Ӏилманан Аманат
336 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тахана, къаьсттина кегий нах вай схьалаьцча, ма дукха кху умматан пайда бан ницкъа кхочуш бу, пайда бан аьтто бу. Тахана, вай хӀора а схьалаьцча, шайха бала пайда боцуш цхьа ваца-кх, цхьана цхаьъ дика хаъ, вукхуна важа дика хаъ. Цундела хӀора а, дин даржорехь къахьега дезаш ву!

Тхан Шайхо аьллакх: суна хуург хӀара микрофон схьаэцан хӀара къамел дар ду, ткъа хила тарлокх шуна кхин сов дерг хууш!
Шуна ма моттийла и микрофон схьаэцна, шайна изза къамел дан ца хиича, "соьх бала пайда бац, суна хӀумма ца хаъ " И аьлла кху умматан пайда баран гена ма довлийла шу!

Ахьа ала : « Йа АллахӀ, вехь со кху умматан беркате! Хьегитахь соьга къочча къа, соьха кху умматан пайда бера болуш! »

"Тхан Шайхо аьллакх" хӀара къамел дираг сан доттагӀчун хьехархо ю, шай Шайхо аьллера бохуш.
Ӏилман мажлисехь дина къамел.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Цхьа а х1ума ма дац, йа цхьа а адам ма дац кху дуьненчохь, и бахаьан долш цхьа минот а Жоьжахатчохь вай яккха...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нáхах АллахӀана тӀех дукха везарг, нáхана тӀех пайден верг ву. Веза а, Сийлахь а волчу АллахӀана Ӏамалех тӀех дукха езарг, бусалба стагана ахь дешдолу хазахетар ду, йа ахьа цуьнах бáла дӀаайбар ду, йа ахьа цунах декхар такхар ду, йа ахьа цунах мацалла юхатохар ду. «(Делора) Сайн бусалба вешийна цхьана хьаштана вахар, суна дукха ма деза, баттахь маьждиг чохь Ӏибадатна сацарал а».
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахIан Элчано (саллаллaхIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Пхеа хIумнах пайда эца, пхи хIума тIедале; Хьай жималлех пайда эца, хьайна къанал тIейале. Хьай могшаллех пайда эца, хьайна цамгар тIейале. Хьай бахамах пайда эца, хьайна къел тIейале. Хьай мукъаллех пайда эца, хьой мукъавоцуш висле. Хьай дахарах пайда эца, хьайна валар тIедале».
[Сахьихь ат-ТаргIи‌б: 3355]
Forwarded from Зератхо
Ойла йича а инзаре хӏума ду хӏара. Цу эзар адамашна юккъера Аллахӏа хаьржина хьо, оцу сийлахь долчу дешаран декъашхо хилийта а, барам боцуш пайде долчу дарсашка ладогӏийта а. Хастам бу хьуна я Аллахӏ, ма къинхетаме ву-кх Хьо хьайн лешца.
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
СубхьаналлахI! Цхьа шо хан мел сиха дIайели. АллахIа хьо хаьржина-кх дуккха а болчу нахана йукъахь, кху сийлахьчу байракхан да хьох варца, хьайн дахарехь кхин цкъа а хьайн керара охьа ма йиллалахь и нийсонан байракх, толам айхьа баккхалц йа хьой АллахIана дуьхьала кхетталц. Ахь диц ма делахь, иза а, важа а хьайн толам хилар а, сийлаллин байракх хьайн керахь йерг хилар а.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ахь мел даржош долу хӀума, хьан шина тептар-ха цхьанна тӀехь хира ду хьуна.
Дика Ӏамалаш йолучун, йа вон Ӏамалаш йолучун.
Ойла е хӀай адам!
Forwarded from Дешар-серло
цхьаберш баланца зийна, кхиберш маршонца, паргlатонца..

иштта цхьаберш вовшахакхетарца, кхиберш вовшахакъастарца..

муьлхха хьолехь зуьйш ву-кх хьо..
Дешар-серло
цхьаберш баланца зийна, кхиберш маршонца, паргlатонца.. иштта цхьаберш вовшахакхетарца, кхиберш вовшахакъастарца.. муьлхха хьолехь зуьйш ву-кх хьо..
Муьлхачу хьолехь зуьш ву-кх хьо.
Хьуна дика ду моьттург хьуна ца луш, и ца далар диканна хуьлуш,
Хьуна вон ду моьттург хьуна даларац, иза а хьуна диканна хуьлуш.
Вайн дахаран гӀуллакхаш вайна ма лаьъ ца хилар - АллахӀа вайха бина къинхетам бу!

АллахӀа Шена дезарг - дезар лойла вайна,
АллахӀа Шена цадезарг - цадезар а лойла вайна!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дегнаш шайна дезарг доьху, ткъа АллахӀа цаьрна гӀоле дерг ло!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хийрачу къаьмнашка дӀагӀо баккхий кхиамаш бан гӀерташ...
Forwarded from Delan din
Хьуна доьхьал мел долуш долу хIума, хьоьга кхочуш кехат ду хьуна, цу кехато хьоьга боху: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!»

Хьуна тIекхочуш долу лазар - хьоьга кхочуш долу кехат ду, АллахIана хьастало аьлла…

Хьуна тIейогIуш йолу къоьлла - хьоьга кхочуш кехат ду, АллахIана сужуд де аьлла…

Хьуна тIекхочуш йолу гIийлалла - хьоьга тухуш зIе ю: «Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волчуьнгара (АллахI) ницкъ беха!» аьлла…

Доллу дахар хьуна доьхьал хIоьттина кхайкхам беш ду-кх: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!» бохуш

[Жайна - Хьо АллахI волун дела]
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Ӏодика йойла массо а хьалхалерачу сатийсаман!

Марша догӀийла-кх Аллахlaна вайна хила лиънарг!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Цу белхашца бовлуш бу Ӏеламнах вайл а хьалха шайн Ӏибадаташкахь!