Ӏилманан Аманат
335 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Баккъалла цец валлар хӀума ду..

Да, ша маьждиге воьдуш, шеца шен кӀант хӀунда ца вуьгу?
Хьоьга цуьнан куьг лаце, иза хьоьстуш лела ца боху, хӀан-хӀа, эхь хеттал хӀума дац иза, шен кӀант шеца маьждиге вигар, мелхо хьан сий дийра долуш, хьоьгар дика масал оьцур долуш хӀума ду!
Эхь ду, ахь хьан кӀант маьждиге ца вуьгуш, йа гӀо ца олуш, ахь хьан накъости цига бигар, цаьрга гӀо алар, иза ду хьуна эхь!
АллахӀа аша мел дираг Шен дуьхьа дойла, дин дуьхьа яздеш долу хӀора элпах ял, барам боцуш сов йоккхийла!
Адмаши баркаллан вай хьашта дац, вай ял АллахӀехь ю, вайн хир болу бекхам АллахӀехь бу!
Вай сатийсам, къемат дийнахь вайн хӀора а Ӏамал, диканашан юккъхь хилар бу.
АллахӀа схьа цӀан дойла вай рияъх! АллахӀа гена дохийла вай рияъх!
Ӏилманан Аманат
АллахӀа аша мел дираг Шен дуьхьа дойла, дин дуьхьа яздеш долу хӀора элпах ял, барам боцуш сов йоккхийла! Адмаши баркаллан вай хьашта дац, вай ял АллахӀехь ю, вайн хир болу бекхам АллахӀехь бу! Вай сатийсам, къемат дийнахь вайн хӀора а Ӏамал, диканашан юккъхь…
Айса язйинарг ешча, Ӏадлано дешар дола делча хеттаршан жоьпаш луш аьлларг дага деи)
Вайн дешаран мах хӀун бу аьлча, мах бан а бац аьлла жоп делира, тӀаккха доӀнаш дар букх цуьнан мах аьлча, доӀнаш дар а бац элира.
И бохург дац адам доӀан хьашта дац, ду, муьлха а адам, и бохург дара цу дешаран мах бала ца оьшу, ткъа вуьшта аьлча, ша диначу дикан вайгар бекхам ца оьшу, йа вайгар баркалла ца оьшу, цуьнан бекхам АллахӀехь бу!

Иштта-м цуьнан мах а ма бара, барам боцуш лакхара, тахан хьоьга, соьга и мах дӀабалур а боцуш.

Цуьнан мах АллахӀехь бу, АллахӀа диканца бекхам баран сатийсам бу, АллахӀа и бахьан хоттийна, цу йалсаманен охӀланах вай хьехархо, цуьнан Шайхаш бар бу.
Мах, мах дукха лакхара бу..

Къемат дийнахь цу мийзан терзан тӀехь, ахь мел дина дика, эзарнашкахь сов даьккхийна, и диканаш сов доьвла, АллахӀа олийла хьоьга "хьо Сан йалсамане чу гӀо"
Forwarded from Хьенех Лом
Имам Гlазалис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Бера жима долуш дуьйна хьуьжаре дlадала деза, цуьнга цигахь Къуръан а, хьадисаш а, АллахIах кхоьруш болчу нехан дийцарш а lамдайтархьама. Хьалххе иза цига дlа мел ло а цуьнан дагчохь дика нах безар кхуьур ду. Бера лардан деза безам а, безам кхеттачу нехан дийцарш а lаморах!

[Симтlул-lикъйа́н, агIо: 115]
Бусулба дин цӀена ду, бусулба дин цӀарца харцо лелочарах!
ХӀара дахар цхьаъ бен дац, кху дахарехь къахьеха дезаш ду йалсамане кхача, и йалсамане езаш ма ву вайх хӀора а!
"И дайш лелин дари, и жимчахь дуьйна лелин дари" бохуш, муха хуьлу вай реза цу жоьжахате чу даха? ХӀунда ца хьовсу вай нийса ду, йа дац?
Шай харцонах юха вала ца лаар, цунах кхета ца лаар, и бакъо тӀеэца ца лаар, и бу адами лазам!
Нийсо йовзарал хьалха, иза еза езаш ю вайна, иза оьшуш хила езаш ю вайна!
ХӀун пайда бу нийсо йовзарах, иза езаш ца хилча, иза тӀе лаца лууш ца хилча?
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».

[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
✔️ЖамаӀат ламазехь хьалхарчу могӀане хӀоттаран дозалла
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ПАЛЕСТИНА...

О люди Ислама!
Мы призываем вас молиться Господу, и делать дуа, за нашу победу над угнетателями!
ХӀай КаӀбан Дела, Ахь олийла "хила" тхан лаамашка!
ПӀераскан дийнахь доӀанна жоп луш йолу хӏара хан ю, маьркIажа хан хилале йолу.
https://t.me/Ramzan_Gendargno