Ойланаш
500 subscribers
90 photos
7 videos
Цхьацца ойланаш
Download Telegram
Сутаралло доха до дукха хьолехь адам шен хазачу амалах!
Хьо хьой ма варра ма хиллара дукха везаш берш : уьш хьан Наний, хьан Бабий, ю! Кхин дlа нахана хьо хьоьгахь долу иймане хьаьжжина, хьоьгахь йолу корматалле хьаьжжина, хьоьгахь долу гlиллакхе хьаьжжина, хьоьгахь долу хазачу хьекъале хьаьжжина, хьоьгахь долу lильмане хьаьжжина дукха веза!
Forwarded from Ойланаш
Бlаьрг негlар тухучу хенан юкъана массо хlуманах довла йиш йолуш ду вай, муьлххачу хенахь кхераме цамгаро метта эго йиш йолуш ду вай, дагахь доцучу меттахь lожалло лаца йиш йолуш ду вай, тlаккха хаа деза вайна къеггина: адам Шен Кхоллархочунах даьлча мел гlийла, мел декъаза хlума ю.
Хьуна тlе богlуш болу бала иза цхьа бала хуьлу...

Делахь ахь иза беста бича, боккха бича, база бича, шортта бича, хьо собарах воьхна хьоьвзича цунах масйитта бала хуьлу хьуна тlаккха!
Хьалххе айхьа хьайга кадам бе, тlаккха кхин дlа хьайн дахарехь буха дисан долу деношкахь хlу да деза хуура ду хьуна...
Муьлхха ахь юхьар лаьцна болу некъан чеккхено хьо зхаре мича кхачора ву ойла ян хьажа, цо дуккху некъаш даццора ду хьуна, иштта коьрта доцу некъашха букъ тухийтар бу хьоьга!

Амма тlехьлонна ойла ца яьш иштта дlа бехха некъ беш: "дутlкьа делчехь дlа хедар ду хlара!" бохуш некъ баро мехала йолу хьан дахаран оьмар йойъитар ю хьоьга!
Стаг зудий готтачу меттехь духь-дуьхьал нисделча зудчунна ша божар воций, ша некъ бита безий хаар а доккха хlума долуш нисло кху заманахь.
"Аса-со" бохуш дерг тlе дала дола делча талха дуьйлало вай.
Гlарвалар, иза кху заманара нахан гергахь кхиаман терза ду! Башхалла яц хьо доккха дика деш гlарваьллехь, я тас lанош гlарваьллехь!
КЪОНАХЧУЬНАН СИЙ

Хlора къонахчуьнан сий иза декъ цуьнан сий хилла ца lа.

Иза дуьххьара цуьнан шен сий ду.

Нагахь санна иза доьзалан да велахь иза цуьнан доьзалан а сий ду.

Иза цуьнан ден-ненан а сий ду.

Иза цуьнан дайшана а сий ду.

Иза цуьнан тайпанан а сий ду.

Иза цуьнан юьртан а сий ду.

Иза цуьнан махкан а сий ду.

Иза массу хlуманал хьалха Бусулба умматан а сий ду.

Цундела лерийна ма ду Бусулба динехь сий лардар оццула лакхара, Элчано (ﷺ) билгала ма-даккхар: шен сий ларош дlа кхелхнарг иза шахlидех ву аьлла.
Сийлахь lалашонаш доьхьа вахар, сийлахь lалашонаш доьхьа вожар, иза ду-кх дахар!
Маьршачу стаган наха шегара дохуш долу бехкашал чlогlох шен кийрара аьзно дохуш долу бехкаш хуьлу.
Шайца доггаха хилчарна хам беш хилалаш, уьш кху дахарера тийна-таьlна дlа къастале хьалха!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дlа яьллачу хlуманна билгало ю-кх хlара!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Массо хенахь гlиллакх лело атта ца хуьлу..

Массо хенахь гlиллакх лелоро хьуна са яхьаш ца хуьлу..

Массо хенахь гlиллакх лелоро хьуна паргlато яхьаш ца хуьлу..

Амма бакъ ду иза мел хала делахь а цуьнан чеккхе ша кепара хастаме-м ю!

Дикка тlехьа бен ца кхета мега вай кхунах, вай хlинцаъ кегийрахой хиларе терра.
Хlоранза чу бузуш болу малханца хьан дахаран чеккхе дага яийта...
Ур-атталла ша верг хила а чолхе зама ю хlара, ша воцург хила гlертар-м дуьйцур дац вай!

Хlунда аьлча онда къа ду хьоьгуш бусулба стаг гала ваккхар тlехь шен динах, шен гlиллакхах, шен къоман хазачу lадаташха а, шен фитlратах а!

Хьо хьоьгахь болу хаза кхетамца, хьайн лаккхачру ойланашца чекхвала лохь доккха хlума долуш ду, къаьстина кху заманахь!

Ца бах вай : хьалха санна цхьа итт шо хьалха хилларг векъ хила, мелхо а хьайн тlехь къахьега, lильма lама де, керла lаланошаш хиттош царна тlе кхача хьажа, делахь хьой воцург нахана ву моттийтарах лара вала хьажа!

Зуьш бала тlе беъча, я хало тlе lотта елча дукха сиха шен йоцу юьхь охьа южу, хьой верг дlа хутту хьо тlаккха ма варра.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хьан хьекъалан чу ахь хlу кхуссу хьаьжжина болх бийра бу цо.
Хьалха воккхачу дов дича я бехк баьккхича шен новкъа деъна хилар хьул дан гlерташ мел хала делахь а вела гlерташ къурдаш дора, амма хlинца хенал шортта жима верг шеллаъ воккхачунна ша оьгlаза вагlан хилар, я ша реза ца хилар урааттала цlоцlам ира дина гуча даккха гlерта!