Ӏилманан Аманат
338 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Ма къинхетаме динакх шу шинна дог, Сийлахь-Лекха волчу АллахӀа.
Доллу дуьне дац-кх шу шинна меха сан бӀаьрехь.
Сан хьоме Да Нана..
ВаллахӀи, со ван ма вац шу шинна диканех цхьа дика бен!
Дуьххьара баркалла АллахӀана ду-кх, цул тӀаьхьа баркалла шу шинна ду-кх, хӀай сан Да, Нана со тахана кхаьчначу хьолана!
АллахӀа уггаре дика хӀуманца бекхам бойла шу шинна!
Шу шинна совгӀат дина кховдадо-кх ас, со олуш ву-кх «АллахӀа шу шинна уггаре дика хӀуманца бекхам бойла!»

Я АллахӀ сан Да, Нана ларде Ахь!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
امين يا الله
ЧӀогӀа мехала доӀнаш...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Айхьа мел дукха Iамал йича а, и Iамал кIеззиг хета еза хьуна, хIунда аьлча Дала хьуна деллачу ниIматашка хьаьжча , ахь дийриг кIеззиг ду. Ишта кхерам бу хьан дагчу куралла ян а , ахь дозалла дан а айхьа ечу Iамалца. Дала лардойла вай кураллах а, нахах цадашарх а.
Вай кӀад дала йиш ю, кӀад делча садаӀа а йиш ю, амма юха довла йиш яц, къар дала йиш яц!

АллахӀа Ӏалаш дойла вай! АллахӀа Шен динан гӀоьнчий дойла вай! АллахӀа беркат дойла вайх! АллахӀа вайн дегнаш, кхетамаш кху нийсачу новкъантӀехь латта дойла, АллахӀа кху нийсачу новкъахь, вайн когаш чӀагӀ дойла, вай хьоьгу къа, АллахӀа Шен дуьхь дойла, АллахӀа лара дойла вай диканаш, АллахӀа цӀа а, кху нийсачу новкъар ма дохийла вай!

Йа АллахӀ, нийсо нийса хилар гайта Ахь тхуна, цу нийсонна тӀехьадазар ло Ахь тхуна.
Йа АллахӀ, харцо харца хилар гайта Ахь тхуна, цу харцонан букъ тохар ло Ахь тхуна.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
садаӀа йиш юй-те вайн?)
sʜɪsʜᴀɴ
садаӀа йиш юй-те вайн?)
Ма дарра аьлча, садаӀа а йиш яц, хӀунда аьлча, мостагӀ садоӀуш вац, делахь а, хӀара дин ша дохуш наха тамаш беш ма дарра, юхадогӀура а ду наха тамаш а беш. Кху сийлаллин некъахь воьдург кӀезиг хуьлу, хьан-хьанна луш дац хӀара доккха ниӀмат АллахӀа (дин дуьхьа къахьоьгуш хилар, дин даржош хилар)
МостагӀий дукха бу вай, хала ду кху некъахь дӀа ваха, дуккху а хьуна дуьхьал берш хира бу, хьуна новкъарло йираш хира бу, хьо цхьалха вуьсуш хира ду (адмашан юккъехь воллушехь)
Ткъа адам, кӀад луш, кӀордош, гӀийла кхоьллина ма ду..
Цундела боху вай, садаӀа, амма аьттехьа а юха ма вала, тахана хьан дог Ӏовжийнехь, хьан ойланаш цхьана кеташ яцахь, хӀун да деза ца хаахь, садаӀа, ламазе хотта, суджуд де, деха Деле, деха хьайна собар, ницкъа, аьтто а, юха хьой метта ма веан, схьавола, схьавола дин даржош накъосталла де, схьавола, юха ма вала...

Нийсачу новкъахь воьдург кӀезиг вара але, хьо кхера ма лойлакх, йа юха ма волийлакх.
Харцачу новкъахь боьдурш дукха бара але, хьо цаьрна тӀехьа ма хоттийлакх, ахь тамаш ма бойлакх.
Некъахь боьлхуш дукха хиларо ца гойту хьуна и некъ нийса хилар!
Аллахӏа вайна дахар - кхалхар нийсонна тӀехь дойла. АллахӀа Элчанна саллаллахӀу lалайхӀи васаллам гонахьа вовшах тухийла вай эхартахь. Аллахӏа къинхетам бойла массо бусалба стагах а, дика дерг даржо а, вон дерг дӀаккха а аьтто бойла вай, вайх хӀора а шен дегӀаца масала гойтуш хуьлийтийла АллахӀа, маттаца вай хьехам бале.
Шух цхьаммо ша-шегара бехк баьккхича цхьана а хьолехь ма олийла: "Соьгахь цхьа а дика дац" ХӀунда аьлча вайгахь Тавхьид ду.
Мелхо а цо олийла : "Со кхоьру сайна чохь долчу воно со хӀаллакварна"
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хила яздинарг иштта а хира ду, ткъа ца яздинарг, иэсехь лозура ду..)))
©доттагӀ
АллахӀ реза хуьлда диканиг мел
даржош волучуна! АллахӀа массо зеч-зуламах ларавойла Шен омр хьалха даьккхинарг, айбинарг, кхочушдираг! АллахӀа хьостийла шун дегнаш, шун лаамаш кхочуш барехь! АллахӀа декъала дойла шу, АллахӀа ирсе дойла шу, кху дуьненахь а, эхартахь а!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Зударий гlорасиз хилла бисна те, Халид саннарг ван ца луш?
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Доьгlнарг хьайна тlехдер даций а, тlехдаьлларг хьайна доьгlна ца хиллий а хааро дог синтеме дойла хьан...