Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Хьехар.

Ешар хьан хьекъал кхача бу, кхача диканиг харжа!
Иблисан коьрта Ӏалашо, наха Ӏилма Ӏаморах дӀахьовзор ю, Ӏилма - нур, нур дӀадаьлча бода хуьлу, боданехь долу адам - иблисан талхо атта хуьлу.
Цундера ахьа Ӏама дойла хьан дин! Ӏилмангахь сов а волийла хьо!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тхо нийсачу некъана т1аьхьах1иттина хир ма дацара, нагахь тхо Аллах1а нисдина ца хиллехьара.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Хьо нийсонна тӀехь мел ву, хьо нийсо яржорехь мел ву, хьо ву хьуна тобанна метта, хьо цхьаъ бен вацахь а.»
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх аль-Хьувайнийс (АллахӀа маршалла дойла цунна, Ӏалаш а войла иза) аьлла : «ХӀай лараме кегийрахой, баккъалла а, шуна тӀехь дуьсуш доккха жоьпалла ду-кх. ХӀара дин данне тоьлура дац шуна, шу кхин цкъа а юха дирзича бен нийсоне. Вай еш йолчу Ӏамалшна юккъахь уггаре Сийлахь йолу Ӏамал ю-кх, хӀара дин дӀахьуш, цуьнан доьхь хьо валар, къаьсттина хӀокху заманахь, шозлагӀа Ислам динехь нах къехка буьйла беллачу хенахь, вайна гондӀа мел долу хӀума нахана гергахь хердаьллачу хенахь, цеце даьллачу хенахь, тамашийна хетачу хенахь. Делахь а, вай юхадерзахь, кхин цкъа а Салафшийн некъа тӏе, уьш цу динах таса ма-баллар, вай тасалахь, аса АллахӀаца дуй ма буу шуна, баккъалла а, вай тулура ма ду, цул тӀаьхьа шуна хаийла, Дела динах таса велларг милла велахь а, даиманна и толамехь хира ма ву, и ша цхьаъ бен вацахь а.
Баккъалла чӀогӀа сатуьйсу аса, ирахь лаьтташ валар, тӀаьххьара дисина долу гӀора дӀаъ луш хӀокху динан, къахьоьгуш хӀокху динехь валаре. Со синтеме ву-кх аша хӀара дин дӀахьура хиларехь, кхин цкъа а бах аса, вай толам боккхура ма бу, мастагӀаша цкъа а вайн Ислам дин эшор ма дац, ур-атталла вайн гӀирсаш гӀийла белахь а, вайгахь онда Иман мел ду, цӀаа вай эшлур ма дац царга. Вай гӀийла ду аьлча, гӀийла ду шуна вай, вайн карахь дац-кх вайн мостагӀчуьнан карахь дерг а, вайн дуьхьало ечунна карахь дерг а, делахь, хьо нийсонна тӀехь мел ву, хьо ийсо яржорехь мел ву, хьо ву хьуна тобанна метта, хьо цхьаъ бен вацахь а.»
ФикъхӀ
Маьждигера дарс - фикъхӀ 1
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
lеламнаха ма-аллара, рузбанехь хьехам бан минбар тlе вала йиш йоцчун минбар ма бу интернет. Тобанаш кхолла, хьайна бевзучаьрга дlасадахьийта пайде дерг, нийса йолу lакъидат Ватсап чухула, хьайн Вконтакте агlо тlе йилла, Инстаграм агlо тlе йилла, айхьа лелош йолу муьлхха кху интернет агlо тlехула дlасадаржаде пайде дерг. Хьала-охьа хlара агlонаш вай лелош хилча, пайде агlора хlунда ца хьовзайо вай?! Пайде дерг хlунда ца даржадо вай?! lеса дерг, боьха дерг, галдаьлларг, нийса доцург даржош нах инзаре дукха карабо хьуна, ткъа динах кхетта шаьш, нийса дерг девзина шайна бохурш ца хуьлу-кх хlумма дан лууш я цхьана а диканехь дакъалаца лууш, къамеле даьлча къамел дийриш шортта карабо хьуна, амма Аллахlан динан дуьхьа цхьа кlеззиг хlума эшара, цхьа кlеззиг гlо эшара аьлча и тlелаьцна дlахьуш верг цхьа масех бен ца караво-кх хьуна.

Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Муьлхха а Ӏибадат дагца дан деза, я маттаца?

Кхузара
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Дикаден бусалба
тахана ахь хьайн агIо тIе дуьллуш долчу пайде хIуманах, АллахIан динах долчух цхьаммо пайда ца оьцуш а хила тарло, цхьаммо хьуна лайк ца юьллуш хила а тарло, амма цхьана дийнахь, ахь кху дуьненна букъ берзийначу хенахь; «Дуьненчу цкъа юхаваха йиш елира-кх, цкъа Дела хьахо, ши ракаIат ламаз дан», - бохуш ахь сатуьйсучу хенахь; «ХIара дерриг дуьне сайн долахь хиларх, бIаьрган негIар ца тухуш, цкъа Дела хьахавойтург дIалур дара-кх ас», - бохуш хьо сатуьйсуш волуш, и Дела хьахоран ял хьуна хьайн каш чу дIакхочуш хан ян тарло-кх!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Такфир
<unknown>
853-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дикка хан чохь схьадохьуш хlума ду ас хlара. Сан ваша нийса йоцу тобанах кхетта ву, со lаддаlийча а ца юьту цо, наггахь сан юьхь юьйхуш хlуманаш а дуьйцу, сох ца вешаш, сан кхетам нийса бац, со муржиахо ю олу цо, тlаккха динчуьра араяьлла олу, ас нах динчуьра арабойла бохуш яккхий цlерш ца йийхича, хlинца лан хала ду суна, дог лозу сан цунах, Аллахlе доlанаш а до ас цунна и нисвар доьхуш, ас муха хlун аьлча я хlун дича дика хира дара те ишттачу меттехь? Чӏогӏа холчухӀутту со и суна тlевирзича.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
лергш къовлделла ду
дегнаш дакъделла ду

Х1унда ду?
Эшаре ладуг1уш ду адам.