Ӏилманан Аманат
336 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
и ас билгалйина меттиг тӀехь аша пӀелг латтийча цигахь дӀахӀутту «отправить позже» аьлла, и тӀетаӀийча хьайна луу де, луу хан харжало хьоьга
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Бусулба неха мохкаша, беррише, цхьа мохка санна хила безаш бу!
© ДоттагӀ
МутаӀелам, (дин Ӏамош, цуьнан тӀевирзинарг) цхьа шен дуьненахь Ӏаш санна хуьлу...
Цуьнан бала, гӀайгӀа, сингаттам ца хуьлу бисанчеран санна.
Цуьнан самукъа, синтем, паргӀато ца хуьлу, бисанчеран санна..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йижаршан хьехар..☀️

Стеган хазалла а, цуьнан бахамах а Ӏехалой, маре боьлху вайн дукха зударий.

Иза хьекъал цакхачар ду. «Хазалла сарралц, дикалла валлалц » , - бохуш кица ду нохчийн.
Пайда бац стеган хазаллех, цуьнан дог а, ойла а оцу тӀехулеца товш яцахь. Товш ю хазалла, дика дог кийрахь долчу, оьздачу къонахчуьнгахь иза елахь.
Амма кхераме ю иза, безам, тешам а, къинхетам, гӀиллакх а, оьздангалла а ца евзачуьнгахь елахь.

Цхьанне а ца хаьа стеган бахам маццалц лаьтта. Масане хийцам хуьлу дахарехь. Нагахь зуда стеган бахамах а Ӏехаелла маре гӀахь хенан йохалла и стаг къийлахь хӀун дан деза? ДӀабер букх цаьршинна юккъера безам, хӀунда аьлча, и стаг шена ца веззашехь, цуьнан бахаман дуьхьа йа вуьшта аьлча, хазчу дахаран, мерзачу дааран доьхьа и цуьнга яхана дера.

Нагахь шина адамана юккъехь безаммий, тешаммий белахь, царна бахаммий  шайн ирссий атта карор ду.
Безамций бартаций доцу хӀума меттахь латталура дац, дашочу лаьмнашкахь а.
Вежаршна хьехар..

Хьайна хазахетарг (зуда) яла ма е, хьой хазахетарг яла е!
ТӀаккха хира ву хьо шайн хӀусамехь эла, нагахь ахьа хьайна хазахетарг яла яхь, лай хьо хира ву, и хира яц!
Ӏилманан Аманат
Вежаршна хьехар.. Хьайна хазахетарг (зуда) яла ма е, хьой хазахетарг яла е! ТӀаккха хира ву хьо шайн хӀусамехь эла, нагахь ахьа хьайна хазахетарг яла яхь, лай хьо хира ву, и хира яц!
Лай " Бохуш дош, иза цхьаъ лахар хеташ, йа Ӏиттарш еш аьлла дац, нийса кхеталаш..
Ахьа мел хӀуу бахахь, зуда стега лай ю, и иштта хилахь, безам, ирса, барта лаьтта цу хӀусамехь.
И зуда эла хилла вахьа хиича, йухуш ю и хӀусам.
Зуда - зуда ю, стаг - стаг ву !
Цу хӀуманах кхетахьара зуда, шайна атта Ӏийра ма яра и ))
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: "ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а".

[Бухари: 3461]

https://t.me/paydedahar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Синан дуьне деза-кх, хӀара дуьне Ӏад дитарца бен ирсе хира воци хуушехь..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ӀИБАДАТАН МАРЗО

Ӏибадат маьрза дуй хаьттича, ду дера, кхин хила йиш йоцуш, цулла маьрза хӀума кху дуьненахь кхи дан доцуш, хӀоккхул маьрза ду-кх и.
Ӏибадат ду - доӀ, ламаз, марха, хьаж, закат, сагӀа, гӀурба, иштта кхин дӀа а, АллахӀан мел дезарг, АллахӀа мел хьаьстинарг - Ӏибадат ду.
АллахӀа цу Ӏибадатан марзо хаа йолуьйту, адам доьххьара Далла тӀе дирзича, милла велахь а, иза динан тӀе вирзича АллахӀа цуьнан Ӏибадатан марзо хаа йолуьйту.
Цул тӀехьа иза дӀа а оьцу, иза цу Ӏибадатангахь сов валийта, шайн деш долу Ӏибадат маьрза дуй хаийта, цу Ӏибадатан шовкъе хилийта..
ӀИЛМАНАН НЕКЪ

Ӏилман некъ маьрза буй хаьттича, кхин маьрза хила йиш йоцуша-м бу, вай лакхо билгал ма даккхар, Ӏибадатан марзо юкх, ткъа Ӏилма Ӏама дар, уггаре хьо сийлахь веш ӏибадат ду, уггаре деза Ӏибадат ду, хӀунда аьлча, цу Ӏилма Ӏамадаро, хьуна Далла Ӏибадат дан, кху дуьненахь ваха, атта деш ду, хьуна мегарг, ца мегарг доьвзу, тӀаккха хьуна ваха атта хуьлу, цхьанне хӀумех кхера ца везаш, бакъ ду, йа дац, бохуш корта хьийзо ца безаш.

Иштта маьрза хиларе терра, и Ӏилман некъ, хала а бу, ткъа и халонаш ла, хьуна атта дийриг, и Ӏилман марзо юкх, цкъа цуьнан чам кхеттича, иза дита луш дац атта, хьоьга иза дита а лура дац, и Ӏилма Ӏамадарах хьо ваккха лура вац, иштта ю и марзо, тӀех маьрза ю и, и кхеттича, хьуна хьан Ӏилма Ӏаморан новкъахь хуьлуш йолу халонаш яц хаалуш, ахьа тидам ца бо царна, хӀунда аьлча, хьо Ӏилма Ӏамош ву, хьуна кхин хӀумма ца оьшу. Хьо муьлха хӀума ла реза хуьлу, хьой цу новкъара ва ваьккхичхьа. Иштта ю и марзо, иштта бу и некъ. Хала болуш, амма тӀех сов маьрза болуш
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
БисмиллахӀ
АльхьамдулиллахӀ
Цул тӀаьхьа:

АллахӀ Дела къинхетаме ву бохург, Ӏамал Ӏада йита бохург дац хьуна, АллахӀ Дела къинхетаме ву бохург, Ӏесаллехь са вала бохург дац хьуна, йа къинош летош, хьайна ма луъ дӀалела бохург дац хьуна.
Амма АллахӀ Дела къинхетаме ву бохурга, хьоьгара муьлха къа даьллехь, хьоьгар муьлха Ӏесалла йаьллехь, тоба дина, ахьа гечдар дехча, АллахӀе юхаверза хьуна некъ буй гойтуш, ду хьуна иза.
АллахӀа геч ца деш къа дац хьуна, тоба дина, хьо АллахӀе вирзинчу хенахь..

АллахӀа боху:

۞ قُلْ يَـٰعِبَادِىَ ٱلَّذِينَ أَسْرَفُواْ عَلَىٰٓ أَنفُسِهِمْ لَا تَقْنَطُواْ مِن رَّحْمَةِ ٱللَّهِ‌ۚ إِنَّ ٱللَّهَ يَغْفِرُ ٱلذُّنُوبَ جَمِيعًا‌ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلْغَفُورُ ٱلرَّحِيمُ

«Ала, шаьш-шайна зенна барамал тӀех дерг лелийна болчу Сан лайшка: Дог ма диллалаш АллахӀан къинхетамах! Баккъалла а, АллахӀа гечдо дерриге а къиношна, баккъалла а, Иза - Гечдийриг, Къинхетамбийриг ву!»


Ахьа ала боху, Делан Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) йа Мухьаммад ахьа ала, Шен лайшка ахьа алахь, къинош летадарца шен догӀмашна зулам дина болу Шен лайшка алахь: Аша дог ма дуьллийла АллахӀан къинхетамах, АллахӀа шайна гечдийра дац ма алаш, АллахӀе юха дерза шайн некъ бац ма алаш, ма диллаш АллахӀан къинхетамах дог, АллахӀа дерриге къинош гечдо хьуна, АллахӀ Дала массо къиношна гечдеш ду хьуна, тоба дин, хьо АллахӀе вирзича, цхьа а къа дац хьуна, хьо дохко ваьл, АллахӀе вирзича, АллахӀ Дала геч ца деш ахьа муьлха къа латийнехь, муьлха Ӏесалла йаьллехь, хьо дохко ваьл, АллахӀе хьай къа гечдар дехча, АллахӀа гечдеш ду хьуна. Бакъдолуш а, Иза - Гечдийриг, Къинхетамбийриг ву..

АллахӀа боху:

وَٱللَّهُ يُرِيدُ أَن يَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَيُرِيدُ ٱلَّذِينَ يَتَّبِعُونَ ٱلشَّهَوَٰتِ أَن تَمِيلُواْ مَيْلاً عَظِيمًۭا

«АллахӀана шун тоба къобулдан лаьа, ткъа шайн догӀмийн лаамашна тӀаьхьа бозучарна шу чӀоггӀа [бакъонах] дӀахьаьвзийла лаьа.»

АллахӀана шун тоба къобулдан лаьа, АллахӀана шу нийсачу новкъахь хилийта лаьа, цундера нийсо билгал ю, харцо билгал ю. Харцо яржошчарна лаьа хьо а харцо лелош хилийта, хьо а Далла Ӏеса хилийта, ткъа иза уггаре сийсаз некъ бу, эшначеран некъ бу, жоьжахате вуьгу некъ бу. Цундера хьо ма хуьлитийла хьан дегӀан лаам (къинош) хьалха баьккхиначерах, хьо хуьлитийла, нийса некъ (Далла ӏибадат дар) хаьржиначерах.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM