма цакхетам хьангахь бу аьлча; аш хьуджат дIакхачадарна а, цу хьуджатах кхетарна а юккъахь къастам цабарехь бу. Баккъалла а, дукхахболу кериста нах а, мунафикъ нах а хьуджатах кхетна цахилла, и шайна дIакхечна доллушехь. АллахIа ма-аллара: "Хьуна моьтту, царах дукхаберш хезаш бу?! йа уьш хьекъале бу?! уьш ма бац хьайбанашка терра бен, баккъалла кхин чIогIа тиларехь букх уьш некъехьара". [сурат ал-фуркъан, 44-гIа аят]". [фатава ал-аимма аннаждиййа]

Дикка ойла е цо бохучун, "шега Къуръан кхечнарг милла валахь а, цунна хьуджат дIакхечна ду". Шегар цабах цо иза, АллахIан къамелера бах цо иза. АллахIа аьлла: «Ахьа ала: АллахI ву суна а, шуна а юкъахь тешна. Соьга хIара Къуръан доссийна, аса шуна кхерам таса, иштта и (Къуръан) шега дIакхечначунна а» [сурат ал-анIам, 19-гIа аят]. АллахIа и Къуръан шега дIакхечначунна кхерам тесна, ширках юха цавалахь цунна Iазап хиларца. Ткъа тахан цара хьуджат дIакхечна дац бохучу нахе Къуръан шайн маттахь дIакхечна дац? Ду дерам, амма цера бала бацкх цунца.

Иштта, IабдуллахI бин Iабдуррохьман Абу БутIайна а¹, Шайх ибну Насыр бин маIмарас а², Ибнул Къаййима а³, аяташ даладо, хьуджат дIахIоттарехь Къуръан дIакхечнахилар кхачаме хилар а, и хьуджат дIакхечнарг цух кхеташ вацахь а, и санна верг цух кхеташ хилчахь.

Масала, АллахIа бах: «Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтархьам‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха» [сурат ал-анIам, 25-гIа аят]. Иштта кхечу аятехь АллахIа бах: «Цара АллахI витина шайтIанаш шайн гергар лецна, царна моьттура шеш нийсон тIехь ду» [сурат ал-аIраф, 40-гIа аят].
Иштта, хьуджатах кхетар бехкам цахиларна тIенисвеш дуккха а ду аяташ. АллахIа къеггина схьа ма бах: "царна моьттура шеш нийсон тIехь ду". Хьуджат шайга дIакхечна доллушехь моьттуш ма хилла царна шеш нийсон тIехь ду. ХIунда моьттин царна и? Цу хьуджатах уьш кхетна боцундера. Ткъа бехказло хIунда яц царна? Царна юкъахь болу уьш санна берш кхетнан дера. ХIунда? Шайна кхета лиънехь, церан кхета аьтто хиллан дера. Царна цалиъна, церан бала цахилла, уьш шайчунтIехь дIабахна, цундера царна бехказло цаелла Дала. Ткъа и бахьан долуш АллахIа бах: «Церан дегнашна пардо дина Оха, уьш бакъдолчух цакхетийтарн дуьхьа‚ церан лергаш чохь къоралла а йина оха» [сурат ал-анIам, 25-гIа аят].

Вайн ма-хаара, керстаналлин шен дакъош ду, къобул цадеш дуьхьулаваларц дерг ду (куфр жухьуд олу цух), иштта, цахаарц дерг ду (куфр джахIл олу цух). Нагахьсан хьуджат дIахIотдар, цу хьуджатах кхетар тайп-тайпа ши хIума дацхьара, керстналла цхьаъ бен хир дацар, иза къобул цадеш дуьхьул валарц долу (куфр жухьуд) керстналла хир дара.

Сулайман бин Сахьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Оцу аяташкахь АллахIа уьш хьуджатах кхеташ цахилар билгал дина вайн, уьш ца кхетар аьлла царна бехказло ца елла. Къурано къеггина схьа гойту, и нах кериста хилар. ХIара хьуна билгалделча, хьуна хаълахь и Ибну Таймиййан дешнаш иэ дина, царгахь къастам цабеш уьш хедийна болу нах бакъдерг харцонца иэ дина хьун цара." [фатава ал-аимма аннаждиййа]

1 - фатава ал-аимма аннаждиййа.
2 - аддурару-ссаниййа.
3 - мухтасару-ссаваIикъ.


