Ӏилманан Аманат
335 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀа суна моьтчулла дика хуьлитийла вайн хьал, АллахӀа цӀа а дӀа ма къовлийла даӀват даран вай неӀарш, АллахӀа диканнехь сов дохуш, Ӏилмангахь сов дохуш, цу жахӀлел хьала дохийли вай, АллахӀа Ӏалаш дойла вай, АллахӀа барам боцуш, цу Ӏилман новкъахь къахьегначарна ял лойла, АллахӀа Шен Къуръанах, Шен динах юха ма дохийла вай, дин Ӏамо, дӀахьеха некъаш маьрша дохийла вайна АллахӀа, АллахӀа аьтто бойла вайн, АллахӀа нийса кхетам болуш, бакъдолу дин дезар долуш, тӀехье а лойла вайна, бакъдолу дош АллахӀан дош ду бохуш, цу дашац Ӏамал еш, бакъболу некъ Элчанна (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) некъ бу бохуш, цу некъара ца бовлуш, уггар доккха питан, келла юкъе даьлла хӀума ду бохуш, цу келла юкъе даьлла хӀуманах лара луш, тӀехье лойла вайна, АллахӀа цӀа а, бакъо гӀел ма йолитийла, АллахӀа цӀа а, Шен дин дӀахьехар вайн къомахь гӀел ма долитийла, АллахӀа хьала доккхийла вайн къам цу жахӀлел, АллахӀа дакъал дойла вай, АллахӀа пайде долу Ӏилмангахь сов а дохийла вай!
Элчанно (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Цунах аш ял эца уггаре хьакъ долу хӀума, Къуръан ду шуна.»
[Бухари]

Цхьа пайда бин, цунах ахь ял оьцур болу пайданах уггаре гӀоле берг, иза Къуръан дӀахьехар ду.
Кху хьадисехь деънарга, къеггина, билгал ду хьуна, Къуръан даӀхьехореха ял эца мегаш хилар.

https://t.me/Importantknowledgee
Хьуьжарш дӀакъоьвланер аьлла, маьждигаш дӀакъоьвланер аьлла, Дела дин соцуш хилча, хӀинцачул цхьа 1400 шо хьалха хӀара дин сецна хира дара, дӀа даьлла хира дара.
Веза Сийлахь волу АллахӀа Шен дин тӀехь чӀагӀ дойла вай, цу динехь дахар лойла вайна, цу динехь кхалхар лойла вайна, цул тӀаьхьа Ша реза хилчарна юкъе дӀа хитта дойла вай!

https://t.me/Importantknowledgee
وَكُلُّ صَغِيرٍۢ وَكَبِيرٍۢ مُّسْتَطَرٌ

Массо жима а, доккха а хӀума дӀаяздина ду..

٥٤:٥٣
АллахӀан лиира иштта хила, АллахӀан лиънарг ду хилларг!
Цундела хӀора адман хаьа деза, шайна тӀе кхаьчна бала, иза цуна тӀех бала йиш яцари, иштта цуна тӀех мел даьллачо, цуна зе дан йиш яцари.

https://t.me/Importantknowledgee
Дехар ду массарга а цу хьуьжаршкахь хиллачарга, Къуръан Ӏамо буьйлабелла, амма, хӀинца хьуьжарш дӀакъоьвлина аьлла гӀайгӀане болучаьрга. Хьуьжарш дӀакъоьвлинера аьлла цхьа гӀулч юха ма довлалаш, шаьш Къуръан Ӏамо ара баьккхина некъ Ӏадда ма биталаш. Дог-ойла чӀагӀъелаш, сингаттаме ма хилалаш. Мелхо а, Аллахӏан дуьхьа Ӏамор ма ду ас мухха Ӏамийна, къарлура ма вац со Сийлахь долчу Къуръан сайна Ӏаммалц аьлла дог ойла хилийталаш шайн!

АлхьамдулиллахӀ, Къуръан Ӏамо агӀонаш болуш бу, хьоьхуш кху интернет агӀонашкахь хьехархой бу, дарсаш ду, лаам болучунна Ӏамо аьттонаш бу, цундела юха ца довлуш Къуръан Ӏамаде. Хьуьжарш дӀакъоьвлинера аьлла и ца Ӏамош ма Ӏе!

