Forwarded from Серлонан тоба
Турцехь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Сирехь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Суьлийн махках нах леш зенаш хилар, Нохчийчохь мох балар, нах леш зенаш хилар. СаӀудехь мох балар, Мароккахь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Ливехь хиш сов дийлар эзарнашкахь нах леш, эзарнашкахь нах байна.
Я Аллахӏ, къинхетам бе Ахь тхоьхь, гечде де Ахь тхуна. Я АллахӀ ларде Ахь тхо хьайн Ӏазапех, гечде Ахь тхо Ӏазапе хьакъ деш долчу тхан къиношна! ХӀоккхул йаккхий билгалонаш тхуна Ахьа гойтуш хилча, стенна кечдеш ду теша Ахь тхо, хӀун тӀедан доллу теша вайна.
Хила мега-кх, хӀара баккхийн бохамаш аса, сан ваша ахьа, сан йиша ахьа а летош долу къинош бахьана долуш. Вай Далла Ӏеса дийлар бахьан долуш, доллу умматана Ӏазап дала тарло-кх, вай летош долу къинош бахьана долуш, доллу къам хӀаллакх дан тарло-кх, Муса пайхамар (ӀалайхӀиссалам) къомана юкъара цхьа стаг бахьана долуш догӀа ца доуьйтуш екъалла лаьттира, дин къоманна цуьнах бала хуьлуш.
ХӀай нах! Тахана ца доьвлла вай кхин маца довла дохку дохко?
Тахана ца доьвлча къинойх юха, вай кхин маца довла дохку?
Тахана вай АллахӀан Ӏеса хилар Ӏад ца дитахь, вай кхин маца дита дохку иза?
Вай маца дохко довла дохку?
Кхин маца бусалбанахе бала кхача беза, вай Ӏесаллех юха ца довлуш?
Кхин маца стаг вала веза?
Кхин мелла боккха бохам хила беза?
Кхин мела чӀогӀа мохк бего беза?
Кхин мела чӀогӀа мох бала беза?
Кхин мела чӀогӀа хиш сов дийла деза?
Кхин хӀун хила деза вай дохко довла?
Тахана ца ваьлча дохко, хьо кхи маца вала воллу?
ВаллахӀи, дохко доьврам ду вай!
Тоба дан деза вай, гечдар а деха деза вай, дохко а доьвла нийсачу новкъатӀе а дерза деза вай. Тоба даран наьӀарш схьайиллина мел ю. Вайна дагахь доцуш, вай дуьненан хазаллех Ӏеха делла дехаш долуш, цхьана дийнахь малхбузехьа малх схьалабаьлла, тобан наьӀарш дӀакъоьвлиначултӀехь дохко вийра ма ву хӀора а!
«Кхин дукха сужудаш хӀунда ца дира теша аса, АллахӀ хӀунда ца хьехийра теша аса, нисвала дукх хан ма яра суна, дуккха а аьттонаш ма бира суна АллахӀа нисвала, Аллахӏан Ӏеса хӀунда вийлира теша со, АллахӀан мутӀахь хӀунда ца хилира теша со, еххачу хенахь къиношна чувоьлла ма Ӏийра со дохко ца волуш, дакъаз ма вала-кх со! Къеггина болчу нийсачу новкъатӀехь дӀавагӀа цамагар теша со» - бохуш, хӀора а дохко вийра ма ву вайх тоба ца дахь, къинойх юха а ца валахь. Со бахьана долуш дуй те хӀара, сан бехка болуш ду те хӀара, аса летош долу къинойши бехка буй те, со Ӏеса лелар бахьан долуш дуй те - аьлла ойла хӀунда ца йо вай хӀораммо, нисдала а хӀунда ца хьовсу?!
Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏазап тӀедоссале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏожалло ша лацале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, лахьатано ша тӀеттӀа Ӏовдале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, кошан Ӏазап тӀекхачале.
Тоба дойла ахьа хӀай хьанех! тобан наьӀарш дӀакъовлале!
Тоба дойла ахь, даиманна хир долу дохко вийлар хьайн тӀекхачале!
Ма дохко доьвра ду вай ...

Мацах цхьаммо аьлла бах-кх бусалба пачхьалкх еш ю вайна аьлча... «Бусалба пачхьалккхам йийриг хира ма яра аша, бусалбанах мичара балора бу теша аша» - аьлла))
Вай къома анпал - массо шарӀ дезаш ву «маттаца», амма и лело лаьаш и дӀахоттийта къахьоьгуш берш чӀогӀа кӀеззиг бу.

