This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Не достигается знание посредством отдыха…
Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!
Ӏилманан Аманат pinned «Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!»
Forwarded from Dishni
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ткъа вала-м верриге везаш ву, делахь иштта валар хьан хьанна хира дац
БисмиллахӀ
АльхьамдулиллахӀ
Цул тӀаьхьа:
АллахӀа аьлла:
إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَآ أَنزَلْنَا مِنَ ٱلْبَيِّنَـٰتِ وَٱلْهُدَىٰ مِنۢ بَعْدِ مَا بَيَّنَّـٰهُ لِلنَّاسِ فِى ٱلْكِتَـٰبِۙ أُوْلَـٰٓئِكَ يَلْعَنُهُمُ ٱللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ ٱللَّـٰعِنُونَ
«Баккъалла а, Оха йахкийтина Тхан бӀаьрла билгалонаш а, нийса куьйгалла а къайлакхоьхьучарна, Оха Жайнахь уьш нахана кхетийначул тӀаьхьа, АллахӀа неӀалт олу царна, неӀалт олучара а неӀалт олу царна.»
[ сурат:2, аят: 159]
Къайла даккхар бохург дац, цу Къуръанан (нийсонан) тӀе куьга диллан, хьо и лечкъош хила веза, хӀан-хӀа, хьо цу Къуръанчура цхьа аят бен дацахь, иза дӀакхачош, даржош вацахь, хьо иза къайла даккхинарг хуьлу. Хьайна хуург, билгал мегарг, ца мегарг, хьо дӀакхачош вацахь, хьо нийсо къайлакхаьхьнарг хуьлу. Ткъа хьо нийсо, бакъо къайлакхоьхьуш валахь, (дин даржош вацахь) хаалахь, хьуна АллахӀа неӀалт аьлла, иштта неӀалт мел олучара а неӀалт аьлла...
Хьайна хуург, нахана дӀакхачаде, ца кхачадахь, хьо АллахӀан Ӏазапан хьакъ долуш хуьлу!
Масалан, цхьаъ эшаре ладугӀуш ву, накъост хулит и, йа гергар хулио и, йа мила ву ца хуург хулил и, башхалла яц, ахьа цунга эшаре ладогӀа мегаш дац ца алахь, хьо а вукх изза къа латош, хьо а вукх АллахӀан Ӏазап хьакъ долуш..
ЧӀогӀа вайна юккъехь баьржина шайца зен дохьуш кхетам..
" Со деш ма вац, со Ӏеламстаг ма вац, аса ца аьлча кхин ала цхьа воцуш ма бац, царна хууш ма ду " Иштта кхин дӀа а, къамелаш хезакх вайна, амма цхьа хаттар ду-кх сан, хьо Ӏеламстаг вацахь, хьан диканиг де, вониг ма де, ала йиш яц хьа аьлла хьоьга? Хьо дешна вацахь, хьайна хуург, диканиг, вониг, иза ала хьан йиш яц, хьа аьлла хьоьга?
АллахӀа аьлла:
وَذَكِّرْ فَإِنَّ ٱلذِّكْرَىٰ تَنفَعُ ٱلْمُؤْمِنِينَ
«Дага а даийта, хӀунда аьлча, дагадаийтаро пайда бохьу муъминашна»
[Сурат: 51, аят: 55]
ХӀораммо чӀогӀа терго ян езаш, хӀораммо дакъа лаца дезаш хӀума ду иза. Мел кӀезиг хӀума далахь а, дин даржош дакъа лаца!
Иштта кхечу суратчохь аьлла АллахӀа:
كَانُواْ لَا يَتَنَاهَوْنَ عَن مُّنكَرٍۢ فَعَلُوهُۚ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ
«Цара шайгара дуьйлучу вонех вовшийн совца ца бира. Цара дийриг ма вон ду-кх»
[Сурат: 5, аят: 79]
Иштта атта тӀехдалийта йиш йолуш хӀума дац иза, (диканиг де алар, вониг ма де алар) нагахь ахьа иза иштта атта тӀехдалийтанехь, цунах Ӏазап ловша-м ву хьо, хьайна а ца хууш, хьой а кхеташ воцуш.
Делан Элчано ( соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.»
[Ат-Тирмизий: 2169]
«Уьш белхьара шайна дечу хьехарца Ӏамал еш, шайна гӀоле ма дара царна»
[ Сураь: Нисаъ, аят: 66 ]
Йа АллахӀ, хӀара йоза дешначунах а, цуьнан дех-ненах а къинхетам бе Ахьа!
Хастам бу Шен ниӀматашца диканиг кхочуш хуьлуьйтуш волчу АллахӀана. АллахӀера салават а, салам а хуьйла Ӏаламех къинхетам бан ваийтинчу вайн Пайхамарна!
[Дарсехь дийцинчун юккъера схьаяздина пайде къамел]