Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Эшар совъяьлча - Ӏадлан
Forwarded from БӀаьрган-нур
Хьуна дӀахаийла: эшараш дукха езарг, Къуръан дезаш цахилар.
Ибн-Къоййимас аьлла: «Къуръан дезар а, эшараш езар а, цӀа а цхьана дагчохь вовшах кхетар дац. И шиъ вовшийца уьйра йолуш хӀума дац.»
Имам ТӀабарис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ӏеламнехан барт хилла эшар хьарам хиларна, царах ларвала везаш хиларна тӀехь а».

[Жа́миI ли ахька́мил-Къуръан, агIо: 14/55]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Тахана вайгахь долу баланаш вайга кхаьчна ма дац, вайн къинош бахьана долуш бен!

Леид (Аллахlа lалашвойла иза)

https://t.me/leid_hehamash
ЛЕИД - ХЬЕХАМАШ
Тахана вайгахь долу баланаш вайга кхаьчна ма дац, вайн къинош бахьана долуш бен! Леид (Аллахlа lалашвойла иза) https://t.me/leid_hehamash
Къомана тӀедогӀучу Ӏазапна бехке цхьа кхин нах беш ма Ӏелахь, хьо ву хьуна уггар хьалха бехке верг, хьан къинош а ду хьуна цу юккъехь дерш, уггар хьалха хьуо бехке велахь, нах бале хьалха.

Муьлхха а вайна тӀебогӀуш болу бала, вайн къинош бахьан долуш богӀуш бу

https://t.me/vay_nohchiy
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх ал-Хьувайнис (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху:
«ХӀижрат дарна юккъе доьдуш ду: Стага дӀатасар галбаьлла болу кхетам; боьха болу некъ, нийса болчу новкъа верзарца; харц Ӏилма, нийса долчу Ӏилмане верзарца; цо бидӀат дӀатасар а ду, ша суннате верзарца; цо Ӏесалла дӀатасар а ду, Далла муьтӀахь хиларе верзарца.»
«Дин доьхьа ваха чӀагӀо йинарг, хала вехар ву, амма, сийлахь дахар а, валар а, хира ду цуьнан.»
Нана..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Кху дуьненахь сийлахь долуш вайна даха лаахь, шина хlуманах кхета деза вай.
Хьалхарниг: Рицкъ луш верг Аллахl вуй хаар;
Хьан рицкъанах эппаз совдоккхур дац Цо, я эппаз эшор а дац! Нагахь адам кхеташ хилахь дерриге хlума Аллахlа дlаяздина хилар, дахар атта хир ду цуьнан.
Шолгlаниг: Ахь ала: Тхуна хиллане хир ма дац Аллахlа тхуна яздинарг бен!

Кху шина хlуманах вай кхетахь, сийлахь дахар хир ду вайн.

Шайх lусман ал-Хамийс
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِن لَّدُنكَ رَحْمَةً‌ۚ إِنَّكَ أَنتَ ٱلْوَهَّابُ

Тхан Дела! [Нийсонна тӀера] дӀа ма даха Ахьа тхан дегнаш, Айхьа тхо нийсачу новкъа нисдиначул тӀаьхьа. Хьайгара къинхетам а ло Ахьа тхуна. Баккъалла а, Хьо ву-кх Лушверг!

[ Сурат:3, аят:8 ]
АллахӀа боху:

لَآ إِكْرَاهَ فِى ٱلدِّينِ‌ۖ قَد تَّبَيَّنَ ٱلرُّشْدُ مِنَ ٱلْغَىِّ‌ۚ فَمَن يَكْفُرْ بِٱلطَّـٰغُوتِ وَيُؤْمِنۢ بِٱللَّهِ فَقَدِ ٱسْتَمْسَكَ بِٱلْعُرْوَةِ ٱلْوُثْقَىٰ لَا ٱنفِصَامَ لَهَا‌ۗ وَٱللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

Динехь ницкъбар дац. Нийса некъ къаьстина баьлла тиларах. Ткъа тӀагӀутаца керстаналла а дина, АллахӀе иймандиллиначо тешаме мукъ лаьцна, цкъа а хедан боцу. АллахӀ - Хезашверг, Хууш-верг ву.

Иштта боху АллахӀа:

ٱللَّهُ وَلِىُّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ يُخْرِجُهُم مِّنَ ٱلظُّلُمَـٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ‌ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓاْ أَوْلِيَآؤُهُمُ ٱلطَّـٰغُوتُ يُخْرِجُونَهُم مِّنَ ٱلنُّورِ إِلَى ٱلظُّلُمَـٰتِ‌ۗ أُوْلَـٰٓئِكَ أَصْحَـٰبُ ٱلنَّارِ‌ۖ هُمْ فِيهَا خَـٰلِدُونَ

АллахӀ - [Шех] тешначеран доладийриг ву. Цо уьш боданашкара серлоре боху. Ткъа Делах цатешачеран гергарнаш тӀагӀут йу, серлонера уьш боданашка бохуш йолу. ЦӀергахь хир бу уьш. Цу чохь даиманна Ӏийр бу уьш.

[ сурат: Бакъара, аят: 256-257]
Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь!
Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь!
ХӀай доӀанна жоп луш Верг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш!

©доттагӀ