Ӏилманан Аманат
336 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Ruzban Heham
🔉Рузбан хьехам:
Доьзал нийса кхиор!

Ӏадлан Харачо
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
💫Ас саляму аляйкум уа рахматуллахи уа баракятух!💫

📒Начинается обучение 2 потока 1 курса института аль-Усайми.

Уроки будут выставляться в
📒📒📒📒

Викторина - в
📒📒📒📒📒

📒 Выходные: пятница и суббота.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хаттар: Чура ваша, йиша, доьзал, иштта кхин верг а, Ӏилма Ӏаморан новкъа муха ваккха веза?

Жоп: уггар хьалха, Къуръан Ӏама дайта деза ахьа цунга, айхьа Ӏамийна, йа хьайна ца хаахь хуучунга Ӏама дайтитна а. ТӀаккха мотт (Ӏарбой) Ӏама байта беза, цу Къуръаница хила деза мотт Ӏама бар а. Къуръана, мотта Ӏамийча, кегий хьадисаш Ӏама дайта, иштта кегий жайнеш доьшуш, уьш Ӏама дайта деза, цул тӀехьа бен, Ӏилма Ӏама дайта дӀахьажо ца веза!

© Ӏадлан Харачо

https://t.me/Importantknowledgee
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Со ву Далла Шен гӀуллакхан лелош, кхин хӀумма дац сан карахь
«Ахь кIант Iамийнехь, цхьа адам Iамийна ахь. Ткъа йоӀ ахь Iамийнехь, дийнна къам Iамийна ахь».

ЙоӀ муха кхион еза

Дин довзуьйтуш кхио еза, жима ю, къа дац ца лелийча а аьлла ца ӏаш, хьарам долчух ларъеш, суннаташ довзуьйтуш, динехь долу дийцарш дуьйцуш, ламаз марздеш, Къуръан марздеш, иштта хьайна тӏехь гойтуш. Беро шега дуьйцучул а совнах дас-нанас лелош дерг схьалоцу. Жимчохь ӏамийнарг йоккха хилча а дуьсу. Амма кхиъна яьлча ахь цуьнга йовлакх тилла алахь, цунна эхь хетар ду я марзо хир яц цуьнан кхиъна яьллачул тӏаьхьа ахь дойтуш долчух. Уггаре хьалха Деле доӏа дан деза хьайн доьзал иманехь кхиае олуш.
https://t.me/alaman_hazna
Нехан мел чӀогӀа лерам беш хьо хиларх, хьуна хаьийла, - хьайн деца-ненаца хьо дика вацахь хьоьгахь цхьа а гӀиллакх, оьздангалла, йахь йоций.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Духьа ламаз дар..

Цуьнан лаххара барам ши ракаӀат дар бу, лаккхара барам борхӀ ракаӀат дар бу, шишша ракаӀат деш, салам луш дийр ду иза. Ткъа цуьнан хан - малх хьалабалла цхьа итта-пхийтта минот яьлча йолало, делкъана молла кхайкха цхьа кхоъ-пхиъ минот йиссалц лаьтта, оцу юкъахь муьлххачу а хенахь дан мегар ду. Амма цунна еза йолу хан - де дохдала долало хан ю, иза цхьа исс даьлла, итталгӀа сахьтехь хуьлу..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Молла кхойкхуш, цунна тӀаьхьараалар..

