Forwarded from Ӏаламан хазна
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Элчанна хьехаран кеп
Forwarded from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
шайн бераш хlаллак ма дойла аш, вонца дуlанаш деш..
кхана lуьйранна хьо-хьой хира ву хьайх каетташ, айхьа вонца дина дуlанна жоп делла гича..
хlунда аьлча, шен бера халонехь долуш гича ненега ла ма ца ло, ткъа и ахь хьайн карахула хlаллак дина хуьла..
кхана lуьйранна хьо-хьой хира ву хьайх каетташ, айхьа вонца дина дуlанна жоп делла гича..
хlунда аьлча, шен бера халонехь долуш гича ненега ла ма ца ло, ткъа и ахь хьайн карахула хlаллак дина хуьла..
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Разбитое сердце взамен на разбитую тарелку?
Ruzban Heham
🔉Рузбан хьехам:
Доьзал нийса кхиор!
Ӏадлан Харачо
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
Доьзал нийса кхиор!
Ӏадлан Харачо
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
Forwarded from «Облегчение знаний» 1 курс
Уроки будут выставляться в
Викторина - в
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Хаттар: Чура ваша, йиша, доьзал, иштта кхин верг а, Ӏилма Ӏаморан новкъа муха ваккха веза?
Жоп: уггар хьалха, Къуръан Ӏама дайта деза ахьа цунга, айхьа Ӏамийна, йа хьайна ца хаахь хуучунга Ӏама дайтитна а. ТӀаккха мотт (Ӏарбой) Ӏама байта беза, цу Къуръаница хила деза мотт Ӏама бар а. Къуръана, мотта Ӏамийча, кегий хьадисаш Ӏама дайта, иштта кегий жайнеш доьшуш, уьш Ӏама дайта деза, цул тӀехьа бен, Ӏилма Ӏама дайта дӀахьажо ца веза!
© Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee

Forwarded from Серлонан тоба
«Ахь кIант Iамийнехь, цхьа адам Iамийна ахь. Ткъа йоӀ ахь Iамийнехь, дийнна къам Iамийна ахь».
ЙоӀ муха кхион еза❔
Дин довзуьйтуш кхио еза, жима ю, къа дац ца лелийча а аьлла ца ӏаш, хьарам долчух ларъеш, суннаташ довзуьйтуш, динехь долу дийцарш дуьйцуш, ламаз марздеш, Къуръан марздеш, иштта хьайна тӏехь гойтуш. Беро шега дуьйцучул а совнах дас-нанас лелош дерг схьалоцу. Жимчохь ӏамийнарг йоккха хилча а дуьсу. Амма кхиъна яьлча ахь цуьнга йовлакх тилла алахь, цунна эхь хетар ду я марзо хир яц цуьнан кхиъна яьллачул тӏаьхьа ахь дойтуш долчух. Уггаре хьалха Деле доӏа дан деза хьайн доьзал иманехь кхиае олуш.
https://t.me/alaman_hazna

Нехан мел чӀогӀа лерам беш хьо хиларх, хьуна хаьийла, - хьайн деца-ненаца хьо дика вацахь хьоьгахь цхьа а гӀиллакх, оьздангалла, йахь йоций.
Духьа ламаз дар..
Цуьнан лаххара барам ши ракаӀат дар бу, лаккхара барам борхӀ ракаӀат дар бу, шишша ракаӀат деш, салам луш дийр ду иза. Ткъа цуьнан хан - малх хьалабалла цхьа итта-пхийтта минот яьлча йолало, делкъана молла кхайкха цхьа кхоъ-пхиъ минот йиссалц лаьтта, оцу юкъахь муьлххачу а хенахь дан мегар ду. Амма цунна еза йолу хан - де дохдала долало хан ю, иза цхьа исс даьлла, итталгӀа сахьтехь хуьлу..