أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُوا۟ ٱلْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلِكُم مَّسَّتْهُمُ ٱلْبَأْسَآءُ وَٱلضَّرَّآءُ وَزُلْزِلُوا۟ حَتَّىٰ يَقُولَ ٱلرَّسُولُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَهُۥ مَتَىٰ نَصْرُ ٱللَّهِ أَلَآ إِنَّ نَصْرَ ٱللَّهِ قَرِيبٌ
Йа шуна моьттара, шаьш йалсамани чу гӀур ду, шайл а хьалха хиллачара лайнарг шайга деъна а доцуш? Къоьллий, лазаршший кхечира цаьрга. Цара инзаре баланаш хьийгира, элча а, цунга иймандиллинарш а олучу тӀе а бовлуш: «Маца кхочур ду-те АллахӀан гӀо?». Боккъалла а, герга ду АллахӀан гӀо.
[2:214]

Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Я Аллахl, гена буй те тхан некъ, Хьан хазачу ниӀматашка кхача? Оха чӀагӀо-м йо, и мел беха хиларх, тхо юха-м девр дац хьуна!
Forwarded from Delan din
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
lабдуллахl ибн Мубарака аьлла:
(АллахIа къинхетам бойла цунах)
"Пайхамараллийн даржал тlаьхьа, lилма даржадарал деза хlума хlун ду хууш вац со".
(Тахlзийбул-камал/16/20)

Хьай деган некъ гойтуш ерг, АллахӀан тӀе хьажа е ахьа, цул тӀаьхьа цу некъахь дӀагӀо хьо, хьан шин голан тӀехь текхаш гӀой, тӀаккха дӀакхочура ву хьуна хьо.
АллахӀан омар кхочушдеш, шу муьлхачу агӀора дӀа хьовзахьа, цигахь АллахӀан йоьхь ю шуна, тӀаккха АллахӀан муьтӀахь хира ду шу.
Цхьана хьенехе, Ӏуьйранна хьо цуьнга вирзича, ахьа цуьнга дехча, сарахь шен неӀ дӀа къовлу цо хьуна хьалха.
Цхьана адман доьхьал цо хьуна гӀо дахь а, вукхун адман доьхьал цо хьуна гӀо дийра дац.
Тахан цо хьуна лахь а, кхана цо хьуна лура дац.
Амма АллахӀ иштта вац!
Иза дийна верг ву, Шена Ӏибадат дан хьакъ волуша, И воцург кхин цхьа вац!
Цундела цуьнга деха. Денахь, буса хьуна луш ву Иза, хьуна тӀе зулам кхаьчнехь, массарна доьхьал хьуна накъост ву Иза, хьуна гӀо деш ву Иза, Шен неӀ, хьуна доьхьал дӀа къовлуш вац иза. Комаьрша болучарех, уггаре комаьршаниг ву Иза.
Цундела, доллу халкъа, Цуьнга доьрзуш ду, Цуьнга тоьвжуж ду.
Хьай хьашта эцна, хьо кхечуна тӀе товжахьа, эшамехь вуьсура ву хьо, хьо эшамехь ца виса йиш яцара.

АллахӀе юха дерзархьам, цхьана цамгаре хӀунда хьоьжу вай?
АллахӀи цӀе дага яийтархьам, цхьана балане хӀунда хьоьжу вай?
Цуьнан маьждиг чудахархьам, цхьана халоне хӀунда хьоьжу вай?
Вай Шайга дерза, вай Шайна муьтӀахь хила хьакъ вац Иза? Цамгарша, баланаш, халонаш вайна тӀе ца йаьхкича а.
Цо вайна дел долу дахар, могшалла, иман, кхерамзалла, ирс, и дерриге кӀезиг ду те? Цуьнан хьалха вай вахьа таӀа.
[Жайна: Хьо АллахӀ волун дела]
https://t.me/Importantknowledgee

Forwarded from Ӏаламан хазна
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:
«Ислам-дин юхадогӀур ду ша дуьххьара дола ма-даллара наха тамаша а беш. Ма йоккха декъалла ю-кх гӀурабаашна (нах галбевлачу хенахь шайн динах тасабелларш)».
[Муслим: 145]

Хьайна АллахӀ везар сов далийта хьо лууш валахь, АллахӀа фарз динарг кхочуш деш хила..
Хьой АллахӀан везийта хьо лууш валахь, хьо суннач дарехь сов волуш хила..

Ӏилманан Аманат
Хьайна АллахӀ везар сов далийта хьо лууш валахь, АллахӀа фарз динарг кхочуш деш хила.. Хьой АллахӀан везийта хьо лууш валахь, хьо суннач дарехь сов волуш хила..
АЛЛАХӀАН ГЕРГА ВАХА ДАН ДЕЗАРГ, ИШТТА, АЛЛАХӀАН ХЬО ДУКХА ВЕЗИЙТА ДАН ДЕЗАРГ А...
АллахӀа боху къудс хьадисехь: «Лай суна герга хира ма вац цхьана хӀуманца, Суна и дукха дезаш, йа цулла дукха дезаш кхин дерг даъ доцуш, Аса цуьна фарз динчул...»
Цуьнан маьӀана, АллахӀа Шена уггаре чӀогӀа дукха дезаш долу хӀума, хьуна Ша фарз дина долу хӀума, и ахьа кхочуш дар ду боху.
Хьо АллахӀа герга, АллахӀа тӀе диллина долу фарз кхочуш деш доцуш, хиллуша вац хьуна. Хьо АллахӀа герга хила гӀерташ валахь, уггар чӀогӀа хьо АллахӀа герга вуьгур дерга, уггар чӀогӀа хьо АллахӀа герга ваха, АллахӀа дезаш дерга, иза хьайна тӀера ахьа фарз кхочуш дар ду.
Фарз хӀун ду, ламаз, марха, закат, хьажа, иштта зудчун шен духар, хьиджаб, боьрша стага шен маж лелор, иштта кхи мел ду уьш, рузбане вахар, иштта кхин дӀа а, муьлха АллахӀа фарз дина хьуна тӀе диллинарг ду ахьа АллахӀа герга ваха лело дезаш. Уггар хьалха фарз кхочуш дан дезаш ду, цулла хьалха хӀумма дан дац.
Цул тӀаьхьа боху цу хьадисехь АллахӀа, къудс хьадисехь : ...Сан лай соцура ма вац, суна герга хуьлучер, суннаташца, Суна иза дукха веза валлалц»
Сурт хотта де, АллахӀа дечу къамеле, хьуна АллахӀа дукха везарам иза цхьа ша хӀума дара, амма АллахӀан хьо дукха веза боху хӀума, иза инзаре хӀума ду. АллахӀан хьо дукха веза валийта ахьа кхочуш дан дезар, фарзаш кхочуш деш волуш, оцу суннаташкахь хьо сов вийлар.
АллахӀан хьо дукха везачу дарже хьо кхочуш вац хьуна, хьо деккъа фарзаш кхочуш деш мел ву, хьо цу суннаташкахь сов вуьйлуш вацахь, хьайна мел доьвзуш долу суннат кхочуш деш, ца доьвзарг довза гӀерташ, хьо оцу суннаташкахь сов валахь, тӀаккха кхочу хьо оцу дарже, АллахӀа хьо дукха веза дарже.»

Да поможет АллахӀ тому, кто ради Него любят доруг друга!
Forwarded from Muvahhidun
«وكل روح تميل الى ما يناسبها»
«Хlора а са шех терачуьнга кхийда.»
lабдурраззакъ ал-Бадр
«Хlора а са шех терачуьнга кхийда.»
lабдурраззакъ ал-Бадр
ӀИЛМА ДОЛУЧУНГА, ХЬАЙНА ӀАМАДЕ АЛАР...(Хьажан, Ӏумратан белхаш)
«Хьо хьаж дан, йа Ӏумрат дан Ӏалашо йолуш валахь, хьо ву цу хӀуман тӀаьхьа вала везаш, цунах дерг довза дезаш. Ӏилма дерг вац хьан чу веан, вахьа хиъ хьо Ӏамо гӀерташ Ӏа везарг, хьоьга хьа вола бохуш, хьуна тӀаьхьа ваьлла лела везарг, мелхо хьо ву и Ӏилма долчунг хьайна Ӏама де аьлла, цаьрга ваха везарг, хьо ву цуьнан тӀаьхьа ваьлла лела везаш.
Хьан ойла хила еза, нийса хьоьхург мичахь карор вара теш, суннатехь ма бохха, хьаж Ӏумрат дан Ӏама хьа дийра дара теш, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра хьаж, Ӏумрат дан суна хьа хьоьхур дара теш, бохуш хила веза хьо, иштта цу хӀумех бала болуш, лоьхуш хила веза. ХӀунда аьлча, иза хьуна тӀехь долу декхар ду.»

Шайн болх АллахӀан тӀе билла - шаьш бакъдолу бусулба делахь!
Болх АллахӀан тӀе биллар, Цу АллахӀах хьо тешар бакъхилар билгало ю хьуна.
И болх АллахӀан тӀе биллар, АллахӀ цхьаъ вар - геч дар, доӀ дар хьуна важиб ма хиллара важиб ду хьуна
Болх АллахӀан тӀе биллар, Цу АллахӀах хьо тешар бакъхилар билгало ю хьуна.
И болх АллахӀан тӀе биллар, АллахӀ цхьаъ вар - геч дар, доӀ дар хьуна важиб ма хиллара важиб ду хьуна
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Ахь бечу балхо луш ма дац хьуна и рицкъ, я хуьлуьйтуш а ма дац цо и. Балхо рицкъ хуьлуьйтуш хилча, тӀаккха ахь болх мосазза бо хир ма дара хьуна и рицкъ, делахь а, масане ву вайх, болх а бина, амма рицкъ ца хуьлуш. АллахӀ ву хьуна рицкъ луш верг, хьан болх бац.