Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from MOMSAR
Ма доккха ниӀмат ду-кх вай Шега дехна а доцуш АллахӀа вай бусулбанаш а кхоьллина, цул тӀаьхьа вай ламазе а хӀиттийна, Цо вайга Шена сужуд дайтар! Ма доккха ниӀмат ду-кх и сужуд! АллахӀан Элчано ﷺ аьлла: «Лай шен Делана уггар герга хуьлу иза сужудехь волуш.»
Дехахь Цуьнга сужудехь, хаадалийтахь хьайна хьо Цуна герга хилар, Цуна хьо хезаш хилар!
«Нагахь санна, Рамадан баттах цхьа а хӀума ца дисахь, цхьа сахьт бен, и сахьт АллахӀана муьтӀахь хуьлуш (Цунна Ӏибадат деш) даккха».
Forwarded from Эхартан-хlонц
Цхьаболчу нехан самукъадоккху бохуш, АллахI оьгIазвохуьйту хIума ма даржаде!
Шейх Салих аль-Фаузан, да сохранит его Аллах:

«В конце месяца (Рамадан) саляфы больше совершали истигфар и таубу и увеличивался их страх из-за боязни, что их дела не будут приняты»

مجالس شهر رمضان المبارك [١١٩]
Кхана 9 дийнахь тӀаьххьара марха ду. Марха къобал де 10 дийнахь ду.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from ….
«ХӀай нах! Хаддаза! Хаддаза (елаш Ӏамал)! АллахӀа муъмин стеган Ӏамална чаьккхе йина яц, валарца бен.»

Аль-Хьасан аль-Басрий
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
кхуьнга ⬆️ ладогӀалаш
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
«Хьайн дог ӏаббош деха ахь, хӏунда аьлча ахь доьхуш волу Аллахӏ - муьлхха хӏума хьуна дала ницкъ кхочуш, хьалдолуш, комаьрша а верг ву хьуна!»

© ӏадлан Харачо
https://t.me/ze_rat_kho
Forwarded from Эхартан-хlонц
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
«Шаьш-шайх тамашбарах а, ас-со бахарах а ларло. ХIунда аьлча, иблис и хIума бахьанехь хIаллак а хилла, Делан къинхетамах генадаьлла».
Марха досту де

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХӀай чӀогӀа довха, деха деношкахь марханаш кхаьбнарш, буьйсанна АллахӀана гӀиттинарш, Цунна хьастаделла долуш, ас кхаъ боккху шуьга АллахӀана шу дезаш хиларца, Цо шун къиношна гечдарца, Пайхамара баьккхина-кх шуьга кхаъ шен дешнашца: «АллахӀера йоле сатуьйсуш, Цо и ял лур ю аьлла тешаш волуш мархийн бутт кхаьбначуьнан дӀа мел даханчу къиношна гечдийр ма ду. Иштта АллахӀера йоле са а туьйсуш, Цо и ял лур ю аьлла тешаш волуш мархийн беттан буьйсанаш денйиначуьнан дӀа мел даханчу къиношна гечдийр ма ду».
Тахана марха досту де ду, хьалхара самукъанан де ду, ткъа къемат-де иза доккхачу самукъанан де хир ду. «Марха кхобучунна ши самукъа ду, марха даьстича самукъадолу цуьнан, и марха дастарца, тӀаккха шен Далла дуьхьал кхетча, шен мархах самукъадер ду цуьнан». И бохург - шен марханах, бинчу бекхамца, цуьнан йолаца самукъадер ду цуьнан.
Кхаъ бу-кх шуна, хӀай суна дукхадезарш, АллахӀа шуна хан ели-кх дуьнен чохь, мархийн бутт чекхбаьлла, хӀокху хьалхарчу самукъане кхача, ткъа къемат-дийнахь, Дала мукъ лахь, доккхачу самукъане а кхочур ду шу, шуьга кхойкхучу хенахь: «Мичахь бу и марханаш кхобуш хилларш», - аьлла. ТӀаккха шу хьалагӀовтур долуш, шуна дӀа а йоьллуш Раййан олу неӀ, тӀаккха оцу Раййан олучу неӀарехула шу чу а доьлхуш, кхин цхьа а, марханаш кхаьбнарш бен, цу чу гӀур боцуш.
Я АллахӀ, де Ахь тхо оцу ялсаманин охӀлунах!».

