Forwarded from Рамзан Гендаргно
Пайхамара (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва салам) аьлла: «ХӀай кӏант, ас цхьа дешнаш ӏамадай хьуна, Дела ларве ахь, Дала ларвийр ву хьо. Дала тоьхна долу дозанаш ларде ахь, Дала ларвийр ву хьо. Дела ларве ахь, хьайна хьалха карор ву хьуна И. Айхьа доьхучу хенахь, Деле деха ахь. Айхьа гӏо лохучу хенахь, Делера гӏо лаха ахь. (Я Аллахӏ, гӏоде Ахь алий, Делера гӏо лаха боху). Хьуна хаалахь, дерриг уммат вовшахкхетта, хьуна цхьа дика дан уьш гӏортахь, хьуна дан церан цхьа а дика дац хьуна, цхьаъ доцург. Муьлхург ду и? Дала хьуна яздинарг бен. Дерриг уммат вовшахкхетахь, хьуна цхьа зен дан, хьуна церан дан зен дац хьуна, цхьа зен доцург. Муьлхург ду и? Дала хьуна яздинарг бен. Къолам хьалаайбина, шекъа дакъаделла».
https://t.me/Ramzan_Gendargno
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from Рамзан Гендаргно
Уггаре а сийлахь дерг, ахь олучул а адамана асар еш дерг - ахь хьайн дегӏаца гойтуш дерг ду.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Forwarded from lадлан Харачо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Селханлера Нохчийчоь - таханалера Палестина!
Дайна тахана-м кху тайпа аьзнаш!
Дегнаш чуьра Ӏакъидат а, шайн дайшкахь дуьйна шаьш хӀаллакдина волу керста ца везар!
Дайна тахана-м кху тайпа аьзнаш!
Дегнаш чуьра Ӏакъидат а, шайн дайшкахь дуьйна шаьш хӀаллакдина волу керста ца везар!
Forwarded from Некъахо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
اللهُمَّ أَصْلِحْ أَحْوَالَ المُسْلِمِينَ فِي فِلَسْطِين
Forwarded from Зератхо
Маршалла ду шуьга, йижарий!
Такфирах лаьцна дарсаш ладугӀуш болчу йижаршна йина тоба.
Низам:
Тоба къевлина хир ю. ХӀора пӀераскан, шот, кӀиран-дийнахь дарс доладалале схьайоьллур ю, тӀаккха шун язъян аьтто хир бу. Иштта и дарс чекхдаьлча, ваьш хӀун дӀалаьцна хьовсуш цу дарс юккъера хаттамаш хир бу вайн кху чохь.
Ша чуяла луучо кху @yijarshna_bot тӀе язъе, ша йиша юй хоуьйтуш

Хьуна тӀехьа (нийсо) дӀакхачор ду, хьан болха и бу, ахьа дӀакхачаде, ткъа тӀе лацар, ца лацар, иза церан (ахьа хьехар дечеран) болх бу. Цара тӀе ца лаьцнера аьлла, ахьа дог ма дилла, дийцарах пайда хуьлу, кӀад ма ло, къар ма ло!
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Доцца, амма доккха маьӀан долуш..
КЕРСТА НЕХАН МОТТ БИЙЦАР
Керста нехан мотт бийцаро (хьашто йоцуш) дохьуш доккха зен ду. Ахьа кериста нехан мотт бийца мел буьйцу, царца хила езаш йолу мостагӀалла гӀело, хьуна уьш безар тӀе долу хьал, ткъа хьуна уьш безалахь, хьан иман гӀел дала доккха бахьан ду и, хьан Дела доьхь, хила дезаш долу мостагӀалла дӀа долу.
Тахана - мотт, духар (керста неха) кхана - кхетам, дахар!
Ткъа хӀун хира ду цулла кхераме?
Керста нехан мотт бийцар (хьашто йоцуш) - и керста нах безар ду.

