Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дела Элчано (صلى الله عليه وسلم) боху : Бусулба стага Деле кхоуз Йалсамане йоьхура ма яц, цо кхоуза Йалсамане ехчи, Йалсамано аьллий бен, Йалсамано Деле кхайкхний бен : Йа АллахӀ, чу ваийтахь и шен, Йа АллахӀ лохь цуна ша, Йа АллахӀ ма чӀогӀа шен чу вале са тесна вукх и, Йа АллахӀ ма чӀогӀа ша йоьху цо хьоьга, лохь цуна ша Йа АллахӀ, шай ниӀмач Ӏовшийтахь цунга, аьлла, Йалсамано Деле кхайкхний бенна, кхоуз Йалсамане йоьхура ма яц цо, (бусулба стага) аьллакх Дела Элчано (صلى الله عليه وسلم)

Иштта бусулба стага, Йа АллахӀ, Жоьжахатех ларве со, аьлла доьхура ма дац, и кхоуз цо дехчи, Жоьжахато аьллий бен : Йа АллахӀ ларве и шех, Йа АллахӀ гена ваккхахь и шех, Йа АллахӀ ма далийтахь шега цуна Ӏазап, ца лаьъа суна цуна Ӏазап дала, ма чӀогӀа шех къехкаш вукх и, ма чӀогӀа шех ларва доьха цо хьоьга Йа АллахӀ, гена ваккхахь и шех, аьлла Жоьжахато Деле кхайкхний бен, Жоьжахато АллахӀе доӀ диний бен, бусулба стаг ша Жоьжахатех ларвар доьхур ма дац, аьллакх Дела Элчано (صلى الله عليه وسلم)

ДоӀ иштта дийра ду:

اللهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْجَنَّة، وَأَسْتَجِيرُ بِكَ مِنَ النَّار

Аллох1умма инни ас-алукаль джаннах1, ва астажиру бика минаннар.
Ӏеламнаха боху, хӀоразза хьай аьтто хилча, денахь, хьайна дага деъча, Деле кхоуз ала :
اللهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْجَنَّة،
Йа АллахӀ, хьоьга Йалсамане йоьхакх аса, Йалсаманан ниӀмат доьхакх аса Йа АллахӀ..
وَأَسْتَجِيرُ بِكَ مِنَ النَّار.
Йа АллахӀ, Жоьжахатен Ӏазапах сой ларвар доьхакх аса, Жоьжахатах Ахьа сой гена ваккхар доьхакх аса Йа АллахӀ..

Ахьа хӀара доӀ дича, Йалсамане ю хьоьга кхойкхуш : Йа АллахӀ лохь цуна ша, шай ниӀмач гайтахь цуна Йа АллахӀ, бохуш..
Ткъа Жоьжахате юкх иштта кхойкхуш : Йа АллахӀ гена ваккхахь и шех, шен Ӏазап ма гайтахь цуна, бохуш..

ХӀора бусулба стаго дан дезаш ду и доӀ !
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вайн тӀехь долу декхар

Нийса дерг дӀаалар, нийсонна тӀе хьехар, нийсаниг довзийтар, цу тӀехь къахьегар юха а ца довлуш, сан гӀуллакх ца хуьлу, я соьга ла ца дугӀу, я ас дийцича хийцам бац аьлла ца Ӏаш. Хийцам беш верг и хийца кхоьллина волу АллахӀ ву, массо а хӀума кхоьллина волу АллахӀан керахь ду стаг нисвар. Хьо ма хьежа хиламе (результат), иза АллахӀан болх бу.
Шайх Iусайминс боху:

Рамадан баттахь сов доккхийла аша къаьсттина диъ хIума: царех шиъ - аша шайн Дела реза веш долу ши хIума ду, ткъа диссина долу ши хIума - и шиъ доцуш шун йиш йоцу ши хIума ду.

Аша шайн Дела реза веш долу ши хIума: «Ла илахIа иллаллахI» («Кхин Дела вац, АллахI воцург») боху тоьшалла а, «АстагIфируллахI» («АллахIе гечдар доьху аса») аьлла, АллахIе шайна гечдар дехар а ду.

Ткъа и шиъ доцуш, шун йиш йоцуш долу ши хIума - аша АллахIе ялсамани ехар а, Цуьнга шаьш жоьжагIатах хьалхадахар дехар а ду.

Хьехам: Марша богIийла хьо, беркате Рамадан бутт.
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀай бусалба уммат, кхаъ бу хьоьга, хьуна тӀехь сийсазло еха лаьттар яц хьуна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
🇵🇸 ПАЛЕСТИНАН ДОӀА

Бусалба нах! ГIаззина а, ГIаззерчу охIланна а доIанаш оьшу.

Я АллахI! ГIелонехь бахкочу тхан вежаршна гIо де Ахьа.
Я АллахI! Боккъалаъ, Хьо ву-кха гIоьнча а, агIонча а воцучу хенахь гIоьнча а, агIонча а верг.
Я АллахI! ГIо де Ахьа царна, толам ло Ахьа царна.
Я АллахI! Царех кхелхиначух къинхетам бе Ахьа, цомгашчуннна дарба де Ахьа. Собар ло Ахьа царна. Царна дуьхьал яькхина мостагIчуьнан мекарло царна шайнна бале яккха Ахьа. Доьху Хьоьга, ХIай доIанашна жоп луш верг!
Я АллахI! Зуламе сионизмхой хIаллакбе Ахьа. Боккъалаъ, Хьо гIорасиз ван таро йолуш бац-кха уьш.
Я АллахI! ГIаззерчу нахана орцах вала Хьо.
Я АллахI! ГIаззерчу нахана орцах вала Хьо.
Я АллахI! Сингаттам а, бохам а дIаайбе Ахьа царна тIера.
Я АллахI! Уьш балех хьалхабахар сихде Ахьа.
Я АллахI! ГIо де Ахьа царна.
Я АллахI! Орцах вала Хьо царна.
Я АллахI! Дегнаш чIагIде Ахьа церан.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Терхьера хьехам - 13
Ӏадлан Харачо
🔉Терхьера хьехам: 13

Дала деллачунна баркале хилар


🎙
Шайх Iадлан Харачо
(АллахIа Iалашвойла иза)

https://t.me/adlan_heham
Ахьмад Гулиев - Правильное чтение Корана
<unknown>
«Къуръан нийса дешар»

🎙 Ахьмад Гулиев
Forwarded from Зератхо
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Дала хьайна делла долчу диканна баркалле хилар / ӏадлан Харачо

Ютуб чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
- Къуръан дешар..

Мархийн баттахь цкъа мукъна дешна Къуръан чекх ца даккхар чӀогӀа кӀезиг ду, мел чӀогӀа балхаца, мухха волчо а даккха деза цкъа мукъна чекх..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(19 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Цуьнан ойла яр (Къуръанан)..

МаьӀнах кхеташ воцург ша кхетачу матте цуьнан диначу маьӀне хьожуш а, ойла еш хилар..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(20 Ӏамал)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
-Иза дагахь Ӏамор (Къуръан)..

Доца сураташ Ӏамийна а, юкъ-юкъара цхьацца аяташ Ӏамош, мелла Ӏамийна а дагахь Ӏамо хьажар..

Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика Ӏамал..(21 Ӏамал)