Шайх Исхьакъ бин Iабдуррохьмана (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Ибну Таймиййан къамелехь лууш дерг "хьуджат дIахоьттин ду Элча ваитарца, Къуръан досса дарца. Элча вуьцуш хезнарг милла валахь, цунга Къуръан дIакхечнехь цунна тIехь хьуджат дIахIоьттина ду." ХIара ду Ибну Таймиййан къамелах схьагуш дерг" [Iакъидатул муваххьидийн]. Иштта, кху тайпа дешнаш дийцна веравоцуш дукха ду Iелимнехан.

Кху къамелах вайн хилла пайда: цхьаболчу нехан къамел "цхьанне такфир дан мегар дац, цунна шеко дIайоккхуш, и кхетталц цунга воккха Iелимстага къамел даллалц" бохуг долу, иза харц къамел хилар билгалдели вайн Iелимнехан къамелехь. Иштта, и къамел дечунна бух цахилар а билгалделир вайна Къуръан аяташца. Хьуджат хIоттадар цхьаъ ду, амма цу хьуджатах кхетар кхи ду. Иштта, цушинна башхо а билгал ели вайна. Масалан, ширк деш волчу стаге аса цуьнан ненан матте гочдина Къуръан ло, хIара Къуръан ду хьуна, деша хIара олий. Цо и Къуръан схьаоьций, шен чу охьа дуьллу. ЦултIехьа шерашкахь цу тIе цахьожуш, тIе чан юьлли дуьту цо и. ЦултIехьа и стаг ле. Хьуджат дIахIоьттина доцуш велла эра ду вай и? Жимма дин девзучо алан тарлуш дац иза. Хьуджат дIахIоьтнера цунна, делахь и цакхитир цух, цо букъ туьхир цунна эра дукх. Вайн цунна бехказло езар цхьаъ ду, и дуьцуш дац вай. Ткъа АллахIа цунна и бехказло елла йа цаелла бохург кхин хIума ду. АллахIа кху умматан элча ваитарца, иштта Къуръан а доссорца хьуджат хIоттийна. Ткъа кху умматах хила тарло шега и хьуджат дIацакхечнарг, лакхахь вай Ибну Таймиййан къамелехь ма дийцара, бусулба нах боцучехь вехаш хиларе терра, йа керла дине веъна хиларе терра. Ткъа царна царга дIакхечна дацахь бехказло ю. Амма бусулба нахан юкъахь дуьненчу велла, бусулба нахан юкъахь кхиъна волуш, доьшуш хезаш шен ненан маттахь Къуръан долуш волчунна, цо АллахIац накъоста варехь цахаарна бехказло ю бохург динан тIехь харцо кхоллар ду. Цхьана Iелимстага аьлла хIума дац иза.


Шайх Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"Массо кериста а галвелла ву, хIора мушрикан а шен кхетам бу, церан дегатешам бу эвлияашца шеш дешдолу ширк, уьш оццула базбар а шайна пайде ду моьттуш. Цара шеш кIелхьара дохур ду а моьтту царна. Царна бехказло яц уьш галбовларехь, иштта, шайна шеш нийса ду моттарехь а". [аддурару-ссаниййа]


Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цух) ширк дарехь цахаарца йа галваларца бехказло луш цахилар билгалдеш Шайх Абу БутIайна (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:
"Ибну Таймиййас хадам бина (къастам бина) дуккха меттигашкахь ша хьахинчу ширкан дакъошха цхьа хIума динчо керстналла деш хилар, иштта, бусулба нехан цу тIехь барт хилар а хьахина цо. Амма джахIил (цахууш верг) а йа и саннаг а юкъар ца веккхина цо. АллахIа бах: "АллахIа гечдеш дац шеца накъост лецначунна, амма цул лахарчунна шена луучунна гечдо Цо" [сурат ан-нисаъ, 116-гIа аят]. Масийхьан хьокъехь АллахIа бах: "АллахIац накъост лецнариг милла валахь, АллахIа ялсамане хьарам йина цунна, цуьнан воьрзу меттиг жоьжагIати ю" [сурат ал-маида, 72-гIа аят]. Нагахьсанна цхьама алахь "И АллахIа вонца йина чIагIо хьуджат шена дIакхачийна, и тIе цалецначун хьокъехь ю, джахIил (цахууш верг) а, галвеллаг а, цхьана тIехьвеззаг а цу аяташна юкъавогIуш вац" и дешнаш аьллаг АллахIана а, цуьнан Элчана а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьулвелла, бусулба неха новкъах дIа а тилла и. Iелимнаха шайн жайнешчохь "муртадан хьукма дуьцу дакъа" хьахадо, хьуджат дIахIоттинчул тIахьа дуьхьулвеллаг оли схьа а ца къастош". [аддурару-ссаниййа] Ойла е, Iелимнаха бусулба нахан юкъахь кхиъна волчу жахIилан хьокъехь къамел муха до а, иштта, кериста нахан юкъахь кхиъна волчу жахIилан хьокъехь къамел муха до а. Хьалхарчун цахаарца бехказло цало цара, ткъа шологIчун цахаарца бехказло ло цара.

Нагахьсан хьа хIара дерриг кего Iилма дацахь, ткъа Iелимнахе лалугIуш хьо валахь, хьоьга тахан цхьам алахь: "Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен цхьанне такфир деш дац", Шайх Абу БутIайнас бах хьоьга: "Иштта дац иза, нийса цабах цо хьоьг, Ибну Таймиййан кхетам бац иза". Абу БутIайнег лалугIу ахь, йа Хьенехе лалугIу ахь?! Цу хьенехан Абу БутIайнел дика вевзу Ибну Таймиййа?! И хьенех вац Ибну Таймиййан мажмутул фатава дерриг дешнаъ, ткъа Абу БутIайна Ибну Таймиййан дерриг жайнеш девзуш, хууг а хилла ву.

Иштта хьенехан шен пхи пIелг санна, Ибну Таймиййан дерриг жайнеш, цуьнан дерриг къамел девзуш волу Шайх IабдуллатIийф хIун бах хьажа:

Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) аьлла:

"Ибну Таймиййан хьокъехь, цунна "массо а галвелчунна ца хаарца бехказло ю" аьлла кхетам бу аьлла хетар ма дац жимма а Iилманах хьакхвеллачун. Баккъалла а, Ибну Таймиййан дешнаш къеггина и кхетам бохош ду (цара дуьцчуна бIостнехьа ду)." [минхIажу-ттаъсис ва-ттакъдис]

Шайх IабдуллатIиф бин Iабдуррохьман бин Хьасана (АллахIа къинхетам бойла цух) билгалдо, Iиракъийн хьал, ша олуш волу "хаварижашна цахаарца бехказло яц, амма ширк динчун бехказло ю", Шайхо бах:

"Цу Iирокъис хаварижашна цахаарца бехказло цаяларна, ткъа кешнашна Iибадаташ (ширк) дешболчарна цахаарца бехказло яларна, цунца вайн билгал долу и шен дегIа лаъман тIехьавозуш хилар" [фатава ал-аимма аннаждиййа]

Ма дукха бу тахана цу тайпа Iиракъхой. Шел боьха, шел доккха, шел ирча кхин хIумма доцуш долу, уггаре доккха, динчура аравоккхуш долу ширк диначун, АллахIац накъоста виначун бехказло ло цара, ткъа шегар керстналла йа ширк делла воцуш, гIалатвеллачу бусулба стаган бехказло цало цара. Шайх IабдуллатIифа ма-аллар, къегина малх санна билгало ю иза, и нах шайн дегIалаъман тIехьабозуш хиларна.


