Ӏилманан Аманат
334 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Шен хеттарш цуьнга ло, дешаран хьокъехь, хӀун муха ду цо дуьйцура ду 👉 https://wa.me/79374403686
Телеграм чура церан агӀо 👉 https://t.me/iuksa
Дешаран кехач чу луш, уггар дика болх бираш бу уьш!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Бусулба стаг кху дуьненчохь мел хуьлуш долу хӀуманах, тидо еш, пайда, хьехам оьцуш хила везаш ву.

Таханлера де дӀадели, хӀо дено кхана тӀе дохур долучу къемат дийнахь диканна вонна тоьшалла дийра ду хьуна, амма хьуна хӀара де диц лура ду, делахь, хьуна хӀара де диц даларах, кхана тӀе дохур долучу къемат дийнахь, ахь хӀо денахь мел дина диканиг, вониг гойтура долуш ду хьуна.

Салафшах цхьама Ӏеламстаго сахьат лелош ца хилла, цхьама ахь сахьат хӀунда ца лела до аьлла хаттар делча, цу сахьати цамца бетталуш хенахь цо сан Ӏожал герга йохьуш, ойла еш ца леладало соьга аьлла.

Хено хьан Ӏожал герга йохьуш ю хьуна.

https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».

[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
«Хьайн дог ӏаббош деха ахь, хӏунда аьлча ахь доьхуш волу Аллахӏ - муьлхха хӏума хьуна дала ницкъ кхочуш, хьалдолуш, комаьрша а верг ву хьуна!»

© ӏадлан Харачо
https://t.me/ze_rat_kho
Хьан цхьаъ деха хьашто хиллехь, ахь доьхург АллахӀе дехалахь, хьо воьрзург АллахӀ хилийталахь
АллахӀ воцучунха, хьан дог дӀа цӀан де ахь, тӀаккха, АллахӀан муьлха а цӀарца деха ахь, Цо хьуна жоп лура ду хьуна!
Я АллахI! Хьо реза волу чаккхе ло Ахь суна.
Я АллахI! Валар ло Ахь суна, Хьайна суждане вахна а волуш, ХIай, къинхетам боккха берг.

https://t.me/noxchi_lom
ШариIат лелоро вай 1000 шо хьалха хиллачу дахаре кхачор ду боху!

Пайхмара (صلى الله عليه و سلم) замане, я асхьабийн замане кхачор дари-те вай?
Я Iумара Перси а, Рим а буйнахь латтиначу замане кхачор дари-те вай?
Я Умавийн замане, шаьш Шамехь а болуш, шайн эскарш Андалус дега юккъехь хилла болу?
Я Iаббасийн замане, кериста махкаш шайна гор хиттина Iина болу?
Я Iабдуррахьман ад-дахил замане, Франци а, Итали а кхерамехь латтина волу?
Я КъутIуза замане, доллу адам монголех къелхьара даьккхина волу?
Я Зинки, я Аййуби замане, жаIарийн эскарш дегош хилла болу?
Далар вай 1000 шо юха доьлхуш, вайн дайна долу сий юха доьрзура дара вайна!

http://vk.com/yalsaman
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Бехке дерш вай ду!

Имам Ибн Абил-Iизз ал-Хьанафийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Баккъалла а, АллахIа зуламе паччахьаш вайна тIехIиттош ма бац, вайн къинош бахьана долуш бен. Вай лелош долчуьнга хьаьжжина бу вайна бекхам а. Цундела АллахIе гечдар доьхуш къахьега деза вай, лелийначунна дохко а дуьйлуш, дика Iамалш а еш. Цхьана нахана зуламхойн зуламах кIелхьарабовла лаахь, шайна юкъахь вовше деш долу зулам а Iаддадита деза цара».

[Шархь ат-тIохьавия, агIо 252]
https://vk.com/yalsaman
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Такфир даран бакъонаш / Шайх Мухьаммад Салихь ал-Мунажжид

https://t.me/Ramzan_Gendargno
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доцца, амма доккха маьӀан долуш..
ӀабдуллахӀ ибн Ӏаббаса (АллахӀ реза хуьйла цушинна) дийцинчу хьадисехь ду, цо аьлла: Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀехьа тӀехуучу хӀуман тӀехь вара со цхьана дийнахь, тӀаккха цо элира: «ХӀай кӀант, хьуна цхьа дешнаш Ӏамо воллу со: АллахӀа бохург ларде ахь, Цо хьо ларвийр ву хьуна.
АллахӀа бохург ларде ахь, хьайна эшначу хена гӀо деш карор ву хьуна И,
Айхьа доьхуш АллахӀе деха ахь.
Хьуьна хаийла, хьуна цхьа дика дар дерриге уммат цхьаьнакхетарх,
АллахӀа хьуна яздин чул бен дийр ма дац цара хьуна дика.
Иштта хьуна цхьа зен дан дерриге уммат цхьаьнакхетарх,
АллахӀа хьуна яздин чул бен дийр ма дац цара хьуна зен.
Къоламаш хьалаайбина, тептарш дакъаделла.»

[ Сахьихь: Тирмизий: 2516. Ахьмад: 2669. Албанис сахьихь дина "Мишкатул-масабихь" жайнахь: 5202 ]
https://t.me/Importantknowledgee
Лекха волу АллахӀан дош ду:

يَـٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ قُوٓاْ أَنفُسَكُمْ وَأَهْلِيكُمْ نَارًۭا وَقُودُهَا ٱلنَّاسُ وَٱلْحِجَارَةُ عَلَيْهَا مَلَـٰٓئِكَةٌ غِلَاظٌۭ شِدَادٌۭ لَّا يَعْصُونَ ٱللَّهَ مَآ أَمَرَهُمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ

«ХӀай иман диллинарш, шаьш а, шайн доьзалш а ларбе цӀерах, шен ягорг адамаш а, тӀулгаш а хир долу, буьрса а, нуьцкъала а маликаш ду цунна тӀе хӀиттийна, АллахӀа шайга динчу омран Ӏеса хуьлуш а дац уьш, шайга омра диннарг кхочуш а до цара. »

[ Сурат: Тахьрим, аят 6 ]
https://t.me/Importantknowledgee