Ӏилманан Аманат
333 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Цхьамма алахь: «Iеламнах бакъдерг дуьйцуш бац, Iеламнаха шайна тIехь долу декхар кхочуш ца дина!», – валлахIи, къемат-дийнахь АллахIана хьалха массо Iеламстеган сий тIе кховдарна жоп дала дезар ма ду цуьнан!

Шайх Мухьаммад ал-Мухтáр аш-ШинкъитIий (АллахIа Iалашвойла иза)
Forwarded from Дикаден бусалба
Ма декъал хилла ву-кх ,хокху заманан мах хиина,шен жималла йитина,шен дахар Аллах1 рез варе дерзийначунна.Ма ирсе хили-кх ишттаниг.
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
хlара аша дlайсаяхьийтахь суна а, шуна а ял хир ю, Дала мукъ лахь

Аллахlа диканца бекхам бойла шуна 🌙
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Динах хаттарш кхоллало хьан сих-сиха, амма хаттар дахьийтича, жоп лардеш lан везаш хуьлу. Иштта дуй иза?

Тlаккха ас хьуна цхьа дика хlума довзуьйту.

Хlара беркате агlо схьа а еллий https://m.vk.com/yalsaman

цул тlаьхьа жимма охьалистича 🔍 хlара хир ю хьуна, и тlе а таlаяй

чуязде хьайна даго мел хьоьхург

массо кепара хьол хьалха наха делла хаттарш а, царна делла жоьпаш а ду хьуна цу чохь нохчийн маттахь
Буьйсанаш денъяр бусалбачу нехан сийлалла ю.
Мусаййабан воӀа СаӀда (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: Бакъдолуш къонахчо буьйсанна ламазаш до, (буьйса денйо-кх цо) ткъа Дала цуьнан юьхь тӀехь нур до тӀаккха, и бахьан долуш и хӀора бусулба стагана и дукха а везаш, иза цкъа а ца гинчунна а, иза гинчу хенахь цо олуш : Баккъалла дукха везакх шена хӀара стаг, олий.
«Хазачу гlиллакхо дуккха а сакхташ хьулдо. Иштта вочу гlиллакхаша а дуккха а диканаш хьулдо».
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
ХIай сан бусалба ваша! МукхатIаIат лелон хьуна хала хира дуйла хеа суна, хьуна лазаме хир ду иза, хьайна дезачух къаста везара ду хьа, делахь а, хьо лазоре терра хьан мостагI а лазош ву хьуна! Хьуна лазам хуьла, цуьнца ял хуьла хьуна, цунна а лазам хуьла, цуьнца къа бен цахуьла цунна!
Ма башха ду нийсоне кхойкхучуьнан а, харцоне кхойкхучуьнан а хьелаш.

Шегара пайда оьцучу хlора стагах ял хуьлу хьалхарчунна.

Ткъа шена тlаьхьахlиттинарш сов мел бовлу а, къиношкахь, Аллахl шена оьгlазавахийтарехь соввуьйлуш воьду шолгlаниг.

Гlадда ма эхалахь, айхьа нийсонах нах юхатоьхнера алий! Цец ма валалахь, ахь шаьш тилорна къемат-дийнахь хьайна Деле арз деш теттина халкъ карийча!
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Вай Iилма Iамо, я даржо дитна дац.
Хьайга керла хIума кхаьчча цец ма вала хьо, айхьа и Iамо ца йойъу ханна цец вийла!
«Хьуна ца хааро бакъонах харцо ца йо!»
Цуьна бIоста дерг: «Хьа дог тешаро харцонах бакъо ца йо!»

Iадлан Харачо

YouTube 🎙️
Лекха-Сийлахь волчу Аллахӏа боху:

"Хуур ду царна кхана‚ мила ву сов харц луьйш дозалла деш верг".


Хӏорамма шен луург лела де, шена луург дийца дийца, ле а ле, бех ве, саца ве, ницкъаца а шег далург де, амма кхача дезаче вай дӏамакхеччина къестар ду дерриге, хӏораммо а ша лелиначух жоп а лур ду, дик дер ду ницкъ кхочург бен, нийсо дӏакхачор бен Аллахӏа вайна тӏе ца диллина...

© Харачойн Обарг | ӏадлан Харачо

https://t.me/bilggal_derg
«ДоӀа - цу Ӏибадатан тӀум ю.»
Цу къамело билгал доккху, доӀа иза коьрта Ӏибадат хилар, мехал, деза Ӏибадат хилар.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
"Муьлхха а говзалла бусалбанахана хьашт ю, муьлхха а стаг шен говзаллийца умматан пайде хила декхар ву...
Хьо Динехь нисвеллехь, ахьа тоба динехь, тоба далле хьайн хиллачу говзаллийца Исламан пайде хилахь! Динехь нисвеллехь деккъа ламаз, марха, азкараш бен кхин гIуллакх доцаш ма вахахь!"
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Фарз Ӏайн...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилманаха цкъа хьуна чам кхета боьлча, цул тӀехьа цунах вуза ца вузу. Цу Ӏилманаха, и Ӏилма Ӏамадарах, дешарах, лахарах, хьуна марзо цкъа хаъ елчултӀехьа, цу новкъах хьо юх ваккха ца ло..
Хьуна цкъа цу Ӏилман чам кхетахь, и ерриге халонаш, хьуна гуша ца хуьлу, ахьа уьш тӀе а ца йуьту.
Цу Ӏилми марзоно, мел хала делахь а, цу марзоно цу некъара ца волуьч, дӀа вуьгу хьо..

© Ӏадлан Харачо
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
Forwarded from Хьенех Лом
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Аш хӀун до?
ХӀун хилла шуна?»

© Ахьмад Абу Яхья
https://t.me/noxchi_lom
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد

Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Велчам массо а воьрзур ву Деле.
Ткъа ирсе верг, ша дийна а волуш Деле вирзинарг ву.