Цо олург тӀаьхьара эр ду, Къуръан доьшуш велахь а, саца а сецна, амма «хьаййаӀалас-салахь, хьаййаӀалал-фалагӀ» аьлча, «ла хьвла вала къуввата илла биллахӀ» эр ду. Ткъа Ӏуьйра-ламазна молла кхойкхуш, «ассалату хайрум-минан-навм» аьлча, тӀаьхьараолучо а изза эр ду, «садакъта ва барирта» эр дац, хӀунда аьлча цу хьокъехь деъна хьадис даӀиф ду. Иштта къамат деш тӀаьхьараалар а ду суннат, ткъа цо «къадкъаматис-салахӀ» аьлча а эр ду тӀаьхьараолучо изза, «акъамахӀаллахӀу ва адамахӀа» эр дац, хӀунда аьлча цу хьокъехь деъна хьадис даӀиф ду.
ТӀаккха молла кхайкхина ваьлча, «АллохӀумма салли Ӏала Мухьаммад, ва Ӏала али Мухьаммад» аьлла, Пайхамарна салават диллина, тӀаккха хӀара доӀа дийра ду : «АллохӀумма рабба хӀазихӀид-даӀватит-таммахӀ, вассалатил-къаимахӀ, ати Мухьаммаданил-василата валфадилахӀ, ваб-ӀасхӀу макъамам-махьмуданиллази ваӀадтахӀ».
Ткъа и доӀа деш куьйгаш айдан дезаш дац, деккъа багахь дӀадешчхьана даьлла, дагахь ца хуучо тӀехьожуш деша а мегар ду, амма молла кхайкхинчунна тӀаьхьара «амин» бохуш, цо фатихьат аьлча бисмал доьшуш, и болх лелор бидӀат ду, я иштта «амин» баьхна бисмил дешнера аьлла и суннат кхочушдинарг а лорур вац.
Иштта молла кхойкхучо «ла илахӀа иллаллохӀ» аьлча, ладугӀуш волчо «ла илахӀа иллаллохӀ, Мухьаммад росулуллохӀ» алар цхьа а бух болуш дац, мелхо а, иза бидӀат ду.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
«Уьш белхьара шайна дечу хьехарца Ӏамал еш, шайна гӀоле ма дара царна»
[ Сураь: Нисаъ, аят: 66 ]
Ибнуль Къаййима боху : «Цу жайнаш чухьаьжин, жайнешчура нахан жоп луш волу стаг, иза нах тиллош стаг ву.»

Ӏилма хьуна хаамаш бац, хьуна жайна Ӏарбой маттахь деша хаарах, хьуна дӀа деллачу хаттаран жоп дала хаарах, иза Ӏилма дац, цунах олу и хаамаш гул бара, иза муьлхачу стагехь хила йиш ю, иза кериста стагехь а хила йиш ю, иза Ӏилма дац. Ӏилма хӀун ду аьлча, и хьоьгахь болу хаамаш, и хаамин тӀоркъазчура муьлхуг схьаэца беза хууш, айхьа схьаэцнарг мича дил деза хууш, йа айхьа цу чура хӀумма схьаэца ца дези хууша, и тӀоркъаза схьа даста ца дези хууш, иза схьа маца даста деза хууш, схьадаьстнехь цу чура хӀун схьаэца деза хууш, схьаэцнарга хьаьнга кховдо деза хууш, иштта цунах дерг хьуна довзара, и ду и Ӏилма нийса лело хаар, хьоьгахь мел дукха бусулба динах хаамаш хиларха, и нийса хьуна лело ца хиича, цунах Ӏилма ца хуьлу, цуьнах нах тиллор хуьлу, хьуна хьой а нийса ву моьттуш, хьой гал ваьлла волуш, нах тиллор хуьлу цунах.
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
إنا لله وإنا إليه راجعون.

Латта дехаш ду Iеламстаг вехаш мел ву;
Ткъа, Iеламстаг кхалхарца лаьттанах цхьа дакъа леш ду.
«МутаӀелам схьакъаста везаш ву нах бийшина болчу хенахь буьйса ламаз деш денъярца а, наха ца оьшу къамел дечахь шен мотт ларбарца а.»

ӀабдуллахӀ ибн МасӀу́д
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
🔴🟠🟠🔴🔴 🔴🔴🟠🔴
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Беттасан нур
Цхьа дийца лур доцу ирс, цхьаа кхета лура воцу самукъа дукха хӏара. Делахь ишт дохко бийлара ду цхьац болчарна дуьсаш-иза тӏехьа бисанчарна ду. И тӏехьа бисарра шай ледарло а, неха хабарш бахьан долуш хилар кхи чӀогӀа дог ӏийжош дукх. Делахь Аллахӏан букх хастам хӏинца а хӏокхо некъа тӏе нисдаран.

وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ
أُوْلَـٰٓئِكَ ٱلۡمُقَرَّبُونَ

Аллахӏ гӏо дойл!
Аллахӏ аьтту бойл!