[Хьехам: Ӏи́дул-фитӀри]
https://tlgg.ru/shayh_vahid_baliy
lийд ламаз
t.me/musayalsamane
«lийд ламаз»

(коронавирус йолу шарахь йина запись ю)

https://t.me/musayalsamane
Forwarded from lадлан Харачо
​​Мархийн бетта тIаьххьарчу дийнахь, малх чу а буьзна, маьркIажа хан хиларца чекх болу мархийн бутт. И чекх баларца суннат хуьлу, Ӏийд ламаз даллалца Дела воккхавар. Ткъа Дела воккха, муьлххачу хенахь а, муьлххачу хьолехь а вийр ву. Фарз ламазна тIаьхьара, стегарша а, зударша а, жамаIатца ламаз дича а, ша хIоьттина дича а кхочуш дийр ду хIара суннат, ша фарз ламаз дина мосазза волу Дела воккхаварца, салам ма-делла, - «астагIфируллахI, астагIфируллахI, астагIфируллахI, алла‌хIумма антас-сала‌м, ва минкас-сала‌м, таба‌ракта йа‌ залжала‌ли вал икра‌м», - аьллачул тIаьхьа, цкъа Дела воккха а вина, тIаккха шен кхидIа тасбихь дийр ду. ХIоккхул аьлла хIоттийна барам боцуш, мелла а воккхавийр ву цу деношкахь Дела.
Ткъа Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кху кепара вора Дела воккха аьлла деъна цхьа а куц дац, амма цуьнан асхьабашкара деъна ду, царах муьлхха а лело мегар ду, уьш:

-Салма‌н Фа‌рисис (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбару каби‌ран».
[БайхIакъий, агIо: 3/316]

-Ибн МасIу‌да (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбар, АллахIу акбар, ла илахIа иллаллахIу валлахIу акбар, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5633]

-Ибн Iабба‌са (АллахI реза хуьйла цунна) олуш хилларг:
«АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару каби‌ран, АллахIу акбару ва ажаллу, АллахIу акбар, ва лилла‌хIил-хьамд».
[Ибн Аби ШайбахI: 5646
]
https://t.me/adlan_haracho
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тховса маьркlиж ламаз дича,
кхана lийда ламаз даллалц
такбир дар - суннат ду.

АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,

Лá илáхIа иллаллóхI.

АллáхIу акбар,
АллáхIу акбар,

ва лиллáхIил-хьамд.
Forwarded from العقلاء
Аллахlа мархнаш къобал дойла шу массери, цу мархийн бетта дала ма деззара хьакъ дlа а делла, къинойх схьа а цlандина, ийман карла а даьккхина, жоьжахатийн цlарах хьалха дитиначарех дойла шу Аллахlа! Аш мел йина йолу lамалан ял эзарнашкахь сов йоккхийла шуна Аллахlа, аш дийнахь-буса а дина долу доlанан жоп лойла шуна Аллахlа(нагахь санна шуна и дуьненахь а, эхартахь а пайде хира долуш делахь), эзар беттанал воле йолчу лайлатуль къодр буьйсанан диканех даьхначарех ма дойла шу Аллахlа! Комаьрша волчу Аллахlа цкъа а Шен къинхетамах ма дохийла шу!🌿
lодика йи мархийн батто а, хlора шарахь ша и еш ма хиллара, юха шарахь дийна бисинчарна бен кхин юха а богlура боцуш((
Forwarded from Дикаден бусалба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллохӀумма амин