Ибну Таймиййан, цуьнан хьокъехь цахаарца бехказло яларах йа цаяларах, хьуджат хIоттодезаш хиларах йа цахиларах юьхьенца хаттарехь хьахийна кхетам бохош къегина къамел ду "мажмуIул-фатава" чохь:

Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) бах: "Къайлах долу (Iелимнаха кегош долу, муьлх-муьлха нахана цадевзаш долчу) дешнашкахь (керстналла делча) цкъацкъа олу: иза гIалатвелла, галвелла ву, ша шена дIахIоьтнарг керст хуьлш волу хьуджат дIахоьттина дац цунна; делахь а, царах цхьаболчаргара довлу хIуманаш билгалчу (къайла доцчу), бусулбана нахах Iелимнахана а, уьш боцчарна а бусулба динах дуй хууш долчу хIуманашкахь довлуш ду. Бакъдолуш жуьктий а, насараш а хууш бу, Мухьаммад (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) цу хIуманашца ваийтна вуйла, цу хIуманашна дуьхьло йинчунна цо такфир диний а; цуьнан омруне терра АллахIан Шен цхьанна Iибадат де, Цуьнца накъост ма ве аьлла долу.
Иштта, АллахI воцчун цхьанне Iибадат ма де аларе терра, маликашна, пайхамарашна, малхана, баттана, седарчашна, жаIаршна а, уьш йоцучарна а. Баккъалла а, хIара динах уггаре къегинчу хIуманашха ду. Иштта, цо омру даре терра, пхи ламаз дарца, церан болх базбарца. Жуьктишца, насарашца, мушрик нахаца, сабиинашца, мажусашца а цо мостагIалла леладаре терра. Боьхалла, риба, къеркъа, майсир (ахча юкъдиллина къийсамаш) а, уьш йоцург а цо хьарам яре терра. ЦултIехьа хьуна карбо дуккха а церан коьртехь берш кху (керстналлашна) чу эгна, тIаккха уьш муртадш хилла".

Ибну Таймиййан къамел къегина ду, хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохург, нахан девзуш доцчу, царна къайла долчу хIуманашкахь хилар. Масала: Къуръан кхоьллин дуй даций боху хIума. Къуръан кхоьллина дац. Ткъа ахь баккхичу нахах цхьанга хаттахь "Къуръан кхоьллина дуй?" аьлла, цо жоп лур ду хьуна "ду, АллахI воцург дерриг хIума кхоьллина ма ду" аьлла. Цо дуьцург хьан керахь долу тептарш ду. Амма АллахIан къамел кхоьллин дуй бохучу хаттарна жоп кхечу кепар хилан тарло цун. И ду хьан-хьанна девзуш доцчу хIуманашха. Къуръан чохь аят дац "Къуръан кхоьллина дац" аьлла, цу тIенисвеш аят хилар доцург. Цундера, цхьама "Къуръан кхоьллина ду" алахь, цунна хьуджат хIоттадаллалц такфир дийр дац.

Иштта Ибну Таймиййан къамел къегина ду, динах долчу, къегинчу хIуманашкахь хьуджат дIахIоьттина хилар. И хIуманаш шегара девларг хьуджат дIацахIоттичий а динчура араволуш хилар. Ткъа и динах долу, къегина хIуманаш Ибну Таймиййас ша дагар дира шен къамелехь: "цуьнан омруне терра АллахIан Шен цхьанна Iибадат де, Цуьнца накъост ма ве аьлла долу. Иштта, АллахI воцчун цхьанне Iибадат ма де аларе терра, маликашна, пайхамарашна, малхана, баттана, седарчашна, жаIаршна а, уьш йоцучарна а. Баккъалла а, хIара динах уггаре къегинчу хIуманашха ду. Иштта, цо омру даре терра, пхи ламаз дарца, церан болх базбарца. Жуьктишца, насарашца, мушрик нахаца, сабиинашца, мажусашца а цо мостагIалла леладаре терра. Боьхалла, риба, къеркъа, майсир (ахча юкъдиллина къийсамаш) а, уьш йоцург а цо хьарам яре терра."

Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен цхьанне такфир дийр дац бохучун хьокъехь Мухьаммад бин Iабдул-ВаххIаба (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: "Къестина цхьа адам билгал дина, цун такфир дийр дац бохучехь, и цадар бахьан цо (Ибну Таймиййас) шеко дIайоккхуш билгал до, шена луург цунна хьуджат хIоттадаллалц бохург хилар. Ткъа хьуджат дIакхечнехь цо динчунга хьежжина хьукма до цо, такфир хуьлийл и, фискъал хуьлийл и, йа Iесал хуьлийл и. Цо (Ибну Таймиййас) къеггина билгал дина, ша бохуш дерг къегин долчу хIуманашкахь цахилар (хьуджат хIоттор бохург, къайла долчу хIуманашкахь хилар)" [муфийдул-мустафийд].

