Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Зератхо
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Дала хьайна делла долчу диканна баркалле хилар / ӏадлан Харачо

Ютуб чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
- Къуръан дешар..

Мархийн баттахь цкъа мукъна дешна Къуръан чекх ца даккхар чӀогӀа кӀезиг ду, мел чӀогӀа балхаца, мухха волчо а даккха деза цкъа мукъна чекх..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(19 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Цуьнан ойла яр (Къуръанан)..

МаьӀнах кхеташ воцург ша кхетачу матте цуьнан диначу маьӀне хьожуш а, ойла еш хилар..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(20 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Иза дагахь Ӏамор (Къуръан)..

Доца сураташ Ӏамийна а, юкъ-юкъара цхьацца аяташ Ӏамош, мелла Ӏамийна а дагахь Ӏамо хьажар..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(21 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Ӏилманан агӀора цунах дерг Ӏамош долу дарс эцар..(Къуръанан дарс)

Къуръанан вайн маттахь долчу дарсашка ладоьгӀна а, масала : ШоӀипа а, Фарукъа а дӀаяздиначу тафсир дарсашка..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(22 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Кхечунна и дӀахьехар, (Къуръан) къаьсттина кегийчарна бисмал хьехар..

Хьайн дена-нанна Ӏамийна а, йа хьайн кертара, лулара берашна Ӏамийна а Къуръан деша Ӏамор, нагахь хьайна деша хаахь, ткъа хьайна деша ца хаахь, берана хьайна хууш долу бисмил мукъна Ӏамор. Ткъа къаьсттина бисмал беран Ӏамор чӀогӀа ял хуьлуш болх бу, хӀунда аьлча, ахь Къуръанчуьра цхьа элп дешча цунах итт ял хуьлуш ю хьуна, ахь иза кхечунна Ӏамийча цо мосазза доьшу цу юккъера хӀора элпах итт ял хуьлу, тӀаккха бисмал деша ца хуучу берана ахь Ӏамийча, и бер доккха хилча кхин Къуръан доьшуш ца лелахь а, ламаз ма дой цо, хӀора дийнахь цо ламаз моссазза до, цо доьшучу бисмал юккъера хӀора элпах хьуна итт ял хуьлу хьо веллачул тӀехьа а..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(24 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Терхьера хьехам - 15
Ӏадлан Харачо
🔉Терхьера хьехам: 15

Хьайга омра ма-дарра нисло


🎙 Шайх Iадлан Харачо
(АллахIа Iалашвойла иза)


https://t.me/adlan_heham
Forwarded from Дикаден бусалба
Forwarded from Дикаден бусалба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ИншаАллахӀ
Иштта вайца доьшуш хилла Йиша дӀайаьлча а халахеттера чӏогӏа(((

– Цхьаммо ша олуш нийса аьлла хиллера:

"Боккха цхьа доьзал болуш санна ду вай"...


Аллахӏа декъала бойла вайла хьалха бевлларш а, тIаьхьагIур долу вай а!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
дика нах дӀабовларо чӀогӀа гӀайгӀане дуьгу вай, шаьш бевзачеран, ца бевзачеран дегнашкахь хаза лар юьтий боьлху уьш, амма царна цигахь кечдинарг кхин а доккха дерг ду, ткъа вай кхиниг валарх вайна и тӀедан дезаш доцуш санна Ӏан дезаш дац, вайна хьехам хила безаш бу цунах, вай ойла ян езаш ду цу валарна... баккъалла а, ойла йича ма инзаре хӀума ду и валар, кхин цкъа а юхаван аьтто хир бац хьан, мел чӀогӀа хьуна лиъча а хир доцург ду и, цул сов, кхин цхьа а дика дан йиш хир яц хьан, мел чӀогӀа луур ду хьуна цкъа мукъане а Дела хьахо, ма чӀогӀа сатуьйсура ду вай, амма и хир долуш дац-кх, тӀаккха вайна хьехам ца хуьлу цунах? валар кхечарна тӀе а догӀуш, хьох генадолуш лаьттар ма дац, цкъа хьан хан а йогӀур ю иштта, хьо а иштта дӀавоьдуш, дерриге диканах хаьдда, кхин цхьа а дика дан аьтто а хир боцуш.
Forwarded from العقلاء
Элчано(Аллахlера салам, маршалла хийла цунна) Джулайбийб каш чу вуьллучу хенахь цхьана сахьабийчо со хилла велар цу чу вуьллуш верг аьлла сатеснера боху дийцар дага теси кхо, академин куьйгалхочо а цхьана иштта хаза доlанаш деш гича, дуккха а бусалба нах иштта хазачу тоьшаллашца, дикачу доlанашца орцах буьйлуш гича.. давис-кха хьан валар, мичахь-муха, йа муьлхачу хьолехь лоцур теша ахь со..
Вай ваша ву и, вай цхьа дакъа ду и, вай хьехархочун дешархо ву и, тӀаккха муха лозур дац вай цунах, цуьнан ненах, йишех дог? Муха дира дац вай цуьна, цуьнан нанна, йишина доӀ?
Чуьрк тӀом мах бац кху дуьнени, тахана суна и кхи дика билгал ма дели, валар дага ма деи...