Уггаре боккха болу толам адам Къуръане Суннате дерзар бу! Муьлхха хьал тӀехоттича а, мела боккха бохам тӀебеъча а, мела даккхий зенаш-зуламаш хилча а, адам Къуръане Суннате дерзарца толам бу, декъалалла ю! АлхьамдулиллахӀ, тахана нийса дин Ӏамо аьттонаш бу вайн, АллахӀа вайн деллачу ниӀматашна хам бичахьана!
Къуръан дӀахьеха даккха дезаш кехат дара, и кехат схьаэца, тӀеххьара дӀа яла езаш экзамен йолуш биснарш а бу, АллахӀа аьтто бойла шу, шу къаьсттина юха ма довлалаш, шу кху умматан жовхӀарш хилар диц ма делаш, шу тӀехье кхиош хилар диц ма делаш.
Мал ма ло, гӏайгӏане а ма эга, шаьш лакхахь дерш хилча, нагахь шу, боккъалла а, муъманаш делахь.

[Сурат «Али ӏимран», аят: 139]

https://t.me/Ramzan_Gendargno
АллахӀан бу хастам, Ӏаламан Дела волу!
АллахӀа бакъдойла иза, АллахӀа беркат дойла церах, АллахӀа Ӏалаш дойла вай, АллахӀа хӀинца кхин а, Къуръан тӀехь къахьегар сов доккхийла вай, АллахӀа цу Къуръанан мах хаар лойла вайна, цу Къуръанац лело деза гӀиллакхаш леладар лойла вайна, цу Къуръанац Ӏамал яр лойла вайна, и Къуръан дезар, иза алсам дезар, дешар лойла вайна, АллахӀа беркат дойла вайх, АллахӀа барт цхьаъ бойла вай, АллахӀа цӀа а, кху тайпа ирча сурт ма доуьтийла вайна тӀе, АллахӀа лело ма дезза Шен дин лелор лойла вайна, АллахӀа хьостийла цу хьехархоши дегнаш, АллахӀа Ӏалаш бойла уьш, АллахӀа массо зеч-зуламах лара бойла уьш, АллахӀа беркат дойла хӀора а Къуръан дӀахьехар некъ схьа лаьцначунах, АллахӀа рицкъангахь сов дохийла вай, АллахӀа кхин а алсам хьуьжараш, маьждигаш дотта рицкъа лойла вайна, пайде долу рицкъа сов доккхуш, АллахӀан новкъахь харжаж ешчерах дойла вай, АллахӀан новкъахь къахьоьгучерах дойла вай, АллахӀан новкъахь дахар, кхалхар а лойла вайна, АллахӀа Ша реза хилчерах дойла вай, АллахӀа Шена дукха дезачерах дойла вай, АллахӀа Шена муьтӀахь долучерах дойла вай, АллахӀа Шена Ӏибадат дарехь гӀо дойла вайна, кхочча, хьакъ мадду Ӏибадат дечерах дойла вай АллахӀа!
ХӀора Къуръан Ӏамадар дӀа теттанчун, хӀора Ӏилма Ӏамадар дӀа теттанчун, хьехам хуьлийла хӀара!
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
АллахIа, вайна цхьана боккхачу баланца Ша кхерам тосур бу шуна бохуш санна, цхьана мIаьргонехь хаам би вайга, (кхета, йухадерза Шен дине, хIай нохчийн къам бохуш санна). Шу метта ца дагIахь, хIора а ша-ша, шуьга хьоьжуш боккха кхерам а, боккха бала а, доккха зер а ду шуна бохуш санна.

Къомана йукъара Iилманан мажлисаш совцорал а (дIакъовларал а боккха бала а, сингаттам а, бохам а хир буй ткъа?

t.me/yalsaman
Forwarded from Зератхо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Самукъа дилла меттиг а бац, хастам бу хьуна Я Аллахӏ, барам а боцуш¡¡
Бусалбанаха кху балхах хилла кхаъ мел бу гойтар чIогIа коьрта ду, шайн даьлла самукъа къайла ма кхехьалаш, ницкъ ма кхоччу даржаде ☝️