Ӏилманан Аманат
334 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!
Ӏилман мах ца хааро, Ӏеламнеха сий ца довзаро чӀогӀа зен дина вайна.
Ӏилма Ӏаморан хало кӀеззиг мукъан гинчунна бен Ӏеламнеха сий дойзур дац.
Цундела цо дош атта олу, хаттаран жоп атта ло.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилманан Аманат pinned «Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!»
Бакъон дай, шайн бакъо яржорехь гӀел белча, харцонан дай, шайн харцо яржорехь сов бовлу!

ХӀора а, дин даржош, къахьоьгуш верг, жовхӀаран меха ву!
Шайх Ра‌тиб Набалу‌сис (АллахI Iалашвойла иза) боху:

«ДаӀват дар фарз ду массо бусалбанна тӀехь, шена хуучул барамехь, шена вевзучунна!».
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Dishni
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ткъа вала-м верриге везаш ву, делахь иштта валар хьан хьанна хира дац
БисмиллахӀ
АльхьамдулиллахӀ
Цул тӀаьхьа:

АллахӀа аьлла:
إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَآ أَنزَلْنَا مِنَ ٱلْبَيِّنَـٰتِ وَٱلْهُدَىٰ مِنۢ بَعْدِ مَا بَيَّنَّـٰهُ لِلنَّاسِ فِى ٱلْكِتَـٰبِ‌ۙ أُوْلَـٰٓئِكَ يَلْعَنُهُمُ ٱللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ ٱللَّـٰعِنُونَ
«Баккъалла а, Оха йахкийтина Тхан бӀаьрла билгалонаш а, нийса куьйгалла а къайлакхоьхьучарна, Оха Жайнахь уьш нахана кхетийначул тӀаьхьа, АллахӀа неӀалт олу царна, неӀалт олучара а неӀалт олу царна.»
[ сурат:2, аят: 159]
Къайла даккхар бохург дац, цу Къуръанан (нийсонан) тӀе куьга диллан, хьо и лечкъош хила веза, хӀан-хӀа, хьо цу Къуръанчура цхьа аят бен дацахь, иза дӀакхачош, даржош вацахь, хьо иза къайла даккхинарг хуьлу. Хьайна хуург, билгал мегарг, ца мегарг, хьо дӀакхачош вацахь, хьо нийсо къайлакхаьхьнарг хуьлу. Ткъа хьо нийсо, бакъо къайлакхоьхьуш валахь, (дин даржош вацахь) хаалахь, хьуна АллахӀа неӀалт аьлла, иштта неӀалт мел олучара а неӀалт аьлла...
Хьайна хуург, нахана дӀакхачаде, ца кхачадахь, хьо АллахӀан Ӏазапан хьакъ долуш хуьлу!
Масалан, цхьаъ эшаре ладугӀуш ву, накъост хулит и, йа гергар хулио и, йа мила ву ца хуург хулил и, башхалла яц, ахьа цунга эшаре ладогӀа мегаш дац ца алахь, хьо а вукх изза къа латош, хьо а вукх АллахӀан Ӏазап хьакъ долуш..

ЧӀогӀа вайна юккъехь баьржина шайца зен дохьуш кхетам..

" Со деш ма вац, со Ӏеламстаг ма вац, аса ца аьлча кхин ала цхьа воцуш ма бац, царна хууш ма ду " Иштта кхин дӀа а, къамелаш хезакх вайна, амма цхьа хаттар ду-кх сан, хьо Ӏеламстаг вацахь, хьан диканиг де, вониг ма де, ала йиш яц хьа аьлла хьоьга? Хьо дешна вацахь, хьайна хуург, диканиг, вониг, иза ала хьан йиш яц, хьа аьлла хьоьга?

АллахӀа аьлла:
وَذَكِّرْ فَإِنَّ ٱلذِّكْرَىٰ تَنفَعُ ٱلْمُؤْمِنِينَ
«Дага а даийта, хӀунда аьлча, дагадаийтаро пайда бохьу муъминашна»
[Сурат: 51, аят: 55]
ХӀораммо чӀогӀа терго ян езаш, хӀораммо дакъа лаца дезаш хӀума ду иза. Мел кӀезиг хӀума далахь а, дин даржош дакъа лаца!

