Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from lадлан Харачо
1️⃣🔠🔠🔠🔠🔠🔠 🔠🔠

☀️Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де!

АллахӀ дуьнен стигал тӀе охьавуссу де.
АллахӀа Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де.
АллахӀа уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де.
ДоӀанна жоп ло де.
Къиношна гечдо де.
Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де.
Ислам-дин АллахӀа кхочушдина де.
Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де.
Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де.
Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де.
Ӏашураъ дийнал а деза де.
Дуьненчохь массо дийнал а деза де.

☪️ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АллахӀе далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АллахӀа цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала!
https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Куьзга бех луш хиларе терра, бех луш ду и дог,
Гай мац луш хиларе терра, мац луш ду и дог,
тӀаккха аша цӀан дойла шайн дегнаш, цу дезачу денахь, Ӏарафат денахь, доӀнаш алсам дарца, тоба дарца,
тӀаккха дуз дойла аша шайн дегнаш, АллахӀе дехарца, Цуьнан бала балха барца..

Ӏарафат де санна деза де дац кху дуьненчохь..☀️
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
КХАЙКХАМ

Вайна ма хаара, гӀурбан де, вай шин Ӏиднах цхьа Ӏийда ду, амма марха досту де санна даза деш дац вай иза..
КӀезиг бен дацахьа, хӀораммо шен юртахь лулахо чу кхайкхар хуьлу и, йа урам кеччош шарик оллар хуьлу и, йа салют кхоссар хуьлу и, муьлхачу агӀора, и де вайн деза де дуй хоуьйтуш, довзуьйтуш, билгал деш хила деза вай.
Forwarded from ВАЙН МАЖЛИС
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته.

تقبل الله منا ومنكم صالح الأعمال.
كل عام وأنتم بألف خير ☝️.

Дала къобал дойла шун гIурба, массо дика Iамал а. АллахIа умматан беркате дойла хIара дезде!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Зул-хьижжахI бутт болабаларца суннат хуьлу гIурбана урс хьокху дийнал тIаьхьа догIу кхоалгIа дийнан маьркIажа хан хиллалцДела воккхавар.

АллóхIу Акбар,
АллóхIу Акбар,
АллóхIу Акбар,

Лá илáхIа иллаллóхI.

АллóхIу Акбар,
АллóхIу Акбар,

ва ЛиллáхIил-хьамд.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ГӀурбанаш къобал деш бераш ара дойла вай юртахь
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Зератхо
Аллахӏа муъма стаг зоь, цуьнан къиношна гечдархьама, эхартахь лаккхарчу дарже и кхачорхьама, нагахь Аллахӏа шена деллачунна собаре и чекхвалахь. Цундела цамгаро, балано хьой хьовзийча, хьо гӏайгӏане ма хилалахь. Хӏунда аьлча Аллахӏа хаьржина болчу муъма нахах хьой хиларна.

© ӏадлан Харачо
Forwarded from Зератхо
Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху: «Боккъалла а, Аллахӏана дукхабеза, Шена тӏе болх буьллурш».

Муьлххачу хьолехь Аллахӏана тӏе болх биллича, хьайна лууш долу, хьайна оьшуш йолу ӏалашо хьан кхочуш ца хиллехь а, Аллахӏана хьуо дукхавезачарех хиларна кхачаме ду хьуна.

© ӏадлан Харачо
Ӏилманан Аманат
Video
ИброхӀим (ӀалайхӀи салам) вахара Маккан латтан тӀе, шен цхьаъ бен воцу доьзалхо, хӀиц дуьненчу ваьлла волу доьзалхо, вузош волу доьзалхо эцна, цу доьзалхочунца йолу шен хӀусамнана, цу аренгахь, цхьа а адам, йа джид доцуш меттехь, цхьа а йаъа, йа мала доцучу меттехь, уьш аренгахь вахьа бихкина дӀавола велира ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) цаьрна букъ берзин. Цаьрна букъ берзина дӀаволавелича, шаьш вахьа дихкина и дӀавоьди хиича, цец йаьл Хӏаджара мохь беттара, хӀай ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) ахьа хӀун до? Тхо хӀоккхахь дитан мича воьду хьо? Тхо хьаьнца дуьту ахьа? Бохуш мохь беттара йоьхна хьийзаш Хӏаджара, ИброхӀимо (ӀалайхӀи салам) жоп ца лора цуьна, ИброхӀим (ӀалайхӀи салам) юха а ца верзара цуьна, ша юха вирзича церан йаьхьаш гина, шайн даг чохь къинхетам сов баьл, Дела омран ша Ӏеса хиларан кхоьруш, и дара ИбраьхӀим (ӀалайхӀи салам) юха ца верзар, церан йаьхьашти ца хьажар хьам, букъ берзина дӀавоьдура, виста ца хилара, царна жоп ца лора, тӀаккха Хӏаджара кхайкхира цуьнга: АллахӀ вуй хьоьга хӀара омар динарг? АллахӀ де бохи хьоьга хӀара? Тхо хӀоккхе вахьа кхисса дӀагӀо, АллахӀа тӀе диллинарг дуй ахьа кхочуш деш? аьлла Хӏаджара мохь тоьхча. ИброхӀимо (ӀалайхӀи салам) коьртац ишар еш жоп делира цуна, ду аьлла. ТӀаккха Хӏаджара, собаре йолуш, Делах тешар даг чохь чӀогӀа долуш йолуш йолу Хӏаджаро жоп делира тӀаккха: тӀаккха-м АллахӀа тхо зене дойъар дац хьуна, тӀаккха тхо Дели карахь делахь, Дели омар хӀара делахь, тхуна хьа гуш хьал ирча делахь а, мацаллин далар бен гуш дацахьа, хьаг далар бен гуш дацахьа, амма Дела омрац хьо хӀара деш валахьа, тӀаккха АллахӀа тхо зене дойъар дац хьуна, тӀаккха дӀавало хьо. Аьлла реза хилира Хӏаджара, собаре хилира Хӏаджара, Дела омар кхочуш деш.
Цу кепара йолу Хӏаджара кхиийна ма вара ИсмаӀил а, цул тӀаьхьа цо олучу хенахь: хӀай сан да, АллахӀа хьайна омар деш дерриг кхочуш делахьа. Шена урса хьакха воллий шай да хиича, и бохуш собаре ма хилира иза.
Иштта дара Делан омран муьтӀахь хилар, иштта дара дени-нанни муьтӀахь хилар а.
АллахӀа хьайга омар деш дерриг кхочуш де ахьа, бохуш волу ИсмаӀил кхиийнарг Хӏаджар яра, цу кепара собарац и кхиийнарг, и динац кхиийнарг, цу Ӏакъидатац кхиийнарг, цу Ислам дин тӀехь и кхиийнарг цуна нана яра.
Цундела, и доьзалхо иштта кхиар, дас нанас кхиор, дукхах долу дакъа цу ненан тӀехь долуш, цу нанас кхиийнарг дукхах дерг хуьлуш.
Кху умматехь гӀар боьвла болу къонахий, тӀеман агӀора берш, Ӏилман агӀора берш, гӀар боьвларш, дукхах болу къонахий бу хьуна, беккъа нанош кхиийна, дайш дӀа боьвлу, бо бисан. Цу наношкхулу церах къонахий хилла.
Цундела и дар и Ислам дин, и да-нана тӀе хьоьхуш, и доьзалхо дика кхиоре, цу доьзалхочун терго яре, цу доьзалхочун марза дар цу Ислам динехь дерг, АллахӀа омар динарг, Пайхамаран ( соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатехь дерг, динац, Къуръанац, Бусулба динан марзонац уьш кхиор, и дерриге дас-нанс хьехарца, цул тӀаьхьа, шайна доьвзуш дацахь, хьоьхуш метте и доьзалхо дӀа валар.
Берриге болх карахь берг АллахӀ ма ву, берриге болх АллахӀи карахь ма бу!
Масала урс хьакхар, урсо деш дерг ма дац, АллахӀа шега омар динарг бен. Урсо деш дерг ма дац, АллахӀа шена тӀе диллина низам бен.
Цу хӀумо вайна гойту, иза АллахӀи болх хилар, АллахӀи омар динарг, АллахӀа хьуна муьтӀахь динарг, и ду, дуьнен низам, цу дуьнен низам чохь хуьлуш долу урсо хадор, йа цӀаро вагор, и дерриге АллахӀи балхах ду, иза АллахӀа дӀаэцахь, цу урсо хада вийра вац, цу цӀаро вага вийра вац.
ТӀаккха цу массо хӀуман ницкъа кхочуш волу АллахӀи карахь хьан дахар хилча, хьан рицкъ АллахӀи карахь хилча, хьо хӀунда лела воьхна? АллахӀан Ӏеса хуьлуш рицкъа даккха, АллахӀан Ӏеса хуьлуш дуьнен белхашан тӀехьа ваьлла хьо муха лела? И дерриге хӀума Шен карахь долу АллахӀан, мелхо и рицкъа даккхар, хьайна дезарг дехар, дуьне хуьлу и, эхарте хуьлу и, цу АллахӀан муьтӀахь хиларца леха ца дезара ахьа? И дерриге беркат, аьтто, цу АллахӀан муьтӀахь хиларца леха ца дезар ахьа?
Хьо АллахӀа волун дела, сан кхерам ма бац, сан са гат дар ма дац.
Соьга хьожуш хьо волун дела, сан Ӏуьнал деш хьо волун дела, сингаттаме ма вац со.
Хьо АллахӀ волун дела, сан дог дуьззина сатийсам бу,
Хьо АллахӀ волун дела, сан са, серла даьлла ду, лепаш ду.
Forwarded from Дешар...
«АллахӀа хьайга омар ма дар нис ло хьо!»

АллахӀа хьайга омар ма дар, Цуьнан муьтӀахь хила, АллахӀа хьайга омар ма дар ламаз де, АллахӀа хьайга омар ма дар марха кхаба, АллахӀа хьайга омар ма дар бераш кхиаде, АллахӀа хьайга омар ма дар дени-нанни муьтӀахь хила, АллахӀа хьайга омар ма дар, ваха а ваха!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ГӀИЛЛАКХ

Воккханиг тӀевеача, хьо гӀоттуш вацахь,
Хьехаме ладогӀа хьан собар дацахь,
Харцонах бакъдериг къастадалуш вацахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг хасто догцӀена вацахь,
Сонтаниг сацо доьналла дацахь,
Аьшпашца хьарамниг хьо гулдеш велахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Махкаца, халкъаца хьан бала бацахь,
Ненан мотт Ӏалашбан нохчалла яцахь,
МоттаргӀий , шалхонаш хьо мегаш валахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Да-Нана Ӏалашдан къинхетам бацахь,
ДоттагӀчун сий лардан тешаме вацахь,
ГӀийлачун дог эца адамалла яцахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг схьалаца хьан лаам бацахь,
Вочух хервала хьан лаам бацахь,
Бахьанаш леллол бен дин хьоьгахь дацахь,
Ма деса техкийна хилла хьан ага.