Ӏилманан Аманат
338 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».

[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]

«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».

[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дуьненахь Шех ца кхиринарг - АллахӀа эхартахь кхерора ву!
Нагахь санна хӀара хьехамаш синкхетамехь долчу дагчу ца кхачахь, цхьа а пайда ца бахь, тӀаккха къематдийнахь кхерамо лоцар ву иза.
Акха-Ӏарбочо Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттира:
Къематде маца хӀуттар ду? аьлла.
Цо (Элчано) элира цуьнга:
ХӀун кечдина ахь цуьнна?
Вайца кху дешар юккъехь волчу цхьана вешин нана дӀаяьлла, иза ша а яра вайца доьшуш, хӀара дешар доладалале хьалха а дарсаш аьлла хьостана чохь.

АллахӀа гечдойла цунна! АллахӀа къинхетам бойла цунах! АллахӀа ялсаманин хьаша йойла цунах!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ДоттагӀчун статусехь гина цхьа видео яра, оьрсийн маттахь йолуш, цу тӀира къамел схьа даздан лаам бара вай, делахь а, цхьа хӀума ду, цу тӀехь "ученый" аьлла дара, амма суна воьвзуш вац иза, Шайх ву ала, Ӏеламстаг ву ала, (сайна ца вовзаран аса тамаш ца бо, йа мах лахар хадош ца боху, делахь а, питнах ларлуш, кхечу агӀора яздан лаара) чӀогӀа мехала долуш, дика жайна яздина цо, цундела, хьекъалдерг, аьлла хьахор ву вай и стаг..))
ДИЙЦАР...
(дийцарах пайда эца)

Цхьа стаг вара, хьекъал долуш. Цхьана хенахь, чӀогӀа мехала жайна яздинера цо, Ислам-дин лардеш, цуьнан сий деш, иза айба деш. Цунах лаьцна олуш хилла "и жайна яздарца, Йалсамане эцна цо" и мел деза жайна хилла билгал долу вайна цу дешнашца, иштта, хьарам маьждигехь а, и жайна яздинчун, баркалла олуш хилла, иштта чӀогӀа хьекъал, хьикмат долуш хилла и стаг ша, цо яздина жайна а хилла, жайнешан юккъехь, лаккхара мах хадийнарг..
Амма, цхьа шераш дӀадоьвлча, цу стаган дагчохь, шеконаш кхолла елла, цакхетам кхолла белла, иштта, цо юху а жайна яздина, амма хӀинца, Ислам-динан доьхьал долуш, цу Ислам-динан реза воцуш, иштта ирча, харца кхетам болуш, боьха жайна яздина цо.
Цхьана ханчохь, массара хьоьстуш, Ислам-динан гӀо деш, чӀогӀа мехала жайна яздина волу, хӀинца цуьнан доьхьал жайна яздина.
Цо хӀун гойту вайна, цу дийцарах пайда муха эца беза вай аьлча:
– Хьан тахан нийса кхетам белахь а, кхана хьо цу нийсачу новкъахь хира ву аьлла хьуна дала дош дац цхьанне!
– Тахана хьан куьгхула кху Ислам-динан АллахӀа гӀо дайтанехь а, кхана хьо иштта гӀоьнча хира ву аьлла дала дош дац цхьанне!
– Тахана, хьан говзалла йолуш, хьикмате волуш, хьо кху Ислам-динан гӀо деш валахь, ахь тамаш ма белахь, хила тарло хьуна, ахьа куралла яр бахьан долуш, кхана хьо АллахӀа сийсаз веш, кху дин чура ара валлар, кхераме хьал ду хьуна иза - хьайха тамаш бар, куралла яр!
– Тахана, АллахӀа хьан хьехар, хьан дин даржорехь къахьегар, нагӀал даьлла, хьо нахана воьвзанехь, наха хьоьстуш велахь, хаалахь, уггар хьалха, хаалахь, иза АллахӀа хьоьх бина къинхетам буй, хаалахь, АллахӀан гӀоьнца бен, ахь иза (дика Ӏамал) йина йоци, хаалахь, хьан дагчу цхьа дика хӀума теснехь (йаккхийри Ӏалашонаш) иза АллахӀа хьан дагчу тесний, Шайна лаахь, иза хьоьгара схьаэца Цуьнан ницкъа буй а, хаалахь, диц ма делахь!
– Ахь дина цхьаллиг цхьа дика дац хьуна ахь дина, АллахӀан гӀоьнца бен, АллахӀан лиъчи бен, тӀаккха ахь тамаш хьаьнха бо? ТӀаккха ахь куралла муха йо? ТӀаккха ахь хьан корт муха ойбу? ТӀаккха хьуна и (даӀват дар, хьехар дар, дин даржор) кӀорда муха до?
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from lадлан Харачо
Хаттар: Хьайн дIадаханчу шеран къиношна гечдан лаьий хьуна?

