Ӏилманан Аманат
333 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
"ХIора мутIаIеламан хила езаш даIватан машруI (проект) ю, иза кхочаша яр цуьна дахаран Iалашо йолаш, цу некъаха иза цхьана хIумано юккъера цавоккхаш.
МутIаIелам шен вежарийн сакхташ дийцар бен, кхин болх боцаш хилар, цуьнан цхьа машруI цахиларан билгало ю.

https://t.me/islamantariyh1
Forwarded from lадлан Харачо
АллахӀ реза воцчу некъаца айхьа долийначу муьлхха а хӀуманан чаккхе хьо реза воцуш хилча цец ма валалахь!
✈️https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Ахь институт йаьккхина аьлла хуьлуш бац хьан нийса кхетам, хьо цхьа хьенех ву аьлла хуьлуш бац хьан нийса кхетам, йа хьо цхьа чӀогӀа стаг ву аьлла хуьлуш бац!
Хьо нийса кхетам болуш хилар ду хьуна, хьан Дела къинхетаме хилар, хьан Далла, хьо сийсаз ца ваккхар, хьан Далла хьан дин ларадар!
И ду хьо нийсачу новкъахь хилар бахьан, кхин цхьаллиг-цхьа хӀума дац!
Варийлахь, хьо Ӏеха ма лолахь!
Даиманна дагахь латта де, тахан хьо давуьжуш бусулба валахь а, кхана хьо сама ваьлча кериста хила йиш ю хьуна.
Пайде дийцар...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Delan din
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Имам Марвазис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ламаз санна цхьа а Ӏибадат ма ца девзу суна, и лелийча АллахӀа тӀебеъна бала дӀаойбуш».

[ТаӀзы‌му къадрис-сала‌т, агӀо: 1/230]
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Бусулба стага деган паргӀато, самукъа кхан хӀумангахь лаха деза :
Хьалхарниг - ламаз дарехь,
ШолгӀаниг - АллахӀ хьехорехь,
КхоалгӀаниг - Къуръан дешарехь.
Нагахь цу кхан хӀуманца хьан дог паргӀат долуш дацахь, хьан самукъа долуш дацахь, иза билгало ю хьуна, хьаг дог дакъа делла хилар, хьо тобан хьашто йолуш хилар..
Фандалави цӀе йолу Ӏеламстага аьлла: «Ас доьхкина, ткъа АллахӀа эцна. АллахӀац аса бина барт бохор ма бац аса, йа АллахӀе и барт боха бе, гечде сайна аьлла йуьстагӀ вера ма вац со!»
Фандалавис буьйцуш болу барта, Сийлахь волу АллахӀа Шен китаб чохь билгал бина болу барт бара: «Баккъалла АллахӀа муъмин нахера церан синош а, бахамаш а эцна, царна доьхьала Йалсамане яларац.»
Forwarded from Хьенех Лом
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Аш хӀун до?
ХӀун хилла шуна?»

© Ахьмад Абу Яхья
https://t.me/noxchi_lom
Масийтта сахьтан некъ а беш, Ӏеламстаган дарсе кхача гӀоле ма хета суна, цу масийтта сахьтанчохь дуккха а пайданаш дешчулла а.
ХӀунда аьлча: мел дукха ахьа жайнаш дешарах а, Ӏеламстагера ахьа схьаоьцуш долу гӀиллакх эцалура дац хьоьга ахь жайнаш дешнера аьлла..

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
АллахӀехь бен, дикачунна тӀе верзо а, вончух дӀа хьовзо а ницкъ бац!
Йа АллахӀ, Хьайца дӀалацалахь со, Хьан кхолламашца ца лоцуш.
ХӀунда аьлча, цара сан даган чевнаш йо,
Ткъа Ахь дарба до..

https://t.me/paydedahar
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Зуда ялоро жимачу стеган ойла нисйо, стогаллехь сов а воккху, нахана юкъахь аьтто болуш а хуьлуьйту.
Хlусамнана lилма lамочун гlоьнча ю цуьнан некъа тlехь.
Дахаран халонаш тlехь а уллера накъост ю иза хьуна.
Цундела, хlай жима къонах, хьайн шеко дlа а яккхий, чоьхьавала «зудаялоран кевнехула», ирсе хиларе са а туьйсуш.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Иман долуш зуда ца хилар, кху дуьнен уггаре боккха бохам бу..
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Хьо боьрша нахана тӀехь куьйгалла дан кхоьллина яц хьуна, хьо - къонахий дуьненчу баха а, уьш кхио а кхоьллина ю хьуна. Хьайн нийса меттиг йовза а йовза, и схьа а лаца.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилманан Аманат
Photo
Иштта статья чу йиллича ойла йо, и суна йа Ӏамийначун хуьлуш йолу ял, АллахӀа барам боцуш диканца бекхам бойла цунна!
Къуръан дешаран ял йоьвзу вайна, иштта и Къуръан доьшуш долучу бери дени-нанни ял хули а доьвзу вайна, тӀаккха, и Къуръан дӀахьехушчун дени-нанни мел ял хила еза?
СубхьаналлахӀ, ойла йича, ма атта ду ял яккха, ма атта ду АллахӀ реза ва, ма атта ду декъал хилчерах хила, АллахӀан бу хастам.
И тхан да-нана, шен пхиъе бера Къуръан доьшуш долу, АллахӀа цу Къуръан тӀехь къахьегар лойла тхуна, АллахӀа и Къуръан дагахь Ӏаминчерах дойла тхо, АллахӀа къемат дийнахь, цу тхан де-нени массо адамашна юккъера сий дойла, шай хьолан даккхий деш хуьлитийла тхан да-нана къемат дийнахь, шай бераш, шай пхиъе бера Къуръан дагахь Ӏаминчерах хилла, АллахӀа цхьана могӀанехь, вовшийн куьйгаш лаьцна, цу Йалсамане чу дохуьйтийла тхо, АллахӀа цхьани, цхьана хӀусамехь Ӏойтийла тхо цу Йалсаманехь, АллахӀа тхуна мел везнарг, тхоьцийна хуьлитийла.
АллахӀа кху дуьненахь, эхартехь ирсе хилчерах, декъал хилчерах дойла и тхан да-нана, АллахӀа Ӏалаш дойла и шиъ, АллахӀа хьостийла цу шинна дог, АллахӀа Шена дукха дезачерах, Ша реза волучерах, Шена муьтӀахь долучерах дойла и шиъ!
Шайна тӀе бала Ӏотта белха, валара шен хьалха хоьттича, шаьш диначу доӀан АллахӀа жоп делла, дукха халонехь, гаттонехь болуш, шайна баккъалла чӀогӀа дезна долу хӀума шайна АллахӀа делча, и шаьш дехнарг шайна даларелла сов, АллахӀ шайца хилар самукъа долу, АллахӀан шаьш хезаш хилар самукъа долу адми...
Цу хьолехь АллахӀах тешар адми лаьмнишелла доккха хуьлу...