Forwarded from ع
ӀабдуллахӀа (АллахӀ реза хуьйла цунна) дийцина:
«АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) сан белш схьа а лаьцна элира: «ХӀокху дуьненахь кхечу махкара хийра стаг, я некъахо волуш санна хилалахь».
[Бухарий: 6416]

Forwarded from ИСЛАМАН ТАРИХ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
"Шен мотт, Iадат, амал дIатесначо шен Дин лардер ду бохарг бакъ дац!"
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Керста воггӀушехь - «хьайн дин Ӏаддадита», - олий, ца вогӀу хьуна. Амма уггаре хьалха шех тарво цо хьо. Хьоьгара мотт дӀабоккху цо, гӀиллакх дӀадоккху, Ӏадат дӀадоккху, амал дӀайоккху. И дерриге хьоьгара дӀадаьккхинчул тӀаьхьа, цу керстанех кхоччуш хьо тарвелла ваьллачул тӀаьхьа хьоьгара дин даккха цунна хӀумма а хала а ца хуьлу. Хьайн динал хьалха хьайн гӀиллакх-гӀуллакх, амал, Ӏадат, мотт битина волу ахь цул тӀаьхьа хьайн дин лардийр дац! Хьо мел чӀогӀа керстанех тарваларх ахь хьайн дин Ӏаддадитталц и керста хьуна реза а хир вац!
АллахӀа боху:
«Жуьгтий а, жаӀархой а хьуна реза хир ма бац, хьо церан динна тӀаьхьаваззалц».
Хьо церан динна, церан некъана тӀаьхьавазахь а, мел чӀогӀа хьо уьш реза бан гӀертахь а, тӀаккха а царах цхьаъ хилла дӀахӀуттур вац хьо, тӀаккха а хьуна кхоччуш реза хир болуш бац уьш. Хьо царах тарвелла ваьллачул тӀаьхьа хьайн къомах стаг вац хьо, я бусалба нахах вац хьо, я царах вац хьо.
Хьо керста нахах тарвелла дӀахӀоьттича, хьайн мотт ахь битича, гӀиллакх-гӀуллакх, Ӏадат, амал ахь йитича хьайн къам а реза хир дац хьуна, хьайн гергарнаш а реза хир бац хьуна, я хьо шаьш реза бан гӀиртина болу мостагӀий а реза хир бац хьуна, царах цхьаъ хилла дӀахӀуттур вац хьо, даима церан бӀаьргаш чохь сийсаза хӀума хир ю хьо! Сийсаза хӀума хьо муха ца хуьлу, хьайн мотт лар ца бина ахь, гӀиллакх-гӀуллакх, Ӏадат, лар ца дина ахь, хьайн къомах боцуш болу, хьайх тера а боцуш болу, хьайн динехь боцуш болу нахах тарвала гӀиртина царна хьалха сий дац хьан, я хьайн къомана хьалха а, умматна хьалха а сий дац хьан!
Ахьмад Абу Яхья

ДИКАНИГ ДАРЖОРАН ПАЙДА...
«Ши ракаIат ламаз дойтург хIара дерриге дуьне сайн долахь хиларх дIалур дара-кх ас», - бохуш хьайн каш чохь хьо сатуьйсуш волуш, оцу шина ракаIат ламазан ял хьуна хьайн каш чу дIакхочуш хан ян тарло-кх! Мичара кхочуш ду иза..?! Итт шо хьалха, ткъа шо хьалха, бIе шо хьалха ахь интернет чохь лелош хиллачу хьайн агIо тIе диллина долу пайде долчух, Дела хьахор дуьйцучух, ламаз дар дуьйцучух цхьаьннан бIаьрг кхетта, цунах цо пайда эцна, тIаккха цо и пайде дерг дарца ял хьуна дIакхочуш ю, цо иза мосазза до а, цо иза кхечунна хьехна кхечо леладахь, оцу шолгIачо мосазза до а хьуна ял дIакхочуш ю, иштта кхин эзар адаме иза дIадодахь, церан хIоранан цIарах хьуна ял хуьлуш ю. Цу хенахь хьо каш чохь орцахвала цхьа а воцуш Iазапехь Iаш волуш, хьайн гергарчарна а вицвелла Iазап ловш волуш, цIеххьана иштта ял схьакхача йолалой, иштта и ял совйолий Iазапах хьалхаволуш хила тарло-кх ахь тахана интернетчуьра хьайн агIо тIе дуьллуш долу пайде дерг бахьана. Цхьаммо лайк ца юьллуш лаьтташ ерг, Ватсап чухула ахь дIасайохьуьйтуш цхьаммо еша ца йоьшу иза аьлла хьуна хеташ ерг цхьана дийнахь иштта пайде яла тарло-кх хьуна!
[ фатва 38. Пайде дерг даржор (юккъера кийсак) ]

