Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Дешар...
ХЬАЖ, ӀУМРАТ, ДАХАРЕХЬ ЦКЪА ДИНА, ДАН ВАЖИБ ХИЛАР ДАЛИЛ...

«Дахарехь цкъа вахар важиб хилар мича тӀе тоьвжин бохуш ду аьлча, Лекха волу АллахӀан дашан тӀе тоьвжина дукх и. АллахӀа боху: «И хьаж, Ӏумрат дойла аша, АллахӀан доьхь» иштта цу аятан тӀе тоьвжина, хьаж, Ӏумрат дар важиб хиларехь тӀе чӀагӀ делла вайна.
ТӀаккха кхузахь АллахӀа, хьаж, Ӏумрат дойла аша, аьлла дина омар долуш, иза важиб ду, йа суннат ду, бохуш хетта а нийса дац.»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/deshaarr
Forwarded from Дешар...
ЗУДЧУННА ӀУМРАТ ДАР ВАЖИБ ДУЙ, (МЕГАР ДУЙ) ШАЙЦА ВА МАХЬРАМ ВАЦАХЬ?...

И Ӏумрат важиб дац хьуна зудчунна, шецани и Ӏумрат дан ва махьрам (ткъа вай маттахь, чуьра стаг) вацахь.
Ткъа вуьшта аьлча, зудчунца махьрам хилар бехкам лору хӀокхо, и бехкам хьан кхочуш хилча бен, хьуна иза важиб ца хуьлу, (зудчунна)
Иза мича тӀе тоьвжина олуш ду аьлча, Ибн Ӏаббаса (АллахӀа реза хуьлда цу шинна) дийцина долу хьадисана тӀе тоьвжина бохуш ду.
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьллера: «и хьаж ма дойла зудчо, шеца махьрам воцуш»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/deshaarr
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ЖАЙНА ЯЗДЕШ, ӀЕЛАМНАХА ЛЕЛОШ ДОЛУ НИЗАМ, ӀАДАТ...

Жайни низам, йа Ӏеламнеха Ӏадат, жайна яздечу хенахь хуьлуш долу, лелош долу, иза Дела цӀарца долор, ткъа иза мичара схьаэцна, доладелла ду аьлча, Къуръанчура масал дукх, иштта Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахарера эцна масал дукх иза. Къуръана вайна доьвзуш ма хиллар, долош йоьххьехь басмалац дӀадолин хилар, иштта Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) пачхьишка дехьа ша кехат дохьуьйтучу хенахь, дине кхойкхуш ша цаьрга кехат дохьуьйтучу хенахь Делан цӀарца доладора шайн кехат. ТӀаккха цу тӀера, и Ӏадат ду цу Ӏилмангахь Ӏеламнаха схьаэцна, и жайна Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цунгар эцна масал тӀера, Къуръан тӀера эцна масал тӀера, и долош долу жайна Делан цӀарца доладар.
Кху тайпа дерг лелор, жайна яздеш "БисмиллахӀир рохьманир рохьим" алар, йа цхьадолу жайнашкахь вайна ма гар и жайна долош Далла хастам барца и доладара, и дерриге важиб дац, амма и лара ца деш меттигаш йоьвзи вайна аьлча, ишттадерга ца хуьлу, тӀаккха цо вайна гойтуш долу масал, цо вайна Ӏамош дерга, иза цу Ӏилман шен низам, шен цхьа некъ хилар довзуьйту.
И жайна яздар боху хӀума дола делча дуьйна лелаш ду кху тайпа хӀума, и цхьа Ӏадат, и цхьа низам дукх.
Цо вайна гойтург, цунах вай эца дезаш долу масал, цу Ӏилман юккъера муьлха хӀума хулийла иза, тахан вай замангахь ца оьшу хӀара, йа вай замангахь дац важа бохуш, цу Ӏилман некъ тӀера хӀуманаш дуй, уьш гал дахар йа цу Ӏилмана беан болу некъ, иза кхечу кепар болабар, иза нийса ца хилар, иштта хила дезаш ца хилар, йа и Ӏилман некъ ца хилар довзуьйту вайна хӀокху масало.
Ӏилман шен некъ бу, тӀаккха цу Ӏилман некъ букх ахьа дӀалело безаш, хӀара важиб дуй, суннат дуй, и дац цигахь довза дезаш долу хаттар, мелхо и цу Ӏилман низам дуй и, тӀаккха и иштта дӀалело дезаш дукх.

