Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Имам Ибн База (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Милла велахь а АллахIанна а, цуьнан элчанна а муьтIахь хилла, бакъон тIехь дIахIоьттинарг иза АллахIан авлияах ву».
[Шархь Кашфул шубухIáт: 40-агIо]
АМАНАТ ЛАРА ЦА ДАРАН БЕКХАМ...

Аманат ду хьуна, хьан мел йаккхийри Ӏамалаш хиларах, уьш ягийна дӀайохуш, нагахь ахьа иза лара ца дахь. Жоьжахатиц бекхам бийриг, иза аманат ду хьуна, нагахь ахьа иза лара ца дахь.

Цхьа аманат хьокъехь долу, цхьа кӀадий кусок лара ца йина волу асхьаб. Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тоьшалла дира цуьна, жоьжахатехь ву иза олуш. Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) уллехь гӀазот дина волу асхьаб, цхьа кӀадий кусок, аманат дина долу, лара ца дина аьлла, жоьжахатехь ву иза аьлла тоьшалла дира.

ТӀаккха ойла е, хьан доьзал, АллахӀа хьуна аманат дина долу доьзал, церан хьокъехь хьо нийса воцуш, харцонаш лелош, динехь ма бохха ца кхиадан, хьо муха кхоьрура вац?
Цу асхьабо лара ца динарг, кӀадий кусок яра, ткъа кхузахьа-м адам дай, хьан доьзал и хиларах, АллахӀа хьуна аманат дина адам ма ду и, хьо санна АллахӀи лай. Ахьа нийса кхетам болуш, АллахӀан муьтӀахь долуш, Элчанна новкъахь долуш, кхио безаш бу и доьзал.
Ахьа лара дойлакх, АллахӀа хьайна делла аманат!
ЙОӀАН ХЬОКЪЕХЬ ПАЙХАМАРА АЬЛЛАРГ...

Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнана йолу Ӏаишата( АллахӀ реза хуьлда цунна) дуьйцу: цхьа зуда еара ша йолуче, шеца ши йоӀ йолуш, и ши йоӀ йолуш и еача, уьш меца гича, церах къа хет, кхин яла хӀума ца хил, хӀурма елира ша цаьрна, кхо хӀурма елира ша цаьрна, цхьацца шен шин йоӀан дӀа ел, кхологӀ хӀурма шена йиса езаш йолу, цу нанас екъа екъ, иза цхьан шен шин йоӀан дӀа елира.
Юха Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) иза дӀа яхача чу веъча, Ӏаишата (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцира Пайхамаре (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цу зудчо динарг аьл. ТӀаккха Пайхамар (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) мимбар тӀе хьала ваьл хьехам бира нахе: муьлхаъ шух, башхалла яц муьлхаъ шух, АллахӀа йоӀарий бел, АллахӀа ши йоӀ ел, зийнарг АллахӀа, цул тӀаьхьа цо уьш кхиъ бахь, Йалсамане чу гӀура ма ву иза, Йалсаманац Жоьжахатах хьалха воккхура ма ву иза.
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхечу хьадисехь юха цу йоӀан хьокъехь олу: ши йоӀ кхиийнарг, Йалсамане воьдучу хенахь, шай ши пӀелг гайтар Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀара ши пӀелг санна шецани, ши пӀелг гайтан, соъ, и ши йоӀ кхиийнарг, хӀокху кепар гӀура ма ву цу Йалсамане, хӀкху кепар йуххе хӀоьттар, хӀара ши пӀелг санна суна йуххехь хира ма ву иза, цу къемат дийнахь, цу Йалсамане чу воьдучу хенахь.
Ткъа и кхиайар дацар, ахьа уьш хене бахар, деккъа кху дуьненчохь йуур латтор, цаьрна мерг латтор, и дацар кхиъбар бохуш дерг. Кхиъбар бохуш дерг, церан динац терго йолуш, динах дерг цаьрна хьоьхуш, довзийта дезарг Ӏамош, динац долу церан хьакъ лардар. Цул тӀаьхьа шен хан тӀе кхаьчча, уьш шен маре дӀа балар. Шен хан тӀе ма кхаьччехь, ахьа уьш дӀа нис бар. И дара ахьа уьш кхиъбар.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Лен болх ма бац, Элано шена тӀедиллинарг шена лиъча кхочушдар, ца лиъча цадар. Лен болх - дерриге белхашкахь шен Элана муьтӀахь хилар, ша тӀекхиахь, ца кхиахь, хьекъалца нислахь, ца нислахь, массо хьолехь муьтӀахь хилар ду.
Forwarded from العقلاء
سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا

«Хаза а хези, муьтlахь а ду»
Аллахӏа хьехорехь юхакхеттачунна дегнаш бодане хуьлуш ду, сингаттаме хуьлуш ду. Шайна тӏе цхьа бала беъча, собарца чекх ца бовлало уьш. Хӏунда аьлча дегнаш Аллахӏ хьехорехь юха а кхетта сингаттаме ду церан, боданехь бу уьш. Делахь а, Аллахӏ хьехош долу дог - иза нуьре ду. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш нуьре. Аллахӏ хьехийча хуьлуш ду дегнаш синтеме. Дала ма-аллара: «Ца хуьлу тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу, дац тӏаккха дегнаш синтеме Аллахӏ хьехош долу?!».
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from Эхартан-хlонц
Ткъа шен гlиллакх хаза хиллачунна - Йалсаманчохь буьххьехь (уггар лакхахь) хlусам йугlур йу.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Со жима волучу хенахь, Къуръан доьшучарах цхьамма, деш долу доӀ хезар суна, цу доӀо со вегавора:
«Йа АллахӀ, Хьан неӀар хьалха соьвцна тхо, тхай гӀуллакхаш, тхай хьаштонаш, тхай дехарш, Хьан неӀане вахьадихкина оха. Хьай къинхетаман уьйтӀар тхо ма лахкахьара Ахьа, Хьай Ӏуьналлех тхо ма дахахьара Ахьа.»

[«Хьо АллахӀ волун дела» жайничура]
«Йа АллахӀ» паргӀатонехь ахьа олуш ца хилахь, халонехь ахьа хьокхура болу мохь хира бу хуьна иза!
Кху дуьненахь, паргӀатонехь, хьо АллахӀе кхойкхуш ца хилахь, къемат денахь халонехь ахьа хьокхура болу мохь хира бу хьуна иза!
ХӀора а хьехам, кху чура 👉 https://t.me/vaynmajlis жовхӀаран меха бу аьлча нийса хира дац, хӀора а ДОШ жовхӀаран меха ду аьлча нийса хира ду.
Чу довла, пайда оьцуш хила, хьехамаш боца бу, амма чӀогӀа мехала бу.
Ӏилманан Аманат
Ӏакъидатан Академи – 13-гӀа дарс
Селханлера дарс, чӀогӀа пайде къамел дара, ечо видео йина даржо, яздечо йоза яздина даржо, цхьа а дош тӀех ца долуьйтуш)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Эшар совъяьлча - Ӏадлан
Forwarded from БӀаьрган-нур
Хьуна дӀахаийла: эшараш дукха езарг, Къуръан дезаш цахилар.
Ибн-Къоййимас аьлла: «Къуръан дезар а, эшараш езар а, цӀа а цхьана дагчохь вовшах кхетар дац. И шиъ вовшийца уьйра йолуш хӀума дац.»
Имам ТӀабарис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ӏеламнехан барт хилла эшар хьарам хиларна, царах ларвала везаш хиларна тӀехь а».

[Жа́миI ли ахька́мил-Къуръан, агIо: 14/55]