Ӏилманан Аманат
339 subscribers
815 photos
649 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
الْبِدَايَةُ فِي عِلْمِ الْعَقِيدَةِ
«Бидаяту фи Ӏилмил-ӀакъидахӀ»

الشيخ وَحِيدِ بْنِ عَبْدُ السَّلَامِ بَالِي
Шайх Вахьи‌д ибн Iабдус-Сала‌м Ба‌лий


28.11.23 ш
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
15-гӀа бӀешарера вай дешна долу жайна, Шайхана дIадоьшуш.

مدخل إلى دراسة العقيدة
«Мадхал ила дирасатил-ӀакъидахӀ»

الشيخ خالد الجهني
Шайх Халид ЖухӀаний

31.08.2023шо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Вай Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) уггар дукха хан йайъна Маккичохь, еккъа цхьа Тавхьид йуьйцуш, кхин цхьа а хӀума доцуш, кхойтта шо еккъа цхьа Тавхьид йуьйцуш даьккхина Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) кхин долу дерриге хӀуман делларг итт шо дара.
Оццулла коьрта юкх и Тавхьид, дисина долу дерриге хӀума, и хьан дин, оцу Тавхьидах доьзна ду.
Ткъа вуьшта аьлча, и хьан дин, къобал дар, ца дар, оцу хьан Тавхьиде хьаьжжина хира ду.
Тавхьид - берриге Пайхамарша, Элчаша, шен къаьмнашка доьххьара йицинарг, доьххьара кхайкхинарг, уггаре дукха йицинарг, уггаре чӀогӀа йоьхьар лаьцнарг, уггаре дукха хан йайъинарг, уггаре лазме лаьцнарг, айбинарг, иза Тавхьид яра.
Пайхамарша, Элчаша, уггаре чӀогӀа са гат динарг, цу Тавхьидан декъах, Ӏибадатангахь АллахӀ цхьаъ вар дакъа ду. Вуьшта аьлча, дерриге Ӏибадат декъ цхьана АллахӀан бен ца дар.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ӀИБАДАТ ДУ, ЙА ДАЦ МУХА ДУСТА ДЕЗА?

Къуръанан шен дахалица, хьадисан шен дукхаллица, ахьа дуьстича, теллича, карора ду хьуна, АллахӀа хьастийна, АллахӀан дукха дезаш белхаш, тӀаккха хаар ду хьуна, уьш Ӏибадаташ дуй.
Цу кепара хьахийна доцург, (АллахӀан дезаш доцург, йа вуьшта аьлча, АллахӀан ца дезарг) хаар ду хьуна, иза Ӏибадат доци.

Айхьа деш долу муьлхачу хӀуман хьо хьожийла, мичахь бу цуьнан бух, йа Къуръан чохь бу, йа хьадисехь беан бу.
Нагахь цуьнан бух бацахь, тӀаккха хаа дукх хьуна, ахьа деш дерга Ӏибадат доци.
Иштта муьлха ахьа деш дерг, хьо хьожийла иза АллахӀан дезаш дерг ду, йа дац. Нагахь иза АллахӀан дезаш делахь, иза Ӏибадат ду, нагахь иза АллахӀан дезаш дацахь, иза Ӏибадат дац!
Forwarded from lадлан Харачо
Сан Шайх СаӀи‌д Ӏабдул-Ӏазы‌ма шен «Тахьсы‌луз-за‌д литахькъи‌къил-жихӀа‌д» олу жайнахь Нохчий а хьехабо, АллахӀан къинхетам бойла хьох! Ткъа ша и жайна-м чӀогӀа мехала, пайде жайна ду, жихӀад бохуш долчу хӀуманах нийса кхетам схьабостуш а, Ӏарбойн мотт хуучуьнга хӀоранга а весет дийр дара иза дешарца.

«Адамех, жинех долчу шайтӀанийн планаш гучуяхар а, Палестинехь а, Афганистанехь а, Нохчийчохь а болчу бусалба нахехь йолу халонаш дуьненна гайтар а АллахӀана герга вуьгуш болх а, Цунна муьтӀахь хилар а ду, ткъа бусалба нехан хьолаца бала боцург - иза царах а вац!».
✈️https://t.me/adlan_haracho
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ӀИБАДАТ

Ӏибадат до, дагца, дегӀан меженашца, маттаца..

Дагац деш долу Ӏибадат - масала хьо тешар, АллахӀа бохуш дерг, Элчано бохуш дерг, ахьа тӀе лоцуш, хьо мукӀарло деш хилар.

ДегӀан меженашца деш долу Ӏибадат - ламаз дерг, марха дерг, сагӀа дерг, иштта кхин дӀа а.

Маттаца деш долу Ӏибадат - Дела хьехор, Къуръан дешар, доӀ дар, иштта кхин дӀа а.

И дерриге Ӏибадаташ, уьша АллахӀ реза волуш белхаш ду. И АллахӀ реза волу белхашах бен Ӏибадат ца ало вайга, ткъа АллахӀ реза воцу хӀума, АллахӀан ца деза хӀума, Ӏибадат хила йиш юй? Яц дера, масала къаркъа малар ахьа схьа лаьцча, АллахӀ реза волу, Цо могуьйтуш долу хӀума дуй иза? Дац, цу тӀехь шеко яц. ТӀаккха цунах Ӏибадат хила йиш яц. АллахӀ реза воцу хӀума ма ду и, тӀаккха муха хира ю хьуна цунах ял? Муха гӀура ву хьо и бахьан долуш Йалсамане а?
Ӏилманан Аманат
ӀИБАДАТ ДУ, ЙА ДАЦ МУХА ДУСТА ДЕЗА? Къуръанан шен дахалица, хьадисан шен дукхаллица, ахьа дуьстича, теллича, карора ду хьуна, АллахӀа хьастийна, АллахӀан дукха дезаш белхаш, тӀаккха хаар ду хьуна, уьш Ӏибадаташ дуй. Цу кепара хьахийна доцург, (АллахӀан…
Юху еша, кхи а йоза тӀе тоьхна кхуна) чӀогӀа коьрта хӀума ду шуна и. И ларош, дустуш вай делхьари, вайн къоман юккъехь дукха бидӀаташ хира дацара)
Вайнаха лелош долу бидӀаташ, баккъалла шаьш Ӏибадат деш ду бохуш лелош ду, ца кхетам болуш. ТӀаккха, вай дарсехь дийцина и, Ӏибадатах лаьцна, кху чу а диллина и къамел, йозац, тӀаккха дуй шу шайн къоман, умматан са гат деш, хӀара дуьйцуш, даржош? Шай чохь болчара дийце, дуьйцуш хила и..иштта атта тӀех далийта йиш ма яц цу тайпа хӀума)
Цу Ӏибадатан, шиъ бехкам бу, и Ӏибадат АллахӀа къобал да.
Ахьа Ӏибадат динера аьлла чеккха долуш дац цу Ӏибадатац долу гӀуллакх.
Ахьа и Ӏибадат дечу хенахь кхочуш дан дезарг ду, и да хьо волучахь, йоьххьехь, цул тӀаьхьа, и Ӏибадат дина ваьлча ахьа кхочуш дан дезарг ду.
Цу шиннах муьлха цхьа бехкам кхочуш ца хилахь, хьан Ӏибадат кхоча ца хуьлу. Ткъа и ши бехкам хӀу ши бехкам бу аьлча :
Дуьххьара болу бехкам - айхьа деш долу Ӏибадат, деккъа цхьана АллахӀан доьхьа дар. «Шай дин Цуьн цӀан дина, деккъа цхьана АллахӀан деш бара уьш» АллахӀа Къуръан чохь ма аллар.
Хьалхара бехкаман далил хӀара аят ду.
Ахьа деш долу Ӏибадат, деккъа цхьана АллахӀан доьхьа дацахь, АллахӀан иза оьшуш дац. Деккъа АллахӀан доьхьа иза хилча бен, АллахӀа иза къобал деш дац. Цхьанне гайта ца гӀерташ, цхьаннег хьо дика лай ву алийта ца гӀерташ, йа цхьанне хьалха кураллаш етта ца гӀерташ, мелхоу айхьа дина долу Ӏибадат АллахӀан гӀоьнца деш дуй хууш, хьо цунах кхеташ, АллахӀан гӀоьнца бен ахьа иза Ӏибадат дина доци хууш.
Рияъ ца лелош, нахана моттарш ца лелош, деккъа цхьана АллахӀан доьхьа дар.
ШолгӀа болу бехкам - Ахьа деш долу Ӏибадат, муьлха Ӏибадат, иза Пайхамара (соллаллохӀу ӀалахӀи ва саллам) ма дарра хилийтар. Кху шолгӀачу бехкаман далил, Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисер ду : «Муьлхачо цхьа Ӏамал йахь, оха йиначу кепара доцуш цо йой иза, цуьнан юха тоьхна ю шуна иза, къобал йира йолуш яц цуьнан Ӏамал»
Цуьнах вайна билгал долург, еш йолу муьлха Ӏамал, и деш долу Ӏибадат, иза Пайхамара муха дина хьожуш, цо ма дар иза нис дан дезаш хилар. Цо диначу кепехь доцуш, ахьа хьайгар, хӀара во ма дац, йа хӀара дича хӀун хилла, бохуш хьайгар тӀе детташ долу хӀума дуй, уьш дерриге ахьа Ӏад дитар.
Муьлха деш долу Ӏибадат, Пайхамара ма дарра дичхьа, цуьнца ахьа дуьстичхьани, чеккха долакх, и дерриге самукъа а, цуьнца хуьлуш.
Хьан бакъо яц, хьайгара цхьа хӀума тӀе детта.

ХӀара ши бехкам, ахьа Ӏибадат да далле кхочуш дан дезаш ши хӀума дара.
Ахьа деш долу Ӏибадатангахь кхочуш дан дезаш, лардар дезаш, ши хӀума ду хӀара.
Цу Ӏибадат чура ара валлалц, йа вуьшта аьлча, дан долин, дан лерана Ӏибадат дина хьо валлалц, и ши бехкам гал бала йиш йолуш бац хьан.

Цул тӀаьхьа, и Ӏибадат дин ваьлча дан дезарга, кхин тӀаьхьа дуьсуш доцуш, коьрта хӀума, мелхо цулла а коьрта дерга, хӀиц тӀаьхьа дохург ду.
Дина ахьа хӀинца Ӏибадат, цу шина бехкамца динаъ вели хьо, хӀинца кхин дӀа лардар дезар дерг, цу ахьа дина долу Ӏибадатац кураллаш ца еттар, нахана цу Ӏибадатац Ӏиттарш ца яр. И ахьайхьа дина долу Ӏибадат, иза хьо дина ваьлча, цу айхьа дина долу Ӏибадатах, йа хьайха тамаш беш хьо ца лелар, и тамаш ца бар. Хьой кхечаралла лакхара ца хетар, йа хьайн иман массарелла лакхара ца хетар.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Статусе хьаьжчхьани, марха хьена ду, хьаж-цӀа мила вахана, ламаз деш мила ву, иштта кхин дерг а, билгал дера дукх хьуна, ткъа Дела дуьхь дерг мичахь ду?
Дела дуьхьа дита и дерриге, цу Далла гина хьуна и массо хӀума, ахьа сурт ца даьккхича, ахьа статусе ца кхоьссича, АллахӀан гина хьуна ахьа дина Ӏибадат, и Шена гинарг, зене дойъур долуш вац хьуна АллахӀ.
АллахӀа хьуна тӀе хиттийна долу маликаш дӀа яздина хьуна, ахьа динарг, АллахӀа гаъ гина хьуна иза, Цуьна хууш дара хьуна иза. ТӀаккха ахьа са гат дан хӀун ду цигахь? Хьана гайта гӀерташ ву хьо и хьан доӀа а?
АллахӀан бен ца хууш, Цу АллахӀан дуьхьа, дӀа йиллина къайле юй хьан?

И хьан Ӏибадат ахьа лардан деза, хьайца эхарте дӀа дахьа..
Forwarded from Muvahhidun
Тховса Саlудехь бутт гина 🌙
15-гlа июнь lарафат де.
16-гlа июнь гlурбан де.
Шаьш дийриг кӀезиг хӀума ду ма мотталаш, ца хуург хуьлу, диц делларг хуьлу, иштта тайп-тайпана хуьлу хьолаш, цундера вовший даиманна диканиг дага доуьйтуш хила деза вай..
Ассаламу 1алайкум варохьматуллох1 вабарокатух1.

Мархийн баттахь санна, х1окху зул-хижжат итт дийнахь, х1ора ден цхьацца до1а, 1амал хьахош йоццу записаш йийра ю вай, конкурс а еш, ин шаа Аллах1.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хlай Анас, муха кхосса делира техьа шуьга, Аллахlан элчанна ﷺ тlе латта?!