АллахӀа хаза кхаъ боккхийла цуьнан цӀерачарна, могуш, маьрша шен цӀа верза войла иза дарбан цӀийнера! АллахӀа массоч цамгарах дӀа цӀан войла иза, цхьа а лазар хилла а доцуш санна! АллахӀа Ӏалаш войла иза! АллахӀа гӀоле йойла цуна!
Собаре хилар ду - хьайна тӀехӀоьттина долучу хьолехь, хьо самукъа долуш хилар. Иза Дала хьайна делла дуй хууш, хьо реза хилар.
Ахь дехнарг хьайна Дала деллехьара, хьо муха самукъа даьлла хира вара? Цулла чӀогӀа самукъа дала дезаш ду хьуна хьан, ахь дехарг, Дала хьайна ца делча.
И муха хуьлу аьлча, ахь дехнарг, иза хьуна гӀоле хетарг ду, цуьнан тӀехьало ца йоьвзуш доьхуш, ткъа Дала хаьржинарг, иза Дала хьуна гӀоле хӀун ду хууш делла ду хьуна, ахь дехнарг ца луш, кхиниг далар.
Хьо дукха везаш волу АллахӀ, хьо массо зеч ларвеш волу АллахӀ, хьо вочу тӀехьлох лараво, тӀаккха а реза вац хьо.

Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Хьо собарах воьхнера аьлла тӀебеана бала дӀа а ца болу, я бай а ца ло.
[Дарс: 21]
[Дарс: 21]
Forwarded from Delan din
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла: «Собар дуьххьар хало тӀе еъча дийриг ду.»
[ат-Тирмизий: 992].
[ат-Тирмизий: 992].
Болх, цхьана АллахӀан тӀе биллар - дега Ӏамалех, уггар сийлахь йолу Ӏамал ю иза.
Хьан дегар паргӀато луш, синтем беш, еза Ӏамал ю - болх АллахӀан тӀе биллар!

Forwarded from Серлонан тоба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Нагахь санна хӀара хьехамаш синкхетамехь долчу дагчу ца кхачахь, цхьа а пайда ца бахь, тӀаккха къематдийнахь кхерамо лоцар ву иза.
Forwarded from Ӏакъидатан Академи
Вайца кху дешар юккъехь волчу цхьана вешин нана дӀаяьлла, иза ша а яра вайца доьшуш, хӀара дешар доладалале хьалха а дарсаш аьлла хьостана чохь.
АллахӀа гечдойла цунна! АллахӀа къинхетам бойла цунах! АллахӀа ялсаманин хьаша йойла цунах!

ДоттагӀчун статусехь гина цхьа видео яра, оьрсийн маттахь йолуш, цу тӀира къамел схьа даздан лаам бара вай, делахь а, цхьа хӀума ду, цу тӀехь "ученый" аьлла дара, амма суна воьвзуш вац иза, Шайх ву ала, Ӏеламстаг ву ала, (сайна ца вовзаран аса тамаш ца бо, йа мах лахар хадош ца боху, делахь а, питнах ларлуш, кхечу агӀора яздан лаара) чӀогӀа мехала долуш, дика жайна яздина цо, цундела, хьекъалдерг, аьлла хьахор ву вай и стаг..))
ДИЙЦАР...
(дийцарах пайда эца)
Цхьа стаг вара, хьекъал долуш. Цхьана хенахь, чӀогӀа мехала жайна яздинера цо, Ислам-дин лардеш, цуьнан сий деш, иза айба деш. Цунах лаьцна олуш хилла "и жайна яздарца, Йалсамане эцна цо" и мел деза жайна хилла билгал долу вайна цу дешнашца, иштта, хьарам маьждигехь а, и жайна яздинчун, баркалла олуш хилла, иштта чӀогӀа хьекъал, хьикмат долуш хилла и стаг ша, цо яздина жайна а хилла, жайнешан юккъехь, лаккхара мах хадийнарг..
Амма, цхьа шераш дӀадоьвлча, цу стаган дагчохь, шеконаш кхолла елла, цакхетам кхолла белла, иштта, цо юху а жайна яздина, амма хӀинца, Ислам-динан доьхьал долуш, цу Ислам-динан реза воцуш, иштта ирча, харца кхетам болуш, боьха жайна яздина цо.
Цхьана ханчохь, массара хьоьстуш, Ислам-динан гӀо деш, чӀогӀа мехала жайна яздина волу, хӀинца цуьнан доьхьал жайна яздина.
Цо хӀун гойту вайна, цу дийцарах пайда муха эца беза вай аьлча:
– Хьан тахан нийса кхетам белахь а, кхана хьо цу нийсачу новкъахь хира ву аьлла хьуна дала дош дац цхьанне!
– Тахана хьан куьгхула кху Ислам-динан АллахӀа гӀо дайтанехь а, кхана хьо иштта гӀоьнча хира ву аьлла дала дош дац цхьанне!
– Тахана, хьан говзалла йолуш, хьикмате волуш, хьо кху Ислам-динан гӀо деш валахь, ахь тамаш ма белахь, хила тарло хьуна, ахьа куралла яр бахьан долуш, кхана хьо АллахӀа сийсаз веш, кху дин чура ара валлар, кхераме хьал ду хьуна иза - хьайха тамаш бар, куралла яр!
– Тахана, АллахӀа хьан хьехар, хьан дин даржорехь къахьегар, нагӀал даьлла, хьо нахана воьвзанехь, наха хьоьстуш велахь, хаалахь, уггар хьалха, хаалахь, иза АллахӀа хьоьх бина къинхетам буй, хаалахь, АллахӀан гӀоьнца бен, ахь иза (дика Ӏамал) йина йоци, хаалахь, хьан дагчу цхьа дика хӀума теснехь (йаккхийри Ӏалашонаш) иза АллахӀа хьан дагчу тесний, Шайна лаахь, иза хьоьгара схьаэца Цуьнан ницкъа буй а, хаалахь, диц ма делахь!
– Ахь дина цхьаллиг цхьа дика дац хьуна ахь дина, АллахӀан гӀоьнца бен, АллахӀан лиъчи бен, тӀаккха ахь тамаш хьаьнха бо? ТӀаккха ахь куралла муха йо? ТӀаккха ахь хьан корт муха ойбу? ТӀаккха хьуна и (даӀват дар, хьехар дар, дин даржор) кӀорда муха до?

Forwarded from lадлан Харачо
Жоп: Абу Къатадата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iашураъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо».
[Сахьихь: Муслим: 1162]
Кхечу хьадисехь Абу Къатадата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iашураъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна».
[Сахьихь: Муслим: 1162]
[Сахьихь: Муслим: 1134]
1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду.
2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю.
https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM