Ӏилманан Аманат
337 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Хила тарло хьуна, АллахӀа хьан доӀан жоп ца далар, иза хьан бӀаьргара оьхуш долу хиш Цуна дукха дезаш хилар...
ДоттагӀчо йа накъосто, вайн ийман дохош иза гӀелдан тарло, йа иза чӀагӀдеш, вайна алсам Ӏибадат дан лааран, вай Аллахlаца йол юкъаметтиг чӀагӀйаларан бахьан хlотта тарло.

Цундера, хьекъалца харжа доттагlа - иза хьан Ялсамане ю, йа хьан Жоьжагlате ю
Къонах цкъа а юха ца волу ша бохучунна тlера олу цхьаболу наха. И ойла оцу стага коьрте а лоций ша харц велахь а юха ца волу иза. Амма ойла е ахь, Аллахlан гергахь хьо цlена хилчи бен хуьлий хьоьх къонах? Ткъа Аллахl вуй харц къамел дезаш?
Нахана гергахь хьо эчиг хила гlертаро хlу марзо ло техьа хьуна, Аллахlан гергахь хьай бакъ йолу юьхь а йоьвзуш?
Шен гlалат тlелацар ю къонахалла! Жехlал нахе далуш хlума дац иза!
Дуьххьара хьоьх къонах веш дерг ийман ду хьуна! Ийман делахь гlиллакх хира ду, гlиллакх делахь яьхь хир ю, яьхь ялахь доьналла a хир ду. Амма гlиллакх дац-кх массергахь а карадеш. Ахь баг гlаттаярца а хадабо хьуна наха мах. Гlиллакх - догlа ду, адамийн дегнаш хьуна схьадоьллуш долу. Иза дацахь - доьжна лара хьан сий а!

https://t.me/noxchi_lom
Дуьххьара нийсачу хlуманна тlегlерта хьо, нийса некъ безаро вуьгур ву хьо цlеначу шовдане, шен чохь охьадогlуш гlиллакх, яьхь, сий, доьналла а долуш.
Массера а хуьлу дагчохь цхьа кхерам, амма цу шовданца хьан дог цlанделлачул тlаьхьа цхьанна а кхерамо новкъарло йийр яц хьуна хьай бакъонна тlехь чекхвала!

https://t.me/noxchi_lom
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
🎙️ «КХАЙКХАМ»

АССАЛАМУ IАЛАЙКУМ ВАРАХЬМАТУЛЛАХIИ ВАБАРОКАТУХI!

ЛАРАМЕ ЛАДОХАРХОЙ!

📚ДIАЙАХАНЧУ УРОКАШКАХЬ ВАЙ ДИЙШИРА «БЕРАШ БАКЪХЬА КХИОРАН ИТТ БУХ» ЦIЕ ЙОЛУ МЕХАЛА ЖАЙНА.

📖ТКЪА ХIИНЦА, АЛЛАХIАН ПУРБАНЦА, ВАЙ КЕРЛА ЖАЙНА ДЕША ДОЛОР ДУ, ДЕРРИГ ЖАЙНА 20 УРОК ХИР ЙУ. ХIОР УРОК 15 ЙА 20 МИНОТ ХИР ЙУ.

💎ХIОКХУ ЖАЙНАХЬ ДУЬЙЦУР ДУ ДАС-НАНАС ШАЙН БЕРАШНА ДАН ДЕЗА ХЬЕХАРШ А, ХЬЕХАРХОША ШАЙН ДЕШАРХОШНА ДАН ДЕЗА ХЬЕХАРШ А, БАККХИЙЧАРА КЕГИЙЧАРНА ДАН ДЕЗА ХЬЕХАРШ А.

🖋️ЖАЙНА ЙАЗДИНАРГ «ШАЙХ МУХЬАММАД ШАКИР» ВУ.

🤲🏻АЛЛАХIА СОВ ДОККХИЙЛА ВАЙН IИЛМА А, ЦУЬНЦА IАМАЛ ЙАР А.

Окх ссылке чу вала⬇️
https://t.me/faruk_berash_khior

ЙАРЖАЙЕ, АЛЛАХ1 РЕЗА ХУЬЙЛ ШУНА!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Бусулб вежарий, зударийн, (цхьаберша) вовшийна тӀе хуьттуш бу уьш..
ВаллахӀи, хьо цхьанне рузбанех, (йа кхин долу диканех) ваьккхина ма вац, хьан балхо, хьан некъо.
Хьо рузбанех (йа кхин долу диканех) ваьккхина хьуна - хьан къинош, хьан хьарам дууш долу рицкъо.

https://t.me/Importantknowledgee
Хан ло АллахӀа мостагӀчунна, амма виц велла ца Ӏа!
Хан ло АллахӀа мостагӀчунна, амма бекхам боцуш ца вуьту!
Хан ло АллахӀа мостагӀчунна, амма шен хан тӀе ма кхаьчна, дӀа лоцу иза АллахӀан Ӏазапо!

https://t.me/Importantknowledgee
Кху дуьненахь а, эхартахь а, шуз бекхам хуьлу АллахӀан мостагӀчунна!
ФирIавн хица вийна;
Намруд чуьркаца вийна;
Къарун лаьттаца вийна;
АбрахIа тIуьлгашца вийна;
Ататуьрк цIе зингаташ вийна;

АллахIа харцонан дай, иштта кигирачу бахьнашца хIаллак бо,
ахь са ма гаттаде, харцо дIа муха йоккхара яра-те алий, харцонан тIаьхьале яц хьуна.
Ахь сагаттаде, бакъо лар муха йер яра-те алий, бакъо йуьсар йолуш ю хьуна, мел зуламхошна дегаза дала.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хаалахь, стагах уггар чӀогӀа лай веш верг, иза зуда ю хьуна!
Хьайна езарг ца ялаеш, хьой везарг яла е, тӀаккха хира ву хьо эла хьан хӀусамехь!
Хьан хьажар тӀера (бӀаьрг лара ца бар тӀера) дӀадолалуш ду хьуна, хьо зудчун лай хилар!
Уггаре чӀогӀа стаг пайда боцучу воккхуш волу ши питан ду хьуна - зударийн питан, гайн питан!
Хьо хьайн гайн дола далуш велахь, хьох цхьаммо а лай вийр вац хьуна!
Муьлха а вон хӀума гай хьаладуьзначул тӀаьхьа хуьлуш ду!

©доттагӀ
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьассана (АллахӀа Ӏалаш войла иза) боху :
"Бакъдерг дийцича со хьоьгу бийшан Ӏа йалх сахьт кардешчерах, ВаллахӀи со хьега ма хьоьгу церах."
Ӏуьйра ламазан муха гӀатта веза дуьйцуш хьехаман юккъера..