Ӏилманан Аманат
335 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Тептар
Тахана хьо нехан йоӀ схьа а ялийна цунах леташ, и сийсаза еш, цуьнга бага етташ, цуьнан да-нана хьехош, маьттаза бага лееш вуй? Хаалахь, кхана иштта хьан йише, я хьан йоӀе, я хьан шиче, я нене и бага лейийр юй, иштта хьо санна летар а вуй хьо санна волу цхьа паспас!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Диканехь а, вонехь а собаре хила. Дуьненчохь нахана ганза а, наха ланза а х1умма а дац. Хьох цецвала кечвелла цхьа а вац.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Айхьа нахана г1о динехь, я дика болх бинехь, иза кхайкха ма делахь. Ахь айхьа кхайкхича, иза дайна ду. Наха шаьш и дийцар хьуна сийлахь ду.
Forwarded from Эхартан-хlонц
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн къаной - къоман хазна.
харцо цкъа а тоьлур ма йац, нийса некъ билгалбан уггар хьалха собар а, гIиллакх а, тIаккха Iилма а долуш вежарий вайн йукъахь мел бу!
Дин даржорехь къахьоьгуш болчу наха дина долу гIуллакх цкъа а эрна довра долуш дац, АллахIа шена гергахь мискъал-зарратал вай дина долуш долу хIума, Дин дуьхьа динарг муххале а, зен дойтур долуш дац. АллахIа Шена гергахь дIадуьллур долуш ду иза, Къемат дийнахь вайна бекхам бан.

©Леид
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вайн Шайх Вахьид Балий сийсара Делан динан гӀуллакхера шен цӀа вогӀуш вен гӀоьртина новкъахь дуьхьала бевлла, уьрсаца вортана чов а еш!

Коьрта чу а ца тарло, я ала дош а ца карадо, амма АллахӀе-м балхор бу вай зуламхой!

АллахӀа массо зенах, зуламах, мекарлонах, ямартлонах ларвойла хьо тхан хьоме Шайх, Далла тӀе боьду некъ тхуна бовзийтина волу, суннатан некъ тхуна къагийна волу, нийсо тхуна хьехна волу, Делан дине эзарнашкахь нах балийна волу, цу динера эзарнашна Ӏилма хьехна волу тхан Шайх, АллахӀа дуккха а хан яхйойла хьан Шена муьтӀахь хиларехь сов а воккхуш!

https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
Баркаллин суджуд дан диц ма делаш, Шайх Вахьид Балий (АллахIа Iалашварна) Цо иза Iалашвар доза доцуш самукъане ду вайна, Цунна зен дан гIоьртинчара баьккхинарг боккха сингаттам белахь а.

АллахIа Iалашвойла вайн хьоме Шайх Вахьид а, иштта умматан берриг Iеламнах а, АллахIа диканца хенаш йахйойла церан массеран а.

АллахI ларвеш бу уьш, (вуьштта аьлча (Делан дин лардеш бу уьш) АллахIа ларбийр бу уьш, массо а хIумантIехь ницкъ болуш ву-кх уьш Iалашбийриг, церан доладийриг, Сийлахь-ЦIена Верг Iаршан-Да Верг, АльхьамдулиллахI.

https://t.me/yalsaman
Шайх Вахьид Балий
Коьрта чу а ца тарло, я ала дош а ца карадо, амма АллахӀе-м балхор бу вай зуламхой!
Ӏуьйкъехь даиманна дека котам, са хилийта бохуш, ткъа и котамаш декарах хира дуй, хуьлуш дерг шен хенахь бен? Хил йиш яц хьуна!
Берриге АллахӀан мостагӀий дуй биин тӀехь боьвлчи а, нагахь санна цу Ӏелимстаган хан кхаьчна яцахь, цуна хила хӀумма ма дац, амма цхьа бакъ ду, Ӏедал АллахӀан ду, Цо дӀахьаькхан къолам, юха баккха цхьа вац, и Ша воцург!
Я АллахI! Тобадар ло Ахь суна – валале хьалха, шахIийдалла а – кхелхачу хенахь, Ялсамане а – веллачул тIаьхьа.

https://t.me/noxchi_lom
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
хьан хьашт мел доккха далахь а, Аллахlа боху:

«Тхуна атта ду иза».
Шен хеттарш цуьнга ло, дешаран хьокъехь, хӀун муха ду цо дуьйцура ду 👉 https://wa.me/79374403686
Телеграм чура церан агӀо 👉 https://t.me/iuksa
Дешаран кехач чу луш, уггар дика болх бираш бу уьш!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доьзал - иза шина агӀора долу жоьпалла ду : ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха.
Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дӀадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дӀадоло дезаш ду иза кхетош - кхиор. Бераца доьзна цхьа а хӀума а дац кӀезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гӀуллакхе.

Нохчийн гӀиллакх - оьздангалла / Муса Ахмадов
Шайн берашна Ӏамаде: "ХӀара хьанал ду, хӀара хьарам ду. ХӀокхо АллахӀ реза во, хӀокхо АллахӀ оьгӀаз вохуьйту ", бохуш. Деккъа " Эхь ду " бохуш ма Ӏамаде. Мухле а, шайна тӀе хьоьжуш АллахӀ вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьам, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.