Серлонан тоба
Мацах цхьаммо аьлла бах-кх бусалба пачхьалкх еш ю вайна аьлча... «Бусалба пачхьалккхам йийриг хира ма яра аша, бусалбанах мичара балора бу теша аша» - аьлла)) Вай къома анпал - массо шарӀ дезаш ву «маттаца», амма и лело лаьаш и дӀахоттийта къахьоьгуш берш…
Шен тӀехь, шен хӀусамехь дӀа хӀоттаде шариӀат, хӀунда Ӏа вай бехка цкъа паччахьишна тӀе тоьттуш, Ӏеламнахан тӀе тоьттуш, йа кхечарна тӀе тоьттуш. Вайх хӀораммо шен тӀехь, шен чохь дӀа хӀоттичхьа, дина махкахь дӀа хӀуттуш дац и шариӀат? Иштта хуьлуш дац и шариӀат дӀа хӀоттар?
Цхьанне коьрта топ етта гӀерта ца дезаш, йа со паччахь велара бохуш сатийса ца дезаш, йа дуьнен паччхьиша цхьаммо шариӀат кхайкха ца до бохуш, бехкаш дӀас тетта ца оьшуш, дӀа хӀуттуш дац и шариӀат, хӀораммо шен тӀехь, шен чохь дӀа хӀоттичхьа?
ХӀан-хӀа, вайна ца деза шариӀат, вай къамелан дай бен дац, дезачун шариӀат долуш ду, шен къамелехь, шен леларехь, шен духарехь, шен хӀусамехь, цо дӀалеличхьа.
Вайна дезарг бехка дӀас теттар ду, ша цӀан луш, кхин хӀумма дац.
©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee

ХИЛА МЕГА-КХ...
Хила мега-кх, хӀара баккхийн бохамаш аса, сан ваша ахьа, сан йиша ахьа а летош долу къинош бахьана долуш. Вай Далла Ӏеса дийлар бахьан долуш, доллу умматана Ӏазап дала тарло-кх, вай летош долу къинош бахьана долуш, доллу къам хӀаллакх дан тарло-кх...
Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏазап тӀедоссале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏожалло ша лацале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, латтано ша тӀеттӀа Ӏовдале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, кошан Ӏазап тӀекхачале.
Тоба дойла ахьа хӀай хьенех! тобан наьӀарш дӀакъовлале!
Тоба дойла ахь, даиманна хир долу дохко вийлар хьайн тӀекхачале!
Ма дохко доьвра ду вай ...
https://t.me/serlonan_toba

Forwarded from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
«Хьо везар сан пхенаш чухула цlий хилла лелаш ду-кх!»Forwarded from Толам. Паргӏато. Маршо.
Харцо бакъонна тӀехь тоьлур ю моьттучо шен Делан хьокъехь вон ойла ма йина.
Харцо цкъа а тоьлур ма яц!
Харцо цкъа а тоьлур ма яц!
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн мотт бийца!
ХӀора нохчий, оьрсий мотт бийца эхь хеташ хила везаш вара.
Ма дарра аьлча, цу мостагӀчо вайна тӀехь латтийна таӀзар дага деъча, вай кхин аьтто бацахь, церан мотт ца бийцина а, цаьрца мостагӀалла лело дезаш дара вай.
Вайна, вай дайшах-наношах эхь хета дезаш дара церан (керста нахан) мотт бийца.
©Султан Панкиси

ШЕН КЪОМАН МОТТ БИЙЦАР КОЬРТА ХИЛАР...
Цхьана къонахчун доккха маьӀан долуш хаза дешнаш:
«ВаллахӀи, соьгар латта дӀа даьккханехь а, соьгар моттам дӀа боккхура бац аша!»
Иштта ойла хила еза хӀоранна а.
Ойла йича, и шен мотт бийца бохуш хьехараш дан ца дезаш, хӀоранна хаьа дезара шен мотт лара бан безий, иза буьйцуш хила везий. Цу керста нехан мотт бийца эхь хеташ, иза бийца дегаз а хеташ, хила везара хӀора а!
Дийца хала делахь а, вай ма дарра дийцича, вай къам жима ду, вай мотт ба герга ду, тахана вайна мотт бийца хаъ, амма язйа ца хаъ, кхана вайна мотт бийца а диц лура ду, тӀаккха вайн тӀехье, "тхан дайш нохчийн ма бара" бохуш леларан кхерам бу.
Цу маттац доьзна дукха хӀума ду, и мотт дӀа баларац, кхетам а хийцало, и мотт дӀа баларац, къам а дӀа долу, гӀиллакх, Ӏадат, массо а хӀума, цу маттац доьзна ду. Цундела чӀогӀа коьрта ду, мотт ларбар.
Мотт дӀабаьлча - къам дӀадолу, къомо шен мотт буьйцуш мел бу - къам а лаьтта.
Ӏеламнаха боху : «МостагӀчо, ша цхьа мохк схьабаьккхича, уггар хьалха цу махкарчу къоман мотт а, гӀиллакх а хуьйцу. Нагахь санна мостагӀчуьнга ша схьабаьккхинчу мехкан мотт а, гӀиллакх а хийца ца лахь - и къам эшна дац»

