Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Терго е! Еша а еша!
Дина доӀ диц лура дац, доггаха аларан, амин, олуш тӀе чӀагӀ даран, вай жоьпе хьоьжуш ду..
Хьан АллахӀе верзар, Ӏибадат дар сов даьлча, хьан Ӏалашонаш а кхин йаккхий хуьлу, хьан лаамаш а, бисанчеран санна ца хуьлу, тӀаккха ахьа дехалахь, кхочча, хьакъ мадду, хьой АллахӀан Ӏибадат дечерах хилийта аьлла, доӀан жоп луш верг ву хьуна Иза..
АллахӀа хьан дагчу цхьа лаам билланехь (дин дуьхьа цхьа кхиамаш бан) хаалахь, хьо АллахӀа хаьржаний, хаалахь, АллахӀан, хьан куьгхула, кху умматан пайда бан лианий..
ТӀаккха, хьо муха хуьлу Ӏеса? Хьан дегӀан лаам хьалха ахьа муха боккха, АллахӀан лаам вахьа таӀийна?
Хаалахь, хьо къиношкахь сов ваьлча, АллахӀа хьоьх беркат хилар схьаоьцар дуй, хьан метта хотто дуккху а бу хуьна АллахӀи лайш, АллахӀан муьтӀахь болуш.
Хьо хуьлийла, АллахӀан Ӏибадат дарехь сов волуш, кхочча АллахӀан Ӏибадат деш, кхечарел а сов волуш, дӀабоьдург къовсам болуш санна хуьлийла хьо. Цу къовсаман юккъера, хьалхара меттигаш йаьхначарна, луш долу совгӀат ду хьуна, ахьа къахьега хьакъ долуш, мелхо, цу совгӀатан хьакъ хьоьга дӀадала а лура дац, АллахӀан хьоьх къинхетам ца бахь!
Дийца, яздан, йа кхин а, даӀват даржорехь, къахьега ампал яц.
Вай лелочунах, пайда, беркат хира ду, нагахь иза АллахӀан дуьхьа далахь!
Варийлахь, хьан йоза даржа ца до, хьан къамеле ла ца дугӀу, хьан видео яржа ца йо, бохуш холча хуьттуш хьо ма лелалахь!
Тахана хьан йоза ца гиначуна, кхана гура ду и, тахана хьан йозах пайда ца эцначо, кхана оьцура бу и!
Вайна тӀехь ду, бахьанаш лелор, ткъа хира долу беркат, пайда, иза АллахӀан тӀе дилла, иза кхачаме ду хьуна, иза гӀоле а ду хьуна!
Айхьа цхьа йоза яздинехь, ният цӀан дина чу дилла, чу диллича доӀ де, пайде, беркате хилийта аьлла!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
хьан хӀора де хуьлийла ирсе, шена чохь сингаттам, бала боцуш, сан хьоме доттагӀ...!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Делан дуьхьа даггара лелаш верг бакъдерг ца кхайкхош Iийра вац, ша йемал вичий а, хIунда аьлча, цо и бакъо кхайкхо йолийна йац ша хаставайтархьама».
أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُوا۟ ٱلْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ ٱلَّذِينَ خَلَوْا۟ مِن قَبْلِكُم مَّسَّتْهُمُ ٱلْبَأْسَآءُ وَٱلضَّرَّآءُ وَزُلْزِلُوا۟ حَتَّىٰ يَقُولَ ٱلرَّسُولُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مَعَهُۥ مَتَىٰ نَصْرُ ٱللَّهِ أَلَآ إِنَّ نَصْرَ ٱللَّهِ قَرِيبٌ

Йа шуна моьттара, шаьш йалсамани чу гӀур ду, шайл а хьалха хиллачара лайнарг шайга деъна а доцуш? Къоьллий, лазаршший кхечира цаьрга. Цара инзаре баланаш хьийгира, элча а, цунга иймандиллинарш а олучу тӀе а бовлуш: «Маца кхочур ду-те АллахӀан гӀо?». Боккъалла а, герга ду АллахӀан гӀо.

[2:214]
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Я Аллахl, гена буй те тхан некъ, Хьан хазачу ниӀматашка кхача? Оха чӀагӀо-м йо, и мел беха хиларх, тхо юха-м девр дац хьуна!
Forwarded from Delan din
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
lабдуллахl ибн Мубарака аьлла:
(АллахIа къинхетам бойла цунах)

"Пайхамараллийн даржал тlаьхьа, lилма даржадарал деза хlума хlун ду хууш вац со".


(Тахlзийбул-камал/16/20)
Хьай деган некъ гойтуш ерг, АллахӀан тӀе хьажа е ахьа, цул тӀаьхьа цу некъахь дӀагӀо хьо, хьан шин голан тӀехь текхаш гӀой, тӀаккха дӀакхочура ву хьуна хьо.
АллахӀан омар кхочушдеш, шу муьлхачу агӀора дӀа хьовзахьа, цигахь АллахӀан йоьхь ю шуна, тӀаккха АллахӀан муьтӀахь хира ду шу.
Цхьана хьенехе, Ӏуьйранна хьо цуьнга вирзича, ахьа цуьнга дехча, сарахь шен неӀ дӀа къовлу цо хьуна хьалха.
Цхьана адман доьхьал цо хьуна гӀо дахь а, вукхун адман доьхьал цо хьуна гӀо дийра дац.
Тахан цо хьуна лахь а, кхана цо хьуна лура дац.
Амма АллахӀ иштта вац!
Иза дийна верг ву, Шена Ӏибадат дан хьакъ волуша, И воцург кхин цхьа вац!
Цундела цуьнга деха. Денахь, буса хьуна луш ву Иза, хьуна тӀе зулам кхаьчнехь, массарна доьхьал хьуна накъост ву Иза, хьуна гӀо деш ву Иза, Шен неӀ, хьуна доьхьал дӀа къовлуш вац иза. Комаьрша болучарех, уггаре комаьршаниг ву Иза.
Цундела, доллу халкъа, Цуьнга доьрзуш ду, Цуьнга тоьвжуж ду.
Хьай хьашта эцна, хьо кхечуна тӀе товжахьа, эшамехь вуьсура ву хьо, хьо эшамехь ца виса йиш яцара.
АллахӀе юха дерзархьам, цхьана цамгаре хӀунда хьоьжу вай?
АллахӀи цӀе дага яийтархьам, цхьана балане хӀунда хьоьжу вай?
Цуьнан маьждиг чудахархьам, цхьана халоне хӀунда хьоьжу вай?
Вай Шайга дерза, вай Шайна муьтӀахь хила хьакъ вац Иза? Цамгарша, баланаш, халонаш вайна тӀе ца йаьхкича а.
Цо вайна дел долу дахар, могшалла, иман, кхерамзалла, ирс, и дерриге кӀезиг ду те? Цуьнан хьалха вай вахьа таӀа.

[Жайна: Хьо АллахӀ волун дела]
https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«Ислам-дин юхадогӀур ду ша дуьххьара дола ма-даллара наха тамаша а беш. Ма йоккха декъалла ю-кх гӀурабаашна (нах галбевлачу хенахь шайн динах тасабелларш)».

[Муслим: 145]