Forwarded from Серлонан тоба
Хаттар: АллахIна хьалха лена тIера хьакъ хIун ду?
Жоп: Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «АллахIна хьалха лешна тIехь долу хьакъ - цара Цунна Iибадат дар ду, Цуьнца цхьа а накъост ца лоцуш».
[Сахьихь Бухарий 2856]
Ткъа муха дийр дац АллахIна Iибадат, ша кхоьллина волчу, ша кхобуш волчу, шена рицкъ луш волчу, шена хазар, гар, садеIар, иштта дагардан ницкъ кхочур боцуш дуккха а ниIматаш шена делла волчу?! Цо де бохург лар а муха дийр дац?! Цунна муьтIахь а муха хир вац?! Цуьнан омра кхочуш ца деш а муха дуьтур ду?! И дерриге шена делла волчу АллахIна Iеса муха хир ву я Цуьнца накъост а муха лоцур ву?!
Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)

Хьужжат хӀоттор
Ибн ал-Iарабис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Кху умматах волу жахIило а (Iилма доцучо), гIалатваьллачо а, керстаналлах а я ширках а цхьа хIума дахь, иштта хIума динарг мушрик, кафир хуьлуш долу, цунна бехказло лур ю цуьнан жахIлаллина а (Iилма цахиларна), и гIалатваларна а, цунна хьужжат хIоттадаллалц».
[Махьасин ат-Таъвил, агIо: 5/1307]
-Хьужжат хIоттадар бохург - шегара керсталла, я ширк даьллачунна Iеламстага Къуръанан аятца а, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца а, цуьнан цхьа а шеко ца юьтуш, къеггина билгалдар ду иза керстаналла я ширк хилар.
-Цунах вайна билгалдолу, Iилма доцучуьнгара ширках цхьаъ даьлча цунна мушрик я кафир ала сихвала бакъо цахилар цунна хьужжат хIоттадаллалц, мелхо а, цунна бехказло луш хилар.
https://t.me/adlan_haracho

This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Где ваш призыв?!
Кто позаботится о религии?!
Кто позаботится о религии?!
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
«Къуран а, суннат а Асхьабийн кхетамца» бу вайн некъ!
Iадлан Харачо
Iакъидатан Академера 4-гIа жайни 19-гIа дарс
YouTube 🎙️

Хьан дахар, хьан жовхӀар ду!
«Хьан хенаш, хьан дахар ду хьуна, амма хьан дахар, хьан даьхний ду хьуна, цу тӀехь лаьч ду хьуна хьан сов дегарло, цунца кхочуш ду хьуна хьо АллахӀан гергахь даиманна хира долу ниӀмате.
Ахьа мел доьӀуш долу са, шен цхьаа мах боцуш, йа шен доьхьал йила шен мехехь хӀумма йоцуш деза жовхӀар ду хьуна, иза дӀа далахь юха дерзалура дац хьоьга.
Шен дуьнен хӀумангахь сов боьвлача гӀад боьлхуш, амма шен дахар эшча гӀайгӀане ца боьдуш лелаш болу Ӏовдала нахах тера ма хиллахь, хӀун дика ду хьуна? Даьхний сов даларгахь, нагахь хьан дахар оьш хилча.
Ӏилмангахь, Ӏамалангахь сов ваьлча бен гӀад ма гӀолахь, хьан доттагӀий, хьан доьзал, хьан даьхний хьо Ӏадда витан дӀагӀура болучу денахь, хьоьцин каш чу гӀура волу хьан ши накъост ву хьуна и шиъ.»

Баккъалла вайна тӀехь йоккха жоьпалла юкх))
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шина кепар наха, динна дӀахӀоттор ду:
Хьалхара - Динна доьвзушчара.
ШолгӀа - Комаьрша наха, рицкъа долуш наха.
ШарӀан долуш долу хьукам тӀера дӀадолийча, иза важиб ду, мутӀеламашна гӀо дар!
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
Хьалхара - Динна доьвзушчара.
ШолгӀа - Комаьрша наха, рицкъа долуш наха.
ШарӀан долуш долу хьукам тӀера дӀадолийча, иза важиб ду, мутӀеламашна гӀо дар!
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
Forwarded from Серлонан тоба
Массо Ӏеламстага цхьабосса жоп локх, «толам маца хира бу?» - бохучу хаттаран жоп. Вай АллахӀе дерзахь - АллахӀа вайна толам лур бу. Вай Аллахӏан Ӏеса доьвлла мел лела - вай даиманна сийсазаллехь лаьттара ду. Толам безарг, умматан сийлалла юхаерзо луург - Лекха-Сийлахь волчу АллахӀе воьрзийла-кх.
Forwarded from _zam_zam_1414_
Блогерех Ӏеламнах хилла?
«Тахана наха Пайхамарна (ﷺ) тӀаьхьавозуш, цуьнгара Ӏилма схьаэцна верг Ӏеламстаг ца лору.
Тахана динехь Ӏеламстаг (шайх) «хилла» цхьа ойланчаш, йаздархой, поэташ, журналисташ, хьехамчаш, экономисташ, блогерш, тӀаьхьарчу хенахь, спортсменаш цхьана дин дийца буьйлабелла, церан дешнаш Ӏеламчу нехан дешнашна дуьхьал хӀиттош а ду!»
Шайх Солихь аль-Ӏусоймий (АллахӀа Ӏалашвойла и)

Вайн Ӏеламнахана вай иштта тӀехӀуьттуш, вай вешан Ӏеламнах иштта ларош белхьара хьал кхечу кепара хила тарлора, кхин хӀумма ца хилча АллахӀан гергарчу нахехьа гӀо даьккхинарш хир дара вешан ницкъ кхочучу барамехь. Делахь а, тахана дуккха нехан хьал кхечу кепар ду, шена хӀара эр дуй, кхин эр дуй, харц цӀе кхуллур юй бохуш Ӏеламстагна тӀехӀотта ца лууче даьлла церан хьал, Ӏеламнахана шена луург дуьйцуш Ӏаш болчу нахе «Ӏад Ӏе» олуш верг ца караво наггахь а бен! Амма шена дена тоьхча шаверигг хьалалетар вара. Делахь а, шена АллахӀан дин схьакхачош, шайн дахар, даьхни, доьзал, могашалла дӀайелла волу, шен ден а, ненан а метта хила везаш волу Ӏеламстеган хӀума олуш цхьаъ гича, шена ца гуш санна, тӀехбовлу дукхахберш!».
Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)
https://t.me/serlonan_toba
Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)
https://t.me/serlonan_toba
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Имам ШафиӀис аьлла: «Цкъа а цхьана а къовсаме охьахиъна ма вац со, цуьнан (шеца охьахууш волчуьнан) керахула нийсо билгалъяккха Ахь аьлла Деле доӀа дина а бен».
Хьекъал долчеран некъ - Ӏилма Ӏамадар, даржадар бу!
Уггаре Сийлахь болу некъ бу иза!
Уггаре Сийлахь болу некъ бу иза!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Нагахь шен лаамца шен къоман тезетахь самукъадаьлла, хелхар деш цхьаъ велахь, вайна хоийла, иза цу къомах волчера шен дагца дIахаьдда вуй, цу стагана шен къоман тезет - ловзар ду, ткъа цу къоман мостагIчуьнан тезет - цунна а тезет ду.
23-гlа февраль нохчийн къоман тезет ду, цу дийнахь вайн дерриге къоман доь дан герга хилла, делахь а, Делан къинхетамца, вайн доь ца дайна, мостагIийн и доь дайа лаам чIогIа хиллехь а.
Вайн тезет долу де - вайна и тезет даьккхинчеран дезде ду, и де вай даздар стага шен да вийначу тезетахь, шен да вийначунна той хIоттор санна ду, хьекъало къобалдеш хIума дац иза!
Ахьмад Абу Яхья

Forwarded from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йиц ца елла тхуна
Тхан наной белхийна зама,
Диц ца делла тхуна
Тхан дай байъина денош,
Йиц ца елла тхуна
Тхан бераш, шайн нанойх баьхна зама,
Цкъа а дицдийр дац
И ирча де!
23 Февраль
Тхан наной белхийна зама,
Диц ца делла тхуна
Тхан дай байъина денош,
Йиц ца елла тхуна
Тхан бераш, шайн нанойх баьхна зама,
Цкъа а дицдийр дац
И ирча де!
23 Февраль