Ӏилманан Аманат
335 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзал - иза шина агӀора долу жоьпалла ду : ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха.
Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дӀадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дӀадоло дезаш ду иза кхетош - кхиор. Бераца доьзна цхьа а хӀума а дац кӀезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гӀуллакхе.

Нохчийн гӀиллакх - оьздангалла / Муса Ахмадов
Шайн берашна Ӏамаде: "ХӀара хьанал ду, хӀара хьарам ду. ХӀокхо АллахӀ реза во, хӀокхо АллахӀ оьгӀаз вохуьйту ", бохуш. Деккъа " Эхь ду " бохуш ма Ӏамаде. Мухле а, шайна тӀе хьоьжуш АллахӀ вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьам, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.
Доьзалхочунна хьоьгара - оьшург марзо ю...

Хаалахь цу доьзалхочунна ахь гай чу кхосса яхьаш йолу хӀуманал чӀогӀо оьшуш ду хьуна хьоьгара хаза дош, хьо вела къежина гар, шен деш долу хьехар, йа ахь ша дуьйцучунга ладогӀар охьа а хиина, ша дийцина валлалц.
Телпочуьра хьала а ваьлла лерина ахь цуьнга ладогӀар - и ду хьуна доьзалхочунна оьшург...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьусайн Я1къуба алар дарсехь, со шух цхьа нах дан г1ерташ вац, я шу керхула х1умма хийца даларе сатуьйсуш а вац, делахь а сан сатийсам - х1инца а дуьнен чу бевла боцу шун доьзалш бу, церах цхьа дог йовхоне сатуьйсу ас...
Хаттар: Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и вабаракатух1!
1. 1илма 1амош йолчунна , и 1амор лахло маре яхарца , я д1адолуш а нисло , я Къоран повторять дан , я деша хан ца хуьлу , цундера т1аьхьа тотту и маре яхар иштта болчу йижарша , иштта 1илм 1амош 1ар г1олехь а долуш хир дуй цунна ? Анонимно

Жоп: Ва Ӏалайкумуссалам варохьматуллохӀи вабарокатухӀ
1. Маре ца йоьдуш 1илма 1амош 1е аьлла хьехар дир дацар ас, маре яхна шега далуш дерг деш, цул т1аьхьа 1еламнах хила новкъа шен доьзал боккхур болуш хилча воле хир дар, коьрта оьшуш дерг - динан сагат деш, 1илман сагат деш, хуу дина цхьаъ дан лууш волчунга оьшуш дерг - цо бер кхиор ду кхио ма дезза, къан делчхена цхьаъ дан меттах девла долу вайга х1умма далур дац, вайга далун дерг - бера мотт 1емашехь дуьйна и вай йолчу 1алашонца кхиор ду, Шайх Мухьаммад Хьусайн Я1къуба алар дарсехь, со шух цхьа нах дан г1ерташ вац, я шу керхула х1умма хийца даларе сатуьйсуш а вац, делахь а сан сатийсам - х1инца а дуьнен чу бевла боцу шун доьзалш бу, церах цхьа дог йовхоне сатуьйсу ас алар, шуна шеш ху лело деза ца хиъна кеги долуш дуьйна, я шуга лела ца дайтин шеш лело дезарг, ткъа шуна и х1инца девзича, аш шай доьзал дуьнен т1е а бале дуьйна хила ма беззар уьш кхиича, т1аккха церах ю шен цхьа дог йовхо алар, и ду тахан вайна оьшуш дерг, 1илма 1амор, динан г1о дар, 1илманца адам боданашкар серлоне баха безар бохучу х1уманах хьо кхетта хилча, хьоьга масала 1илманехь лакхара кхиамаш бан лур бац, х1унда аьлча 1еламстаг хила новкъа волуш верг 15 шо кхачале дуккха 1илман декъах чекх ваьлла хуьлу, цунна хьо т1ехь йиснехь а, и кхетам болуш йолу хьоьга хьай доьзале и лакхар кхиамаш байталур бу, и ду вайна оьшуш дерг.
Шайх Вахьидан хьолана са мел гатдечунна.

Шайх дика ву, чов йоккха чов яц, урс тӀе гӀортийна йина чов ю, кхин тоьхна дац. Ткъа куьг-бехке верг Ӏедало дӀалаьцна ву, кхана кхел хила езаш ю, хуур ду хӀун билгалдолу, цкъачунна хӀун бахьана долуш дина, цу тӀехьа мила ву хууш дац. Интернет чохь даржош долу Шайхо делла фатва бахьана долуш, я цхьа дов къасточехь Шайхо йинчу кхелана реза ца хилла дина бохург цхьа а бух болуш хӀума дац! И болх бинарг жоьлкалла лелочех ву, Шайхаца диканна, я вонна цхьа а хӀума Ӏоттаделла стаг вац, хетарехь цу тӀехьа цхьаъ ву!
https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
👆👆👆👆 👆👆👆👆👆👆


ХӀара дешар доладелча юьххьехь дуьйна динера вайга дехар, айхьа Ӏилма эцна болу шайхаш бовзийта аьлла, хьеделлехь а, цу дехарна жоп луш дагабогӀурш язбина вай, юха тӀаьхьа кхин а дагавогӀург тӀеязвийр ву, Дала мукъ лахь. ХӀорш берриге а вай хьалха охьахийшина шайхаш бу, ткъа шайн жайнаш дешарца пайда эцна, я деккъа ижазаташ эцна, я интернет чухула Ӏилма эцна болу шайхаш кху юкъа ца язбина вай, шиъ воцург, цунах дерг а, иштта хӀора шайхах дерг а доцца довзуьйтур ду вай юха тӀаьхьа, Дала мукъ лахь. ХӀоранца а сайн цхьа хаза нисделла хӀума, я дуьххьара со тӀекхачар хьахош, иштта дагадаран барамехь билгалдеш хӀора шайхана хьалха сайн охьахаар мел нисделла. Кхарна юккъехь ву дехха шерашкахь со хьалха хийшинарг а, масех жайна дешнарг а, цхьа жайна бен ца дешнарг а, цхьана дарсехь бен ца хилларг а.

1. Шайх Мухьаммад Хьассан.
2. Шайх Вахьид Балий.
3. Шайх Абу Исхьакъ Хьувайний.
4. Шайх МустӀафа Ӏадавий.
5. Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯӀкъуб.
6. Шайх Ахьмад Накъиб.
7. Шайх Абу-Бакр Хьанбалий.
8. Шайх Ӏабдул-Ӏазым Бадавий.
9. Шайх Мажди Ӏарафат.
10. Шайх Мухьаммад Юсрий.
11. Шайх ИсмаӀил Мукъаддам.
12. Шайх Ясир БурхӀамий.
13. Шайх Ахьмад Фарид.
14. Шайх СаӀид Ӏабдул-Ӏазым.
15. Шайх Ахьмад ШихьатахӀ Алфий.
16. Шайх Ӏабдул-Вакил ХӀашимий.
17. Шайх Хьамид Акрам Бухарий.
18. Шайх Башшар ибн Ӏаввад.

Уьш берриге а умматехь бевзуш баккхий Ӏеламнах бу, ткъа кхидӀа берш уьш санна умматехь бевзуш баккхий Ӏеламнах бацахь а, цу Ӏеламнехан могӀаре дӀагӀоьртина, уьш дӀабевлча, царал тӀаьхьа Ӏеламнехан меттиг дӀалоцун берш бу.