Керстаналла шина кепара хуьлуш ду..
Хьалхарниг - Деган тешамца хуьлу.
ШолгӀа - Деш долу белхашца хуьлу.
Дегар тешарца долу керстаналла, иза доккха керстаналла ду. Доккха керстаналла динарг, динчуьра ара волуш ву.
Деш долу белхашца долу керстаналла, иза жима керстаналла ду, динчуьра ара ца воккхуш долу.
Аяташкахь а, хьадисашкахь а хьахош долу керстаналла даккхийчарах дац, царна юккъехь кегий дерш а, даккхий дерш а, динчуьра аравоккхуш дерш а, ца воккхуш дерш а ду.

ДоӀаналла лераме хӀумма ма дац АллахӀан гергахь, и де аьлла омар дина Цо, жоп даларан чӀагӀо а йина Цо!
Forwarded from Фарз Ӏайн...
« Тхо харжахьа хӀай сан Дела, Хьай динан гӀоьнчий а дай.. »
Forwarded from lадлан Харачо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Обучайся у ученых
Forwarded from Delan din
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Боьха дерг даржадар кхераме ду, и боьха дерг дечулла а.
Forwarded from эхарте сатийсам
Ша кху интернет гlирсаш чохь, дин даржош лелош йолчу хьостанaш чохь, цхьаммо а лайк ца хӀоттийна, цхьа а тӀе ца язвелла бохучо хӀуманаша юха ма дохийла шу кху некъа тӀера, вайн цу хӀуманна дуьхьа деш а, я дан дезаш а дац цхьа а хӀума, мел цхьанна а ца гахь а, цхьаммо а лайк ца йиллахь а АллахӀана дала жоп хир ду вайн. Боьхалла яржош мел дукха ду и хьостанш, ткъа массо хӀума луш волу АллахӀан доьхь, Цуьнан къамел даржош хьоста а дийра дацара аша?
Шайна нийса ду-дац ца хуург хуучаьрга хаьттичхьана цара жоп лур ду, кхоьру бохучу даше юха ма дахийта шаьш, кхоьру некъ вайн некъ бац!
Массара къайлах къулах деш ду иза, иштта хила а хилла даиманна, дин даржорехь, йа хира а ду, къемат де тӀе кхаччалц, цец ма дийлаш кху белхах, паргӀато йолуш, шу йа дин Ӏамо, йа даржа дан вахьа ховшура дац шуна!
Бакъо яржошчеран мостагӀий даиманна хилла, амма иза бахьан дац, дин даржочура юха валар!
Шух хӀора а дин цӀарца лелаш ма ву, тӀаккха гайтийша кху нохчийн къоман, цу динан хазалла, марзалла ца йоьвзучарна, и массо хӀума, даржаде.
Хьо хуьлийла «Валлахlи даlватан некъ сан самукъа ма ду» - бохучу тобанах!

Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
lеламнаха ма-аллара, рузбанехь хьехам бан минбар тlе вала йиш йоцчун минбар ма бу интернет. Тобанаш кхолла, хьайна бевзучаьрга дlасадахьийта пайде дерг, нийса йолу lакъидат Ватсап чухула, хьайн Вконтакте агlо тlе йилла, Инстаграм агlо тlе йилла, айхьа лелош йолу муьлхха кху интернет агlо тlехула дlасадаржаде пайде дерг. Хьала-охьа хlара агlонаш вай лелош хилча, пайде агlора хlунда ца хьовзайо вай?! Пайде дерг хlунда ца даржадо вай?! lеса дерг, боьха дерг, галдаьлларг, нийса доцург даржош нах инзаре дукха карабо хьуна, ткъа динах кхетта шаьш, нийса дерг девзина шайна бохурш ца хуьлу-кх хlумма дан лууш я цхьана а диканехь дакъалаца лууш, къамеле даьлча къамел дийриш шортта карабо хьуна, амма Аллахlан динан дуьхьа цхьа кlеззиг хlума эшара, цхьа кlеззиг гlо эшара аьлча и тlелаьцна дlахьуш верг цхьа масех бен ца караво-кх хьуна.
Враги Иблиса
Враги Иблиса
Forwarded from Delan din
Делан Элчас ﷺ аьлла:
«Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.»
«Ат-Тирмизий (2169)»