Ӏилманан Аманат
333 subscribers
813 photos
647 videos
11 files
543 links
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!»

Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Download Telegram
Forwarded from _zam_zam_1414_
Блогерех Ӏеламнах хилла?

«Тахана наха Пайхамарна (ﷺ) тӀаьхьавозуш, цуьнгара Ӏилма схьаэцна верг Ӏеламстаг ца лору.
Тахана динехь Ӏеламстаг (шайх) «хилла» цхьа ойланчаш, йаздархой, поэташ, журналисташ, хьехамчаш, экономисташ, блогерш, тӀаьхьарчу хенахь, спортсменаш цхьана дин дийца буьйлабелла, церан дешнаш Ӏеламчу нехан дешнашна дуьхьал хӀиттош а ду!»

Шайх Солихь аль-Ӏусоймий (АллахӀа Ӏалашвойла и)
Вайн Ӏеламнахана вай иштта тӀехӀуьттуш, вай вешан Ӏеламнах иштта ларош белхьара хьал кхечу кепара хила тарлора, кхин хӀумма ца хилча АллахӀан гергарчу нахехьа гӀо даьккхинарш хир дара вешан ницкъ кхочучу барамехь. Делахь а, тахана дуккха нехан хьал кхечу кепар ду, шена хӀара эр дуй, кхин эр дуй, харц цӀе кхуллур юй бохуш Ӏеламстагна тӀехӀотта ца лууче даьлла церан хьал, Ӏеламнахана шена луург дуьйцуш Ӏаш болчу нахе «Ӏад Ӏе» олуш верг ца караво наггахь а бен! Амма шена дена тоьхча шаверигг хьалалетар вара. Делахь а, шена АллахӀан дин схьакхачош, шайн дахар, даьхни, доьзал, могашалла дӀайелла волу, шен ден а, ненан а метта хила везаш волу Ӏеламстеган хӀума олуш цхьаъ гича, шена ца гуш санна, тӀехбовлу дукхахберш!».

Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)

https://t.me/serlonan_toba
ЛадогӀа мегар долу Ӏеламнах
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Имам ШафиӀис аьлла: «Цкъа а цхьана а къовсаме охьахиъна ма вац со, цуьнан (шеца охьахууш волчуьнан) керахула нийсо билгалъяккха Ахь аьлла Деле доӀа дина а бен».
Forwarded from siylahquran
Зудчунна а, стагана а хаьа дезаш ду хIара!
Хьекъал долчеран некъ - Ӏилма Ӏамадар, даржадар бу!
Уггаре Сийлахь болу некъ бу иза!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
Нагахь шен лаамца шен къоман тезетахь самукъадаьлла, хелхар деш цхьаъ велахь, вайна хоийла, иза цу къомах волчера шен дагца дIахаьдда вуй, цу стагана шен къоман тезет - ловзар ду, ткъа цу къоман мостагIчуьнан тезет - цунна а тезет ду.

23-гlа февраль нохчийн къоман тезет ду, цу дийнахь вайн дерриге къоман доь дан герга хилла, делахь а, Делан къинхетамца, вайн доь ца дайна, мостагIийн и доь дайа лаам чIогIа хиллехь а.

Вайн тезет долу де - вайна и тезет даьккхинчеран дезде ду, и де вай даздар стага шен да вийначу тезетахь, шен да вийначунна той хIоттор санна ду, хьекъало къобалдеш хIума дац иза!

Ахьмад Абу Яхья
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Йиц ца елла тхуна
Тхан наной белхийна зама,
Диц ца делла тхуна
Тхан дай байъина денош,
Йиц ца елла тхуна
Тхан бераш, шайн нанойх баьхна зама,
Цкъа а дицдийр дац
И ирча де!

23 Февраль
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь,
Хьо тахна мел ирсе белахь а белхалахь,
Нохчичун дог тахна доьлхуш ду хьуна,
Хьо белхарх хьох кхарда цхьа а вац хьуна.

23.02.1944
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шен селхане йицйиначу къоман кхане гIийла хир ю, я хиллане а хир яц.
Forwarded from Фарз Ӏайн...
« Цхьаболчу нехан самукъадоккху бохуш, АллахӀ оьгӀазвохуьйту хӀума ма даржа де! »
«Баккъалла а, Ӏилма – иза, мехала жовхӀар ду, цӀенчу дагна бен хьакъдоцуш долу».

Салихь аль-Ӏусайми (АллахӀа къинхетам бойла цунах)
Бараъат буьйса

Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ШаIбан бутт юккъебахча йолу (Бараъат олу) буьйса юьйцу хьадис мункар (бух боцу хьадисал а лахара) хьадис ду, цу буьйсанан хьокъехь деана бух болуш цхьа а хIума дац».

[Дарс: Доврат кита́бус-сиям, 21.05.2016ш]
https://tlgg.click/Shayh_Vahid_Baliy
Бараат буьйса
Хьасан ал- Басрис ( Аллах1а къинхетам бойла цунах) аьлла:
Сонтачу нахан гена валар, Далла герга хилар ду.
Аллахlан динна гlо дарал сийлахь хlун хир дара?!
Масийтта сахьтан некъ а беш, Ӏеламстаган дарсе кхача гӀоле ма хета суна, цу масийтта сахьтанчохь дуккха а пайданаш дешчулла а.
ХӀунда аьлча: мел дукха ахьа жайнаш дешарах а, Ӏеламстагера ахьа схьаоьцуш долу гӀиллакх эцалура дац хьоьга ахь жайнаш дешнера аьлла..

©Ӏадлан Харачо
https://t.me/Importantknowledgee