Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from Muvahhidun
Тховса Саlудехь бутт гина 🌙
15-гlа июнь lарафат де.
16-гlа июнь гlурбан де.
Шаьш дийриг кӀезиг хӀума ду ма мотталаш, ца хуург хуьлу, диц делларг хуьлу, иштта тайп-тайпана хуьлу хьолаш, цундера вовший даиманна диканиг дага доуьйтуш хила деза вай..
Ассаламу 1алайкум варохьматуллох1 вабарокатух1.

Мархийн баттахь санна, х1окху зул-хижжат итт дийнахь, х1ора ден цхьацца до1а, 1амал хьахош йоццу записаш йийра ю вай, конкурс а еш, ин шаа Аллах1.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хlай Анас, муха кхосса делира техьа шуьга, Аллахlан элчанна ﷺ тlе латта?!
салафех цхьаммо аьлла; шен мутlеламашна дарс хьоьхуш lаш волуш:

«Валлахlи, паччахьашна йовзахьара вайна хаалуш йолу марзо, деган синтем, деган паргlато, и марзо вайгара схьаяккха гlерташ вайца тlом бийр ма бара цара!», - аьлла.
Forwarded from 🕋 News «IUKSA»🕋
🗣️ Обращение всем кто подаёт или подал документы на бесплатные ВУЗы арабских стран!!!

‼️ ПЕРЕШЛИТЕ ВСЕМ СВОИМ ЗНАКОМЫМ

📲 По всем вопросам перевода и подачи документов писать только на наш WhatsApp по ссылке:
👉
https://wa.me/79374403686

▪️Подписаться на канал
«Новости IUKSA»:

👉 https://t.me/iuksa

▪️Подписаться на чат канала «Новости IUKSA»:
👉 https://t.me/iuksa_ru
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ВаллахIи_ хIара санна денош дан ма дац
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀан тоба ю хьаж, Ӏумрат деш берш. АллахӀа дӀакхайкхина уьш цига.

Хьаж-цӀа ваха лаарх ца тоьу, хьаж-цӀа воьдуш волчунна цигахь мел дан дезарг хаар, Ӏамор важиб ду...

АллахӀа Шен сийлахьчу латтан тӀе кхачар лойла вайн хӀоранна а!

https://t.me/vay_nohchiy
Forwarded from Дешар...
ХЬАЖ, ЙА ӀУМРАТ ДАН ӀАЛАШО (ЛААМ) ХИЛЧА ДАН ДЕЗАРГ...

Хьаж далахь, йа Ӏумрат далахь, хӀоранна тӀехь ду, (важиб ду) и даран белхаш довзар, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра.

Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: соьгара схьаэца шайн хьаж белхаш"
И бохуш дира Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀаьххьара Ӏадика еш шайн хьаж.

«Вайна ма довзара, муьлха цхьа хӀума ахьа деш хилча, муьлха Ӏамал, иза Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра, цо ма ярра ян езаш ю.

Иштта хӀоранна, цхьа хӀума дан леринехь, цу хьокъехь дерг, цу хӀуман белхаш, довзар важиб ду.
Масала: хьаж дан хьуна лиича, йа Ӏумрат дан лиича, ткъа вуьшта аьлча, и дан хьо новкъа ваьлча, и дан хьо ара ваьлча, хӀинца кху шара воьду со хьаж цӀа аьлла, йа Ӏумрате, тӀе бохучу баттахь, аьлла хьан ният кхолла делча хӀинца хьуна важиб хули тӀе дужуш ду цу хьаж дан воьдуш валахь, цу хьажах дерг, Ӏумрат дан воьдуш валахь, цу Ӏумратах дерг, хьуна довзар, ахьа Ӏама дар, хьан бала кхачар. Шайна хьалха ваьлла цхьаъ ву бохуш, цу тӀехь кхачо ца яр. Шайна хьалха ваьлларг мила ву, Ӏилмац ву йа вац хьо хьажар, иманац, Делах кхерарц, болучу гулламехь хьо нис валар иза коьрта ду, иза лардар дезаш дерга а ду, амма цу тӀехь кхачо йина хьо Ӏан везаш вац.
Ишттаниг хьалха ваьлла велахь а, хьо даиманна цуна гушчхьа хира вац, даиманна цуьнан бӀаьргаш хьалха хира вац, цуна ца хууш, хьоьгара цхьаъ дала йиш ю, хьан дан йиш йоцу хӀума, дан мегаш доцу хӀума, хьуна хьайна доьвзуш ца хиларе терра. Цундера и массо хӀума довза декхарийлахь ву хӀора бусулба стаг, ша дан лерина долу муьлха хӀуман хьокъехь.»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/deshaarr
Forwarded from Дешар...
ӀУМРАТАН ХЬУКМ...

Ӏумрат важиб ду бусулбачунна, пхийттар ваьлла волу, хьекъале волу, ницкъа кхочуш волу. Шен даьхница, шен дегӀаца.
ХӀара хьолаш шайгахь долчунна Ӏумрат важиб хуьлуш ду.

........
Forwarded from Дешар...
ХЬАЖ, ӀУМРАТ, ДАХАРЕХЬ ЦКЪА ДИНА, ДАН ВАЖИБ ХИЛАР ДАЛИЛ...

