Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Зератхо
Аллахӏа муъма стаг зоь, цуьнан къиношна гечдархьама, эхартахь лаккхарчу дарже и кхачорхьама, нагахь Аллахӏа шена деллачунна собаре и чекхвалахь. Цундела цамгаро, балано хьой хьовзийча, хьо гӏайгӏане ма хилалахь. Хӏунда аьлча Аллахӏа хаьржина болчу муъма нахах хьой хиларна.

© ӏадлан Харачо
Forwarded from Зератхо
Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху: «Боккъалла а, Аллахӏана дукхабеза, Шена тӏе болх буьллурш».

Муьлххачу хьолехь Аллахӏана тӏе болх биллича, хьайна лууш долу, хьайна оьшуш йолу ӏалашо хьан кхочуш ца хиллехь а, Аллахӏана хьуо дукхавезачарех хиларна кхачаме ду хьуна.

© ӏадлан Харачо
Ӏилманан Аманат
Video
ИброхӀим (ӀалайхӀи салам) вахара Маккан латтан тӀе, шен цхьаъ бен воцу доьзалхо, хӀиц дуьненчу ваьлла волу доьзалхо, вузош волу доьзалхо эцна, цу доьзалхочунца йолу шен хӀусамнана, цу аренгахь, цхьа а адам, йа джид доцуш меттехь, цхьа а йаъа, йа мала доцучу меттехь, уьш аренгахь вахьа бихкина дӀавола велира ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) цаьрна букъ берзин. Цаьрна букъ берзина дӀаволавелича, шаьш вахьа дихкина и дӀавоьди хиича, цец йаьл Хӏаджара мохь беттара, хӀай ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) ахьа хӀун до? Тхо хӀоккхахь дитан мича воьду хьо? Тхо хьаьнца дуьту ахьа? Бохуш мохь беттара йоьхна хьийзаш Хӏаджара, ИброхӀимо (ӀалайхӀи салам) жоп ца лора цуьна, ИброхӀим (ӀалайхӀи салам) юха а ца верзара цуьна, ша юха вирзича церан йаьхьаш гина, шайн даг чохь къинхетам сов баьл, Дела омран ша Ӏеса хиларан кхоьруш, и дара ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) юха ца верзар, церан йаьхьашти ца хьажар хьам, букъ берзина дӀавоьдура, виста ца хилара, царна жоп ца лора, тӀаккха Хӏаджара кхайкхира цуьнга: АллахӀ вуй хьоьга хӀара омар динарг? АллахӀ де бохи хьоьга хӀара? Тхо хӀоккхе вахьа кхисса дӀагӀо, АллахӀа тӀе диллинарг дуй ахьа кхочуш деш? аьлла Хӏаджара мохь тоьхча. ИброхӀимо (ӀалайхӀи салам) коьртац ишар еш жоп делира цуна, ду аьлла. ТӀаккха Хӏаджара, собаре йолуш, Делах тешар даг чохь чӀогӀа долуш йолуш йолу Хӏаджаро жоп делира тӀаккха: тӀаккха-м АллахӀа тхо зене дойъар дац хьуна, тӀаккха тхо Дели карахь делахь, Дели омар хӀара делахь, тхуна хьа гуш хьал ирча делахь а, мацаллин далар бен гуш дацахьа, хьаг далар бен гуш дацахьа, амма Дела омрац хьо хӀара деш валахьа, тӀаккха АллахӀа тхо зене дойъар дац хьуна, тӀаккха дӀавало хьо. Аьлла реза хилира Хӏаджара, собаре хилира Хӏаджара, Дела омар кхочуш деш.
Цу кепара йолу Хӏаджара кхиийна ма вара ИсмаӀил а, цул тӀаьхьа цо олучу хенахь: хӀай сан да, АллахӀа хьайна омар деш дерриг кхочуш делахьа. Шена урса хьакха воллий шай да хиича, и бохуш собаре ма хилира иза.