Кху жоьпехь вайн билгалдели, Ибну Таймиййас хьуджат хIоттийна бен такфир дийр дац бохучехь дуьцург нахана къайла долчу хIуманашкахь хилар. Ткъа АллахIац накъоста вар, АллахI воцчун Iибадат дар, беллачу нахе орца дехар, керстац цхьана бусулба нахан дуьхьула валар, динах долчу хIуман, ламазан, мархан инкарло яр, мегаш доцург, къеркъа, боьхалла магаяр, иштта билгалдолчу динах долчу хIуманашкахь адмо керистналла дича, иза кериста хуьлуш хилар!
ДОККХА ШИРК ДИНАЧУН ЦАХААРЦА БЕХКАЗЛО ХИЛАР ЙА ЦАХИЛАР БОХУЧУН, КЪУРЪАНЕРА А, СУННАТЕРА А ДОЦЦА ЖОП:


Ткъа Къуран чохь а, Суннатехь а цхьа могIа карор бац хьуна, доккха ширк диначун цахаарца бехказло ю аьлла а, йа яц аьлла а. ХIунда аьлча, АллахIа а, Цуьнан элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) иштта хецна, тесна дитина хIум дац иза, йа иштта доцца бехказло ю йа яц ала тарлуш хIума а дац иза, къестина цхьан нехан хьокъехь бен. Масалан алан тарлуш ду, цу махкар бахархошна цахаарца бехкало яц, хIунда аьлча, царна хьуджат дIакхечна ду, ткъа дIо махкар бахархошна бехказло ю, хIунда аьлча, царна хьуджат дIакхечна дац, аьлла. Цахаарца бехказло йолуш меттигаш а ю, цахаарца бехказло йоцуш меттигаш а ю. ЦIерашна а, хьукманашна а юкъахь башхо йолуш меттигаш а ю. Ткъа хаварижийн цхьанне хьолехь бехказло яц бохуш болу кхетам а, иштта, муржиитийн массо хьолехь бехказло ю бохуш болу кхетам а харц хилар билгал долу хьуна, ахь Къуръан а, Хьадийсаш а дешахь. Амма цхьаболчу Iелимнехан дешнаш "цахаарца бехказло яц" бохуш долу, Къуръан дIакхечначу меттехь, йа тIекхиан аьтто болчу меттехь бохург ду церан, Ибну Таймиййан дешнаш вай билгал ма-дарра. Йа ширк диначух "иза мушрик ву" аьлла, цунна цIе ялар дуьцуш хуьлу цара.

Тидам бан безаш хIума ду хIара - Ахь Къуръан а, Хьадийсаш а дешахь, хьуна карор ду; АллахIа а, Цуьнан элчано а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) доккха ширк диначух мушрик олуш хилар, цуьнга хьуджат дIакхечнехь а, цакхечнехь а шинне хьолехь. Ширк дийриг, АллахIац накъоста вийриг мушрик ву, цунга и ширк хилар дIакхечна дацахь а. Цух хьакхалуш хаттар дац, цунна бехказло юй яций бохуш дерг. Дукхах болу мутIелимаш а, и башхо цаевзуш, йа цун тидам цабеш карийна суна. Адам мушрик хила йиш ю, цунна бехказло йолуш. Бехказло юй яций бохург, и мушрик вуй ваций бохург дац. Мушрик ву и, делахь а бехказло ю цунна, цунга дIакхечна дацахь АллахIа Iазап лурдац цунна, хьуджат дIакхечначул тIехьа бен. Ткъа хьуджат дIакхачарехь а, цакхачарехь йолу башхо ю, АллахIа и хьуджат дIакхечначун ширках юха цавалахь Iазап лург хиларехь, ткъа хьуджат дIацакхечначун Iазап лург цахиларехь долу, бехказло юй яций бохуш дерг. Дуккха Iелимнехан дешнаш гур ду хьуна: "вай цунна бехказло луш ялахь а, мушрик ву иза" бохуш. ХIунда аьлча, ширк дарца мушрик ву и, ткъа хьуджат дIацакхачарна бехказло ю цунна бохург ду церан иза. Иштта, хьуджат дIакхачар, цакхачар бохучехь дуьцург Къуръан ду. Шега шен маттахь Къуръан дIакхечначун хьуджат дIакхечна ду. Хьуджат бохучух луург - бакъдерг, нийсдерг, адманна дIакхачадар ду. Ткъа Къуръан а, Суннат а (Бухарий, Муслима, исс хьадийсан жайнеш) ша кхетачу маттахь шега кхечначу адман хьуджат дIакхечна дац бохучул харц кхетам муьлхург бу? ЦултIехьа, цахаарца дина ширк бохучехь дуьцург муьлха цахаар ду и? Шена лиънехь нийсон тIекхиан аьтто болуш, ткъа нийсон букътохарца цахаар ду и, йа нийсон тIекхиан аьтто боцуш висаран цахаар ду и? Нийсо лоьхуш волуш, цу нийсон тIекхиан аьтто боцуш висинчунна а, нийсо лоьхуш воцуш, лехча тIекхиан аьтто болуш, нийсонах букътоьхначунна а юкъахь башхо яц бохучул харц кхетам а муьлхург бу?! Цундера, и вай хьехина хьелаш тергал цадеш, бехказло ю йа яц аьлла жоп даллур долуш хаттар дац иза. Ткъа бехказло ялахь а, яцахь а, (хьуджат дIакхечнехь а, цакхечнехь а) ширк динарг мушрик ву алар нийса ду, Суннатан ОхIланах болчу, массо Iелимнехан кхетам а бу иза.

