This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
بالامس ابكي سجودا لربي ليحقق حلمي..
Селхана суджудехь Деле сайн лаам кхочуш бар доьхуш со йилхара..
و اليوم ابكي حمدا حلمي بين يدي..
Тахана со йоьлху хастам беш, сан лаам сайн хьалха хиларна..
#parglato

🍓2
Forwarded from ПаргӀато📝
ДОГ ТIУЛГАХ КЪАЬСТАЧОХЬ
Ас хастадо –
лам ломана горбахна аьлча,
я охьадоьду хи хьаладирзина аьлча
суо тешахь а,
лазам боцчохь безам карор бу бохучух сайн цатешар.
Ас хастайо –
дуьхьала хIара доллу дуьне схьаделча а, айса дIалурйоцу сайн синмаршо.
Ас хастадо –
ас адамана кхоччуш адам доьвзур ду аьлча, со харцлуьйш ву бохучун бакълер.
Ас хастадо –
сан дегайовхо мел йолчу шеконех цIанъеш долу, карахь кхокхий дузочу стеган куьйгаш.
....
Ас хастадо –
йитаза а ца ваьлла, ша йитина Нохчийчоь гIенах гина, хийрачу махкахь набархаваьллачун бIаьргаш чохь къегина хиш.
Ас хастайо –
дадас туьйра дийцинчу,
бабас куьйра лийсинчу
сан бераллин Нохчийчохь йисина марзонаш.
Ас хастадо –
«Чуьрк елахь а, хьуо везаш тIегIертарг цкъа а дIа ма татталахь», – аьлла, цхьана воккхачу стага сайна дина хьехар.
....
© Хабаев Исмаил

Forwarded from 𝙼𝚊𝚛𝚝𝚊𝚗𝚡𝚘
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дай баьхна, сан Хьалха-Марта,
Сан вахар ду хьоьца доьзна.
Ирс хьайца хиларна шорта,
Лаьтта хьо, беркатах юьзна.
Хьан урамашкахь со хийла,
Бераллин чан кегош, лелла.
Къоналла сан ирсе хилла,
Бошмаша хьоьстуш жималла.
Ваьхна со, доьхна дог къуьйлуш,
Сайн безам стиглане кхуьйлуш,
Баттаца дагара дуьйцуш,
Сан Марта, хьох дагавуьйлуш.
Хан яра, хьоьца ирс оьцуш,
Акхтаргийн Іиндагlехь лаьтташ,
Сайн безам езаре буьйцуш,
Мартан-хи тоьшалла хІиттош.
Ткъа тахна, кlайбелча корта,
Яхна хан даглеца ваьлча,
Хьомсара сан Хьалха-Марта,
Сан мерза ойла хьох хьерча.
Ларйойла Дала тlаьхьенна
Нохчийчоьн шахьарийн корта,
Кьонахий алсам кхиийна,
Дин даржош лаьттина Марта!
Сан вахар ду хьоьца доьзна.
Ирс хьайца хиларна шорта,
Лаьтта хьо, беркатах юьзна.
Хьан урамашкахь со хийла,
Бераллин чан кегош, лелла.
Къоналла сан ирсе хилла,
Бошмаша хьоьстуш жималла.
Ваьхна со, доьхна дог къуьйлуш,
Сайн безам стиглане кхуьйлуш,
Баттаца дагара дуьйцуш,
Сан Марта, хьох дагавуьйлуш.
Хан яра, хьоьца ирс оьцуш,
Акхтаргийн Іиндагlехь лаьтташ,
Сайн безам езаре буьйцуш,
Мартан-хи тоьшалла хІиттош.
Ткъа тахна, кlайбелча корта,
Яхна хан даглеца ваьлча,
Хьомсара сан Хьалха-Марта,
Сан мерза ойла хьох хьерча.
Ларйойла Дала тlаьхьенна
Нохчийчоьн шахьарийн корта,
Кьонахий алсам кхиийна,
Дин даржош лаьттина Марта!
❤3
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
" - хьуна хӏиццехь цхьаъ хила а хилла, хьо кху дуьнен чуьра дӏайалахь, хир дуй те цхьаа а ладам болуш хьо хӏинца йоьлхуш долу хӏума?" ..
Ма дукха ницкъ, хан, ойланаш а дӏало вай, каш чохьа цхьа а шай терзан тӏехь мах хир боцу хӏумнашна а, адамашна а.
кӏелхьара а воккхур воцуш, йа Аллахӏан герга а вуьгур доцуш.
халахетарш, сагаттдарш, кӏеззиг долу хӏумангаш..
вай деха коьрта чохь нехан дешнаш а кегош, цу хеначохь вай сахьташ, денош, дахар дӏадоьдуш хаа а цалуш..
Аллахӏ реза волу хӏуманца дӏадахьа и йиш йолушшехь иза..
вайца даиманна а дуьсур дерг иза: ӏибадат, Аллахӏ хьехор, дика ӏамалаш,
Аллахӏи доьхьа аьлла долу дешнаш,
Аллахӏи доьхьа вистцахилар,
Аллахӏи доьхьа хилла Собар..
ала лаьа даиманна а сине: "даиманна а хирдолчу дахарехь ладам хирбоцу хӏума, хьакъ дуй хьуна, дӏадерадолчу кху дуьненахь хьо дӏалаца?!.."

❤1
Мир вам и милость Аллахӏа! 🌿
Меня зовут Хьумайра Умм Джабир.
Я приглашаю вас в нежный путь, в мир взрослой и детской одежды, обуви и бижутерии и многое другое из Китая🎐 с искренним желанием делиться красотой и уютом по доступным ценам.💸
В моём Telegram-канале я выкладываю фото вещей, чтобы вы могли выбрать то, что откликается сердцу.
А так же можете присылать свои варианты товаров, мы найдем их по приемлемой цене💸
Пусть каждое приобретение приносит благо в ваш дом🏡
ТГ: https://t.me/kitayUmmDjabir
What:https://wa.me/+79635991378

Telegram
Китай с UmmDjabir
Товары с Китая
Любой товар
С Умм Джабир💛
опт и розница🤌✨️
❗️(В группе цены в розницу
опт другая цена)
❗️Цены: без доставки
(за доставку после получения товара)
Ватсапп: https://wa.me/+79635991378