Ӏилманан Аманат
336 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Ахь мел даржош долу хӀума, хьан шина тептар-ха цхьанна тӀехь хира ду хьуна.
Дика Ӏамалаш йолучун, йа вон Ӏамалаш йолучун.
Ойла е хӀай адам!
Forwarded from Дешар-серло
цхьаберш баланца зийна, кхиберш маршонца, паргlатонца..

иштта цхьаберш вовшахакхетарца, кхиберш вовшахакъастарца..

муьлхха хьолехь зуьйш ву-кх хьо..
Дешар-серло
цхьаберш баланца зийна, кхиберш маршонца, паргlатонца.. иштта цхьаберш вовшахакхетарца, кхиберш вовшахакъастарца.. муьлхха хьолехь зуьйш ву-кх хьо..
Муьлхачу хьолехь зуьш ву-кх хьо.
Хьуна дика ду моьттург хьуна ца луш, и ца далар диканна хуьлуш,
Хьуна вон ду моьттург хьуна даларац, иза а хьуна диканна хуьлуш.
Вайн дахаран гӀуллакхаш вайна ма лаьъ ца хилар - АллахӀа вайха бина къинхетам бу!

АллахӀа Шена дезарг - дезар лойла вайна,
АллахӀа Шена цадезарг - цадезар а лойла вайна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дегнаш шайна дезарг доьху, ткъа АллахӀа цаьрна гӀоле дерг ло!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хийрачу къаьмнашка дӀагӀо баккхий кхиамаш бан гӀерташ...
Forwarded from Delan din
Хьуна доьхьал мел долуш долу хIума, хьоьга кхочуш кехат ду хьуна, цу кехато хьоьга боху: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!»

Хьуна тIекхочуш долу лазар - хьоьга кхочуш долу кехат ду, АллахIана хьастало аьлла…

Хьуна тIейогIуш йолу къоьлла - хьоьга кхочуш кехат ду, АллахIана сужуд де аьлла…

Хьуна тIекхочуш йолу гIийлалла - хьоьга тухуш зIе ю: «Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волчуьнгара (АллахI) ницкъ беха!» аьлла…

Доллу дахар хьуна доьхьал хIоьттина кхайкхам беш ду-кх: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!» бохуш

[Жайна - Хьо АллахI волун дела]
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Ӏодика йойла массо а хьалхалерачу сатийсаман!

Марша догӀийла-кх Аллахlaна вайна хила лиънарг!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Цу белхашца бовлуш бу Ӏеламнах вайл а хьалха шайн Ӏибадаташкахь!
Синошна шаьш хасто лаьа, амма хьекъале волучо тидаме ца лоьцу ша (наха) хаставар, хӀунда аьлча шен синна дукха дезачунна тидам бан и волавелча цуьнан дог цунах хоттало, ткъа и (хаставар цхьана дийнахь) дайча хьере хуьлу иза, шена дезарг юхадерзо хӀуъу а леладо цо..
Хьайга кхаьчначуьнна хьо бӀарзвелла хьийзаш волуш, АллахӀа хьан хьолах хьоьгург воуьйту хьуна.

Ша олуш : «ирс яӀ хьан...»
Forwarded from Muvahhidun
«Аллахlа Шена тlелаьцна хlора а дика lамал йечуьнан дахар тодир ма ду Ша аьлла, ткъа Иза Шен чlагlо кхочуш йийриг ву.»

Имам ибн ал-Къаййим
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьоме Шайх ШоӀип.
Асхьабаш кхайкхар дира: «Йа Билал! Вайн Элча дийна хилла ханна дага яийтахьа шайна» - аьлла.
Оццехь Ӏумара Хаттаба мохь туьйхира: «Ша Делаца чӀагӀо еш доьху хьоьга, кхайкхахьа молла».
Юха а элира Билала: «Витахь ша хӀай бусалба неха амир».
ТӀаккха асхьабаш элира Билале: «Йа Билал! Хьайн Делах кхера, хьоьга доьхуш верг-м бусалба нехан амир ма ву!»

ТӀаккха Билалас мохь туьйхира «АллáхӀу акбар» - аьлла, Ӏумар цулла хьалхаиккхира велхарца, беригге асхьабаш боьлхуш бара, дерриг эскар доьлхуш дара, Масжидул Акъса доьлхуш дара, Байтул Къудус чохь мел волу бусулба стаг воьлхуш вара, Элчанна саллаллахӀу lалайхӀи васаллам шайна цкъа бӀаьрга гинарг воьлхуш вара.

Ткъа вай хӀунда ца доьлху, вайн Элчанна саготту долуш?
Вай бӀаьргара тӀадамаш хӀунда ца довлу?
Вай салаваташ хӀунда ца доьхку цунна?

Тхан синош махийна хуьйлийла хьуна, хӀай Делан Элча (АллахӀера къинхетам а маршо хуьлда хьуна)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ТХАН СИНОШ МАХИНА ХУЬЛИЙЛА ХЬУНА, ХlАЙ ДЕЛАН ЭЛЧА!

Йа АллахI! Мухьаммад ( ﷺ ) везар ло Ахь тхуна! Мухьаммадан ( ﷺ ) тlехьдазар а ло Ахь тхуна! Мухьаммадац ( ﷺ ) цхьана фирдавс ялсамане чохь хилар а ло Ахь тхуна! Мухьаммадан ( ﷺ ) лулахь хӀусамаш йогӀа Ахь тхуна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йа Аллахl, сай доьзалш кхиорехь хьекъал,хьикмат ло Ахь суна!

Йа АллахӀ, кӀадде Ахь сан цаьрга хьажийна къамел!

Йа АллахӀ, сай доьзалийн хьокъехь синпаргӀато ло Ахь суна, хӀунда аьлча Хьо уьш кхетош-кхиош верг Ву!

Йа Аллахl, лаккхара гӀиллакхаш ло Ахь царна, ийман чlагlде Ахь церан, цlеначу безамца Хьайна lибадат дар дагчу дилла ахь царна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ахь аьлча : "йа АллахӀ, лохьа суна иза"
Цо жоп ца лахь,
Ахь аьлча: "Йа АллахӀ, дӀаэцахь сан лазар"
Цо жоп ца лахь,
Ахь АллахӀе дехха доллушехь, Цо хьуна жоп ца деллехь,
Латталахь Цуьнан неӀарехь, велхалахь, бера доьлхуш санна велхалахь.
Бера, шен дена улле хоьттан, шайна езарг ехча цо иза ца лахь, дӀа доьди и бера дена уллера? Ца доьду хьуна! Цуьнан тӀе тасалой, доьлху хьуна иза, мохь туххуш доьлху хьуна иза, шайна езарг шена яллалц доьлху хьуна иза.

Ахь АллахӀе цхьаъ дехча, Цо хьуна жоп ца лахь, ма валалахь Цуьнан неӀарера дӀа!
Ахь АллахӀе цхьаъ дехча, Цо хьуна жоп ца лахь, латталахь Цуьнан неӀарехь!
Велхалахь, велхалахь бера санна!
Ма валалахь АллахӀан неӀарера дӀа, Цо хьуна жоп даллалц!