АллахIа сурат ал-баййина чохь аьлла: «Жайнин охIлунах болу кериста нах а, мушрик нах а цахиллера, шайн динах юх бевра болуш, шайга билгал дерг (хьуджат) дIакхаччалца». АллахIа хьуджат дIакхечна доцушехь "мушрик" нах аьлла цIе елла царна. Иштта, кхин а дуккха ду цу тайпа, хьуджат дIакхечна доцушехь, ширк дечун мушрик аьлла цIейоккхуш аяташ.

Ткъа сурат ал-исроъ чохь АллахIа аьлла: «Тхо Iазап лурдолуш ма дацар, оха элча вагIийталца». Цу ширк динчу мушрик нахан Iазап луш дац Ша, царна хьуджат хьуш элча вагIийталца бах АллахIа.

Шен кхетам хьокъехь вай къамел долийнчу Ибну Таймиййас мажмуIул-фатава чохь, элча ваийтале хаза дерг хаза хилар, вон дерг вон хилар хьекъалца дустар дуьцучехь аьлла:
«Мушрик боху цIе рисалатал (хьуджатал) хьалха а йолуш ю. Ткъа Iазап далар дац (хьуджатал тIехьа бен)».

Ибну Таймиййас къегина боху, хьуджат хIоттийна дацахь а ширк динчух мушрик олуш ду, амма Iазап луш дац цуна хьуджат хIоттийначул тIехьа бен.

Ткъа олучо алахь: "и аяташ кериста нехан хьокъехь диссин ду, бусулба нехан хьокъехь диссин дац". Ахь ладугIучу, шайл хьалха шеш дуьцург цхьанне Iелимнаха дийцна боцчу наха бен аьлла хIума дац иза. Суннатан ОхIланах болчу умматан массо Iелимнехан барт хилла бакъо ю: «терго (Къуръанан) маьIнангахь ю, и доссаран бахьнан къестина яц». Цух луушдерг: Къуръан хьенна хьокъехь доьссина далахь а, цуьнан маьIна массарна тIехь лелаш ду. Керстналла диначун хьокъехь диссина аяташ, бухера керстанал динчунна а, бусулба хиллачул тIехьа керистнал динчунна а цхьатерра ду. Цул сов, Iелимнехан барт бу цу тIехь. Иштта и дацахь, стаг динчур аравелла хиларц хьукма муха до къедно, цо далош долу аяташ кериста нехан хьокъехь диссина хилча? Iилманах хьакхвеллачо алан тарлуш дац, сурат ан-нисаъ чура АллахIан дош: «АллахIа шец ширк дарна гечдеш дац» бохуш дерг, бухер дуьйна керстан ду, бусулба хилчул тIехьа ширк динчун дац. Иштта и далхьара, Нухьа пайхамаран (АллахIера маршалла хуьлда цунна) заманахь хиллачу нахах мушрик нах ала мегар дацар. ХIунда аьлча, латта букътIехь дуьххьур ширк динариш уьш бу. Бусулба хиллачул тIехьа дина цара ширк. Ткъа вайн ма-хаар, Нухьас царга хитIаб дечу хенахь "мушрикаш" аьлла хитIаб дина. Iелимнаха а уьш хьахош "мушрикаш" оли хьахабо. Иштта, вайн Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) заманахь хилла къурайшийн мушрик нах схьа лецча, царга хьам дIакхачийнера, царах мушрик нах олуш?! Вайн ма-хаар, цу заманах Iелимнаха "жахIилиййат кубро" олу, и бохург "йоккха жахIлалла" бохург ду. Йоккхачу жахIлаллийн охIлунах а, царна хьуджат дIакхечна доцушехь "мушрик нах" олуш хилча, тахана элча веъна, Къуръан доьссинчу, цкъа хилла доцчу кепар хьадийсаш, дин держинчу заманахь ширк динчух бусулба алар йоккха жахIлалла ю.