Иштта кхечу суратчохь аьлла АллахӀа:
كَانُواْ لَا يَتَنَاهَوْنَ عَن مُّنكَرٍۢ فَعَلُوهُ‌ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ
«Цара шайгара дуьйлучу вонех вовшийн совца ца бира. Цара дийриг ма вон ду-кх»
[Сурат: 5, аят: 79]
Иштта атта тӀехдалийта йиш йолуш хӀума дац иза, (диканиг де алар, вониг ма де алар) нагахь ахьа иза иштта атта тӀехдалийтанехь, цунах Ӏазап ловша-м ву хьо, хьайна а ца хууш, хьой а кхеташ воцуш.

Делан Элчано ( соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.»
[Ат-Тирмизий: 2169]


«Уьш белхьара шайна дечу хьехарца Ӏамал еш, шайна гӀоле ма дара царна»
[ Сураь: Нисаъ, аят: 66 ]

Йа АллахӀ, хӀара йоза дешначунах а, цуьнан дех-ненах а къинхетам бе Ахьа!

Хастам бу Шен ниӀматашца диканиг кхочуш хуьлуьйтуш волчу АллахӀана. АллахӀера салават а, салам а хуьйла Ӏаламех къинхетам бан ваийтинчу вайн Пайхамарна!

[Дарсехь дийцинчун юккъера схьаяздина пайде къамел]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏаламат хаза долу, хьан къоман са ца гат деш, аренца хьо вола велла муха лела?
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн мотт - Дела хьехо мотт бу-кх.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьайна нохчийн мотт дика хаа бохуш хьо валахь, хьажахь, дено сарралц, цхьаа оьрсий маттера дош ца олуш, ойхьаз хьайна иза бийцалой..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Мотт дӀабаьлча - къам дӀадолу, къомо шен мотт буьйцуш мел бу - къам а лаьтта.

Ӏеламнаха боху : «МостагӀчо, ша цхьа мохк схьабаьккхича, уггар хьалха цу махкарчу къоман мотт а, гӀиллакх а хуьйцу. Нагахь санна мостагӀчуьнга ша схьабаьккхинчу мехкан мотт а, гӀиллакх а хийца ца лахь - и къам эшна дац»
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Дала боху:
وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَٰجِنَا وَذُرِّيَّـٰتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍۢ وَٱجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا
«(Къинхетамечуьнан леш) уьш бу шаьш олурш: Тхан Дела! Лохьа тхуна тхан хӀусамнанойх а, тӀаьхьенах а тхо даккхий дийрадеш.»
[Сурат: 25, аят: 74].

Ибн Ӏиллáна аьлла: «Духхьара хӀусамнаной хьахийна хӀунда аьлча уьш нисбелча тӀаьхье а нисло дера».
[«Далúлуль-Фáлихьúйн» 1/376].
Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) стаго зуда йала йо биъ некъ билгал баьккхина, и биъ некъ боцург, кхин некъ бан а бац.
Хьалхарниг - цуьнан хазаллин доьхьа.
ШолгӀаниг - хьал долуш ю и аьлла.
КхоалгӀаниг - сий долучу неха ю и аьлла.
ДоьалгӀаниг - цуьнан дин доьхьа.
ХӀара биъ некъ билгал баьккхина Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) иштта и биъ некъ билгал баьккхича, аьлла Пайхамаро, (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) «Дин лелош ерг хоржийла ахь» хӀунда аьлча, ахьа иза харжахь, ваккхийри вийра ву хьо, декъал хира ву хьо, ваккхийри вийра ву хьо!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
@mp3toolsbot

хӀара бот суна яийтина хилларг мила ву ца хаьа суна, амма дикка хан ю суна и яийтина, кхунах чӀогӀа доккха гӀо а хуьлуш, иштта кхечунна а йохьуьйтуш ас, АллахӀа диканца бекхам бойла цу адамана, шуна а йовзийта лии суна хӀара.

Кху чу ахь аз дахьийтича цунах аудио йой схьадоуьйту цо и.
АллахӀа пайде йойла шуна хӀара.