Иштта дара Делан омран муьтӀахь хилар, иштта дара дени-нанни муьтӀахь хилар а.
АллахӀа хьайга омар деш дерриг кхочуш де ахьа, бохуш волу ИсмаӀил кхиийнарг Хӏаджар яра, цу кепара собарац и кхиийнарг, и динац кхиийнарг, цу Ӏакъидатац кхиийнарг, цу Ислам дин тӀехь и кхиийнарг цуна нана яра.
Цундела, и доьзалхо иштта кхиар, дас нанас кхиор, дукхах долу дакъа цу ненан тӀехь долуш, цу нанас кхиийнарг дукхах дерг хуьлуш.
Кху умматехь гӀар боьвла болу къонахий, тӀеман агӀора берш, Ӏилман агӀора берш, гӀар боьвларш, дукхах болу къонахий бу хьуна, беккъа нанош кхиийна, дайш дӀа боьвлу, бо бисан. Цу наношкхулу церах къонахий хилла.
Цундела и дар и Ислам дин, и да-нана тӀе хьоьхуш, и доьзалхо дика кхиоре, цу доьзалхочун терго яре, цу доьзалхочун марза дар цу Ислам динехь дерг, АллахӀа омар динарг, Пайхамаран ( соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатехь дерг, динац, Къуръанац, Бусулба динан марзонац уьш кхиор, и дерриге дас-нанс хьехарца, цул тӀаьхьа, шайна доьвзуш дацахь, хьоьхуш метте и доьзалхо дӀа валар.
Берриге болх карахь берг АллахӀ ма ву, берриге болх АллахӀи карахь ма бу!
Масала урс хьакхар, урсо деш дерг ма дац, АллахӀа шега омар динарг бен. Урсо деш дерг ма дац, АллахӀа шена тӀе диллина низам бен.
Цу хӀумо вайна гойту, иза АллахӀи болх хилар, АллахӀи омар динарг, АллахӀа хьуна муьтӀахь динарг, и ду, дуьнен низам, цу дуьнен низам чохь хуьлуш долу урсо хадор, йа цӀаро вагор, и дерриге АллахӀи балхах ду, иза АллахӀа дӀаэцахь, цу урсо хада вийра вац, цу цӀаро вага вийра вац.
ТӀаккха цу массо хӀуман ницкъа кхочуш волу АллахӀи карахь хьан дахар хилча, хьан рицкъ АллахӀи карахь хилча, хьо хӀунда лела воьхна? АллахӀан Ӏеса хуьлуш рицкъа даккха, АллахӀан Ӏеса хуьлуш дуьнен белхашан тӀехьа ваьлла хьо муха лела? И дерриге хӀума Шен карахь долу АллахӀан, мелхо и рицкъа даккхар, хьайна дезарг дехар, дуьне хуьлу и, эхарте хуьлу и, цу АллахӀан муьтӀахь хиларца леха ца дезара ахьа? И дерриге беркат, аьтто, цу АллахӀан муьтӀахь хиларца леха ца дезар ахьа?
Хьо АллахӀа волун дела, сан кхерам ма бац, сан са гат дар ма дац.
Соьга хьожуш хьо волун дела, сан Ӏуьнал деш хьо волун дела, сингаттаме ма вац со.
Хьо АллахӀ волун дела, сан дог дуьззина сатийсам бу,
Хьо АллахӀ волун дела, сан са, серла даьлла ду, лепаш ду.
Forwarded from Дешар...
«АллахӀа хьайга омар ма дар нис ло хьо!»

АллахӀа хьайга омар ма дар, Цуьнан муьтӀахь хила, АллахӀа хьайга омар ма дар ламаз де, АллахӀа хьайга омар ма дар марха кхаба, АллахӀа хьайга омар ма дар бераш кхиаде, АллахӀа хьайга омар ма дар дени-нанни муьтӀахь хила, АллахӀа хьайга омар ма дар, ваха а ваха!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ГӀИЛЛАКХ