Кху талламехь вайн билгалдолу: Тахана Къуръан дIакхечначу меттехь, Элча ваийтинчу заманахь, тIакхиан аьтто болчу хьолехь, цахаарца, йа цхьан тIехьахIоьттина галваларца доккха ширк диначунна бехказло цахилар. Йа Суннатан ОхIланах волчу цхьана Iелимстага а ца елла цу хьолехь цахаарца бехказло. Массо хьолехь а цахаарца бехказло ялхьара, дин кхайкхочу наха дийриг зулам хир дара. ХIунда аьлча, цахууш долчу шай хьолехь Iадбитчахь ялсамане гIур болу нах, царн дIа а кхачийна, цара и тIе цалацахь, уьш жоьжагIати багIаран бахьан хIуттур дара иза. Иштта, цу хьолехь бехказло хилча, цахаар гIолехь хир дар, хааралла. ХIунда аьлча, суна цахаар аьлчахь кIелхьар веравара лай.

Имам Аш-ШафиIис (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Цахуучун цахаарц бехказло ялхьара, цахаар волехь хир дара хуучул а. ХIунда аьлча, лайн тIера жоьпал дIадера дара, цуьнан дог паргIат хир дара шегар бехка баккхарах. Лайн цхьаа бехказло яц хьукма цадовзарах шега и дIекхечначул тIехьа, йа тIекхиан аьтто хиллачул тIехьа!»

ХIара доцца хьахдар ду, доккха ширк диначун цахаарца бехказло хиларна йа цахиларна гонахьа. Ткъа тарлуш хилахь, АллахIан пурба лахь кхин а дика кхетош, кхин а сов тоьшаллашца дуьцур ду вай.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
IАШУРАЪ МАРХА

Абу Къатадата (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Iашураъ марха кхабарна АллахIа дIадагIанчу шеран къиношна гечдаре сатуьйсу ас» [Муслима дийцна иза]

Iашураъ марханах долчу хеттаршна жоьпаш «ЕША»

Iашураъ де тIедогIучу шинари дийнахь ду (10.01.1446 / 16.07.2024)
#Хаттар122

Ассаламу Iалайкум. Iабдул-хьалим, айс ху да деза цахуъш хьал тIехоьттин сун. Динехь худич нис хир ву те со ала АллахI рез хил хьун. ХIусам ненц дIаолш схьа олш, цо бах, керст нех борш нах шулла гIоле бу шай чохь, шай зударшц дика бу уьш, цIена лел уьш шайн тIехь, дийца эхь хет сун кхи дIа цо дицнаг. Оц хьолехь и йитар цамегш хума дуй ху да дез ас?



ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Кху тайпа хеттарш сих-сиха хуьлу. ХIора хьолан мах хIотто хуур дац суна, хIоранна хьелаш тайп-тайпан хиларна. Цул сов, шиэ агIо теллина цахилча, сан жоп нийса хир дац. И бахьан долуш, цу тайпа хьелашна хьокъехь доцца аьлча, цу хIуман ши бахьан го суна:

Хьалхара бахьан: сотсеташ ду. Масалан инстаграм. Цу чохь массо кепар цIарматал ю. Шайн бийшар, гIовтар гойту цу чохь наха. Дерзан догIмаш, луьчуш суьрташ, кечлуш, тайп-тайпа духарш, бахамаш, шайн зударшца шеш мел лелориг нахан гойту цу чохь. Ткъа хьан зудчун инстаграм ялахь йа кхийолу цу тайпа хIуа хуьлийл иза, хьун хаъ деза цун и дерриг гуш хилар. Хьуна мотта мега, сан зудам хьоьжур яц цу тайпа хIуманашка. Амма хьуна лаахь цалаахь рекламаш хуьтту цу чохь дуьхьула. Ткъа кегочунна кхин а сов гур ду.

И цхьа бахьан ду тахана зудберийн кхетам галбоккхург а. Царна моьтту, хIора а хIусамехь цу тайпа исбехьа дахар хила деза. Церан кхетам бац, цу наха гойтург шайн дахарах цхьа дакъа бен доци, инстаграмал арахьа цу нехан а доци цу тайпа исбехьа дахар. ТIаккха ша нехан цIен тIе елча, цу тайпа дахар шена цагича, цуьнан амал хийцало, дог цадогIу цуьнан и маре дIадахьан. КIорда до цунна, яъхIума яр, пхьегIа дIаяккхар, кхидолу гIулкхаш а. Боккха бала бу дас шен йоьIан телефон шен Iуьналлехь цайитар, иштта хIусам дас шен зудчун цу тайпа сотсеташ хилитар а.


ШологIа бахьан: хIусамде сонта амал ю. "Хаза хир вара со зудчун зазагаш луш, товш хир вара со зудчунга суна хьо дукха еза бохуш" иштта цу тайпа сонталлийн амалш хер йоккху хIусамде а, хIусамнена а юкъаметтиг. Лаахь а, цалаахь а гуш а, гина а хIуманаш ду зударшна (маре бахле гинехь а, я баханчул тIехьа гинехь а) кинош чохь гойл царна иза, йа муьлха кхечу некъашхула гойл иза, майрчо шен зудчунга безамца мукIарло деш, шена хьо дукха еза олуш, иштта шен зудчунна зезагш йа кхидолу совгIаташ луш, йа шен зудчунца бешарца волалуш, садаIа араволуш, иштта цу тайпа суьрташ цунна гуш долуш, ткъа хьо: "борш стаг зуд улле хоттийн лелар вац, борш стаг ше нанна лур ду зезагш зудчун лур дац, борш стаг зудчунг дукха еза бохур дац" бохуш Iашшехь, йа дуьцуш хаза дацахь а, меттахь кхоччуш хьо цуьнан гIулкхе хьожуш воцуш, цуьна хьоьх дог долу, хийра дахар дезало цун. Ткъа бехка хьан хуьлу. Ахь лелориг, ахь дуьцург Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен хIусамехь хиллачу гIилкхан бIоста хIума долун дера.

IабдуллахI ибн Iаббаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шух уггар дикаверг, зударшца уггар дикаверг ву» [Хьакима дийцна иза]

Иштта, тидам бан безаш хIума ду, стаг шена тIехь цIена лелар. Сих-сиха луьчуш, бага, мара, шен дегI цIена латтош, хаза хьожа йогIу хIума лелош, духар цIена лелош, иштта кхидолу зудчунгар хьайн дезаш долу хIума, цунна а хьайгар дези хаар.

АллахIа бах: «Хаза-дика даха шу царца (хIусамнаношца)» [сурат ан-нисаъ, 19-гIа аят]

Ибну Касийрас (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу аятехь АллахIа бохург хIуду билгалла деш аьлла: «ХIусамнене олуш долу дош хаза ала, хьайн лелар хаза хилийта цунца, хьайн ницкъа ма кхоччу хьайн куц-кеп хаза де цунна, хьайна цунгара ма-дезза» [тафсийрул Къуръанил Iазыйм]

Кху тIеххьара вай хьахийнчу АллахIан дашан а, Пайхамаран къамелан а, иштта Ибну Касийрас цушинах кхеторан а ойла еш йолчу хIусамехь барт а, беркат а хир ду!

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.
https://t.me/sunnatanokhla1441