رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةًۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْوَهَّابُ
Тхан Дела! [Нийсонна тӀера] дӀа ма даха Ахьа тхан дегнаш, Айхьа тхо нийсачу новкъа нисдиначул тӀаьхьа. Хьайгара къинхетам а ло Ахьа тхуна. Баккъалла а, Хьо ву-кх Лушверг!
[ Сурат:3, аят:8 ]

АллахӀа боху:
لَآ إِكْرَاهَ فِى ٱلدِّينِۖ قَد تَّبَيَّنَ ٱلرُّشْدُ مِنَ ٱلْغَىِّۚ فَمَن يَكْفُرْ بِٱلطَّـٰغُوتِ وَيُؤْمِنۢ بِٱللَّهِ فَقَدِ ٱسْتَمْسَكَ بِٱلْعُرْوَةِ ٱلْوُثْقَىٰ لَا ٱنفِصَامَ لَهَاۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Динехь ницкъбар дац. Нийса некъ къаьстина баьлла тиларах. Ткъа тӀагӀутаца керстаналла а дина, АллахӀе иймандиллиначо тешаме мукъ лаьцна, цкъа а хедан боцу. АллахӀ - Хезашверг, Хууш-верг ву.
Иштта боху АллахӀа:
ٱللَّهُ وَلِىُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ يُخْرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَـٰتِ إِلَى ٱلنُّورِۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ أَوْلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّـٰغُوتُ يُخْرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَـٰتِۗ أُوْلَـٰٓئِكَ أَصْحَـٰبُ ٱلنَّارِۖ هُمْ فِيهَا خَـٰلِدُونَ
АллахӀ - [Шех] тешначеран доладийриг ву. Цо уьш боданашкара серлоре боху. Ткъа Делах цатешачеран гергарнаш тӀагӀут йу, серлонера уьш боданашка бохуш йолу. ЦӀергахь хир бу уьш. Цу чохь даиманна Ӏийр бу уьш.
[ сурат: Бакъара, аят: 256-257]

Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь!
Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь!
ХӀай доӀанна жоп луш Верг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш!
©доттагӀ

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.»
Forwarded from Серлонан тоба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна! ХӀара дуьне мел лаьтта!
АллахӀан дош лакхадера ду хьуна! Массо хенахь а, массо меттехь а!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна! ХӀара дуьне мел лаьтта!
АллахӀан дош лакхадера ду хьуна! Массо хенахь а, массо меттехь а!
Forwarded from Серлонан тоба
Ӏеламнеха дегнаш детталуш мел ду уммат эшамехь дац!
Ӏакъидат-Ӏилма дара АллахӀа адам а, жин а кхолларан Ӏалашо. АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«Ас адам, жин кхоьллина ма дац, Сайна Ӏибадат дайта а бен».
Ткъа хӀун ду и Ӏибадат деккъа цхьана АллахӀана дар, Цунна а бен и Ӏибадат цадар, и АллахӀ цхьаъ вар цу Ӏибадатехь? И ду-кх и Ӏакъидат-Ӏилма. ФикъхӀ-Ӏилма дац и, хьадис-Ӏилма дац, тафсир-Ӏилма дац и, Ӏакъидат ю и.
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/vay_nohchiy

Forwarded from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
цхьа хьоста ду кху чохь, и лелош вег кlант ву те, я йоl ю те олий висара хийлаза
суна доккха масала ду иштта шайн хьостанаш кху чохь лелош берш.. хьоста лелош вег мила ву хиина бен, цунна «репост» ца еш, я шайн хьоста чу ца оьшу комментариш ца яз еш, иштта кхин дlа а.
нагахь хьоста лелош боьрша таг вуй хьуна хууш делахь, ца оьшу цунна жоьпаш дала зударша, лардан хьажа деза вай и санна дег.
цхьаьна Къонахаша шайн хьоста чу юьллу хира ю цхьацца видео хlума цхьаъ гойтуш, царна «репост» ян ца оьшу йоlо.. лардан деза йоlо шен сий, доза ду хlора хlуманна, лардича тlех хаза хуьлуш.
*хьоста - канал