Воккханиг тӀевеача, хьо гӀоттуш вацахь,
Хьехаме ладогӀа хьан собар дацахь,
Харцонах бакъдериг къастадалуш вацахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг хасто догцӀена вацахь,
Сонтаниг сацо доьналла дацахь,
Аьшпашца хьарамниг хьо гулдеш велахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Махкаца, халкъаца хьан бала бацахь,
Ненан мотт Ӏалашбан нохчалла яцахь,
МоттаргӀий , шалхонаш хьо мегаш валахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Да-Нана Ӏалашдан къинхетам бацахь,
ДоттагӀчун сий лардан тешаме вацахь,
ГӀийлачун дог эца адамалла яцахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг схьалаца хьан лаам бацахь,
Вочух хервала хьан лаам бацахь,
Бахьанаш леллол бен дин хьоьгахь дацахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.
Forwarded from Delan din
Хьехамаш, хьадисаш, аяташ даржо хьо ницкъ кхочуш вацахь.
Хьарам видеош, сарташ, эшарш мукъане ма яржа йе.
Ма хила масех секундан долуш долу самукъан лай. Ахь даржина долу къинош хьоьх хьерчар ду хьуна хьо велча а. Йа хьуна Iазап ца хилийта аьлла, хьоьх къинхетам а бина шайн самукъа ца доккхуш Iийра бац хьуна.
Forwarded from Delan din
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тхо ма-дарра магийта шайна йа тхо ма-дарра Iад дита, хIунда аьлча тхо хийца гIерта шу бакъо яц, йа тхан бехказдийла лаам бац.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийчохь вахарал деза ду суна - Нохчийчоь сайна чохь яхар..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АХЬА БЕРА НИЙСА КХИИЧА, УГГАРЕ БОККХА ПАЙДА, ХЬУНА ХЬАЙНА ХУЬЛУ...

Ахь бер нийса кхиийча, нийса Ӏамийча, уггаре а боккха пайда хьуна-хьайна хуьлуш бу. Дуьненчохь бу, эхартехь бу.
Вай бераш, вай доьзала, вай уггаре боккха бахам бу, вай вайш уггаре совва уьш кхиоран тӀе тидам бахийта безаш бу, вай уьш лартӀехь кхиабахь, вайна дуьненахь уьш пайде хиларел сов, вай делчул тӀехьа вайна пайдехь хира бу уьш.
АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) боху: Адам делча, цуьнан Ӏамал дӀахеда, кхаъ хӀумех йолу цуьнан Ӏамал йиссалц. Лелаш долу сагӀанех йолу Ӏамал йиссалц, цуьнах пайда оьцуш долу Ӏилмах йиссалц, цуьнан доӀ деш долу, дикачу берах йолу Ӏамал йиссалц.
Ахьа дика кхиийна волу доьзалхо, хьо вел чул тӀехьа а хьуна пайдехь ву, хьо вел чул тӀехьа а хьан Ӏамал хедаш яц, дуьненчохь ахьа витина дика доьзалхо валахь.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Іабур-Раззакь ал-Бадрас шен жайни чохь язина:

«ХІокху дахарехь лайн т|аьхь долчу уггаре даккхийчу декхаршах а, коьртачу аманатах а ду цо терго ян дезаш: «Бераш», уьш кхиадар, царна г|иллакх Іамадар, царна хьехар дар, царна нийса некь бовзийтар»
[Рака'изу фи тарбиятиль-абна'ь, arlo 3]
Зуда шен динах йохар а, гlиллакхах йохар а, цунна шена хилла а ца lаш, массарна а бохам бу.
Ткъа динехь зуда нис йалар, шен оьздангалла а, гlиллакх а
цо лардар - массарна а толам а бу.
Цундела аьлла зудчунан хьал дуьйцуш: «ах уммат ду хьо. важа ах уммат дийриг а йу хьо. дерриг а уммат ду-кх хьо».
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Турцехь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Сирехь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Суьлийн махках нах леш зенаш хилар, Нохчийчохь мох балар, нах леш зенаш хилар. СаӀудехь мох балар, Мароккахь мохк бегор эзарнашкахь нах леш, Ливехь хиш сов дийлар эзарнашкахь нах леш, эзарнашкахь нах байна.

