Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн мотт бийца!

ХӀора нохчий, оьрсий мотт бийца эхь хеташ хила везаш вара.
Ма дарра аьлча, цу мостагӀчо вайна тӀехь латтийна таӀзар дага деъча, вай кхин аьтто бацахь, церан мотт ца бийцина а, цаьрца мостагӀалла лело дезаш дара вай.
Вайна, вай дайшах-наношах эхь хета дезаш дара церан (керста нахан) мотт бийца.

©Султан Панкиси
https://t.me/Importantknowledgee
ШЕН КЪОМАН МОТТ БИЙЦАР КОЬРТА ХИЛАР...

Цхьана къонахчун доккха маьӀан долуш хаза дешнаш:
«ВаллахӀи, соьгар латта дӀа даьккханехь а, соьгар моттам дӀа боккхура бац аша!»

Иштта ойла хила еза хӀоранна а.
Ойла йича, и шен мотт бийца бохуш хьехараш дан ца дезаш, хӀоранна хаьа дезара шен мотт лара бан безий, иза буьйцуш хила везий. Цу керста нехан мотт бийца эхь хеташ, иза бийца дегаз а хеташ, хила везара хӀора а!

Дийца хала делахь а, вай ма дарра дийцича, вай къам жима ду, вай мотт ба герга ду, тахана вайна мотт бийца хаъ, амма язйа ца хаъ, кхана вайна мотт бийца а диц лура ду, тӀаккха вайн тӀехье, "тхан дайш нохчийн ма бара" бохуш леларан кхерам бу.
Цу маттац доьзна дукха хӀума ду, и мотт дӀа баларац, кхетам а хийцало, и мотт дӀа баларац, къам а дӀа долу, гӀиллакх, Ӏадат, массо а хӀума, цу маттац доьзна ду. Цундела чӀогӀа коьрта ду, мотт ларбар.

Мотт дӀабаьлча - къам дӀадолу, къомо шен мотт буьйцуш мел бу - къам а лаьтта.

Ӏеламнаха боху : «МостагӀчо, ша цхьа мохк схьабаьккхича, уггар хьалха цу махкарчу къоман мотт а, гӀиллакх а хуьйцу. Нагахь санна мостагӀчуьнга ша схьабаьккхинчу мехкан мотт а, гӀиллакх а хийца ца лахь - и къам эшна дац»
КЕРСТА НАХА ВАЙ КЪОМАЦА БЕШ БОЛУ ТӀОМ...

Тахана, цу керста наха, вайца беш болу тӀом, иза къоман Ӏадат, гӀиллакх, мотт дӀа баккха хьийзорца бу. Ма хуьллу шайн мотт, духар, кхетам вайна чу дилла гӀерташ бу уьш. ТӀаккха ахьа муха буьйцу церан мотт? Цу тӀамехь эшначерах хьо муха хуьлу? Шай цӀийца хӀара къам лардина долу вай дайш-нанош муха бицора бу ахьа?
Нохчийн вац хьо?
Гайта суна хьай нохчалла!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи
ва саллам) аьлла:

«Стаг шен накъосте хьежжина хуьлу, тӀаккха шу хьовсийла шеш накъосталла хьенца лела до».

Хьасан: Абу Давуд: 4833

Безамний, доттагӀаллиний оьшург адаман тӀехула куц, цуьнан хьалбахам бац - дог ду - цӀена а, тешаме а, оьзда а дог. Куц а, бахам а хийцалуш хӀуманаш ду, ткъа дог, и дегӀана тешаме дуьсу.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ма хаза къамел ду хӀара.

Дуьйцург Рамзан ву моьтту суна..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
​​Хийла стаг хуьлу, lилма дацахь а, мотт говза болуш.
Иштта хийла стаг хуьлу, lилма делахь а, мотт говза боцуш.
Ткъа lилма а, меттан говзалла а йолуш наггахь бен ца хуьлу, ткъа цаьргахь цу тlе Делах кхерар а делахь - уьш жовхlарш ду.

https://t.me/so_icharkho
ВАЙ ДУЙ ТЕ ВЕШАН ДАЙШЦА-НАНОШЦА ДИКА?...

-Вай чlогlа кlентий ду, вай ахlлус-сунна вал-жамаlа берзалой ю, вай суннат лелош, суннат тlехь, мажош охьа а хецна, дуьнен тlехь цхьаннех дешаш доцуш, ваьш санна чlогlа кlентий хета а ца хеташ берзалой ю вай. Вай лелош дерг бен дин дац, и бен суннат дац, вайна хетачу некъа тlехь и вацахь, и вохкавелла ву, шаверг вониг ву, иштта кхидlа а ду-кх уьш... Амма, оццул чlогlа долу вай, вай дуй те вешан Дайшца - Наношца дика? Вай къовлий те уьш доггах мара? Вай йоккхий те цаьрна барт? Вай хьостий те уьш доггах? Вай иштта чlогlа кlентий хилча, иман, ислам, суннат, маж, шадерг лелош хилча - вай дацара и саннарг дан хьакъ? Я вай лелош ерш рекламаш ю те?

https://t.me/islamanoxlu
ТЕРГО Е...