ЖАӀАРХОЙХА ЭХЬ ЦА ХЕТА ВАЙНА?
Немцой эскар юккъехь ара боьвла болу тӀемлой, марзонах дӀа къаьстина, шайна чӀагӀонаш йина цара, Къудс шахьар юха ерза яллалца, тхайн марзонаш дӀатосура ма ю оха аьлла. Царех цхьаберш, шайн бедаршеха а дӀа цӀан белла, эчига, тӀемлойн духар бен тӀе ца духуш. Бедарша тӀе йоьхна а, шайн дегӀан там ца беш, оццул чӀогӀа шайн марзонех дӀа къастийн Къудс шахьран са гат деш ара боьвла уьш.
И ЖаӀархойа, Къудс шахьран са гат деш шайн марзонех дӀа къастнера бохуш, хӀара могӀанаш доьшуш хенахь, ша ша цхьа хаттар кхолло вай, Палестинан са гат дин, бусулба нах буй тахана шайн марзонех дӀа къаьсташ?
Цу заманчохь ЖаӀархой шайн марзонах дӀа къаьстича, ца къаьстича бусулба нахан хила цунах цхьа а пайда бацара, йа зе дацар. Амма тахана, жуьгтишан процент луш, фирмишкар, компанишкар, ахьа хӀума ца эцча, бойкот ахьа лелича, жуьгтишна хуьлуш зе ду, хьан бусулба вежарий, хӀаллак беш, бойъуш болу, мостагӀчун хуьлуш зе ду-кх, тӀаккха цхьан, вайна юккъера цхьа нах, пепсех, сникерсех ца бовлокх.
Байкот лело, иман, доьнал, яхь йоцуш болу нахан, эхь хети теш, цу ЖаӀархойн, хӀар санна долу дийцар хезича, дешча?
Къудс шахьран, са гат дин, шайн марзонех къаьстанера и нах, царах цхьаболчара, шайна тӀера бедараш цхьана Ӏад йитнера.
Эчиг духар тӀе доьхна, догӀуш ло долуш, догӀуш догӀу долуш, цхьаболу махкахь тӀе хьоьжуш малха болуш, цу малхо доттуш долуш, схьабохуш баракх и нах. И дерриге Къудс шахьран са гат дар дара.
Ткъа вай, цу Къудс шахьран са гат дин, Палестинехь болу бусулба нахан са гат дин, пепси, сникерс ца йитло вайга?
©Ахьмад
https://t.me/islamantariyh1

Иштта тӀеххьара дӀадерзош - доӀ..
АллахӀа вайн диканаш лара дойла! массо питанах, массо цамгарах. Делла дӀа довлаца, хӀокху нийсачу новкъан тӀехь лаьтташ, хӀокху нийсачу новкъара цхьа ког а юха ца довлуш, хӀокху некъатӀера дӀа ца шершаш. АллахӀа вайн дегнаш нийсачу новкъан тӀехь лаьтта дойла, вайн кхетамаш! ЦӀа а питан чу ма эга дойла вай АллахӀа, хӀокху нийсонах хьега ма дойла вай. ХӀара нийсо яржорах юха ма дохийла вай АллахӀа. Цхьаммо а кӀела когаш ма туьситийла вайна, хӀара нийсо яржош. Массо а вонах лара дойла вай. АллахӀа пайда бойла вайха. Шена дуьхьа яздеш долу хӀора а дашан ял, эзарнашкахь сов йоккхийла вайн. АллахӀа Ӏалаш дойла вайн дегнаш, ният шен дуьхьа ца хиларах, ният хийца даларах, дин даржош.
Дегнаш Шен карахь долу АллахӀа вайн дегнаш цу нийсонах дӀа ма хьовза дойла.
Даиманна иза дехар, доӀнаш дар, иза дагахь латта дойла вайн АллахӀа. Дала къинхетам бойла вайха.
Иштта харцонан дай, шаьш нийсонан тӀехьа бу моьттуш болу, АллахӀа нис бойла уьш цу нийсонан тӀе, церан дегнаш, церан кхетамаш.
Нийсо вахьа таӀорехь цара лелош долу белхаш, уьш АллахӀа дӀа ма дохитийла, и церан харца хилар билгал долуш, цаьрна нийсо тӀе лаца иман луш, АллахӀа нис дойла церан дегнаш, церан кхетамаш, цу цамгарах АллахӀа схьа цӀан бойла уьш.
Цхьаъ бен боцуш болу, цу нийсачу некъа нис дойла вайн дегнаш АллахӀа.

