Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Уммат керистан лай дан гIоьвттанчу чагIалкхийн аз ду даIватан майданахь уггаре чIогIа декаш дерг, ткъа, шайн дегнаш Iилманах дуьзна йола берзлой мичахь ю те?!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тоба дар..

Айхьа дина къинош дагадохкуьйтуш АллахӀе хьайна гечдар дехар, ткъа тоба АллахӀа къобалдеш ду, нагахь кхо бехкам кхочушхиллехь ;
1- Айхьа динчунна даггара дохковалар.
2- И къа Ӏаддитар.
3- Нагахь ахь дина къа нехан хьаккъехь хоттаделла делахь, боьалгӀа бехкам а тӀекхета, иза - нехан хьакъ юхадерзор, масала: нехан хӀума лачкъийна ахь, я схьаяьккхина ахь, шен йолчунна и хӀума юхаерзор, нагахь цхьанна зулам динехь, иза къинтӀераваккхар..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал ( 25 - Ӏамал)
Тоба даран ламаз дар..

АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Цхьа а лай ма вац ша къа дина, цул тӀаьхьа эца ма-дезза ламаз эцна, цул тӀаьхьа ши ракаӀат ламаз дина, цул тӀаьхьа АллахӀе шена гечдар дехча, АллахӀа цунна гечдийр долуш бен»
[ Сахьихь : Абу Давуд : 1521. Албанис сахьихь дина ]
Доккха, жима башхалла яц, хӀинцца латийна къа делахь я хьалха латийна делахь а, башхалла яц, муьлхха хьайн къинна АллахӀе гечдар деха дагадеъча, хьадисехь ма-дийццара эца ма-дезза ламаз оьций, тӀаккха суннат ламаз дан олий дагчохь ният долуш, багахь «АллохӀу акбар» олуш, ламаз дӀа а доьхкий, ши ракаӀат ламаз дой, тӀаккха даггара АллахӀе гечдар доьху-кх ахь айхьа латийначу къинна, АллахӀа хьуна тӀаккха гечдо. Оцу ламазехь доьшуш къаьсттина сурат дац, мелхо, айхьа вуьштта ма-дешшара хьайна лууш долу сурат доьшур ду ахь, бисмал дешначул тӀаьхьа, ца дешча а ламаз кхочуш хир ду, джамаӀатца а дийр дац иза, цунах дерг Шайх Мухьаммад Салихь Мунажжида (АллахӀа Ӏалашвойла иза) иштта билгал ма-дарра..

Мархийн баттахь ян мегар долу 173 дика Ӏамал. (53 - Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ХӀора ламазан дозаллех лаьцна суна хезначу къамелах уггаре хазнаг ду : Ламаз эцар, гечдаран бахьан хуьлуш хилча, ламазе вахаро хьан дарж хьаладоккхуш хилча, хьан къа дӀадоккхуш хилча, ламаз динчултӀехьа вукха ламазе ладоьгӀуш Ӏар, иза гӀазот хилча, азанна а къаматна а юккъехь дина доӀа юхатухуш ца хилча, ламаз дина ваьлча малийкаш хьуна доӀа деш хилча, ткъа ша и ламазан болх мел беза хира бу аьлла хета хьуна?!
Ламаз эцаран суннат ламаз дар..

АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Цхьа а бусалба ма вац эца ма-дезза ламаз эцна, цул тӀехьа ши ракаӀат суннат ламаз дина, шен юьхьаца а, шен дагца а цу тӀевирзина волуш, Йалсамане цуьнан важиб хир йолуш бен».
[ Сахьихь : Муслим : 234 ]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
🔴Академин дешар дӀадолалур ду 29.04.2024 чохь, цӀера хенаца 23:00 даьлча.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from العقلاء
lакъийдатан академис шен неlарш юха а дlайиллина, довда а довдуш дlадазло хlинца а даздаланза делахь, цу чохь оьцучу lилмано велавеш, велхавеш, дийца а ца луш цхьа тамашийна мерза ду иза.. цхьадолу lамийнарг хенаца дицлахь а, муьлхха а цхьа хьал тlехlоьттича «хlаа, хlарам оха академехь дийцина, кхузахь муха чекх вала веза хаьа» оли даг эхарш хуьлу дуккха а, шуна ца хаьа шеш мел ирсе хира ду цигахь доьшуш хиларна, кlирнах доьуза хьайн чохь lашшехь lилманан маджлис юккъахь хила аьтто бу хьан, малийкаш тlедотталой, синтем тlебуссу бохуш хаддаза массо а меттехь юьйцуш йолу, со ца кхоьу, болх-некъ бохуш цхьа а бехказлонаш леха а ца оьшуш массо а адам дlатийначу хенахь хуьлуш ду дарсаш, бакъдолуш ахь хьайн цхьана набаран декъах эца езаш ю уьш, амма цхьа хало ца хьоьгуш дин довза ца ло, са дуз ца ло, гай дуздо бохуш ма дойъу вай дийнахь 8-10 сахьт.. Аллахl воьвзура ма ву хьуна цу дарсашкахь, ткъа а цулла а коьрта а, мерза а хlун хира ду? синан кхача луш йолу, дегнашна синтем луш йолу ишкола ма ю и, мел хеста ярх кlордора доцуш, хестош мел олуш долу дош шех ала хьакъ йолу, ирсанан ишкола ю иза, Аллахlа цкъа а цуьнан марзонах дlа ма хада дойла вай, академи дlа къевлина аьлла къаьхьа дешнаш ма доьшийла, вай цкъа а, Аллахlа кхин а дуккха а яржа йойла иза вайн къоман юккъахь, Аллахlа вайн юккъера жахlлалла йойъура йолу бахьна дойла цунах, Аллахlа пайда оьцитийла шен цигахь девзинчух дуьненахь а, эхартахь а цигахь доьшуш мел волу дешархога, Аллахlа къинхетам бойла вайн и дика динчух, Аллахlа массо зенах, зуламах lалаш войла вайна и йиллинарг, иштта вайн хьоме Шайх Вахьид а.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Бусалба Ӏакъидат чӀогӀа болу шен орамца, цӀена болчу шен баххашца, чӀогӀа йолу шен бакъонашца - и Ӏакъидат ю хьуна нах ирсе кхачош ерг, нахана ирсе дахар дохьуш ерг. Кхин цхьа а хӀума дац хьуна. Хьо кху дуьненахь ирсе веш ерг и нийса Ӏакъидат ю хьуна. И цхьа Ӏакъидат хьан хилчхьана хьо ирсе ву-кх, дуьненахь а, эхартахь а. Хьо ойбуш верг, кху дуьненчохь хьо лакхавоккхуш ерг Ӏакъидат ю хьуна.


https://t.me/Akidatan_Akademi
ХӀара ю дӀаязлуш йолу ссылка🔴

https://forms.gle/o3MDVXqFsbjiLWxr6

Хетарехь, цхьаболчара хьалхалера ссылка яржийначух тера ду, цундела ссылка дӀакъевлина карайо нахана.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀана дӀадиллина хӀун ду хьа?
ЛадогӀа мегара доцу тобанаш!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Фарз Ӏайн...
Вайна хаийла
1-ра: |илма |амадар Далла герга вуьгуш долу |ибадат ду. Цуьнан далил Пайхмара صلى الله عليه وسلم дийцина хьадис ду Муслим чохь
"|илманан некъ лаьцначунна Аллах|а атта бийра ма бу йалсмане боьду некъ".


2-г|а: |илма |амадаро хьуна доьвзуьйту хьарам дерг а, хьанал дерг а.
Хьанал дерг ахьа схьа а эца, хьарам долчух хьо лар а ло!

3-г|а: |илма - Далла т|е боьду некъ нуьре бар ду, цу |илманан нуьрца хьо Далла т|е а кхочуш, ткъа и |илма доцурш, боданашкахь, когаш а тийсалуш |а.

4-г|а: |илма оьцуш берш / |амош берш, уьш Пайхмаран صلى الله عليه وسلم ирс оьцуш бу, Пайхмара صلى الله عليه وسلم хьадисехь ма аллара:
"Пайхмаршкара ирс, цара шайн буха дитиначу х|уманашкара оьцуш дац, маьлхо а цара дитиначу |илманан т|ера оьцуш ду, ткъа |елим нах пайхмарийн верасаш бу".


#1акъидатандарсера
Forwarded from Фарз Ӏайн...
بسم الله الرحمن الرحيم

|илманан закат доьвзуьйту вай:

-айхьа |амайнарг д|акхача дар
-айхьа |амийначуьнца |амал яр
-|амадар ц|енна Аллах|ан дуьхьа хилар, кхечу х|уманна а доцуш.

#1акъидатандарсера
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Уггаре а боккха бала - Ӏеламнах кхалхар бу / Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний

https://t.me/Ramzan_Gendargno