Ӏилманан Аманат
337 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
БисмиллахӀиррахьманиррахьийм.
  Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Къамел деха нислахь а, дерриг а дешарца дехар до. Шина могӀанал совдаьлларг деша карх ца долуче даьлла вайн хьал. АллахӀа нисдойла вай дерриг а!
   Цул тӀаьхьа: вай шуна дика лаарца, ца девзачарна цхьа хьоста, вуьштта аьлча, Ӏилманан майда йовзийта гӀерта. Цу чохь луш долу Ӏилма, цо хьоллехь хьо шатайпа хийцар, цунах мел схьаболу пайда, беркат кхоччуш муха дийца хууш вац со. Амма, вайн шайхин-Ӏадланан и дешар долочу йуьххьехь дина къамел хӀинца а дагадогӀу суна, ша ма-дарра. Цо элира: «Ӏакъидат – дагна тӀехь болх бан дезаш Ӏилма ду. Цо чулоцуш дерг хьан дерриг а дахар ду.  Дерриг а дахар аьлча, цу йуккъехь ду хьан дуьненан а, эхартан а дахар. Хьан Ӏакъидат йелахь дуьненан а, эхартан а дахар хуьлу хьан. И шиэ дахар ирсе а хуьлу хьан». Кхеташ дуй шу, адаман дахарехь мел йоккха меттиг дӀалоцуш, мел чӀогӀа оьшуш Ӏилма ду и?
КхидӀа а боху цо: «АллахӀа боху, Шен динах дӀахьаьвзинчун дахар хала дийр ма ду Ша». Динах дӀахьовзар бохучун йуккъехь, уггар хьалхара лаьтташ ду, Ӏакъидатех дӀахьовзар а. Дерриг а Ӏилманашлахь уггар сийлахь дерг, уггар лакхара дерг – Ӏакъидат Ӏилма ду. ХӀунда аьлча цо вовзуьйтуш верг, цо вуьйцуш верг АллахӀ волу дела. Делан дин тӀе дерзарца бен, Ӏакъидат тӀе дерзарца, Дела вовзарца бен кхеташ дац даг чу нур. Дог боданера схьадоккхуш йерг – Ӏакъидат йу».
  Цундела, лераме вежарий, йижарий, шайн шиэ дахар ирсе дархьама а, шайн дегнаш нуьре хилийтархьама а, джехӀлаллина боданера хьаладовлархьама тӀедазло кху мехалчу, сел пайдечу t.me/Akidatan_Akademi хьостана. Ма балийта хӀара аьтто шайн карара. Дала дезаш сом дац, йовхонехула, шелонехула, дӀасалелаш хьега дезаш къа а дац. Байтамал ма хилийта шайна тӀаьхьа...
   Шуна дерриг а дика лууш волчу шун вешера, лерамца!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
📖 Цхьаберш нах динчура ара баха гӀерташ къахьоьгуш белахь, ткъа кхиберш нах дине бало гӀерташ къахьоьгуш бу.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ӏеламнахана луьш верг, иза Ӏилма Ӏамош вац, йа цуьнгахь Ӏилма дац!