Пайде йоза гича, иза кхечарна довзийта лаьъ, амма цхьадолу хӀума дӀа даккха дезаш хуьлу, масала сурт, йа видео, цу йозац чу кхоьссина долу. (Цхьаъ дӀа даккха дезаш хилча, вай дӀа даккхе, бухахь церан ссылка йуьтуш кху чу кхуссу)
Цундела йоккху иштта сехьа, иза сих-сиха ца хуьлу.
Иштта ца лууш, йа аса дийраг нийса ца хеташ цхьаъ валахь, сайна бехка ца биллар доьху!
Вай цхьанне хала хетийта Ӏалашо яц, йа наха хьегна къа, айса хьегча санна кху чу дила Ӏалашо яц, дӀа даккха аьлларг, дӀа доккхар ду (нехан хьостичура сехьа даьккхинарг)
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Ма доккха ниIмат ду-кх АллахIах кхоьруш доттагI хилар.

Хьовсийша Дала хIун боху Шен Сийлахьчу Къуръан чохь:

(اَلْاَخِلآَّءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ اِلاَّ الْمُتَّقِينَ). الزُّخرفْ: 67

«ДоттагIий оцу (къемат) дийнахь вовшашна мостагIий хир бу, АллахIах кхийринарш боцурш».

[Сурат: аз-Зухруф, аят: 67]

Йа АллахI! Хьайх кхерар ло ахь тхуна, Хьайха кхоьру доттагIий ло Ахь тхуна.


https://t.me/vay_nohchiy
Forwarded from العقلاء
иштта дикачу белхашка хьо ца вагlахь а, лаьцна дlатекхош верг ву хьуна хьан бакъволу доттагl а, хьо доггаха дукха везаш верг а.
Forwarded from العقلاء
Ибну Къудамас аьлла: «Кху заманахь чlогlа деза ду: дерг олуш, хьехар деш - доттагl хилар, хlунда алча кІеззиг болу дела хьеста а ца луш гlалат довзуьйту доттагlий; салафашна дукха везаш хилла шайн гlалат довзуйту доттагl, амма, вайна дукхачу хьолехь уггар ца везарг, вайн гlалаташ вайна довзуьйтург ву, - иза вайн иман гlийла хиларан билгало ю».
Forwarded from Зератхо
Я Аллахӏ¡

Сан доттагӀаша сагатдечу хӏуманех цхьа кӏеззиг дакъа бен дац - кх суна девзуш, ткъа Хьуна дерриге а девзу.

Суна хеза церан тийналла - ткъа Хьуна церан доӏанаш хеза.
Суна го уьш боьлуш - ткъа Хьуна го церан бӏаьрхиш.
Суна го цара деш долу диканаш - ткъа Хьуна го царах къобалдинарш.
Суна го церан юьхь тӏера хазалла - ткъа Хьуна го церан син хазалла.

Гечдехьа царна, гӏо дехьа царна нийсачу некъа тӏехь ирсе бехьа уьш дуьненахь а, эхартахь а¡ Доьху хьоьга, Я Аллахӏ¡
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Враги Иблиса
1092-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Бер Ӏеламнехан новкъа дахийта ният хилча, мел хан йолуш даккха деза иза цу новкъа?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бер дуьнен тӀе а дале дуьйна ду динан новкъа даккха дезаш, иза шен ненан кийрахь долуш дуьйна хьарам рицкъ кийра дахарх лардеш, эшар хазийтарх лардеш, иштта кхидолчу вочух лардеш, тӀаккха оцу некъа тӀехь дӀадуьгу ахь дуьненчу даьлча а, тӀаккха мотт Ӏама болабелча цунна эшар лакхий, хелха далий а ца Ӏамош, Къуръан деша а, ламазе хӀотта а Ӏамадо, Къуръан тӀера дӀадеша Ӏамо хьалххе хилахь а, тӀаьхьара олуьйтуш кегий сураташ Ӏамадайтало, цул тӀаьхьа ишколе ма-даххана Къуръан деша а Ӏамо доладолуьйту, болх мелла а алсамбоккху Къуръан Ӏамадайтар тӀехь, кхин хӀуманаш Ӏамадайта а ца гӀерташ. Бере пхийттара далале Къуръан дагахь Ӏамадайтина чекхдаьккхича цул а доккха совгӀат дан а дац цу берана, цул а йоккха гӀулч а яц Ӏилманан некъана, цул тӀаьхьа шен Ӏилманан некъ лоцур бу цо тӀаккха!

https://t.me/Vragi_iblisa
Керста нах бац шуна, цхьанне а минотан садоӀуш. ТӀаккха вай гуттар а чӀогӀа къахьоьгуш хила ма дезар..
Керста наха, бусулба нехан иман гӀел дарехь бина белхаш юккъера, церан уггар чӀогӀа ка даьлларг, вай йижарши кхетам гал баккхар ду, ткъа йиша, ша йоккха хила нехан керта яхача, шен доьзал хилча, цо шен болу кхетам бен буьллур буй шен доьзалан чу а? Бац! Цундера ледар кхуьуш бу вай кегийрахой.
Цу наношан карахь дерг дац дайш карахь.
И йоккха жоьпалла йоьвзуш, зуда хила еза хьекъал долуш, доьшуш, дин доазарехь, нийса бера кхиорехь сутар. Иштта стаг а, шен доьзалех, шен хӀусамненах, ша жоп дала дези хууш, ша хоржуш ерг иман долуш, гӀиллакх долуш, оьзда йоӀ харжа еза.