Жоп: Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

Кхечу хьадисехь Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1162]

🔵Ткъа оцу Iа‌шу‌ра‌ъ денца, цулла хьалхарчу дийнахь марха кхабар а суннат ду, цунна далил - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «...ИншаАллахI, вай юха шаренга довлахь, (Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхара) 9-гIа де а кхобур ду вай...».
[Сахьи‌хь: Муслим: 1134]

🔵Амма Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал тIаьхьарчу дийнахь марха кхабарха долу хьадис даIиф ду, цундела, цу дийнахь кхабар суннат ду ца олу вай, ткъа кхобуш волчуьнга ма кхаба, бидIат ду а ца олу.

🔵Шен мархийн баттахь дисина, тIекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу шина дийнахь марха кхаба, цуьнан ши некъ бу:

1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду.
2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю.

🔵Ният «суннат марха кхаба» аьлла, дагахь хилчхьана кхачам бу, багахь хIумма а баха оьшуш дац. «Кхана марха кхобур ду ас», - аьлла дагчохь сацам хиллехь - иза ният лоруш ду.

🔵Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхарчу дийнахь марха кхабаза виснехь, деккъа Iа‌шу‌ра‌ъ де кхаба а мегар ду, цул тIаьхьарчу дийнахь ца кхаьбча а.
https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
- СовгӀатан хӀума луш, цхьа бен йоцуш луш ма ца хуьлу, елчхьа аьл. СовгӀатан хӀума луш, пайде ерг луш хуьлу, цуна оьшур ерг луш хуьлу, хьуна хьайна елча хаза хетар ерг, хьуна хьайна езарг луш хуьлу.

©Нана
Ӏилманан Аманат
- СовгӀатан хӀума луш, цхьа бен йоцуш луш ма ца хуьлу, елчхьа аьл. СовгӀатан хӀума луш, пайде ерг луш хуьлу, цуна оьшур ерг луш хуьлу, хьуна хьайна елча хаза хетар ерг, хьуна хьайна езарг луш хуьлу. ©Нана
Баркалла олуш, ахь дийра ду доӀнаш, хӀора а доӀ, дагах кхеташ, мехала долуш, делахь а, сан даган уггар дукха дезна доӀ, сан дена, нена динарг дукх.
Ахь ала "АллахӀ реза хуьлда хьуна а, хьан дена, нанна а"
АллахӀ реза хуьлда боху доӀ, вайн матте дирзина доӀ ду, делахь а, ойла йича, чӀогӀа деза доӀ а ду, хӀун хира дара, АллахӀ хьуна реза хиларел а деза?
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йа АллахӀ! Гечде ахь сан Дена-Нанна, къинхетам бе Ахь цаьршиннах, уггаре дикачуьнца бекхам бе Ахь цаьршина.
Ма къинхетаме динакх шу шинна дог, Сийлахь-Лекха волчу АллахӀа.
Доллу дуьне дац-кх шу шинна меха сан бӀаьрехь.
Сан хьоме Да Нана..
ВаллахӀи, со ван ма вац шу шинна диканех цхьа дика бен!
Дуьххьара баркалла АллахӀана ду-кх, цул тӀаьхьа баркалла шу шинна ду-кх, хӀай сан Да, Нана со тахана кхаьчначу хьолана!
АллахӀа уггаре дика хӀуманца бекхам бойла шу шинна!
Шу шинна совгӀат дина кховдадо-кх ас, со олуш ву-кх «АллахӀа шу шинна уггаре дика хӀуманца бекхам бойла!»

Я АллахӀ сан Да, Нана ларде Ахь!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
امين يا الله
ЧӀогӀа мехала доӀнаш...