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Дикаден бусалба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вуй хьо АллахӀан элчан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) реза!?

🎙️Ӏадлан Харачо
Forwarded from lадлан Харачо
Шайх Алба‌нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Атхьиг доьшучу хенахь пӀелг хьалаайбина охьабахийтар, я «Ла илахӀа» олучу хенахь хьалаайбар, я «иллаллахӀ» олучу хена хьалаайбар, и дерриге а суннатехь шен цхьа а бух болуш хӀума дац».

[Сифату сала‌тин-набий, агIо: 138]
✈️https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«Ислам-дин юхадогӀур ду ша дуьххьара дола ма-даллара наха тамаша а беш. Ма йоккха декъалла ю-кх гӀурабаашна (нах галбевлачу хенахь шайн динах тасабелларш)».

[Муслим: 145]
«Тlех хаза масал дара шуна Аллахlан элчанехь – [шух] Аллахlе a, эхартан дийне а сатуьйсуш волчунна а, дуккха а Аллахl хьехочунна а.»

(Аль-Ахьзаб: 21)
Шен чохь, массо гӀайгӀа, бала, сингаттам гуллийна долу дуьне, бӀаьрга Ӏехош, дог делош, хаза хилча. Шен чохь самукъа, синпаргӀато, безам болу Йалсамане, муха хаза хила еза тӀаккха?
Ма тамашийна ду хьал, гӀайгӀана цӀа долу дуьнен доьхь ахьа хьоьгуш долу къа, цу къахьегаран ах дакъа дуй ахьа Йалсаманен доьхьа хьоьгуш? Хилам дерриге а эхартан дӀа дуьллуш хила дезаш дара вай, амма вайна ца йоьвзу и Йалсамане, йовзахьара хьакъ мадду Ӏибадатангахь сутар хира дара)

АллахӀ ца вовзар дукх, вай хьакъ мадду Цуьнан Ӏибадат деш ца хилар.
Йалсамане ца йовзар дукх, вай цига кхача къахьоьгуш ца хилар.
Жоьжахате ца йовзар дукх, вай цунах ларлуш, къинош дита ца гӀертар.
Forwarded from ал'-асар
الوقت يمضي سريعـاً،
الأيام تتبدل كأنها الريح
ولا يبقى من الطاعة إلا أجرها،
ولا يبقى من المعصية إلا وزرها

Хан сиха дlайоьдуш ю
Денош мох санна (чехка) хийцалуш лаьтташ ду
Муьтlахь хиларех дуьсуш хlума дац, цуьнах хуьлу ял йоцург
lесаллех дуьсуш хlума дац, (гехь боллу) мохь боцург
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Бакъдолу самукъа – Делаца дерг ду, Цуьнца доцург – Ӏехавалар ду.
Forwarded from Дикаден бусалба
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
АстагӀфируллахӀ дукха бахар

🎙️Ӏадлан Харачо
Forwarded from ВАЙН МАЖЛИС
بسم الله الرحمن الرحيم.

Ислам вайн гIап ю, и гIап ларъян вайна герз оьшу, ткъа, уггаре коьрта герз - нийса кхетам бу. Кху хьостан Iалашо и герз гулдар ю, вайн кхетам кхиор болу жайнаш дешарца.

Жайна дешаран некъ:

Билгалдина жайна, хIора дийнахьа 15 мин. Доьшура ду иншаАллахI.

Доьшучу жайнах хаттар кхоллалахь, кху тIе яздер ду : @Vaynmajlis_bot

•Ахьмад.
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Суннат даржор, бидӀат дӀадаккхар - АллахӀан новкъахь дечу жихӀадах ду хьуна.
Шайх Вахьид Балий
50خطأ في العيدين.pdf
МутаӀеламашна, иштта диканиг даржошчунна, пайде жайна
Ахьа ма ала, "Йа АллахӀ, Ӏилма ло ахьа суна"
Ахьа ала, "Йа АллахӀ, пайде долу Ӏилма ло ахьа суна"