Ӏилманан Аманат
332 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
« АллахӀан динан сий диначун - АллахӀа дийра ду сий ! »

Масал далийча, хийлаза нис делла, цхьаьнца цхьанхьа воьдуш, хьоьца волчо кхечо эшар латийча олуш : вайца хьенех ву хьуна, дӀа йаккха эшар !
Йа и ала а ца дезаш, хьуна тӏе хьаьжча а эхь хетта, эшар лато дага ца догӀуш !
Со чӀогӀа стаг хилар дацара и, АллахӀа нехан дегнашчу гӏиллакх диллара дара !
ХӀан-хӀа, сайца гӀиллакх лацара ца бах, АллахӀан динац гӀиллакх лацара бах, хӀунда аьлча со а, со санна лелаш мел верг а, АллахӀан динан цӀарах лелаш ву!

ХӀара уггаре лаххарчу бараман масал дара.
Хуьлийла хӀара хьегар, уггаре там болу хьежар а, уггаре ирсе вовшахкхетар а!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кху некъан хьайн йуьхьиг муха хилла дага догӀий хьуна?
Чаккхе кхин а хаза хилийта хьажалахь !
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ХӀАЙ ЛЕРАМЕ КЪОНАХИЙ

КӀедачу гӏайбан тӀехь еха наб яр ца деза Къонахчун,
Йа цхьа а лаам боцу адамаш а ца деза Къонахчун,
Лаьмнаш санна лекха дог ойла йолуш дегнаш а,
Мох санна ницкъа болуш синош а хуьла Къонахчун,
Къонахчо къобал ца йо сийсазалла а, юьхьӀаьржо а.

Къонахий оьшу вайна!

МостагӀчуьн дегнаш лоьлхуьйтур долуш болу Къонахий!
АЛЛАХӀ ВЕЗАР...

АллахӀ везар хьан маттан тӀехь бен сецна дацахь, хаалахь, хьан леларца схьакъаьсташ хира вац хьо, бакъду, маттан говза хира ву, амма дегӀан лаамаш вахьа бахкалура бац!
Ткъа АллахӀ везар хьан дагах хьакхаделлехь, дагчу хьан и дӀакхаьчнехь, хьан дегӀаца, леларца схьакъаьсташ хира ву хьо, хьуна дезар ма дац, АллахӀан дезарг бен, хьо доьхьал хира ма вац, АллахӀ доьхьал волчунна бен!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Къонахчун дог ойла йолуш, цӀеначу цӀентӀехь кхиъна йолу йоӀан, цкъа а везара вац осала кӀант, хӀунда аьлча и цхьаьна къонахчу дас дагчу йиллина оьздангалла, гӀиллакх, яхь, майраллех, дӀаийна хира ю!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тахана, къаьсттина зударийн ийманан, гӀиллакхан, хьашта ду вай уммат, божарийн ийманел а, гӀиллакхел а.
ХӀунда аьлча кериста стаган цхьа зуда галла йаккхал боккха толам ма бу, эзар стаг галла воккхачул!

ХӀай сан лераме йиша, эла хиле лела кху латтан букъ тӀехь, лай хиле ца лелаш!

Хьайн мах а, хьайн сий а девзаш хила, лардеш хила!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Умматан сийлалла юха-м ерзор ю хьуна вай!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вайн Элча ‎ﷺ нур ду, ткъа декъал хилла-кх цуьнан некъ лехнарг!
Мила ву ткъа уггаре а нийсачу новкъа нисвелларг: йуьхь тIе Iункар а ветталуш леларг ву йа нийсачу новкъа воьдург ву, нисса (шен дегI) хьала а нисдина?

Сурат Ал-Мулк, 22-гlа айат
Forwarded from lадлан Харачо
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Малх-бутт лаьцча деш долу ламаз

Ткъа ламаз - малх, я бутт лаьцна гинчу меттехь бен деш дац.

Youtube чуьра ссылка