Forwarded from Ӏакъидатан Академи
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from العقلاء
lакъийдатан академис шен неlарш юха а дlайиллина, довда а довдуш дlадазло хlинца а даздаланза делахь, цу чохь оьцучу lилмано велавеш, велхавеш, дийца а ца луш цхьа тамашийна мерза ду иза.. цхьадолу lамийнарг хенаца дицлахь а, муьлхха а цхьа хьал тlехlоьттича «хlаа, хlарам оха академехь дийцина, кхузахь муха чекх вала веза хаьа» оли даг эхарш хуьлу дуккха а, шуна ца хаьа шеш мел ирсе хира ду цигахь доьшуш хиларна, кlирнах доьуза хьайн чохь lашшехь lилманан маджлис юккъахь хила аьтто бу хьан, малийкаш тlедотталой, синтем тlебуссу бохуш хаддаза массо а меттехь юьйцуш йолу, со ца кхоьу, болх-некъ бохуш цхьа а бехказлонаш леха а ца оьшуш массо а адам дlатийначу хенахь хуьлуш ду дарсаш, бакъдолуш ахь хьайн цхьана набаран декъах эца езаш ю уьш, амма цхьа хало ца хьоьгуш дин довза ца ло, са дуз ца ло, гай дуздо бохуш ма дойъу вай дийнахь 8-10 сахьт.. Аллахl воьвзура ма ву хьуна цу дарсашкахь, ткъа а цулла а коьрта а, мерза а хlун хира ду? синан кхача луш йолу, дегнашна синтем луш йолу ишкола ма ю и, мел хеста ярх кlордора доцуш, хестош мел олуш долу дош шех ала хьакъ йолу, ирсанан ишкола ю иза, Аллахlа цкъа а цуьнан марзонах дlа ма хада дойла вай, академи дlа къевлина аьлла къаьхьа дешнаш ма доьшийла, вай цкъа а, Аллахlа кхин а дуккха а яржа йойла иза вайн къоман юккъахь, Аллахlа вайн юккъера жахlлалла йойъура йолу бахьна дойла цунах, Аллахlа пайда оьцитийла шен цигахь девзинчух дуьненахь а, эхартахь а цигахь доьшуш мел волу дешархога, Аллахlа къинхетам бойла вайн и дика динчух, Аллахlа массо зенах, зуламах lалаш войла вайна и йиллинарг, иштта вайн хьоме Шайх Вахьид а.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Бусалба Ӏакъидат чӀогӀа болу шен орамца, цӀена болчу шен баххашца, чӀогӀа йолу шен бакъонашца - и Ӏакъидат ю хьуна нах ирсе кхачош ерг, нахана ирсе дахар дохьуш ерг. Кхин цхьа а хӀума дац хьуна. Хьо кху дуьненахь ирсе веш ерг и нийса Ӏакъидат ю хьуна. И цхьа Ӏакъидат хьан хилчхьана хьо ирсе ву-кх, дуьненахь а, эхартахь а. Хьо ойбуш верг, кху дуьненчохь хьо лакхавоккхуш ерг Ӏакъидат ю хьуна.
https://t.me/Akidatan_Akademi
https://t.me/Akidatan_Akademi
Forwarded from Ӏакъидатан Академи
ХӀара ю дӀаязлуш йолу ссылка🔴
https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6
Хетарехь, цхьаболчара хьалхалера ссылка яржийначух тера ду, цундела ссылка дӀакъевлина карайо нахана.
https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6
Хетарехь, цхьаболчара хьалхалера ссылка яржийначух тера ду, цундела ссылка дӀакъевлина карайо нахана.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Фарз Ӏайн...
Вайна хаийла
1-ра: |илма |амадар Далла герга вуьгуш долу |ибадат ду. Цуьнан далил Пайхмара صلى الله عليه وسلم дийцина хьадис ду Муслим чохь
2-г|а: |илма |амадаро хьуна доьвзуьйту хьарам дерг а, хьанал дерг а.
Хьанал дерг ахьа схьа а эца, хьарам долчух хьо лар а ло!
3-г|а: |илма - Далла т|е боьду некъ нуьре бар ду, цу |илманан нуьрца хьо Далла т|е а кхочуш, ткъа и |илма доцурш, боданашкахь, когаш а тийсалуш |а.
4-г|а: |илма оьцуш берш / |амош берш, уьш Пайхмаран صلى الله عليه وسلم ирс оьцуш бу, Пайхмара صلى الله عليه وسلم хьадисехь ма аллара:
#1акъидатандарсера
1-ра: |илма |амадар Далла герга вуьгуш долу |ибадат ду. Цуьнан далил Пайхмара صلى الله عليه وسلم дийцина хьадис ду Муслим чохь
"|илманан некъ лаьцначунна Аллах|а атта бийра ма бу йалсмане боьду некъ".
2-г|а: |илма |амадаро хьуна доьвзуьйту хьарам дерг а, хьанал дерг а.
Хьанал дерг ахьа схьа а эца, хьарам долчух хьо лар а ло!
3-г|а: |илма - Далла т|е боьду некъ нуьре бар ду, цу |илманан нуьрца хьо Далла т|е а кхочуш, ткъа и |илма доцурш, боданашкахь, когаш а тийсалуш |а.
4-г|а: |илма оьцуш берш / |амош берш, уьш Пайхмаран صلى الله عليه وسلم ирс оьцуш бу, Пайхмара صلى الله عليه وسلم хьадисехь ма аллара:
"Пайхмаршкара ирс, цара шайн буха дитиначу х|уманашкара оьцуш дац, маьлхо а цара дитиначу |илманан т|ера оьцуш ду, ткъа |елим нах пайхмарийн верасаш бу".
#1акъидатандарсера
Forwarded from Сийлаллин некъ
Forwarded from Фарз Ӏайн...
بسم الله الرحمن الرحيم
|илманан закат доьвзуьйту вай:
-айхьа |амайнарг д|акхача дар
-айхьа |амийначуьнца |амал яр
-|амадар ц|енна Аллах|ан дуьхьа хилар, кхечу х|уманна а доцуш.
#1акъидатандарсера
|илманан закат доьвзуьйту вай:
-айхьа |амайнарг д|акхача дар
-айхьа |амийначуьнца |амал яр
-|амадар ц|енна Аллах|ан дуьхьа хилар, кхечу х|уманна а доцуш.
#1акъидатандарсера
Forwarded from Рамзан Гендаргно
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Уггаре а боккха бала - Ӏеламнах кхалхар бу / Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний
https://t.me/Ramzan_Gendargno
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from Тептар
Иблисан коьрта Ӏалашо, наха Ӏилма Ӏаморах дӀахьовзор ю, Ӏилма - нур, нур дӀадаьлча бода хуьлу, боданехь долу адам - иблисан талхо атта хуьлу.
Цундера ахьа Ӏама дойла хьан дин! Ӏилмангахь сов а волийла хьо!
Цундера ахьа Ӏама дойла хьан дин! Ӏилмангахь сов а волийла хьо!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Хьо нийсонна тӀехь мел ву, хьо нийсо яржорехь мел ву, хьо ву хьуна тобанна метта, хьо цхьаъ бен вацахь а.»