Я Аллахӏ, къинхетам бе Ахь тхоьхь, гечде де Ахь тхуна. Я АллахӀ ларде Ахь тхо хьайн Ӏазапех, гечде Ахь тхо Ӏазапе хьакъ деш долчу тхан къиношна! ХӀоккхул йаккхий билгалонаш тхуна Ахьа гойтуш хилча, стенна кечдеш ду теша Ахь тхо, хӀун тӀедан доллу теша вайна.

Хила мега-кх, хӀара баккхийн бохамаш аса, сан ваша ахьа, сан йиша ахьа а летош долу къинош бахьана долуш. Вай Далла Ӏеса дийлар бахьан долуш, доллу умматана Ӏазап дала тарло-кх, вай летош долу къинош бахьана долуш, доллу къам хӀаллакх дан тарло-кх, Муса пайхамар (ӀалайхӀиссалам) къомана юкъара цхьа стаг бахьана долуш догӀа ца доуьйтуш екъалла лаьттира, дин къоманна цуьнах бала хуьлуш.

ХӀай нах! Тахана ца доьвлла вай кхин маца довла дохку дохко?
Тахана ца доьвлча къинойх юха, вай кхин маца довла дохку?
Тахана вай АллахӀан Ӏеса хилар Ӏад ца дитахь, вай кхин маца дита дохку иза?
Вай маца дохко довла дохку?
Кхин маца бусалбанахе бала кхача беза, вай Ӏесаллех юха ца довлуш?
Кхин маца стаг вала веза?
Кхин мелла боккха бохам хила беза?
Кхин мела чӀогӀа мохк бего беза?
Кхин мела чӀогӀа мох бала беза?
Кхин мела чӀогӀа хиш сов дийла деза?
Кхин хӀун хила деза вай дохко довла?
Тахана ца ваьлча дохко, хьо кхи маца вала воллу?

ВаллахӀи, дохко доьврам ду вай!

Тоба дан деза вай, гечдар а деха деза вай, дохко а доьвла нийсачу новкъатӀе а дерза деза вай. Тоба даран наьӀарш схьайиллина мел ю. Вайна дагахь доцуш, вай дуьненан хазаллех Ӏеха делла дехаш долуш, цхьана дийнахь малхбузехьа малх схьалабаьлла, тобан наьӀарш дӀакъоьвлиначултӀехь дохко вийра ма ву хӀора а!
«Кхин дукха сужудаш хӀунда ца дира теша аса, АллахӀ хӀунда ца хьехийра теша аса, нисвала дукх хан ма яра суна, дуккха а аьттонаш ма бира суна АллахӀа нисвала, Аллахӏан Ӏеса хӀунда вийлира теша со, АллахӀан мутӀахь хӀунда ца хилира теша со, еххачу хенахь къиношна чувоьлла ма Ӏийра со дохко ца волуш, дакъаз ма вала-кх со! Къеггина болчу нийсачу новкъатӀехь дӀавагӀа цамагар теша со» - бохуш, хӀора а дохко вийра ма ву вайх тоба ца дахь, къинойх юха а ца валахь. Со бахьана долуш дуй те хӀара, сан бехка болуш ду те хӀара, аса летош долу къинойши бехка буй те, со Ӏеса лелар бахьан долуш дуй те - аьлла ойла хӀунда ца йо вай хӀораммо, нисдала а хӀунда ца хьовсу?!

Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏазап тӀедоссале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, Ӏожалло ша лацале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, лахьатано ша тӀеттӀа Ӏовдале.
Тоба дойла-кх хӀораммо, кошан Ӏазап тӀекхачале.
Тоба дойла ахьа хӀай хьанех! тобан наьӀарш дӀакъовлале!
Тоба дойла ахь, даиманна хир долу дохко вийлар хьайн тӀекхачале!
Ма дохко доьвра ду вай ...
Мацах цхьаммо аьлла бах-кх бусалба пачхьалкх еш ю вайна аьлча... «Бусалба пачхьалккхам йийриг хира ма яра аша, бусалбанах мичара балора бу теша аша» - аьлла))

Вай къома анпал - массо шарӀ дезаш ву «маттаца», амма и лело лаьаш и дӀахоттийта къахьоьгуш берш чӀогӀа кӀеззиг бу.