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХӀара ду и дин - Ӏадлан

Youtube чуьра ссылка
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ӏакъидатан Академи "проект" йолчу хенахь)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Фикхан академи "проект" собар деш дукх вай. АллахӀе и болха бола байта, вай Шайхан аьтто баккха бохуш, доӀанаш дан деза
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
"Кху заманахь Динехь нисвелларг, Дин даржош верг, цунна 50 асхьабан санна ял хир ю....
Кху заманахь нийса некъ лелор керахьа къегий латтор санна хала ду!"
Жамl муха ду аьлча: нийсонан lеламнах ша къобалбо бохург шаверг а вац нийсон тlехь! Цхьа lеламстаг "къобалвеш", важа бехвеш хуьлуш а вац нийсон тlехь верг!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
СаIудехь, Нохчи чохь дIа кхачор цхьатера дац.
Дийнахь, буса дуьйцуш дац вайна.
Ду бахахь…схьа гайта, мичахь ду?
Враги Иблиса агӀо - Ӏеламнахера Ӏилма схьаоьцуш, нийса Ӏакъидат хьоьхуш, цӀена долу Ислам дин нахана Ӏамош меттиг яра. Ӏеламнахана а юй хууш, царех дага а волуш дӀахьуш болх бар. Ша кепара беркате агӀо а, даӀватан майда а яра иза. Дуккха а нахана пайде хилла, Ӏилма, гӀиллакх-оьздангалла, хьикмат, кӀеда-мерза хилар, собаре хилар, сий-лерам бар, Ӏадат лардар, и доллу хӀума чудуьллуш а, Ӏамош а дара цу чохь. Къаьхьа долу бакъдерг дӀаолуш меттиг яра иза, хьан дагах а кхеташ. ХӀунда аьлча, кхеташ хилар хьо, нисса хьан дегӀа лааман бӀостанехьа дерг дуй цу чохь дуьйцург.

Нахана юккъехь гӀараяьлла йовза йолаелча, цхьа нах боьвлира цу агӀонна дуьхьала белхаш дан, шайн ницкъ ма кхоччу адам цуьнах къахкош, бухӀтан деш, харц цӀерш тӀекхуллуш. Царна оьшуш дацара бакъо йуьйцуш стаг хилар.
И агӀо, Далла бу хастам, хӀинца а йолуш ю, ца тешаш волчунна чу а ваьлла гӀад ваххалц еша. Инзаре дукха бу и къийсамаш цу чохь, цу хенахь Шайх Мисрахь доьшуш а вара, Ӏеламнахана тӀелелаш вара, цу къийсамашца бала болуш, йа уьш дӀабахьа хан йолуш вацар. Амма, Дела динан дуьхьа бакъдерг билгала даккхархьама, хан, кӀад валар, доллу хӀума юьстах тотте, нахана нийсо йовзийтархьама хийлаза къовсамаш дӀабаьхьира, мелла вара тӀаккха хаьий шуна, и нийса дерг шайна билгала дича иза тӀелаьцнарг?

Тахана вайна дарсашкахь ма хаззара бар-кх. Схьалелхе, цхьа куьйла йоккхе, цхьа нахана кегораш хилийта, нах къахкийта цу дӀахьуш болчу белхех, и бакъо йуьйцуш волчух адам югӏадалийта лелош шай мекарлонаш ю. Хьалхлерра хьал ду хӀинца а дӀадоьдуш. Шайх вол волчу бохуш, адам югӏадалийта гӀерташ.