КЕРСТА НАХА ВАЙ КЪОМАЦА БЕШ БОЛУ ТӀОМ...
Тахана, цу керста наха, вайца беш болу тӀом, иза къоман Ӏадат, гӀиллакх, мотт дӀа баккха хьийзорца бу. Ма хуьллу шайн мотт, духар, кхетам вайна чу дилла гӀерташ бу уьш. ТӀаккха ахьа муха буьйцу церан мотт? Цу тӀамехь эшначерах хьо муха хуьлу? Шай цӀийца хӀара къам лардина долу вай дайш-нанош муха бицора бу ахьа?
Нохчийн вац хьо?
Гайта суна хьай нохчалла!

Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи
ва саллам) аьлла:
«Стаг шен накъосте хьежжина хуьлу, тӀаккха шу хьовсийла шеш накъосталла хьенца лела до».
Хьасан: Абу Давуд: 4833
Безамний, доттагӀаллиний оьшург адаман тӀехула куц, цуьнан хьалбахам бац - дог ду - цӀена а, тешаме а, оьзда а дог. Куц а, бахам а хийцалуш хӀуманаш ду, ткъа дог, и дегӀана тешаме дуьсу.

Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ма хаза къамел ду хӀара.
Дуьйцург Рамзан ву моьтту суна..
Дуьйцург Рамзан ву моьтту суна..
Хийла стаг хуьлу, lилма дацахь а, мотт говза болуш.
Иштта хийла стаг хуьлу, lилма делахь а, мотт говза боцуш.
Ткъа lилма а, меттан говзалла а йолуш наггахь бен ца хуьлу, ткъа цаьргахь цу тlе Делах кхерар а делахь - уьш жовхlарш ду.
https://t.me/so_icharkho

Telegram
𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Сох юьсун йолу лар 👣
https://www.instagram.com/so_icharkho
https://www.instagram.com/so_icharkho
ВАЙ ДУЙ ТЕ ВЕШАН ДАЙШЦА-НАНОШЦА ДИКА?...
-Вай чlогlа кlентий ду, вай ахlлус-сунна вал-жамаlа берзалой ю, вай суннат лелош, суннат тlехь, мажош охьа а хецна, дуьнен тlехь цхьаннех дешаш доцуш, ваьш санна чlогlа кlентий хета а ца хеташ берзалой ю вай. Вай лелош дерг бен дин дац, и бен суннат дац, вайна хетачу некъа тlехь и вацахь, и вохкавелла ву, шаверг вониг ву, иштта кхидlа а ду-кх уьш... Амма, оццул чlогlа долу вай, вай дуй те вешан Дайшца - Наношца дика? Вай къовлий те уьш доггах мара? Вай йоккхий те цаьрна барт? Вай хьостий те уьш доггах? Вай иштта чlогlа кlентий хилча, иман, ислам, суннат, маж, шадерг лелош хилча - вай дацара и саннарг дан хьакъ? Я вай лелош ерш рекламаш ю те?
https://t.me/islamanoxlu

ТЕРГО Е...
Пайде йоза гича, иза кхечарна довзийта лаьъ, амма цхьадолу хӀума дӀа даккха дезаш хуьлу, масала сурт, йа видео, цу йозац чу кхоьссина долу. (Цхьаъ дӀа даккха дезаш хилча, вай дӀа даккхе, бухахь церан ссылка йуьтуш кху чу кхуссу)
Цундела йоккху иштта сехьа, иза сих-сиха ца хуьлу.
Иштта ца лууш, йа аса дийраг нийса ца хеташ цхьаъ валахь, сайна бехка ца биллар доьху!
Вай цхьанне хала хетийта Ӏалашо яц, йа наха хьегна къа, айса хьегча санна кху чу дила Ӏалашо яц, дӀа даккха аьлларг, дӀа доккхар ду (нехан хьостичура сехьа даьккхинарг)