Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Кху дуьненахь сийлахь долуш вайна даха лаахь, шина хlуманах кхета деза вай.
Хьалхарниг: Рицкъ луш верг Аллахl вуй хаар;
Хьан рицкъанах эппаз совдоккхур дац Цо, я эппаз эшор а дац! Нагахь адам кхеташ хилахь дерриге хlума Аллахlа дlаяздина хилар, дахар атта хир ду цуьнан.
Шолгlаниг: Ахь ала: Тхуна хиллане хир ма дац Аллахlа тхуна яздинарг бен!

Кху шина хlуманах вай кхетахь, сийлахь дахар хир ду вайн.

Шайх lусман ал-Хамийс
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةً‌ۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْوَهَّابُ

Тхан Дела! [Нийсонна тӀера] дӀа ма даха Ахьа тхан дегнаш, Айхьа тхо нийсачу новкъа нисдиначул тӀаьхьа. Хьайгара къинхетам а ло Ахьа тхуна. Баккъалла а, Хьо ву-кх Лушверг!

[ Сурат:3, аят:8 ]
АллахӀа боху:

لَآ إِكْرَاهَ فِى ٱلدِّينِ‌ۖ قَد تَّبَيَّنَ ٱلرُّشْدُ مِنَ ٱلْغَىِّ‌ۚ فَمَن يَكْفُرْ بِٱلطَّـٰغُوتِ وَيُؤْمِنۢ بِٱللَّهِ فَقَدِ ٱسْتَمْسَكَ بِٱلْعُرْوَةِ ٱلْوُثْقَىٰ لَا ٱنفِصَامَ لَهَا‌ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

Динехь ницкъбар дац. Нийса некъ къаьстина баьлла тиларах. Ткъа тӀагӀутаца керстаналла а дина, АллахӀе иймандиллиначо тешаме мукъ лаьцна, цкъа а хедан боцу. АллахӀ - Хезашверг, Хууш-верг ву.

Иштта боху АллахӀа:

ٱللَّهُ وَلِىُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ يُخْرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَـٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ‌ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ أَوْلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّـٰغُوتُ يُخْرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَـٰتِ‌ۗ أُوْلَـٰٓئِكَ أَصْحَـٰبُ ٱلنَّارِ‌ۖ هُمْ فِيهَا خَـٰلِدُونَ

АллахӀ - [Шех] тешначеран доладийриг ву. Цо уьш боданашкара серлоре боху. Ткъа Делах цатешачеран гергарнаш тӀагӀут йу, серлонера уьш боданашка бохуш йолу. ЦӀергахь хир бу уьш. Цу чохь даиманна Ӏийр бу уьш.

[ сурат: Бакъара, аят: 256-257]
Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь!
Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь!
ХӀай доӀанна жоп луш Верг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш!

©доттагӀ
кхуьнга ладогӏарца весет до-кха шуьга!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.»
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна!
Мухьаммадан цӀе лаьттар йолуш ю хьуна! ХӀара дуьне мел лаьтта!
АллахӀан дош лакхадера ду хьуна! Массо хенахь а, массо меттехь а!
Ӏеламнеха дегнаш детталуш мел ду уммат эшамехь дац!
Ӏакъидат-Ӏилма дара АллахӀа адам а, жин а кхолларан Ӏалашо. АллахӀа Шен сийлахь долчу Къуръан чохь боху:
«Ас адам, жин кхоьллина ма дац, Сайна Ӏибадат дайта а бен».

Ткъа хӀун ду и Ӏибадат деккъа цхьана АллахӀана дар, Цунна а бен и Ӏибадат цадар, и АллахӀ цхьаъ вар цу Ӏибадатехь? И ду-кх и Ӏакъидат-Ӏилма. ФикъхӀ-Ӏилма дац и, хьадис-Ӏилма дац, тафсир-Ӏилма дац и, Ӏакъидат ю и.

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/vay_nohchiy
цхьа хьоста ду кху чохь, и лелош вег кlант ву те, я йоl ю те олий висара хийлаза

суна доккха масала ду иштта шайн хьостанаш кху чохь лелош берш.. хьоста лелош вег мила ву хиина бен, цунна «репост» ца еш, я шайн хьоста чу ца оьшу комментариш ца яз еш, иштта кхин дlа а.

нагахь хьоста лелош боьрша таг вуй хьуна хууш делахь, ца оьшу цунна жоьпаш дала зударша, лардан хьажа деза вай и санна дег.

цхьаьна Къонахаша шайн хьоста чу юьллу хира ю цхьацца видео хlума цхьаъ гойтуш, царна «репост» ян ца оьшу йоlо.. лардан деза йоlо шен сий, доза ду хlора хlуманна, лардича тlех хаза хуьлуш.