Хьалха санна шен болх дӀахьуш ву Ӏадлан, адам кхетош-кхиош, дарсаш деш, нахана дин Ӏамош, дийнахь-буса а соцуш воцуш къахьоьгуш ву. Стаг шена тӀера дӀа шарӀ дӀахотто Ӏамаво шайхо, шен Ӏеса дегӀ нисдан, шен чуьра дӀа шарӀ, нийсо, бакъо дӀахотта ян Ӏамаво. ДӀо арара неха коча гӀертле, нахана хьукманаш ца деш, нах кхето Ӏамаво. ТӀаккха, адам жим-жима кхета дола делча, ладогӀа доьлча, цхьа нах чӀогӀа меттах бовлу и адам мелла югӀадалийта.
БӀаьрзе воцург кхетара ву, царна новкъа верг Ӏадлан вац! Царна новкъа ерг бакъо ю!
Бакъо йуьйцуш верг харц тобан уггаре кхераме ву, церан болх галбола, хьалха санна паргӀат нах тилор чекх ца долу. Цундела цара кхиндӀа и бакъо йуьйцуш волчуьнах нах къехкош, шайн ка ма-доллу болх бо. Шайн мел болу интернетан гӀирсашца и стаг бехван гӀерташ, цунна тӀе бухӏтан деш, гӀибат деш, и волче лелхаш куьйла йоккхуш, мелла цуьнах нах къахкорхьама. Ткъа, цу массо белха хилам, цу стега сий айдалар хуьлу тӀаьххьар. Бакъдолуш, Аллахӏан дин лардеш верг цхьаьнге сийисаз валур ма вац! Ткъа, Къуръан суннат асхьабийн кхетамца нахана Ӏаморел чӀогӀа дин лардар муха хира ду?!
Дика ду тӀаккха, цигар къаьхкина кхаьрна тӀаьхьа хӀоьттина схьавеа хьо, хӀинца хӀун дан деза? Ӏилма мичара Ӏамо деза? ХӀоруш гуттара чӀогӀаниш хилла схьавеъна-кх хьо масала. ХӀокхаьра Ӏилма хьаьнгара эцна аьлла хаттара делча... - «Элементарный йолу тавхьид йовза Ӏеламнах оьшуш бац» - бохуш цхьаберш бу, «таханлеранаш современный бу, хьалха дӀабаханчаьрга кховда деза» - бохуш кхиберш бу, «чубоьхкинарш бен бакъдерг олуш цхьа вац» бохуш вуьш бу, «гуттаренна а Ӏеламнах оьшуш бац, Къуръан а, суннат а вайна долуш ду» - бохуш дӀо кхинаш бу. «СаӀудехь берш кхера белла бу, мисрахь берш тилла белла бу» - бохуш кхи нах хеза хьуна.

Цхьа некъ бац шен дӀавола вала цхьа юьхьиг йолуш, йа цхьа вийца Ӏеламстаг волуш. Вуьцуш верг йа масех бӀе шо хьалха дӀаваьлларг хуьлу, йа иттех шо хьалха набахте воьллан цхьа-а тӏекхочуьйтуш воцург хуьлу. Ахь делла муьлххачу хаттаран, цхьа яьккхий оьрсийн маттахь тексташ йоуьйту хьуна кичча, муьлххачу хьолехь юх-юх уьш схьатуьйсуш. ДӀаволалушшехь, «кафир, муртад, мушрик, муржиит, ашӀарит, суфист» и цӀерш дӀаса-екъа охьа хуу.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Дӏакхачаде "ЦХЬАЪ"

🎙ӏакъидатан Академи | ӏадлан Харачо

https://t.me/bilggal_derg
Forwarded from Фарз Ӏайн...
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Да|ват даран бакъонаш...

– Баккхичара ла ца дугӀу, уьш ниса ца бало, цара ширкаш леладо.
– Цара хӀунда деза вайга ладогӀа? Цара вайга ладогӀа, Дала дина долу муьлох омар лардеш ду вай?

Дала хьоьга даӀват муха де бахара? КӀеда дош алаш цуьнга, бохура Дала Мусаге, Харунге, хьаьнга олуш ду и? ФирӀавне, со ву Дела, Вац АллахӀ Дела со ву, бохуш вахь хиъ волу ФирӀавне кӀеда вист хиллахь бохура, кхера там бу иза, метта ва там бу иза. Ойла йой аш, мила ву и кхочуш деш?

«КӀеда дош алаш, хьай Дела новкъа кхайкха нах, хькматца а, хазачу хьехамца а»

Хькматца, хикмат хӀу ду? Дохуш долу дош, дохуш долу меттехь, дохуш долу хьолехь алар.
Хазачу хьехамца, хьоьстуш дийцар, хаза дийцар.

ГӀиллакх ларде! Цу гӀиллакхаш, вай динехь, иштта адми дегнаш чохь дукха йоккха меттиг дӀалоцу!

( аса яздинаг аха дац, дехар ду, чеккха яллалц ладогӀа! ВаллахӀи ду и чӀогӀа коьрта, терго ян езаш хӀума ))
https://t.me/Responsibilitiess
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хӏай Исламан уммат, хьо сама маца дала дагахь ду те, тхо а сама маца доху ахь!?