Ӏилманан Аманат
333 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
АлХьафийз - АллахӀан цӀе ю.

АлХьафийз бохуш верга, иза Ша кхоьллина долу халкъа, лардеш, Ӏалашдеш верг ву хьуна.
Ша мел кхоьллина долу хӀуман го билнарг ву хьуна Иза, Шех тешаш болу, Шех кхоьруш болу, Шай лайша, къинош чу эгарха, хӀаллакх хиларха, лардеш верг ву хьуна Иза. Цер леларехь, цер тийналлехь, цаьрца къинхетаме хуьлуш верг ву хьуна Иза.
Уггаре чӀогӀа ларвар Цуьнгахь ду хьуна,
Уггаре чӀогӀа долу Ӏуьнал Цуьнгахь ду хьуна,
Уггаре чӀогӀа болу синтемма, иза АллахӀ хьоьца хилча хьуна хуьлуш берг бу хьуна.
Шай лай ларво Цо, цундела даиманна вай олу: «Йа АллахӀ со ларве ахь, суна хьалха йолучу агӀора, тӀехьа йолучу агӀора, аьтто агӀор, аьрро агӀор, суна лакхахь йолучу агӀор, иштта Хьан дозаллица со лар ма ло, суна бухахь йолучу агӀора сайна тӀе зе кхачарах, сайна тӀе бала кхачарах»
АллахӀе йалхе агӀора хьой ларвар доьху ахь, Цуьнгара массо агӀора хьой ларвийра волу серлонан го биллар доьху ахь.
Цу кепара хьо ларва ницкъа кхочуш И цхьаъ бен ма вац.
Хьан хазар лардо цо.
Хьан бӀаьрса лардо цо.
Цундела Ӏуьйранна, суьйранна доӀ деш Цунга олу вай: «Йа АллахӀ, сан хазар ларде Ахь, йа АллахӀ, сан бӀаьрса ларде Ахь»
Хьан хазар дӀадаьлча, хьан бӀаьрса дӀадаьлча, кху Ӏаламаха кхетар, кху Ӏаламан хьо тӀехьакхиар, хьоьгахь хуьлуьйтуш йолу (аппарат) дӀаера ю, тӀаккха боданехь цхьалха вуьсур ву хьо, иштта висича, дуьнено шен тийналлица садукъор ду хьан. ХӀумма гуш хьо ца хилча, хӀумма хезаш хьо ца хилча, боданехь ву-кх хьо, дуьненан тийналло садукъош ду-кх хьан.

[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
https://t.me/vaynmajlis
Кху дахарехьа, массо хӀума лардеш, Ӏалашдеш, Ӏуьнал деш верг - АллахӀ ву хьуна!

ХӀай дог! Хьо синтеме хила!
АллахӀа Шен дин тӀехь хьан дог чӀагӀ ца дича, тайп-тайпана йолу шеконаш, тайп-тайпана болу дегӀа лаамаша хьоьх ка еттар ма яра. Хьо нийсачу некъеха вохора ма вара.
Ӏеламнах бу, шен дахарша жайнашни, шекъашни юккъехьа дӀа даьхьна, делахь АллахӀан ца лиъна-кх церан кхетамаш, церан Ӏакъидаташ ларйа, тӀаккха, цу Ӏеламнаха Шец там мел боцуш долу хӀуманех цӀена волу АллахӀаца керистаналла дина.
Царех цхьабераш, бидӀат охӀлах хилла дӀа а хиттина.
Ткъа хьо, хьайна долучу кӀезигчу Ӏилмац, хӀинца а АллахӀан сужуд деш ву.
АлХьафийз бохуш Шен цӀе йолу АллахӀа лардина хьан дин, керистаналла ца дина-кх ахь, хӀинца нийсачу некъеха ца воьхнакх хьо, тӀаккха хьо ларвинарга АлХьафийз олуш Шен цӀе йолу АллахӀ ву хьуна, хьан кхетам чӀогӀа хиларо, хьан Ӏилма дукха хиларо, хьо дика кӀант хиларо, йа дика йоӀ хиларо, йа хьо сем хиларо, ларвина вац хьуна!
Ӏеламнаха, шен дахараш, оц жайнешна, оц шекъашна юккъехь дӀадахийтина болу, цара керистаналла дина меттигаш бу хьуна, уьш гал боьвла меттигаш бу хьуна. Делахь хьо хинца гал ца ваьлла, хьо хинца АллахӀан сужуд деш ву, хьо хӀинца нийсачу некъатӀехь ву.

АлХьафийз бухуш Шен цӀе йолу АллахӀа лардина хьан дин!