«Дахарехь цкъа вахар важиб хилар мича тӀе тоьвжин бохуш ду аьлча, Лекха волу АллахӀан дашан тӀе тоьвжина дукх и. АллахӀа боху: «И хьаж, Ӏумрат дойла аша, АллахӀан доьхь» иштта цу аятан тӀе тоьвжина, хьаж, Ӏумрат дар важиб хиларехь тӀе чӀагӀ делла вайна.
ТӀаккха кхузахь АллахӀа, хьаж, Ӏумрат дойла аша, аьлла дина омар долуш, иза важиб ду, йа суннат ду, бохуш хетта а нийса дац.»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/deshaarr
Forwarded from Дешар...
ЗУДЧУННА ӀУМРАТ ДАР ВАЖИБ ДУЙ, (МЕГАР ДУЙ) ШАЙЦА ВА МАХЬРАМ ВАЦАХЬ?...

И Ӏумрат важиб дац хьуна зудчунна, шецани и Ӏумрат дан ва махьрам (ткъа вай маттахь, чуьра стаг) вацахь.
Ткъа вуьшта аьлча, зудчунца махьрам хилар бехкам лору хӀокхо, и бехкам хьан кхочуш хилча бен, хьуна иза важиб ца хуьлу, (зудчунна)
Иза мича тӀе тоьвжина олуш ду аьлча, Ибн Ӏаббаса (АллахӀа реза хуьлда цу шинна) дийцина долу хьадисана тӀе тоьвжина бохуш ду.
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьллера: «и хьаж ма дойла зудчо, шеца махьрам воцуш»

- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/deshaarr
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ЖАЙНА ЯЗДЕШ, ӀЕЛАМНАХА ЛЕЛОШ ДОЛУ НИЗАМ, ӀАДАТ...

Жайни низам, йа Ӏеламнеха Ӏадат, жайна яздечу хенахь хуьлуш долу, лелош долу, иза Дела цӀарца долор, ткъа иза мичара схьаэцна, доладелла ду аьлча, Къуръанчура масал дукх, иштта Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахарера эцна масал дукх иза. Къуръана вайна доьвзуш ма хиллар, долош йоьххьехь басмалац дӀадолин хилар, иштта Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) пачхьишка дехьа ша кехат дохьуьйтучу хенахь, дине кхойкхуш ша цаьрга кехат дохьуьйтучу хенахь Делан цӀарца доладора шайн кехат. ТӀаккха цу тӀера, и Ӏадат ду цу Ӏилмангахь Ӏеламнаха схьаэцна, и жайна Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цунгар эцна масал тӀера, Къуръан тӀера эцна масал тӀера, и долош долу жайна Делан цӀарца доладар.
Кху тайпа дерг лелор, жайна яздеш "БисмиллахӀир рохьманир рохьим" алар, йа цхьадолу жайнашкахь вайна ма гар и жайна долош Далла хастам барца и доладара, и дерриге важиб дац, амма и лара ца деш меттигаш йоьвзи вайна аьлча, ишттадерга ца хуьлу, тӀаккха цо вайна гойтуш долу масал, цо вайна Ӏамош дерга, иза цу Ӏилман шен низам, шен цхьа некъ хилар довзуьйту.
И жайна яздар боху хӀума дола делча дуьйна лелаш ду кху тайпа хӀума, и цхьа Ӏадат, и цхьа низам дукх.
Цо вайна гойтург, цунах вай эца дезаш долу масал, цу Ӏилман юккъера муьлха хӀума хулийла иза, тахан вай замангахь ца оьшу хӀара, йа вай замангахь дац важа бохуш, цу Ӏилман некъ тӀера хӀуманаш дуй, уьш гал дахар йа цу Ӏилмана беан болу некъ, иза кхечу кепар болабар, иза нийса ца хилар, иштта хила дезаш ца хилар, йа и Ӏилман некъ ца хилар довзуьйту вайна хӀокху масало.
Ӏилман шен некъ бу, тӀаккха цу Ӏилман некъ букх ахьа дӀалело безаш, хӀара важиб дуй, суннат дуй, и дац цигахь довза дезаш долу хаттар, мелхо и цу Ӏилман низам дуй и, тӀаккха и иштта дӀалело дезаш дукх.

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Дикаден бусалба
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вуй хьо АллахӀан элчан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) реза!?

🎙️Ӏадлан Харачо
Forwarded from lадлан Харачо
Шайх Алба‌нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Атхьиг доьшучу хенахь пӀелг хьалаайбина охьабахийтар, я «Ла илахӀа» олучу хенахь хьалаайбар, я «иллаллахӀ» олучу хена хьалаайбар, и дерриге а суннатехь шен цхьа а бух болуш хӀума дац».

[Сифату сала‌тин-набий, агIо: 138]
✈️https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«Ислам-дин юхадогӀур ду ша дуьххьара дола ма-даллара наха тамаша а беш. Ма йоккха декъалла ю-кх гӀурабаашна (нах галбевлачу хенахь шайн динах тасабелларш)».

[Муслим: 145]