*хьоста - канал
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ЖАӀАРХОЙХА ЭХЬ ЦА ХЕТА ВАЙНА?

Немцой эскар юккъехь ара боьвла болу тӀемлой, марзонах дӀа къаьстина, шайна чӀагӀонаш йина цара, Къудс шахьар юха ерза яллалца, тхайн марзонаш дӀатосура ма ю оха аьлла. Царех цхьаберш, шайн бедаршеха а дӀа цӀан белла, эчига, тӀемлойн духар бен тӀе ца духуш. Бедарша тӀе йоьхна а, шайн дегӀан там ца беш, оццул чӀогӀа шайн марзонех дӀа къастийн Къудс шахьран са гат деш ара боьвла уьш.
И ЖаӀархойа, Къудс шахьран са гат деш шайн марзонех дӀа къастнера бохуш, хӀара могӀанаш доьшуш хенахь, ша ша цхьа хаттар кхолло вай, Палестинан са гат дин, бусулба нах буй тахана шайн марзонех дӀа къаьсташ?
Цу заманчохь ЖаӀархой шайн марзонах дӀа къаьстича, ца къаьстича бусулба нахан хила цунах цхьа а пайда бацара, йа зе дацар. Амма тахана, жуьгтишан процент луш, фирмишкар, компанишкар, ахьа хӀума ца эцча, бойкот ахьа лелича, жуьгтишна хуьлуш зе ду, хьан бусулба вежарий, хӀаллак беш, бойъуш болу, мостагӀчун хуьлуш зе ду-кх, тӀаккха цхьан, вайна юккъера цхьа нах, пепсех, сникерсех ца бовлокх.
Байкот лело, иман, доьнал, яхь йоцуш болу нахан, эхь хети теш, цу ЖаӀархойн, хӀар санна долу дийцар хезича, дешча?
Къудс шахьран, са гат дин, шайн марзонех къаьстанера и нах, царах цхьаболчара, шайна тӀера бедараш цхьана Ӏад йитнера.
Эчиг духар тӀе доьхна, догӀуш ло долуш, догӀуш догӀу долуш, цхьаболу махкахь тӀе хьоьжуш малха болуш, цу малхо доттуш долуш, схьабохуш баракх и нах. И дерриге Къудс шахьран са гат дар дара.
Ткъа вай, цу Къудс шахьран са гат дин, Палестинехь болу бусулба нахан са гат дин, пепси, сникерс ца йитло вайга?

©Ахьмад
https://t.me/islamantariyh1
Иштта тӀеххьара дӀадерзош - доӀ..

АллахӀа вайн диканаш лара дойла! массо питанах, массо цамгарах. Делла дӀа довлаца, хӀокху нийсачу новкъан тӀехь лаьтташ, хӀокху нийсачу новкъара цхьа ког а юха ца довлуш, хӀокху некъатӀера дӀа ца шершаш. АллахӀа вайн дегнаш нийсачу новкъан тӀехь лаьтта дойла, вайн кхетамаш! ЦӀа а питан чу ма эга дойла вай АллахӀа, хӀокху нийсонах хьега ма дойла вай. ХӀара нийсо яржорах юха ма дохийла вай АллахӀа. Цхьаммо а кӀела когаш ма туьситийла вайна, хӀара нийсо яржош. Массо а вонах лара дойла вай. АллахӀа пайда бойла вайха. Шена дуьхьа яздеш долу хӀора а дашан ял, эзарнашкахь сов йоккхийла вайн. АллахӀа Ӏалаш дойла вайн дегнаш, ният шен дуьхьа ца хиларах, ният хийца даларах, дин даржош.
Дегнаш Шен карахь долу АллахӀа вайн дегнаш цу нийсонах дӀа ма хьовза дойла.
Даиманна иза дехар, доӀнаш дар, иза дагахь латта дойла вайн АллахӀа. Дала къинхетам бойла вайха.
Иштта харцонан дай, шаьш нийсонан тӀехьа бу моьттуш болу, АллахӀа нис бойла уьш цу нийсонан тӀе, церан дегнаш, церан кхетамаш.
Нийсо вахьа таӀорехь цара лелош долу белхаш, уьш АллахӀа дӀа ма дохитийла, и церан харца хилар билгал долуш, цаьрна нийсо тӀе лаца иман луш, АллахӀа нис дойла церан дегнаш, церан кхетамаш, цу цамгарах АллахӀа схьа цӀан бойла уьш.
Цхьаъ бен боцуш болу, цу нийсачу некъа нис дойла вайн дегнаш АллахӀа.

©доттагӀ