19. Доктар ЗахӀран ТӀулбахӀ.
20. Доктар Ӏабдур-Рахьман Савий.
21. Доктар Мухьаммад Басюний.
22. Доктар Ӏабдур-Рахьман Мансур.
23. Доктар Ӏалий Къасим.
24. Доктар Халид ЖухӀаний.
25. Доктар Ислам ибн Наср АзхӀарий.
26. Доктар Камал Шараф.
27. Доктар Ӏалий Нимр.
28. Доктар СаӀд МуӀаввад.
29. Доктар Ӏалий Сиккин.
30. Доктар Айман ибн Салим.

31. Шайх Ӏабдул-МунӀим МутӀавиӀ.
32. Шайх Хьазим Шуман.
33. Шайх Мухьаммад Савий.
34. Шайх Айман Муса.
35. Шайх Хьамдий СаӀд.
36. Шайх Мухьаммад Хьалава.
37. Шайх Муъмин Бадавий ИсмаӀил.
38. Шайх Рамий Ӏиса.
39. Шайх СаӀд ибн МустӀафа Камил.
40. Шайх Мухьаммад ТӀахӀа.
41. Шайх ВажихӀ Савий.
42. Шайх СаӀид ЗаӀайкълий.
43. Шайх Сами Балий.
44. Шайх Ӏисам Шамий.
45. Шайх Нур ибн Мухьаммад ШаӀлан.
46. Шайх Акрам Хьамдин.
47. Шайх Саййид Мурад.
48. Шайх РабиӀ ибн Ӏалий.
49. Шайх Ясир Жибрил.
50. Шайх МустӀафа РифӀат Нураддин.
51. Шайх Ахьмад Хьасан Шамс.
52. Шайх ХӀани Самахьий.
53. Шайх Нашаат ибн ӀабдуллахӀ.
54. Шайх Ӏимад Жизий.
55. Шайх Мажди Хьусайн.
56. Шайх Мухьаммад Саййид НаӀнаӀахӀ.
57. Шайх Махьмуд ХалифахӀ.
58. Шайх Ӏалаъ ибн Ӏабдур-Рахьман.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Варийлаш, аса нийсачу новкъа йоккхура ю иза але, галйаьлла зуда ма йалаелаш, цара галадохур ду шу, Ӏимран бин ХьиттӀанас йалийра хьуна цхьа хаза зуда, хаварижин тобанах йолу, ша суннатан охӀлане йухаерзора ю иза аьлла, цул тӀаьхьа хаварижин коьртехь болучерах цхьаъ хилла дӀахоьттира хьуна иза !
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум
Ахь Къуръан 1амич, дина доцу хьан дена, нанна мел хуьли?

Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
Хуьлу дера, ахьа мел деш долу дика хьан дени-нанни д1а кхочуш, ткъа Къуръан ахь дагахь 1амадахь-м цу шинне эхартахь коьрта т1е лераман таж туьллуш бу
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Кху дуьненахь Йалсамане ялхьара, хьан дени-нанни уллехь хира яра хьуна иза!
Кху дуьненахь бакъдолу самукъа далхьара, хьан да-нана реза дарца хира дара хьуна иза!
Кху дуьненахь, ахьа мел чӀогӀа адам лелича, цу адман хьакъ дӀаделла ца хуьлуш долу ши адам ду хьуна, хьан да-нана!
И хьан да-нана хьуна реза хиларца хуьлу хьуна АллахӀ реза,
И хьан да-нана хьуна оьгӀаз дахарца воьду хьуна АллахӀ оьгӀаз!
Ма лаккхара мах хадийна АллахӀа де-нени а...
АллахӀа хӀоккхул даза дина долу шин адаман ахьа йоппарш муха етта?
АллахӀа хӀоккхул даза дина долу ши адам ахьа оьгӀаз муха догӀуйту?
АллахӀа хӀоккхул даза дина долу ши адам хьо реза дан муха ца хьожу?
АллахӀа хӀоккхул даза дина долу шина адман хьо муьтӀахь муха ца хуьлу?

Хьан ши жовхӀар ду хьуна и шиъ!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM