Ӏилманан Аманат
334 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Ша кху интернет гlирсаш чохь, дин даржош лелош йолчу хьостанaш чохь, цхьаммо а лайк ца хӀоттийна, цхьа а тӀе ца язвелла бохучо хӀуманаша юха ма дохийла шу кху некъа тӀера, вайн цу хӀуманна дуьхьа деш а, я дан дезаш а дац цхьа а хӀума, мел цхьанна а ца гахь а, цхьаммо а лайк ца йиллахь а АллахӀана дала жоп хир ду вайн. Боьхалла яржош мел дукха ду и хьостанш, ткъа массо хӀума луш волу АллахӀан доьхь, Цуьнан къамел даржош хьоста а дийра дацара аша?
Шайна нийса ду-дац ца хуург хуучаьрга хаьттичхьана цара жоп лур ду, кхоьру бохучу даше юха ма дахийта шаьш, кхоьру некъ вайн некъ бац!
Массара къайлах къулах деш ду иза, иштта хила а хилла даиманна, дин даржорехь, йа хира а ду, къемат де тӀе кхаччалц, цец ма дийлаш кху белхах, паргӀато йолуш, шу йа дин Ӏамо, йа даржа дан вахьа ховшура дац шуна!
Бакъо яржошчеран мостагӀий даиманна хилла, амма иза бахьан дац, дин даржочура юха валар!
Шух хӀора а дин цӀарца лелаш ма ву, тӀаккха гайтийша кху нохчийн къоман, цу динан хазалла, марзалла ца йоьвзучарна, и массо хӀума, даржаде.
Хьо хуьлийла «Валлахlи даlватан некъ сан самукъа ма ду» - бохучу тобанах!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
lеламнаха ма-аллара, рузбанехь хьехам бан минбар тlе вала йиш йоцчун минбар ма бу интернет. Тобанаш кхолла, хьайна бевзучаьрга дlасадахьийта пайде дерг, нийса йолу lакъидат Ватсап чухула, хьайн Вконтакте агlо тlе йилла, Инстаграм агlо тlе йилла, айхьа лелош йолу муьлхха кху интернет агlо тlехула дlасадаржаде пайде дерг. Хьала-охьа хlара агlонаш вай лелош хилча, пайде агlора хlунда ца хьовзайо вай?! Пайде дерг хlунда ца даржадо вай?! lеса дерг, боьха дерг, галдаьлларг, нийса доцург даржош нах инзаре дукха карабо хьуна, ткъа динах кхетта шаьш, нийса дерг девзина шайна бохурш ца хуьлу-кх хlумма дан лууш я цхьана а диканехь дакъалаца лууш, къамеле даьлча къамел дийриш шортта карабо хьуна, амма Аллахlан динан дуьхьа цхьа кlеззиг хlума эшара, цхьа кlеззиг гlо эшара аьлча и тlелаьцна дlахьуш верг цхьа масех бен ца караво-кх хьуна.

Враги Иблиса
Forwarded from Delan din
Делан Элчас ﷺ аьлла:

«Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.»

«Ат-Тирмизий (2169)»
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилма дезаш верг, къиношна гена волийла!

https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Тахана хӀоранна тӀехь важиб хилла дӀахӀоттийна ду, дин даржор!
lеламнаха ма-аллара, рузбанехь хьехам бан минбар тlе вала йиш йоцчун минбар ма бу интернет.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Не достигается знание посредством отдыха…
Forwarded from lадлан Харачо
Сийлахь Элча
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Нохчийн кица..

Ойла ца йеш долийнарг, гӀайгӀане доьрзу..

Цуьнан маьӀан муха ду аьлча, айхьа долош долу хӀума, йа дӀакхоьхьуш долу хӀума, цуьнан тӀаьхьлонна ойла ца йича, иза байтамалле доьрцу, ткъа и байтамалла, тахана нохчийн маттан хилларг ду..

Байтамал* чӀогӀа дохко валар..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх ал-Хьувайнийс (Дала маршалла дойла цунна, Ӏалаш а войла иза) аьлла: «Ӏилма - Пайхамарша бухадитина ирс ду. Цундела, иза Ӏамор а, цуьнца Ӏамал яр а уггаре даккхийчу Ӏибадатех ду»
Ӏеламнехан ларам бар..

Царна лен ца лерца, царна луьш верг сацорца, уьш хьехочу хенахь шен къамел лараме хилийтарца, уьш юьхь-дуьхьал бацахь а..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!
Ӏилман мах ца хааро, Ӏеламнеха сий ца довзаро чӀогӀа зен дина вайна.
Ӏилма Ӏаморан хало кӀеззиг мукъан гинчунна бен Ӏеламнеха сий дойзур дац.
Цундела цо дош атта олу, хаттаран жоп атта ло.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ӏилманан Аманат pinned «Интернет чуьра хьайн агlонаш тlе айхьа юьллург ларош хилалахь! Вайна ца хаьа, кхин юха схьабоьллур а боцуш, вай бlаьргаш дlа маца къовлур бу! Тlаккха и агlонаш юьсур ю! Вайна царах ял хуьлуш я къа хуьлуш!»
Бакъон дай, шайн бакъо яржорехь гӀел белча, харцонан дай, шайн харцо яржорехь сов бовлу!

ХӀора а, дин даржош, къахьоьгуш верг, жовхӀаран меха ву!