Forwarded from Рамзан Гендаргно
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Дешар...
АХЬ ЕШ ЙОЛУ ӀАМАЛ ЦХЬАЪ БЕН ЯЦАХЬА, НИЯТАШ ДУКХА ХИЛИЙТА (ЯЛ АЛСАМ ХИЛИЙТАРХЬАМА) ...
Муьлха ахьа еш йолу Ӏамал, Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь ма аллар: «Ӏамалаш нияташе хьаьжжина ю»
Цундела, ахь еш йолу Ӏамал цхьаъ бен яцахьа, цу хьокъехь нияташ дуккха хилийта йиш йолуш хуьлу хьан, дукхах йолу Ӏамалашкахь, тӀаккха хьуна хуьлуш йолу ял а хуьлу цу хӀора хӀуми цӀарах, ахьа динарг цхьа хӀуми бен ца хуьлу, амма хьуна хуьлуш йолу ял, цу хӀора хӀуми цӀарах хуьлу.
Масала, маьждиге воьду стаг, ша маьждиге воьдуш, маьждигехь ламаз дийра ду ша аьлла ара и валаран, и маьждигехь ламаз дина ял хуьлу цуьнан, иштта кхиниг воьду маьждиге, ша маьждиге воьдуш новкъахь, ша новкъара хӀума дӀа йоккхура ю, гӀо оьшург хилахь цуьнан гӀо дийра ду ша, диканиг де ала дезаш меттиг хилахь и эра ду ша, вониг ма де ала дезаш меттиг нис лахь и эра ду ша, иштта дуккха нияташ, и цуьна хӀора ниятан цӀарах ял хуьлу цуьнан, церах цхьаллиг цхьаъ цо кхочуш ца динехь а, нис шен маьждиге вахан схьа веанехь а.
Иштта хьиджаб а, цхьа хьиджаб духу, шен эрчалла къайла йоккху ша аьлла, йа иштта кхиниг, АллахӀан доьхьа доцуш, цуьнан хьиджаб тиллина аьлла цхьа а ял ца хуьлу, ткъа вукхо, шологӀчо духу хьиджаб, АллахӀан доьхь аьлла, цуьнан и цхьа ял хили, иштта, масала цуьнан йишас духу, цуьнцани, амма цуьнан дуккху а нияташ гул делла, масала, божаршан шех питан ца хилийта аьлла, АллахӀа тӀе диллина долу омар кхочуш до ша аьлла, Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнаношах тара ло ша аьлла, кериста нехан зударшех тера хира яц ша аьлла, иштта кхин дӀа а, дуккху а, оцу нияташац цо и тӀе доьхехь, цу хӀора ниятан цӀарах ял хуьлу цуьнан.
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/san_beshar

Forwarded from ИСЛАМАН ТАРИХ
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته.
Алхьамдулиллах1! вайн сийлахьчу тарихан дийцарах массех дийцар чекхдаьлла вай, цараха:
1. Персойн мохк схьабаккхар.
2. Шам мохк схьабаккхар.
3. ГIезлойн дийцар.
4. ЖаIаран тIемийн дийцар.
5. Нуруддийнан Зинкий.
6. Салахьуддийн ал-Аййубий.
(Андалус дийцар чекхдаьлла цалору аса, доьххьара болх иза хиларе терра дуккхаъ кхачамбацарш нисделла цутIехь, аса сайн куьг кхочучара дIадаьккхан иза, иштта вежаршка а дехар ду иза дIадаккхар. И дийцар цуьнан хьакъ дIалуш юхаяздер ду вай ИншаАллах1).
Иштта, Элчанан (صلى الله عليه وسلم) дахарах "Маккара хан" дIайирзнер вай, ткъа, хIинца "Меднар хан" дIайолор ю-кх вай АллахIан пурбанца!
Дала Ша реза мел волчу хIумантIехь аьтто бойла вай, вай мел лелориг Шен доьхьа а дойла, цу юккъехь Ша воцачунна цхьа дакъа а мадойла!
والحمدلله رب العالمين.

Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ !
Вайна шуьгар гӀо оьшуш хьал ду, вай доттагӀчо йина агӀо ю, ютуб чохь, иза мелла яржо езара, чӀогӀа хаза агӀо ю, цу агӀони долахо цец ваккхи вай?
https://youtube.com/@islamannurr?feature=shared 👈 тӀаккха кху тӀе дазало, пайда эца, и пайда баржа а бе. Вайна ма хаъ ютуб чохь мел еха видео елахь а, эс дӀа ца лоцуш хьажало, цу хӀуман чӀогӀа дика яра и.

YouTube
lИЛМАНАН МАЙДА
Вай сирла ислам динан йукъайогlу lамалаш йовзуьйту хьоста!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
«Ӏилма Ӏаморан гулам санна беза гулам бан а бац кху дуьненчохь!»
«АллахӀан со гена ваьлча, АллахӀа Ӏазап лора суна, адмаш дезар тӀех сов даккхарац...»
*Адмаш дезар Ӏазап хӀунда лору аьлча:
Адмаш баркалле дац, хьуна тӀех сов цхьаъ дукха везахь, цуьна хьо иштта везаш ца хуьлу, тӀаккха хьо дог доьхна лела. Кхин а, ахьа иттан юккъера исс дика динехь, амма дисина цхьаъ во хӀума динехь (кхечу адман) и адам хьоьх къаьхка, хьоьца болу безам гӀелло..
Цундела ахьа къахьоьгийла, АллахӀан хьо везийта, АллахӀ реза ван, хӀунда аьлча, ахьа иттан юккъера исс во хӀума дахь а, амма дисина цхьаъ диканиг дахь, Цуьнан санна хьо дукха везаш цхьа а хира вац, Цо хьан вонаш гечдийра ду, хилла доцуш санна дӀадоккхура ду, ткъа и цхьа дика, иттуз, йа кхин а, сов доккхура ду..