sʜɪsʜᴀɴ
садаӀа йиш юй-те вайн?)
Ма дарра аьлча, садаӀа а йиш яц, хӀунда аьлча, мостагӀ садоӀуш вац, делахь а, хӀара дин ша дохуш наха тамаш беш ма дарра, юхадогӀура а ду наха тамаш а беш. Кху сийлаллин некъахь воьдург кӀезиг хуьлу, хьан-хьанна луш дац хӀара доккха ниӀмат АллахӀа (дин дуьхьа къахьоьгуш хилар, дин даржош хилар)
МостагӀий дукха бу вай, хала ду кху некъахь дӀа ваха, дуккху а хьуна дуьхьал берш хира бу, хьуна новкъарло йираш хира бу, хьо цхьалха вуьсуш хира ду (адмашан юккъехь воллушехь)
Ткъа адам, кӀад луш, кӀордош, гӀийла кхоьллина ма ду..
Цундела боху вай, садаӀа, амма аьттехьа а юха ма вала, тахана хьан дог Ӏовжийнехь, хьан ойланаш цхьана кеташ яцахь, хӀун да деза ца хаахь, садаӀа, ламазе хотта, суджуд де, деха Деле, деха хьайна собар, ницкъа, аьтто а, юха хьой метта ма веан, схьавола, схьавола дин даржош накъосталла де, схьавола, юха ма вала...
Нийсачу новкъахь воьдург кӀезиг вара але, хьо кхера ма лойлакх, йа юха ма волийлакх.
Харцачу новкъахь боьдурш дукха бара але, хьо цаьрна тӀехьа ма хоттийлакх, ахь тамаш ма бойлакх.
Некъахь боьлхуш дукха хиларо ца гойту хьуна и некъ нийса хилар!

Forwarded from Серлонан тоба
Аллахӏа вайна дахар - кхалхар нийсонна тӀехь дойла. АллахӀа Элчанна саллаллахӀу lалайхӀи васаллам гонахьа вовшах тухийла вай эхартахь. Аллахӏа къинхетам бойла массо бусалба стагах а, дика дерг даржо а, вон дерг дӀаккха а аьтто бойла вай, вайх хӀора а шен дегӀаца масала гойтуш хуьлийтийла АллахӀа, маттаца вай хьехам бале.
Шух цхьаммо ша-шегара бехк баьккхича цхьана а хьолехь ма олийла: "Соьгахь цхьа а дика дац" ХӀунда аьлча вайгахь Тавхьид ду.
Мелхо а цо олийла : "Со кхоьру сайна чохь долчу воно со хӀаллакварна"

Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хила яздинарг иштта а хира ду, ткъа ца яздинарг, иэсехь лозура ду..)))
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Зударий гlорасиз хилла бисна те, Халид саннарг ван ца луш?
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Доьгlнарг хьайна тlехдер даций а, тlехдаьлларг хьайна доьгlна ца хиллий а хааро дог синтеме дойла хьан...
Forwarded from Серлонан тоба
Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Iилманга кхочуш хIумма а дац, Iамочуьнан нийат цIена делахь». Цунга хаьттира: «ЦIена нийат муха хира ду цуьнан?»
Цо аьлла: «Хьалха шена тIера а, юха кхечарна тIера а жехIлалла дIаайба нийат дийра ду цо».

Forwarded from Рамзан Гендаргно
ХӀай, имандиллинарш! Нагахь аша АллахӀана гӀо дахь, Цо шуна а дийр ду гӀо, [Цо] шун когаш а чӀагӀбийр бу.
[Сурат «Мухьаммад», аят: 7]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
[Сурат «Мухьаммад», аят: 7]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
«ХӀай имандиллинарш! АллахӀан новкъахь [джихӀаде] арадовларе шайга, - и даз а делла, лаьттехьа хӀунда теӀа шу?
Шу дуьненан дахарна резахилла ткъа, эхартарчу дахарна [хилла дезачу] меттана? Амма дуьненан дахарера хуьлуш долу темаш эхартарачаьрца дуьстича, кӀадбоцург ду шуна!»
[Сурат: Ат-Тавба, аят:38]

АллахӀан гергахь, чуьрки тӀом мах бац кху дуьнени!
ВаллахӀи, АллахӀан гергахь кху дуьнен цхьа мах белхьара, АллахӀа керста нахе, кху дуьненахь хин къурд бойтар ма бацар.
Ойла е, хьо кху дуьнен тӀехьа ваьлла лела, веддий хьаьддий дуьнен бахам баккха гӀерта, ткъа хийла АллахӀа фарз дина Ӏибадат а ца деш, амма бакъ ду, хьо велча, и Ӏибадат бен ахьа дӀам гӀура дац, хьан даккхийри цӀенош, машенаш, ахчанаш, и массо хӀума, Ӏадда дитан гӀура ву хьуна хьо дӀа, йа ур-аттал пасаш хира яц хьуна тӀехь, диснарга-м хӀунда дуьйцу.
Вуьшта аьлча, хьуна цхьа ши стаг, чуьрки тӀам къуьйсуш гича, хьо воьлур ма вара цу шинах, мел Ӏовдал ву бохар ма дара ахь, изза ду хьуна дуьнен тӀехь ваьлла лелашчунгахь а.

АллахӀан деш долу Ӏибадат дӀа тес, хьо рицкъа даккха гӀерта, вай дакъаз ма вала хьо, АллахӀ вац хьуна и рицкъа луш верг?
Цуьнан Ӏибадат дарехь сов вала ца везар хьо, хьайна цхьаъ Цуьнгар оьшуш хилча?
И ма ду тамашийна хьал) тамашийна кхетам а)

Дикка ойла елахь кху хӀуман ...
Хьо ирсе вираг - АллахӀ ву, хьуна рицкъа луш верг - АллахӀ ву, хьо Ӏалаш вираг - АллахӀ ву, хьо дакъал вираг - АллахӀ ву, хьуна хазар, гар, куьг, ког, мотт, вахьа хаар, хьала гӀаттар, дехьа валар, сехьа валар, хьекъал, кхетам, эс, и дерриге хӀума, хьуна веш верг - АллахӀ ву, Ӏаламан Дела ву И, Ӏалам кхиош кхобуш верг ву И.
ТӀаккха ахьа ойла е, Цо ца вина, хьо ирсе ван ницкъа хьаьнгахь бу? Цо ца лахь, хьуна рицкъа дала ницкъа хьаьнгахь бу? Массо хӀума Шен карахь дерг И ву, цхьаллиг-цхьаъ вац, йа цхьаллиг-цхьа хӀума дац, шен Ӏибадат дан хьакъ долуш, йа вуьшта аьлча, Цуьнан омр тӀера вала, Цо бохург дӀа таса, Цуьнан муьтӀахь ца хила, хьан цхьаллиг-цхьа бахьан дац!
Ирса дези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!
Аьтто бези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!
Рицкъа дези - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!
Кху дуьненахь, эхартахь декъал хиллачерах хила лаьи - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!
Йалсамане хьан хьанал йа, жоьжахате хьайна хьарам ян лаьи - АллахӀан Ӏибадат дарехь сов вала!