кху дарсаш юккъера кийсакаш схьа а оьцуш видеош ян аьтто бу вайн массеран, видеош ца яхь а, и меттигаш схьа а оьцуш аз дӀаяздан (запись экрана) аьтто а бу, я кху юккъера меттигаш схьа а йохуш яржо аьтто а бу, и дан луучунна атта хилийта иштта билгалдеш чудохкур ду ас айса ла мел дугӀу дарсаш, Дала мукъ лахь.
siylahquran
Ибн Мухьаммад дIавели. Дала гечдойла-кх цунна
АллахӀа гечдойла цунна, АллахӀа Йалсаманен охӀланах войла иза, АллахӀа декъал хилчерах войла иза, АллахӀа Шен къинхетам бойла цунах!
Бухахь бисанчарна собар а лойла АллахӀа! Къаьстина нанна..

Forwarded from Рамзан Гендаргно
Дала Шен Сийлахь долу Къуръан чохь бохуш ду: «Хӏора а адамо валар ӏовшур долуш ду». Цундела хӏорамма а ойла ян еза, шен дахар чекхдерг хилар, цхьа а вац цу тӏехь шек, массо а наха къобалдина ду чаккхе хилар, керста наха а, хӏора а вала везаш хилар. Делахь а, хӏоранна а цо хаьржинарг ду, хӏорамма а шен хаьржина чаккхе ю. Цундела хӏора а шен дин тӏехь чӏагӏвала веза, шен дин дохка ца деза цо, шен дин духкуш долу бахьанах ларвала веза иза.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
хlокху хьоле хьо кхача везаш хилар диц ма де!
Forwarded from النصيحة في الدين
йа Аллахӏ, халонашкахь ма дита Ахьа тхо, оха хӏуман тӏалам ца бар бахьан долуш лаца ма лаца Ахьа тхо!
хьуна ма мотталахь, валар иза чаккхе йу – бакъдолуш, цигахь йуьхьиг йу хьун, кхечанхьа шен чаккхе йолуш...
делча вай ӏад дуьтур делхьари валар массо а дийначунна садаӏар хир ма дара, хӏетте а, деллачулла тӏаьхьа гӏиттор долуш ду-кх, цултӏаьхьа массо хӏумнах лаьцна вайга хоттур долуш ду-кх!
[Халид ар-Рашид]

Ӏовжаме бакъдерг...
Адам, кху дуьненахь ша мел деха, рицкъан тӀехь даьлла лела, ша, шен доьзал, хазачу хӀусамехь Ӏа лууш, и хӀусам йотта гӀерта, дено сарралца болх беш, ламаз, марха, рузба хийла дуьсуш. Делахь, хьо хьан Далла дуьхьал воьдуш, ахьа хьегна къа, дуьне даккха гӀерташ, эрна хуьлу, чан хилла дӀа долу.
И бохург дац, хьуна хаза Ӏа ца мег, мерзаниг яъа ца мег, хазаниг тӀе йоха ца мег, амма и бохург ду, и дерриге хӀума, хьан карахь хила деза, дагчохь хила ца деза. Хьан дуьне даккхар гӀертаро, эхарте яккхар диц далийта ца деза, мелхо коьрта Ӏалашо эхарте яккхар хила еза, и яккха къахьега деза, дуьненахь, рицкъа даккхарац, и рицкъа даккха АллахӀан дуьхьа долуш, нийса ният долуш, цу рицкъанца, дисина долу Ӏибадаташ деш, иштта хила деза и!

Шайх Мухьаммад Хьассана даима олуш ма-хиллара: «Цкъа а харцо совйолуш ма яц, нийсонан дай шайн нийсонна тIехь къахьоьгучара малбелча бен!». Хийла гина-кх вайна, цхьана хенахь харц некъ лелийна, Iесалла лелийна, харц Iакъидатехь лелла волу стаг, ша иштта волчу хенахь кху интернет чохь йолу хIара Инстаграм, Вконтакте - массо агIонаш лелош хуьлу, харц мел дерг, боьха мел дерг, Iеса мел дерг даржош. Цул тIаьхьа, ша нис ма веллехь, шен дагахь ша кхетамчу ма веънехь, и шен ерриг агIонаш дIацIанйой паргIатволу. Шена чуволуш лелош цIанйина агIо хуьлу, цу тIе юьллуш цхьа а хIума ца хуьлу, еккъа еса лелош хуьлу, шен дагахь ша кхетамчу веъча деш ду иза! Мелхо а, ша хьалха цхьацца агIонаш лелош хиллехь харцо яржош, хIинца шишша агIонаш лело езаш ма вара иза АллахIан дин даржош, кхин хIумма ца хилча а, ша хIинццалц лелийначунна АллахIа гечдаре сатуьйсуш, хьалха ша Iеса дерг, харц дерг даржийнехь а, хIинца пайде дерг, АллахIан дин, нийса Iакъидат яржор ю ша аьлла, шишша агIонаш лело езаш ма вара, шен ницкъ мел кхочу царна тIехь АллахIан дин даржош!
[ Фатва 38. Пайде дерг даржор (юккъера кийсак) ]

Аллахlа боху шен сийлахь долчу Къуръан чохь: “Ткъа гаттонехь волчо шега дехча, цунна жоп луш верг мила ву!?”.
[Сурат: ан-Намл, аят: 62]
Оцу аято гойту, хьо чlогlа гаттонехь волуш, чlогlа холчахь волуш, чlогlа дог Аллахlан тlе дирзина волуш, массо агlонах дог диллина, массо агlонах дlа хаьдди, дог ойла еккъа цхьана Аллахlан тlе йирзина волуш, массо агlора болу сатийсам дlа баьлла и хьай дерриге дог Аллахlан тlе дирзина волуш ахь динчу доlна Аллахlа дукх сиха жоп луш хилар гойту оцу аято! делахь иштта оцу хьолехь хьай дог каро ду хала дерг, хьайна цхьаъ деха лиъча хьай дог оцу хьоле дига ду хала дерг, оцу хьоле дог цхьа ша шах кхочу нагахь хьуна тlе цхьа чlогlа бала беъча, чlогlа хало еъча, айхьа ху дир ду ца хууш хьо чlогlа холча хоьттича. Амма иштта хьал нис а делла, хьан дог оцу хьоле кхечча а дукхах болчу нахан ца хаьа оццехь дукх сиха ша доl дан дези, оцу хьолехь ша волуш динчу доlан жоп луш дуй ца хаьаро оцу шена лур долчу жоьпах боху дукхах болу нах! Масала цхьа чlогlа бала беъна хьоьга, чlогlа хало тlе еъна хьуна, чlогlа оцу гlулкхан оьшуш цхьа гlо ду хьуна, ткъа хьо ойланашкахь ву хьенга эра дар те, хьенга орца вер вар те бохуш чlогlа холчахь вукх хьо, цхьа даггара дог ойла Аллахlан тlе йоьрзуш нис луш хуьлукх цхьа цlеххьана, цхьана кепар кхи цхьанна хlуман ойла яш воцуш еккъа дог ойла Аллахlан тlе йоьрзи, оццехь ахь динчу доlан жоп ца хила йиш яц! ткъа хьан дог ойла оцу кепар Аллахlан тlе йоьрзи лаьтташ яц, оцу миноташкахь дlа хьовза тарло иза, цун дела оццехь, оцу миноташкахь дан дезаш ду и доl, и хьай дог ойла нисса Аллахlан цхьа ша кепар тlе йирзинчу миноташкахь дан дезаш ду иза ламазехь дир ду ас, тховса тахlажжуде гlеттина дир ду ас бохуш дlа ца тоьттуш оццехь сихха дан дезаш ду иза, хьой арахь велахь, новкъахь велахь, нахац велахь, миччахь велахь, мухха хьолехь велахь а хьай багахь олу-кх ахь я Аллахl гlо дехь суна, хьалха ваккхахь со кху балех, я кхи муьлхха хьайна тlе lотта деллачу хьолах лаьцна иштта ахь багахь олуш долу и дешнаш, и ду и доl, иштта оцу хьолехь хьа и дар нис делча хьуна цунах жоп ца хила йиш йоцуш ду иза.
[ Фатва 35. (юккъера кийсак) ]

Суннат даржор
Шайх Вахьид Iабдус-Салам Балис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Суннат даржор, бидӀат дӀадаккхар АллахӀан новкъахь дечу жихӀадах ду хьуна! АллахӀан шарӀ лардар - иза Ӏеламнехан а, АллахӀан новкъа нах кхойкхучеран а болх бу хьуна, уммат шен дикалле а, сийлалле а кхочур дац хьуна бидӀаташ цара шайна юкъара дӀадаххалц, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вайна дитинчу цӀеначу, къегиначу суннате уммат дерззалц».
[50 хатаъ фи салатил-Ӏидайни, агӀо: 5]

Forwarded from siylahquran
https://t.me/shishan1994
ХIара хьоста Ибн Мухьаммадан хилла йу. Цунна мела хилийта ас лелор йу иза, АллахIан пурбанца. «Сийлахь Къуръан» кхин вашас лелор йу.
Йаржорехь накъосталла динехь хазахетар хир дара. Дала диканца бекхам бойла шуна

Telegram
العبد التائب
Прогнувшиеся и подчинившиеся будут ненавидеть не тех, кто их прогнул, а тех, кто не прогнулся