[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
https://t.me/vaynmajlis
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дуьнен тӀера харцом ловр яра вай, и мел хала делахь а,
Эхартахь хира йолу нийсо муха ловр ю теш вай..
МАЖЛИСЕХЬ ЭРНА ДИНАЧУ КЪАМЕЛАШНА КАФФАРА:

АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: "Цхьам мажлисе охьа хиана, цигахь цо эрна къамелаш дукха динехь, тIаккха цу мажлисера ша хьалагIаттале цо (хIара доIа) алахь: "Субхьа́накалла́хIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан ла́ ила́хIа илла анта, астагIфирука ва ату́бу илайка", АллахIа гечдийра ду цунна, цу мажлисехь цо дийцинчунна".
[Тирмизи: 3433]
АллахIан Элчано (саллаллaхIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Пхеа хIумнах пайда эца, пхи хIума тIедале; Хьай жималлех пайда эца, хьайна къанал тIейале. Хьай могшаллех пайда эца, хьайна цамгар тIейале. Хьай бахамах пайда эца, хьайна къел тIейале. Хьай мукъаллех пайда эца, хьой мукъавоцуш висле. Хьай дахарах пайда эца, хьайна валар тIедале».
[Сахьихь ат-ТаргIи‌б: 3355]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи вабаракатухӀ.
1) ЙоӀарий болуш, кӀант воцуш да-нана хилча, и кӀант валар доьхуш АллахӀе доӀа дан мегар дуй?
2) Шен хӀусамнанас йоӀарий бича, кӀант вац олий кхин зуда ялайо, и ялорах хӀумма дац, кӀант велахь а ялор ю иза шена луучо, амма и ялийча шен вукху хӀусамненах дӀа а хаьдна и тесна йитар и нийсо ма яц?
3) Вайна юккъехь хуьлу иштта хӀуманаш, юха цхьаболчара и шайн кӀант вац олий вашас ше кӀант вешина дӀаъ лой и хӀума лело оьшурий?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
1. Мегар дац, доьзал ло аьлла доӀа дан мегаш ду, амма кӀант ло, я йоӀ ло бохуш заказаш яр АллахӀаца гӀиллакхе цахилар, доӀанехь тӀех вийлар ду, ткъа иза мегаш дац!
2. КӀант ца хуьлу аьлла кхин зуда ялор, АллахӀан динах цхьа а кхетам боцуш хилар ду, оцу кхечу зудчунна доьзал кхуллуш верг кхин Дела ву аьлла ялош ю иза?! Я Дела Ӏехош ялош ю иза?! Дала хьуна хила яздина доьзал бен хила йиш яц стага кху дуьнен тӀехь мел йолу зуда ялийча а! КӀант хилар йоӀ хилар зудчух доьзна дац, Дала яздинарг нислуш ву доьзалхо. Вуьштта дуьстича а бац иза зудчунна бехк, йоӀ йо аьлла ша бехке йича цхьана зудчо байташ аьлла-кх: «Латто шена тӀе дӀайийннарг бен лойла ма дац схьа», аьлла.
3. Лелийча хӀума-м дац шайна лаахь, делахь а, берана шайн бакъдолу да-нана муьлхург ду довзийта деза-кх.

Жоп делларг - Враги Иблиса
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
​​Хьайн доьзалхочунна Къуръан lамаде ахь, ткъа Къуръано цунна массо а хlума lамор ду хьуна!
Forwarded from Зератхо
АллахӀан динехь нислуш волчунна хаьа деза уггаре хьалха собар оьший, атта дац нахе нийса дерг дийца а, даржо а.

© Рамзан Гендаргно
Кегийнарш Ӏамор коьрта хилар:

Адамна важиб ду бер Ӏамор, шен динах цунна довза дезарг, кхоччуш адам иза хилийта, Ислам-динехь а, Дела цхьаъвеш а хилийта, иманан новкъахь.

Имам ибн Абу Зайд Къайраванис (Лекха волчу АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьадисехь деъна, ворхӀ шо кхаьчча ламаз де аьлла амра дар а, итт шо кхаьчча тоьхна дайтар а, мотт хӀораннан а шен-шен хилийтар а. ТӀаккха иштта тамболуш ду, АллахӀан лешна фарз динарг царна Ӏамор а, дашца дерг а, Ӏамалаца дерг а, уьш пхийттара бовлале хьалха, уьш пхийттара бовлучу хена церан дегнаш чохь иза дӀачӀагӀделла а, уьш цунга марзбелла а, церан меженашна цара дийриг аттаче даьлла а хир долуш.»

[ Мукъаддимат ибн Абу Зайд Къайраваний. агӀо: 5 ]
АллахӀан муьтӀахь хиллачунна йалсаманица кхаъ баьккхина,
АллахӀан Ӏеса хиллачунна жоьжахатица кхерам тесина..
Хьай Ӏилмах хьо Ӏеха ма лолахь, айхьа дагахь Ӏамийна долу Къуръанах хьо Ӏеха ма лолахь, йа Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатех айхьа Ӏамийначух хьо Ӏеха ма лолахь, ВаллахӀи, АллахӀа хьан дин лара ца дахь, тиллура ма ву хьо, гал вера ма ву хьо..

[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
https://t.me/vaynmajlis
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Яздинарг 👉 https://t.me/m_1indagh
Forwarded from Muvahhidun
«Нахана собар хьоьхуш верг цкъацкъа ша а хуьлуш хиллера кхечо шена собар хьеха хьашто йолуш…»
وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ

«Ткъа диканаш дарехь хьалхе яьккхинчара йоккхур ю хьалхе ялсамане кхачарехь а».

[Сурат «ал-ВакъиIахI» 10 аят]
Кху Ислам-дино вахьа йихкина бакъонаш, массарна цхьа терра ю!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад