Ӏилманан Аманат
333 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
«Муъмин стага дечу гӀуллакхах уггаре а сийлахь дезаниг АллахӀана тӀе нах кхайкхар ду, диканиг де алар, вониг ма де алар ду, Пайхамарийн а, Элчанийн а болх бу иза. ХӀокху уммата гӀуллакх толура дац нахана юккъехь и кхайкхам баржийча бен. Тарихо къеггина таьптарш деана вайна асхьабийн дахарера, цара шайн синош а даьхнеш а оцу беркате кхайкхаман новкъахь дӀадалар дуьйцуш».

Шайх РогӀиб Ас-сиржаний
Ӏилма - иза нур ду, нур дӀадайча, бода хуьлу, ткъа шайтӀо цу боданехь хӀуу а дойту, цундела и хьай нур дӀа ма далийта, даиманна Ӏилманан новкъахь хила, тӀаккха хира ву хьо даиманна а къиношна генахь, царах ларлуш..
Ӏилма а дезаш, Ӏилманан охӀлунех верг а везаш волучунна - АллахӀана дезнарг деза!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сийлахь-Воккхачун АллахӀан дош ду:

Амма шен тептар шен аьрру куьйга схьаделлачо эр ду: «ЭхӀ! Соьга сан тептар схьадаланза делира-кх!

وَأَمَّا مَنْ أُوتِىَ كِتَـٰبَهُۥ بِشِمَالِهِۦ فَيَقُولُ يَـٰلَيْتَنِى لَمْ أُوتَ كِتَـٰبِيَهْ

ЭхӀ! Со сайн хьесап довзаза велира-кх!

وَلَمْ أَدْرِ مَا حِسَابِيَهْ

Ма дика хир дара-кх, и (Ӏожалла) дерригенан а чаккхе йелхьара!

يَـٰلَيْتَهَا كَانَتِ ٱلْقَاضِيَةَ

Сан бахамо суна гӀо ца ди!

مَآ أَغْنَىٰ عَنِّى مَالِيَهْۜ

Со сайн хьаькамаллех а вели!

هَلَكَ عَنِّى سُلْطَـٰنِيَهْ

(АллахӀа омра дийр ду маликаша) : «Иза катохи, схьалаца. Цунна буржалш тоха.

خُذُوهُ فَغُلُّوهُ

Цул тӀаьхьа иза жоьжахати чу кхосса!

ثُمَّ ٱلْجَحِيمَ صَلُّوهُ

Цул тӀаьхьа иза кхузткъе итт дол ехачу зӀена тӀе волла!

ثُمَّ فِى سِلْسِلَةٍۢ ذَرْعُهَا سَبْعُونَ ذِرَاعًۭا فَٱسْلُكُوهُ

Иза Сийлахь-Воккхачу АллахӀах тешаш вацара,

إِنَّهُۥ كَانَ لَا يُؤْمِنُ بِٱللَّهِ ٱلْعَظِيمِ

Иза йа къехошна хӀумайаоре кхойкхуш а вацара.

وَلَا يَحُضُّ عَلَىٰ طَعَامِ ٱلْمِسْكِينِ

Тахана кхузахь (гӀо даккха) гергарниг а вац цуьнан,

فَلَيْسَ لَهُ ٱلْيَوْمَ هَـٰهُنَا حَمِيمٌۭ

Йа кхача а бац (цуьнан) цӀийн ноткъа йоцург

وَلَا طَعَامٌ إِلَّا مِنْ غِسْلِينٍۢ

И (кхача) къиношдолчара бен буур бац.»

لَّا يَأْكُلُهُۥٓ إِلَّا ٱلْخَـٰطِــُٔونَ


[ сурат: "ал-Хьаккъа" (Хилаза цадолург) аяташ: 25-37 ]
Къуръан доьшуш, муьлхачу аятехь хьой вуьйцуш карийна хьуна?
Заватуль худур
иштта дlа генна..
И Ӏеламнах схьабалаба йиш елира, шен махках хьег ца хьега а )
Ӏилманан Аманат
И Ӏеламнах схьабалаба йиш елира, шен махках хьег ца хьега а )
Цу Ӏеламнахана хьалха вахь хаар бу и берриге сатийсам
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ислам дин - Къонахчунг бен дӀакхехьалура дац!
Цу Ислам дино веш ву боьрша стегах Къонах!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АлХьафийз - АллахӀан цӀе ю.

АлХьафийз бохуш верга, иза Ша кхоьллина долу халкъа, лардеш, Ӏалашдеш верг ву хьуна.
Ша мел кхоьллина долу хӀуман го билнарг ву хьуна Иза, Шех тешаш болу, Шех кхоьруш болу, Шай лайша, къинош чу эгарха, хӀаллакх хиларха, лардеш верг ву хьуна Иза. Цер леларехь, цер тийналлехь, цаьрца къинхетаме хуьлуш верг ву хьуна Иза.
Уггаре чӀогӀа ларвар Цуьнгахь ду хьуна,
Уггаре чӀогӀа долу Ӏуьнал Цуьнгахь ду хьуна,
Уггаре чӀогӀа болу синтемма, иза АллахӀ хьоьца хилча хьуна хуьлуш берг бу хьуна.
Шай лай ларво Цо, цундела даиманна вай олу: «Йа АллахӀ со ларве ахь, суна хьалха йолучу агӀора, тӀехьа йолучу агӀора, аьтто агӀор, аьрро агӀор, суна лакхахь йолучу агӀор, иштта Хьан дозаллица со лар ма ло, суна бухахь йолучу агӀора сайна тӀе зе кхачарах, сайна тӀе бала кхачарах»
АллахӀе йалхе агӀора хьой ларвар доьху ахь, Цуьнгара массо агӀора хьой ларвийра волу серлонан го биллар доьху ахь.
Цу кепара хьо ларва ницкъа кхочуш И цхьаъ бен ма вац.
Хьан хазар лардо цо.
Хьан бӀаьрса лардо цо.
Цундела Ӏуьйранна, суьйранна доӀ деш Цунга олу вай: «Йа АллахӀ, сан хазар ларде Ахь, йа АллахӀ, сан бӀаьрса ларде Ахь»
Хьан хазар дӀадаьлча, хьан бӀаьрса дӀадаьлча, кху Ӏаламаха кхетар, кху Ӏаламан хьо тӀехьакхиар, хьоьгахь хуьлуьйтуш йолу (аппарат) дӀаера ю, тӀаккха боданехь цхьалха вуьсур ву хьо, иштта висича, дуьнено шен тийналлица садукъор ду хьан. ХӀумма гуш хьо ца хилча, хӀумма хезаш хьо ца хилча, боданехь ву-кх хьо, дуьненан тийналло садукъош ду-кх хьан.

[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
https://t.me/vaynmajlis
Кху дахарехьа, массо хӀума лардеш, Ӏалашдеш, Ӏуьнал деш верг - АллахӀ ву хьуна!

ХӀай дог! Хьо синтеме хила!
АллахӀа Шен дин тӀехь хьан дог чӀагӀ ца дича, тайп-тайпана йолу шеконаш, тайп-тайпана болу дегӀа лаамаша хьоьх ка еттар ма яра. Хьо нийсачу некъеха вохора ма вара.
Ӏеламнах бу, шен дахарша жайнашни, шекъашни юккъехьа дӀа даьхьна, делахь АллахӀан ца лиъна-кх церан кхетамаш, церан Ӏакъидаташ ларйа, тӀаккха, цу Ӏеламнаха Шец там мел боцуш долу хӀуманех цӀена волу АллахӀаца керистаналла дина.
Царех цхьабераш, бидӀат охӀлах хилла дӀа а хиттина.
Ткъа хьо, хьайна долучу кӀезигчу Ӏилмац, хӀинца а АллахӀан сужуд деш ву.
АлХьафийз бохуш Шен цӀе йолу АллахӀа лардина хьан дин, керистаналла ца дина-кх ахь, хӀинца нийсачу некъеха ца воьхнакх хьо, тӀаккха хьо ларвинарга АлХьафийз олуш Шен цӀе йолу АллахӀ ву хьуна, хьан кхетам чӀогӀа хиларо, хьан Ӏилма дукха хиларо, хьо дика кӀант хиларо, йа дика йоӀ хиларо, йа хьо сем хиларо, ларвина вац хьуна!
Ӏеламнаха, шен дахараш, оц жайнешна, оц шекъашна юккъехь дӀадахийтина болу, цара керистаналла дина меттигаш бу хьуна, уьш гал боьвла меттигаш бу хьуна. Делахь хьо хинца гал ца ваьлла, хьо хинца АллахӀан сужуд деш ву, хьо хӀинца нийсачу некъатӀехь ву.

АлХьафийз бухуш Шен цӀе йолу АллахӀа лардина хьан дин!

[ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]
https://t.me/vaynmajlis
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дуьнен тӀера харцом ловр яра вай, и мел хала делахь а,
Эхартахь хира йолу нийсо муха ловр ю теш вай..